Башкирийчоьнан географи

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Башкирийчоьнан географи
карта: Башкирийчоьнан географи
Дуьненан дакъа Европа
Регион Малхбален Европа,
Майда
  • 143 000 км²
  • латта: %
  • хи: %
Лекха меттиг Ямантау лам (1640 м)
Даккхий хиш КӀайниг (1420 км дакъа)

Башкирийчоь ю Малхбален Европехь.

Географин хӀоттам[нисъе | нисъе чухулара]

Башкортостан Республика ю Европан малхбалехь Урал лаьмнийн къилбан декъехь. ДӀалоцу Малхбален Европан акъарин малхбален дакъа, Къилба Уралан ломан аса, айбаелла акъарин Урал дехье а.

Акъарин амалаш
  • Майда 143 000 км² .
  • Йохалла къилбаседера къилбехьа — 550 км, малхбалера малхбузе — 430 км.
Йисттера меттигаш

Башкортостанан доза ду къилбаседехь Перман (340 км гергга) а, Свердловн (170 км сов) областашца, малхбалехь — Челябинскан областаца (1 330 км сов), къилбехахь а, къилба-малхбузехь а — Оренбурган областаца (1 140 км гергга), малхбузехь а, къилбаседа-малхбузехь а — ГӀезалойн Республикица (420 км гергга), Удмуртин Республикица (100 км гаргга).

Административан екъаялар[нисъе | нисъе чухулара]

Локхаллин амалаш (рельеф)[нисъе | нисъе чухулара]

Шихан Юрактау

Башкортостана рельеф тайп-тайпана хилар доьзна ду цуьнан географин хӀоттамах а, лаьттан геологин а, тектоникин а хӀоттамах а. Башкортостанан малхбуза дакъа ду Малхбуза-Европан платформан къилба-малхбален декъехь (цуьнца цхьаьна йогӀу рельефан мегаформа — Малхбуза-Европан акъари) а; Башкирин мегантиклинорин, Магнитогорскан мегасинклинорин, Уралтау зонан (мегаформа — Уралан ломан системан къилба дакъа) чуьра юккъера а, малхбален а декъехь.

Башкортостанан Малхбуза-Европан акъарин тӀехь билгалйоккху:

Башкортостанан къилба-малхбален декъехь ю Сакмаро-Таналыкан денудаци (локхалла 350—500 м) а, Кизило-Уртазыман денудацин‑аккумулятиван акъари (локхалла 350—400 м) а.

Инзерскан зубчаткехь гуьйре

Башкортостанан Урал кӀажойн макроформаш гойту малхбален декъуо — Бугульмин-Белебеевн акъари, Стерлибашев-Фёдоровскан акъари, Прибельскан увалан-тулгӀенан акъари, Уфан акъари, Юрюзано‑Айскан акъари; Башкирин Уралан — Уралтау, Каратау, Ирендык, Крака, Улутау, кхин а даккъаш, Зилаирскан акъари, цуьнан малхбален дакъа — Урал тӀиехьен акъари. Республикан рельеф къорза йо тайп-тайпанчу мезоформаш: хьехаш, сырташ, увалаш, гунаш, кхин а.

Республикан мохк акъареш а, Къилба Уралан лаьмнаш а долуш бу. Башкортостанан уггар лекха лам — Ямантау лам (1640 метр) бу.

Башкортостан Республикан хьаннийн карта

Лаьмнаш-шиханаш: Тратау (402 м) Юрактау (336 м), Куштау (371 м), Шахтау (бух тӀе кхаччалц аьхкина) — Перман муьрера маржанийн гӀайренех дисина ду.

Башкирин (Къилба) Уралан лаьмнийн тектоникан кхоллам бу; хӀоттам — чкъоьрнийн а, чхаран-чкъоьрнийн а; локхаллийца — лоха а, юккъера а, шарьяжан-тӀететтина хӀоттам бу.

