Тарпеташ

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Тарпетывайн эрал I эзаршо хьалха[1] Азовн хӀордан малхбален а, къилба-малхбален а бердашца даьхна меотийн тайпанашах (хила тарло, хӀиндоарийн[2]) цхьаъ ду. Антикан историкаш меотийн пачхьалкхах олуш хилла — Меотида — Азов-хӀордан тӀиера Ӏаьржа хӀорд тӀекхаччалц болу мохк, ткъа Азов-хӀордах олуш хилла Меотийн Ӏам.

Страбона яздина[3]:

Меотех бу, царех шеш шайха болу синдаш а, дандареш а, тореаташ а, аграш а, аррехаш а, ткъа иштта «тарпеташ», обидиакенаш, ситтакенаш, досхаш, кхин цхьаберш а.

«Тарпетийн» исторех тешалла до тӀулга йозанаш — боспоран паччахьан Перисадан I-чун (вайн эрал 348—309 шераш хьалхара) титулараш, оцу тӀехь дуьйцу шен Ӏедалан кӀелахь долу къаьмнаш, царна юкъахь тарпеташ а. амма цхьайолчу титураларашкахь (оццу паччахьан) тарпеташ ца хьехабо, цуо гойту, цуьнан Ӏедал оцу меотийн тайпанан тӀехь цхьаьна эшшара ца хилар[4].

Кхин дӀа тарпетех хилларг хууш дац. Хила тарло уьш меотийн юкъараллех ийна.

ГӀарабевлла чӀагӀамаш[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀалагӀазкхийн дошама-исправочнико дийцарехь, вайн эрал 893 шо хьалха тарпеташ, Азов гуонаха дехачу кхечу тайпанашца, гӀолецира гӀалагӀазкхашна печенегаш лохкуш, цул тӀаьхьа шеш дӀалецира церан Лакхара Донан а Ийдалан а юкъара цхьа дакъа латта [5].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Меотская археологическая культура // БРЭ. Т.20. М.,2012.
  2. Трубачёв О.Н. Indoarica в Северном Причерноморье: Реконструкция реликтов языка. Этимологический словарь. М., 1999.
  3. Страбон. География. Книга 11
  4. История Древней Греции. Причерноморье в V—IV вв. до н. э.
  5. Казачий словарь–справочник