Чулацаман тӀегӀо

Вараев, Адлан Абуевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Адлан Абуевич Вараев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзалла паргӀата кепар латар
Вина терахь 1962 шеран 2 январь({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг Садови, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2016 шеран 4 май({{padleft:2016|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (54 шо)
Кхелхина меттиг
Спортан карьера 19851992
Тренераш
Локхалла 170 сантиметр
Йозалла 74 кг

Адла́н Абу́евич Вара́ев (1962 шеран 2 январь[1], Садови, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, ССРС) — нохчийн паргӀата кепар латаран ССРС а, Европин а, дуьненан а чемпион, ССРС Сийлахь спортан говзанча, Олимпиадан дато совгӀатхо.

Адлан Абуевич Вараев вина Соьлжа-ГӀалин кӀоштан Садови юртахь. Иза лата Ӏама волавелира шен воккха ваша Вахид бахьнехь. Цуьнан хьалхара тренер вара Дэги Багаев[2].

1985 шарахь цо ССРС чемпионатехь борзан мидал йаьккхира. 1986 шарахь цо толамаш беккхира ССРС а, Европин а чемпионаташкахь, дато Мидалш йаьккхира Дика Ӏалашон ловзарашкахь а, дуьненан чемпионатехь а. И кхиамаш бахьнехь цунна йелира ССРС Сийлахь спортан говзанчан цӀе. 1987 шарахь иза хилира ССРС а, Европин а, дуьненан а чемпион. 1988 шарахь иза йуха а хилира Европин чемпион. Олимпиадехь цо дато мидал йаьккхира суьдхойш цунна дуьхьала хиларна бахьнехь[3].

1990 шарахь цо йаьккхира борзан мидал Дика Ӏалашон ловзарашкахь а, дато мидал Российн чемпионатехь а, 1992 шарахь — борзан мидал СНГ чемпионатехь а.

1996 шарахь Адлан Вараев хилира «Российн Сийлахь тренер». Цуьнан шиъ лакхара образовани йу. 1989 шарахь цо чекхйаьккхира Нохчийн хьехархойн институтан физкультуран факультет, 1998 шарахь — физкультуран тӀеман факультет. Тахана иза ву Российн паргӀата кепар латаран гулйина тобанан коьрта тренер а, Российн спортан латаран Федерацин 1-ра вице-президент (иза ву паргӀата кепар латарах жоп луш).

Пачхьалкхан совгӀаташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Мидал «За трудовую доблесть» (шозза)[4]
  • Орденан мидал «За заслуги перед Отечеством» II даржан[5]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]