Уралтаун даккъаш коьрта хидоькъе ю. Башкортостанан махкахь ду ломан даккъаш: Аваляк, Акбиик, Алабия, Акбулякъарка, Алатау, Алатаубала, Ардакты, Аютузаклаган, Баштау, Багарязы, Базал, Байрамгул, Балатау, Башташ, Бакты, Баштин, Белягуш, Бииктау, Биктарь, Доккха Калу, Доккха Карагас, Доккха Крака, Дзяуртюбе, Зигальга, Зильмердак, Ирендык, Инзерскан зубчаткаш, Кадералы, Калактау, Калты, Калу, Канчак, Каратау, Караташ, Кесек, Кибиз, Кисеарка, Крыктытау, Кумардак, Кумач, Куюшты, Кюмердяк‎, Хьехан лаьмнаш, Машак, Масим, Маярдак, Нары, Нургуш, Сарганскан дукъ, Салдыс, Седжек, Сингитау, Сулея, Суртанды, Такаты, Таштыкурятмас, Туйтюбе, Уварся, Улутау, Улугуртау, Урал-Тау, Уреньга, Утянеш, Ущарлак, ШайтӀантау, Ӏаьржа, Юкалы, Юрматау, Юша, Яшкады.

Даккъаш юкъахь локхаллийца билгалдевлла: Зигальга дукъ – локхалла 1427 м (Б. Шелом лам), Машак — 1382 м (Шуьйра лам), Нары — 1327 м, Баштау — 1271 м, Ардакты, Балятар, кхин а.

Баьржина бу хьаннийн баххьаш. Цхьадолчу даккъийн декъехь ломан баххьаш ирхнехьа тархийн кепаш йолуш ду (Караташ лам), ломан тайпана элювин кийсакаш йолуш ду (Б. Иремель а, Ямантау а лаьмнаш), цамза санна ира а ду (Арвякрязь лам). Башкирин Урал кӀажошкахь хаало доьхначул тӀехьа дисина лаьмнаш: Балкантау (319,6 м). Термоаномалан хиламаш хаало Янгантау лам (504 м) тӀехь.

Физикан амалаш[нисъе | нисъе чухулара]

Климат[нисъе | нисъе чухулара]

Барамехь-континентан климат ю шийлачу дехачу Ӏаьнца а,барамехь тӀуьнчу йовхачу аьхкенца а.

Ӏумаран Ӏин

Континентан климат кхоллало Атлантикан а, Къилбаседа Шен океанан а хӀаваийн массийн Ӏаткъамца, амалехь ду шийла Ӏа а, йовха аьхке а.

Температуран раж[нисъе | нисъе чухулара]

Январан температуран юккъера барам — «-15» градус; июнан — «+20» градус. ХӀаваан йовха температуран денош — 200—205, ткъа лаьмнашкахь — 188—193. ХӀаваан шеран температуран юккъера барам — 0,3 - 2,8 градус.

Башкортостан Республика Ӏаламан кӀошташна екъар

Максимум аьхкен температура — +42°С, минимум Ӏаьнан — −53°С. 3—9 апрелехь, 20—26 октябрехь дуьйна Башкортостан Республикехь хӀутту аьтту температура.

Йочанаш[нисъе | нисъе чухулара]

Йочанийн шеран юккъера барам бу 450 мм, максимум — 750 мм. Максимум де-буьйсанан аьхкенан юккъера барам — 78-86 мм. Ло диллина денойн барам — 153—165, лаьмнийн кӀошташкахь — 171—177. Лайн кӀоргалла: лахара — 36 мм; юккъера — 55 мм; максимум — 126 мм.

Мехаш[нисъе | нисъе чухулара]

Башкирин Урал кӀажошкахь а, Башкирин (Къилба) Уралехь а алсама ду къилбехара а, къилба-малхбузера а мехаш. Аьхкенчу заманахь — къилбаседа а, къилбаседа-малхбузан а мехаш. Башкирин Урал тӀехьехь алсама ду малхбузан а, къилба-малхбузан а мехаш. Ӏаьнан заманахь кхузахь хьоькху малхбалера а, къилба-малхбузера а мехаш.

Механ юккъера сихалла — 2,5 м/с - 4,3 м/с. ЧӀогӀа мох болу шеран денош — 7 - 36, кӀошташка хьаьжжина.

Гидрологи[нисъе | нисъе чухулара]

Салаватера Ӏам

Башкортостана хиш ду Ийдалан а, Уралан а хин бассейнашкахь. Уй шен лакхарчу геннашца, Миасс, кхин а — Обан бассейнехь[1].

Хин объекташ[нисъе | нисъе чухулара]

Башкортостанехь ду 12 000 сов охьадоьду хи а, 2700 сов Ӏам а. Алсама Ӏаьмнаш ду республикан малхбузехь. Мохк бехаш бу лаьттан бухара хин хьосташца[2]. Республикера 21 гӀаланах 19 гӀалахь мала Ӏалашонна леладо лаьттан бухара хиш.

