Чулацаман тӀегӀо

Багаев, Дэги Имранович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Багаев, Дэги Имранович
ГӀуллакхан тайпа борец, Тренер
Вина терахь 1942 шеран 27 май({{padleft:1942|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (82 шо)
Вина меттиг Хьорсана, Шуьйтан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Кхелхина терахь 2015 шеран 25 май({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг
Корматалла тренер
Гражданалла ССРС ССРСРосси Росси
Да Имран
СовгӀаташ
  • Къинхегаман ЦӀе байракхан Орден
  • ГӀарбаьлла кхиамашан FILA мидал (2012 шо)
  • «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиоран» орден 2013 шо

Багаев, Дэги Имранович (1942 шеран 27 май) — паргӀата кепара латаран нохчийн тренер, ССРС Сийлахь тренер, Российн Сийлахь тренер, Нохчийн Республикехь паргӀата кепара латаран бухбиллинарг.

Дэги Багаев вина 1942 шеран 27 майхь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шуьйтан кӀоштан Хьорсана юртехь. Цуьнан да хьехархо вара. 15 шо кхаьчча лата Ӏама волавелира иза. Цуьнан хьалхара тренер вара Петр Филиппович Матушак.

1958 шарахь иза Соьлжа-ГӀале ваха веара. Кхузахь цуьнан тренер вара Супьян Лечиевич Зубайраев.

Спортан болх

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дэги Багаев кегирхойн йуккъехь хилла йолу РСФСРн чемпионатан совгӀатхо хилира. 1960 шарахь иза хилира ЦС ДСО «Урожай» чемпион хилира. Цу шарахь иза хилира ССРСн спортан говзанча. Цо чекхйаьккхира Лакхаран тренерийн школа Москвахь йолу Физически культурин институтехь. 1962 шарахь иза хилира ССРСн гулйина тобан декъашхо.

1963 шо дуьйна иза армехь вара. Цигахь а шен тренировкаш цо ца йитира. 1964 шарахь цо толам баьккхира РСФСРн зонан чемпионат.

Тренеран болх

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1965 шарахь Воронежехь цо кечйина латархойн тобанас вузашна йуккъехь йолу ССРСн чемпионатехь 2-гӀа меттиг йаьккхира. Оцу шарахь Соьлжа-ГӀалахь цхьанакхийтира Багаевс кечйина Алма-Атан сельхозинститутан латарохойн тоба а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн вовшахтоьхна тобанца. Багаеван дешархойш толам беккхира 10:0. ТӀаккха республикин куьйгалхойш Багаев кхайкхира Соьлжа-ГӀалахь тренеран болх бан.

Кеста цуьнан балхо хьалхара кхиамаш хилийтира. 19671968 шарахь Российн чемпионаташкахь хьлахара совгӀатхой хилира Алихан Джамалдинов а, Саид Абдуллаев а. 1969 шарахь Баутдин Дудуевс а, Саид Абдуллаевс толам беккхира кегирхойн йукъара РСФСРн чемпионатехь. Багаеван тиллира «РСФСРн Сийлахь тренер» цӀе.

1970 шарахь Салман Хасимиков кегирхойн йукъахь Европин чемпион хилира.

1973 шарахь Алма-Атахь кегирхойн йукъахь йолу ССРСн чемпионатехь кхоъ дашо а, цхьаъ дато мидал йаьккхира Xасан Орцуевс, С. Хасимиковс, А. Джамалдиновс, В. Ахмедовс. Цу шарахь шиъ дашо мидал кегирхойн йукъахь хилла йолу дуьненан чемпионатехь (АЦШ) йаьккхира Хасимиковс а, Орцуевс а.

1976 шарахь Асланбек Бисултановс толам беккхира Одессехь хилла йолу ССРСн чемпионатехь а, Истмалахь хилла Европин чемпионатехь а. 1977 шарахь Лозаннехь (Швейцари) Асланбек хилира дуьненан чемпион. И кхиамаш бахьнехь Багаеван цӀе тиллира «ССРСн Сийльахь». ССРСн халкъийн Спартакиадехь 1979 шарахь Багаевс кхиина латархош еккхира 8 мидал, царех 4 — дашониг. Хасан Орцуевс а, Салман Хасимиковс йаьккхира шиш дашо мидал, Асланбек Бисултановс даьккхира дети, борзан совгӀан даьккхира стал Руслан Бадаловс. Европин чемпион хилира Тарам Магомадов.

Къилбаседа Кавказан тӀеман округан коьрта тренер болх бира Багаевс 10 шарахь. Оцу хенахь цо кхиийра дукха ССРСн Герзан Ницкъашан чемпионаш. СКВО команда йара ца хийцалуш Герзан Ницкъашан чемпион.

Цо кхиийра 150 сов ССРСн а, Российн а спортан говзанчаш, царех 20 сов халкъашна йуккъера спортан говзанчаш, царех 5 Сийлахь спортан говзанчаш. Цуьна сан тренеран балхахь кхиамаш болуш ССРСх, Российх кхи цхьаа тренер вац.

Цхьаболу цуьнан кхиархой шаьш хилира ССРСн а, Российн а Сийлахь тренераш. Уьш бу Алихан Джамалдинов, Алхазур Ильясов, Баху Ахмедов, Жоа Умаров, кхибераш а.

Алихан Джамалдинов кхоьллира шен латаран школа Хаси-Эвлахь. Цо кхиийра ши ваша Сайтиев, Бувайсар а (кхуза олимпиадин чемпион), Адам а (олимпиадин чемпион).

ХӀинца иза ву Москохан дешеран Департаментан «Арена» клубан коьрта тренер. Цо гӀо до Нохчичоьра декъаза берашан.

Багаеван гӀарбоьвла кхиархой:

  • Къинхьегаман ЦӀе Байракхан орден;
  • ГӀарбаьлла кхиамашан FILA орден (2012 шо);
  • «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиоран» орден 2013 шо;

Соьлжа-гӀалахь «Динамо» стадионан уллехь болу ураман Багаеван цӀе тиллина.