Маржанийн гӀайре
- Хьаьжа Маржанийн гӀайре романах лаьцна

Маржа́нийн гӀайре́[1] — тропикан асанера Ӏапказаш а, хӀордаш а чуьра гӀайренаш деш йолчу организмийн дахаран гӀуллакх бахьнехь кхолладелла гӀайре. Маржанийн гӀайре хӀоз кепара я лан кепара делахь атолл олу. Дукхаха долу маржанийн гӀайренаш Тийна Ӏапказ чохь ду.
ГӀайре кхолладалар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Маржанийн гӀайренаш кхоллало гӀайренаш кхуллу организмаш беш болу болх бахьнехь. Коьрта гӀайренаш кхуллу организмаш ю маржанийн полипаш а, киран хинбецаш а, ткъа иштта маржанийн гӀайренаш кхуллуш дакъа лоцу кхин хӀордан организмаш (моллюскаш, губкаш, фораминифераш, цхьацца баьццара хинбецаш).
Маржанийн полипаш шайн дахарехь а, балхехь а кхуллу кальцевитан турба, цунах маржан олу. Оцу турбан тӀехь дукха хан ялале тӀейолу йоьӀан полип, цуо ца йита тарло ша коьллинарг. Ткъа цуо шен киран турба йичи, иза тӀелетар ю кхоьллинчун турбана[2]. Иштта кхоллало маржанийн гӀайре. Полипаш елчи, киран турба юьсу, цунна тӀелета кхин полипаш.
Маржанийн гӀайренийн масалаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с.
- ↑ КОРАЛЛОВЫЕ РИФЫ (оьр.). Энциклопедия Кругосвет. Энциклопедия Кругосвет. Теллина 2018 шеран 31 мартехь.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Игнатьев Г. М. Тропические острова Тихого океана. Москва, изд-во «Мысль», 1978, 270 c.
- Коралловые рифы и острова // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
ХӀара гидрологех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |