Багаман ГӀайренаш
| Багаман ГӀайренаш | |||||
|---|---|---|---|---|---|
| Commonwealth of the Bahamas | |||||
| |||||
| Девиз: «Forward Upward Onward Together» | |||||
| Багаман Шатлакхан Илли | |||||
|
|
|||||
| Маьрша йаьлла терахьаш | 10 июль 1973 (Йоккха Британех) | ||||
| Официалан мотт | ингалсан | ||||
| Коьрта гӀала | Нассау | ||||
| Йаккхий гӀаланаш | Нассау | ||||
| Ӏедал | |||||
| Президент | Карл III | ||||
| Премьер-министр | Филип Дэвис | ||||
| Латта | |||||
| • Шадерг | 13 878 км² (156-гӀа дуьненахь) | ||||
| • % хина тӀехле | 28 % | ||||
| Бахархой | |||||
| • Мах хадор | 321 834[1] стаг (177-гӀа) | ||||
| АКИ | ▲ 0,794[2](2013) (лакхара; 49-гӀа меттиг) | ||||
| Экономика | |||||
| ДЧС (НЭТ) | |||||
| • ХӀораннан а сина | 30 762 долл. (2017) | ||||
| ДЧС (номинал) | |||||
| • Берриг | 14,3 млрд долл. (2023) | ||||
| • ХӀораннан а сина | 30 762 долл. (2017) | ||||
| • Ахча | Багаман доллар (BSD, код 44) | ||||
| Кхин а хаамаш | |||||
| Интернет-домен | .bs | ||||
| Код ISO | BS | ||||
| Код МОК | BAH | ||||
| Телефонан код | +1-242 | ||||
| Сахьтан аса | -5 | ||||
| Автомобилийн некъаш | аьрру[вд][3] | ||||
Бага́ман ГӀайренаш (инг. Bahamas), юьззина официалан цӀе — Бага́ман ГӀайренийн ДоттагӀалла[4] (инг. Commonwealth of the Bahamas) — Карибийн хӀордан а, Кубан а къилбаседехьара, Флорида ахгӀайренан къилба-малхбалехьара иштта цӀе йолчу гӀайренаш тӀиера пачхьалкх. Архипелаг йукъадогӀу 700 гергга гӀайре (царех нах беха 30 гӀайрен тӀехь) а, 2000 маржанийн гӀайре а.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЦӀеран маьӀна билггала хууш дац, оцу хьокъехь шиъ коьрта гипотеза йу. Цхьана гипотезца, цӀе схьаяьлла меттигера метта декъан фраза «Taíno ba ha ma» («доккха лакхара йуккъера латта»)[5]; вукха гипотезца, цӀе схьаяьлла испанхойн дешнех «baja mar» («гомха хи» / «гомха хӀорд» я «хӀорд чубожар»), цуо гойту оцу кӀоштара хи гомха хилар. Кхин цхьа ойла а ю, и цӀе схьаяьлла хила тарло меттигерчу «Гуанахани» метта декъан дешах, маьӀна цуьнан билгал ца даьлла[6].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьххьара Багаман гӀайренаш тӀехевшинарш лору лукаянаш (кхузара йу цӀе Лукайн гӀайренаш[7]), аравакийн тайпанан га, уьш кхуза кхаьчна IX бӀешо гергга долуш. ГӀайренаш дӀадиллина Колумб Христофора 1492 шарахь. Архипелаган цхьа гӀайре —Уотлинган гӀайре (Сан-Сальвадор) — 1492 шеран 12 октябрехь дӀадиллинчу Керла Дуьненан латта ду. Цул тӀаьхьа кхо шо даьлчи дуьххьарлера испанийн колонихой дӀатарбелира архипелаг тӀехь.
Испанхоша меттигера бахархой дӀабуьгура Эспаньоле (Гаити) лайш бан, 25 шо даьлчи индахойн бахархой берриг аьлча санна дӀабевлира, ткъа испанхоша йитира и меттиг.
Кхин а бӀешарахь гӀайренаш лаьттира нах кӀезиг болуш, оьшуш доцуш, Ингалсан паччахьо Карл I-чо инарлан прокуроран уьш дӀадаллалц. 1650 шарахь кхуза кхечира Бермуда гӀайренаш тӀиера кӀеззиг мухажираш-ингалсхой, цара эвла йиллира Эльютера гӀайрен тӀехь. Оццу хенахь Багамаш тӀетарбала буьйлабелира хӀордан талорхой, кхоьллира архипелаган масех гӀайрен тӀехь шайн кеманаш тодан а, садаӀа а базанаш. Багаман гӀайренаш тӀиера талорхой лаьхкира ингалсхоша 1718 шарахь.
- Багаман гӀайренаш
- Багамаш космосера 2009 шарахь. NASA сурт
- Багамашкара ишкол
- Круизан лайнер-кеманаш Нассаун бухтехь
- Багаман гӀайренаш тӀиера колледж
Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Censimento Bahamas 2010.
- ↑ Human Development Report 2013 (инг.). United Nations Development Programme (2013). Архивйина 2013 шеран 13 августехь
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>тег нийса йац; кху "АМ2010" тӀетовжаран текст йазйина йац - ↑ Peter Barratt. Bahama Saga: The epic story of The Bahama Islands. — 2004. — P. 47.
- ↑ https://www.etymonline.com/word/bahamas
- ↑ Лукайские острова // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Официальный сайт Багамских Островов.
- Багамские острова // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Багамы на карте мира Архивйина 2010-12-22 — Wayback Machine.
- Энциклопедия «Кругосвет»(ТӀе цакхочу хьажорг).