Чулацаман тӀегӀо

Ситтакенаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Ситтакенаш вайн эрал I эзаршо хьалха Азовн хӀордан малхбален а, къилба-малхбален а бердашца даьхна меотийн тайпанашах цхьаъ ду. Цкъа хьахийна Страбона. Страбон йаздина[1] -

Меотех бу, царех шеш шайха болу синдаш а, дандареш а, тореаташ а, аграш а, аррехаш а, ткъа иштта тарпеташ, обидиакенаш, ситтакенаш, досхаш, кхин цхьаберш а.

Ситтакенех тӀехь хилларг хууш дац цкъачунна. Хила тарло уьш меотийн йукъараллех ийна.

Ала йиш йац, грекийн историка Страбона дика тидаме хилла хир ву оцу меотийн тайпан цӀеран, хӀунда аьлчи цуьнан заманахь евзаш йара грекаш «Ситтакене» олу гӀала, масала хууш ду[2][3], Македонийн Искандаран эскар дӀадоьдуш уьш севца хилар ехачу хенан «Ситтакенехь», Вавилонин йуккъе — Сузе кхачале.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Страбон. География. Книга 11
  2. Завоевания Александра Македонского
  3. [Шахермайр Ф. Александр Македонский; Москва, «Наука», 1986]

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]