ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
СССР Лакхар Советан Президиумс Къинхьегаман ЦӀе Байракхан орден йелла Соьлжа-ГӀалин 2-гӀа мехкдаьттан заводан «Фронтан мехкадаьтта дахьитарна ПаччӀалкхан сацам кхочуш баран» аьлла (1942 шеран 6 февраль )
2-гӀа «Малгобекнефть» трестан Ленин орден йелла белхан дика кхиамашна (1942 шеран 6 февраль )
Кавказ хьаякха гӀерташ болу фашистан эскарца тӀом болабелла (1942 шеран 25 июль )
Соьлжа-гӀалийн пионерийн а, дешархойн а Дворец чохь кхоьллина фронтан художественны агитбригада. Цунна юкъавахара 25 дешархо. Цара концерташ гойтура Соьлжа-ГӀалин гонах оборонительны сооружениш яшйолчарна (1942 шеран 25 август )
Кавказ хьаяккха гӀерташ болчу немцошца тӀом бола белла (1942 шеран 13 сентябрь — 1943 шеран 3 январь )
Фашистан кеманаш Соьлжа-ГӀалин тӀе бомбанаш ятта дуьйладелла (1942 шеран 10 октябрь )
Нохч-ГӀалгӀайн театран тиллина Ханпаша Нурадилов цӀе (1942 шеран 30 декабрь )
Ахмед Арслан Аллаудин (1942 шо — 2014 шеран 18 ноябрь ) — Иорданин тӀеман гӀуллаккхо, танкийн эскарийн дивизин инарла, 1967 а, 1973 а шерашках Израильца хилла тӀемашкахь дакъалаьцнарг, шозза Иорданин Турпал;
Багаев, Дэги Имранович (1942 шеран 27 май — 2015 шеран 25 май ) — паргӀата кепара латаран нохчийн тренер, СССР Сийлахь тренер, Российн Сийлахь тренер, Нохчийн Республикехь паргӀата кепара латаран бухбиллинарг;
Магомаев, Муслим Магометович (1942 шеран 17 август — 2008 шеран 25 октябрь ) — советски, азербайджанийн, российн операн а, эстрадан а эшархо, композитор, актёр, СССР Халкъан артист;
Маккартни, Пол (1942 шеран 18 июнь ) — британин музыкант, эшархо, композитор, мультиинструменталист, продюсер, «The Beatles » тобанан бухбиллинаргах а, декъашхох а цхьаъ;
Усманов, Ӏарби Усманович (1942 шеран 7 ноябрь ) — нохчийн яздархо, гочдархо, драматург, поэт;
Хасбулатов Руслан Имранович (1942 шеран 22 ноябрь ) — экономикин Ӏилманийн доктор, профессор;
Хасиев, Сайд-Магомед Адамович (1942 шеран 20 июнь ) — нохчийн историн Ӏилманий кандидат, этнограф;
Элбек Солтаханов (1942 шеран 30 ноябрь — 2005 шо ) — хьалхара классашна хьажийна учебникаш язйинарг;
Яшуркаев Султан (1942 шеран 22 апрель ) — яздархо, поэт;