Ӏаламан[нисъе | нисъе чухулара]

Даккхий хиш: КӀайниг, Чехка Танып, Юрюзань, Уфа (Караидель), Дёма, Нугуш, Сакмара, Сим, Урал, Ашкадар, Уй, Миасс.

Кегий хиш: Сюнь, Касмарка, Зиган, Лемеза, Доккха Кизил, Урюк, Доккха Ик, Бирь, Кармасан, База, Жима Инзер, Ай, Иняк, Сухайля, кхин а.

20 — 25 миллион шо хьалха КӀайн хи къилбехьа доьдуш дара, Урал хих кхеташ а дара. Уфа хин тӀиера Мелеузан тӀекхаччалц хӀинцалерачу хин харш чухула Уфа охьадоьдий Урал хих кхоьтура. 15 миллион шо гергга хьалха лаьттан чкъор айбаделла Сакмаро-Бельскан хидоькъен декъехь, кхолладелла гунаш, цара къевлина Урал тӀе боьду КӀайчун а, Уфан а некъ. 14 миллион шо гергга хьалха КӀайчу хин тогӀенан меттехь лаьттина шира Акчагылан хӀорд. ХӀорд юхабаьлла цхьа миллион шо гергга хьалха.

Ӏаьмнаш: Култубан

Адамо йинарш[нисъе | нисъе чухулара]

Юмагузинан хилоттийла

Республикехь адамо йина хин объекташ ю 443 (Юмагузинан хилоттийла, Нугушан хилоттийла, кхин а).

Яккхийчу хилоттийлех ю Акъярскан Ташла хин тӀехь (49,4 млн м³), Сакмаран Сакмара хин тӀехь (26,1 млн м³), Таналыкан (Хворостянскан) Таналык хин тӀехь (14,2 млн м³), Маканан Макан хин тӀехь (9,3 млн м³), Матраевскан Бузавлык хин тӀехь (2,1 млн м³).

Латта[нисъе | нисъе чухулара]

Башкортостанехь ду хӀара тайпана латта: байн-къовкъарийн латта (республикан къилбаседе, Буйскан-Таныпан шина хин юкъ), байн-карбонатийн (Уфан акъари, Бугульмин-Белебеевн акъари), хьаннийн сира латташ (хьунаренан аса), бен-Ӏаьржа латташ (чутаьӀначехь а, ломан басешкахь а), гидроморфан латташ, аллювийн латташ, ломан латташ.

Башкортостанан Туймазинан, Благоваран, Альшеевн, Давлекановн, Бижбулякан кӀошташкахь латташ чӀогӀа духуш ду. Республикехь латташ лардаран болх бу дӀахьуш — боьранашна гуонаха хьаннаш, коьллаш юьй, боьран бух тӀехь сунташ йо.

Башкортостанан лаьттан башхалла лакхарчу барамехь гумус хилар ду, гумусан анасиз кӀезиг хилар ду, гумус а, пайден элементаш (къаьсттина фосфор) а гумусехь кӀезиг лелар, гранулометрин беза хӀоттам, лакхара карбонатолла, лахара биологин жигаралла.

Флора[нисъе | нисъе чухулара]

Башкортостанан махкахь бараман асан зонаш ю: ийна хьаннаш, шуьйра гӀа долу хьаннаш, хьун-аренан а, аренан а зонаш. Башкортостан Республикан коьрта тайпана хьаннаш — дакх, хьех, зез, мах, база, наж. Кхин — ярезаз, коллаш — дак, хьармак.

Фауна[нисъе | нисъе чухулара]

Республикехь ю 77 кепара декха дийнаташ, 300 гергга кепара олхазарш, 42 кепара чӀара, 11 кепара текхаргаш, 10 кепара хин-лаьттан дийнаташ, 15 эз. тайпана сагалматаш, 276 тайпана гезгаш, 70 кепара веччалгаш, 120 кепара моллюскаш, 140 кепара искогберг, 1000 гергга тайпана нӀаьний. Башкортостан Республикан ЦӀиен жайнин чу язйина — 18 кепара декха дийнаташ, 49 кепара олхазарш, 7 кепара чӀара, 3 кепара хин-лаьттан дийнаташ, 6 кепара рептилеш, 29 кепара букъа даьӀахк йоцу дийнаташ, царна юкъахь 28 кепара сагалматаш.

