Чулацаман тӀегӀо

Абазгаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Абазгаш (кхин этнонимаш: Абасгаш, Абаза, Абеза, Обез) —антикан тӀехьара а, юккъерчу бӀешерийн хьалхарчу заманахь Ӏаьржа хӀордан малхбален бердашца, ма-дарра аьлчи — апсилашна малхбузехьа, Санигийн малхбалехьа лаьттачу Абазгехь даьхна долу шира тайпа[1].

Вайн эран II бӀешарахь Абазги куьйга кӀелахь яра руман императорийн.

IV бӀешарахь Абазгис дӀалецира лулара пачхьалкх — Саниги, цигахь дехаш дара гергара тайпа санигаш. Иза бахьнехь гергара санигийн тайпа иэделира Абазгашца, кхин исторехь хьаха а ца дина.

VIII бӀешарахь Абазгис дӀалецира лулара пачхьалкх — Апсили, цигахь дехара апшилийн гергара тайпа. Апшилаш хилла, хила тарло, алсама, хӀунда аьлчи тӀехьуо царех бух хилира керлачу этносан — абхазийн.

Оццу хенахь жимо аланийн тобано, II-чу Юстиниан гӀулкхана (цуо аланашна мах беллера), хӀиллалдоцу тешнабехк бина, цамоьттучу хенахь тӀелетира абасгийн цхьаьна олаллин, хӀаллак дира иза. Оцу хиламех хаийтина м-дарра Исповедник Феофана шен «Хронографи» кхолламехь[2].

VIII бӀешо гергга долуш лакхара массо цӀераш аратотту шина цӀераш — абхазаш (гуьржийн вариант — абхазети) а, абазаш.

XIII—XIV бӀешерашна герга хенахь тайпанийн цхьа дакъа (шайн тиллина цӀе абазаш) масех тулгӀенца дӀакхелха монголаша бохийначу Аланийн махка (хӀинца Кхарачойн-Чергазийчоь), кхузахь царна тӀехь юьсу тӀаьххьара этноним абазой.

Абазойн бисина абазойн мотт — Ӏамо алсама къахьега дезаш, идентификации йина бу абхазхойн-адыгийн (ашуйн) меттанийн тобан йукъара аьлла. Абазойх адыгийн (чергазийн) къаьмнех хилларг хилира, уьш хӀаллакбина лаьхкира Оьрсийн-Кавказан тӀамо.

ТӀетоьхна (царал алсама долу) тайпанаш буьцура абхазхойн мотт шортта меттадакъош долуш, тӀаккха бухара охьахевшина абасгийн дакъоша абхазхойн мотт бийца болабелира, царех абжуйн меттадакъа хӀинцалерачу абхазхойн меттан буха дижира.

XIII—XIV бӀешерашна гергарчу хенахь хӀинцалерачу Абхазийн махкахь коьрта этнос билгалдаккха этноним абхазаш лелайора, ткъа чоьхьахь лелайо тайп-тайпана долу тукхамийн цӀераш лелайо.

XIX бӀешераш юккъе даххалц дукхачу кхечу пачхьалкхийн хьосташкахь Абхазех олура «Абаза» пачхьалкх, Россехь «Абеза» (тӀехьуо «Обез»)[3].

Иштта, абазгаш цӀе абхазашна а, абазошна а кхин ца лелайора.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Прокопий Кесарийский. Война с персами: книга II, глава 29, параграф 15.
  2. Феофан Исповедник. Хронография
  3. Повесть временных лет / Подгот. текста, пер., статьи и коммент. Д. С. Лихачева; Под ред. В. П. Адриановой-Перетц. — 2-е изд., испр. и доп.