ГумгӀар

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

ГумгӀарабхазийн субэтносех цхьаъ, хьалха шен майраллийца къаьсташ долу жима абхазийн тайпа[1].

Юкъара хаамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ЦӀе схьаяьлла Гумста хих (хӀинцалера цӀе Гумиста).

Мухажиралла дале, 1877 шо кхачале, ГумгӀеран тайпа дехара хӀинцалерачу Сухуман кӀоштан (Гумста хин бассейн) лаьттанаш тӀехь, Щиквара а, Кодор а хиш юкъарчу лаьмнийн лакхенашкахь.

Дукхаха болу гумгӀар хӀинца беха Абхазин арахьа, къамел до абхазийн меттан шайн меттадекъаца (гумгӀеран меттадакъа)[1].

Турцехь ехачу адыгийн-абхазийн диаспоро, гумгӀар «апсуан» бухара тобанах туху, царна юкъара бу абжуйгӀар, абжаквинхой, цабальгӀар, садзгӀар, цвиджаш, псхувгӀар, ахчипсаш. Цара массара а буьйцу шайна юкъахь гергара долчу меттадакъойн абхазийн мотт, цхьа кхетам а бу церан[2].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]