Пачхьалкхан заповедникаш а, Ӏалам лардар[нисъе | нисъе чухулара]

Республикехь 3 заповедник ю (Башкирин заповедник, Къилба-Уралан заповедник, заповедник «Шульган-Таш» Къилба Уралан малхбуза кӀажошкахь), дарбанан ораматаш ларден 12 заказник, 15 таллархойн заказник, Къоман парк «Башкири» (83 эз. га), 2 Ӏаламан парк, 150 сов Ӏаламан иэс.

Республикера шайолу заповедникийн майда 327,1 эз. га ю.

Пачхьалкхан заповедникаш а, Ӏалам лардар[нисъе | нисъе чухулара]

Республикехь 3 заповедник ю (Башкирин заповедник, Къилба-Уралан заповедник, заповедник «Шульган-Таш» Къилба Уралан малхбуза кӀажошкахь), дарбанан ораматаш ларден 12 заказник, 15 таллархойн заказник, Къоман парк «Башкири» (83 эз. га), 2 Ӏаламан парк, 150 сов Ӏаламан иэс.

Республикера шайолу заповедникийн майда 327,1 эз. га ю.

Геологи[нисъе | нисъе чухулара]

Башкортостанан геологин структура иштта ю: малхбузера малхбалехьа охьайоьду Малхбален-Европан (Оьрсийн) платформан къилба-малхбален басе, Урал кӀажошкара чутаьӀна) меттиг, Малхбуза-Уралан чкъоьрнийн зона, Юккъера-Уралан шу а, Магнитогорскан мегасинклинори[3]. Кристаллин бухан кӀоргенах доьзна Ийдал-Уралан антеклизан махкахь билгалйолу шолгӀа структура: ГӀезалойн а, Башкирийн а гуламаш, Бирскан а, Лакхара-Каман тогӀенаш, Оьрсийн пилтан къилба-малхбален басе.

Башкортостанехь ткъе итт гергга яккхийчех хьехаш ю («Толам» Гафурийн кӀоштахь, Каповн, кхин а).

Атыш чухчари

Пайден маьӀданаш[нисъе | нисъе чухулара]

Башкортостан Республика ехаш яра пайден маьӀданашца:

ХӀокху заманахь болх беш ю 165 мехкдаьтта а, газ а йоккху меттигаш. Юха метта ца хуьтту Ӏаламан маьӀданаш гӀелдалар бахьнехь, республикера кечдаран предприятеш болх бо тӀееанчу аьргаллица (Оренбургера а, Карачаганакскера а (Кхазакхстан) газ).

Республикан махк тӀехь дӀайиллина 3 эзар сов меттиг кхузткъа гергга кепарчу минералан аьргаллин.

Хьиехаш[нисъе | нисъе чухулара]

Башкортостанехь 936 хьех ю шайолу йохалла 106 км йолуш, уггар яккхийнаш: Каповн хьех, Киндерлинскан хьех, Сумган, Зигзаг, Ойланийн хьех, Олимпи.

Дукхах йолу хьиехаш ю кхиаран екъачу тӀегӀанехь, 20 % хьиехаш — хин тӀегӀанехь ю.

Хьиехаш кхоллаяла йолаелла хьалхарчу плейстоценехь, ткъа сихха уьш кхиара миоцен чекхйолуш — плиоцен йолалуш. Дукхах йолу гипсан хьиехаш кхоллаелла юккъерчу плейстоценехь Уршак-Бельскан а, Уфа‑Симскан а хишшана юкъахь, кир-маьӀданийн хьехаш — хьалхарчу плейстоценехь Уфан акъари тӀехь.

Башкотостанан 79 хьиехашна чохь ду охьадоьду хиш, 68 чохь — Ӏаьмнаш, 42 чохь — шаш. ХӀаваан аьхкенан температура хьиехаш чохь 10°С сов ю. Уггар шийлачохь юккъера температура хуьлу 0°С: Аскынскан хьех, Косубай, Кутукийн 1‑ра а, 3‑гӀа а, Леднёвн, Шен‑Хьехан, Гуьйренан, Шийла Ор.

Хьиехаш чохь деха 97 кепара дийнаташ, царех 3 кеп троглобионташ (куогацӀогнаш) ю, 54 — троглофилаш ю, 40 — троглоксенаш ю. БукъадаьӀахк йолчарех — куьйга-тӀемаш долчеран колонеш (бирдолаг).

Ӏилма[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏилман белхаш бан говзанчаш кечбо БПУ, УПМТУ, Геологин институтан, Ӏилманан-кхолларан «Геофизика» фирман аспирантурехь.

Башкортостанан географи язйина ю Академин 1768—1774 шерийн экспедицийн материалашкахь, Ӏилманчийн В. И. Геннина а, В. Н. Татищева а, кхечеран а белхашкахь. 19 бӀешеран хьалхарчу декъехь хӀинцалерчу Башкортостанан мехкан географин талламаш боьзна бу Г. П. Гельмерсена, А. Гумбольдта, Э. К. Гофмана, Г. Розен, Г. Е. Щуровскин, Э. А. Эверсмана, кхечу а цӀерашца.

19 бӀешеран шолгӀачу декъехь кхоьллира Ӏилман юкъараллаш (Оьрсийн географин юкъаралла, Уралан Ӏаламдовзархойн юкъаралла кхин а), церан декъашхой бара Ӏилманчаш В. Д. Аленицын, О. Е. Клер, А. И. Оводов, С. Г. Рыбаков, Л. П. Сабанеев, Д. И. Соколов, А. А. Тилло, кхин а. 19 бӀешеран 60‑гӀа шерашкахь дуьйна дӀахьуш бу талламаш геоботаникехь, биогеографехьа, геоморфологии, 19 бӀешеран годов 70‑гӀа шерашкахь дуьйна — гидрологи а, метеорологи, 20 бӀешо долалуш — ландшафтӀамор, 30‑гӀа шерашкахь — экономикан географи, 80‑гӀа шерашкахь — геоэкологи.

Хьажа иштта: Башкортостанан топоними.

Дешаран меттиг[нисъе | нисъе чухулара]

1931 шарахь К. А. Тимирязевн цӀарахчу Педагогикан институтехь Уфахь дӀайиллина хилла Суьйренан институт, цигахь яра географин отделени, 1934 шарахь педагогикан институтехь кхоьллина хилла географин факультет (хьалхара декан Х. Х. Зайни).

Башкирийн пачхьалкхан университет — кечбо хӀокху агӀонашна: географи, прикладан геологи, картографии, информатика, гидрометеорологии, туризм.

Музейш[нисъе | нисъе чухулара]

Башкортостан Республикан геологин а, пайден маьӀданийн а музей (1934 г.).[5] Геологин а, пайден маьӀданийн а музейхь гулдина ломан маьӀданаш а минералаш а.

Географаш-Ӏилманчаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Хисматов Мухамедьянов Фазыльянович — географ-экономист.
  • Сафиуллин Радик Газизович — географийн Ӏилманийн доктор, БПУ профессор.
  • Губкин, Иван Михайлович (1871—1939) — советийн геолог, советийн мехкдаьттан геологи коьллинарг, ССРС ӀА академик.
  • Псянчин, Айбулат Валиевич — российн Ӏилманча, географийн Ӏилманийн доктор, профессор. Башкортостан Республикера Оьрсийн Географин Юкъараллин декъан председатель, БашПУ географин факультетан физикан географин, мохкӀаморан, туризман кафедран куьйгалхо.
  • Бекчурин, Мирсалих Мирсалимович (Бикчурин, Биксурин) — Оьрсийн Географин Юкъараллин декъашхо, Ӏилманча-демократ.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Хисматов М. Ф., Очерки по географии Башкирии, Уфа, 1963
  • Маслов М. Д., Цветаев А. А., География Башкирии, Уфа, 1963
  • Природные условия и ресурсы Башкирской АССР, Уфа, 1959
  • Балков В. А. Водные ресурсы Башкирии. Уфа, 1978
  • Хисматов М. Ф. Башкирия: Экономико-географический очерк. Уфа, 1979
  • Хисматов М. Ф. Минерально-сырьевой потенциал республики //Экономика и управление, 1995, № 2.
  • Рождественский А. П. Новейшая тектоника и развитие рельефа Южного Приуралья. М., 1971.
  • Сафиуллин Р. Г. Эффективность территориальных промышленных систем Республики Башкортостан: экономико‑географический подход. Ч.1 Уфа, 1995.
  • Богомолов Д. В. Почвы Башкирской АССР. М., 1954;
  • Мукатанов А. Х. Горно-лесные почвы Башкирской АССР. М., 1982;
  • Хазиев Ф. Х. Почвы Республики Башкортостан и регулирование их плодородия. Уфа, 2007.
  • Пучков В. Н. Геология Урала и Приуралья (актуальные вопросы стратиграфии, тектоники, геодинамики и металлогении). Уфа, 2010.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]