Чулацаман тӀегӀо

Бадалов, Руслан Нурдиевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Бадалов, Руслан Нурдиевич
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг
Пачхьалкх ССРС ССРСРосси Росси
Говзалла паргӀата кепара латар
Клуб Спартак
Вина терахь 1955 шеран 23 сентябрь({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (68 шо)
Вина меттиг Берлиновка, Красноармейскан кӀошт, Кокчетаван область, Кхазакхстан
Спортан карьера 1970-1983
Тренераш Багаев, Дэги Имранович
Йозалла 74 кг
Спортан цӀерш
Кеп:ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча

Русла́н Нурди́евич Бада́лов (1955 шеран 23 сентябрь, Берлиновка, Красноармейскан кӀошт, Кокчетаван область, Кхазакхстан) — нохчийн паргӀата кепар латархо, масийттуза ССРС Кубок йаьккхинарг, ССРСн чемпион (1982 шо), Канадин Кубок йаьккхинарг (1982 шо), дуьненан чемпионатан совгӀатхо (1975 шо), ССРС спортан халкъашан йукъара классан говзанча.

Руслан Бадалов вина 1955 шеран 23 сентябрехь Кхазакхстанан Красноармейскан кӀоштан Берлиновка юртахь. Цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан физкультуран факультет а, Ростовн халкъан бахаман институт а.

Спорт[бӀаьра нисйан | нисйан]

Руслан Бадалов 15 шо кхаьчча волавелира лата Ӏама. Цуьнан тренер вара Дэги Багаев. Иза леташ вара 74 кг кхаччалц беза болу латархойн йукъахь. 1973 Киевехь ССРСн Кубок йаьккхира. Цул тӀаьхьа цо кхиамца дакъа лецира дукха йерригсоюзан а, халкъашна йукъара а турнирашкахь.

Болх а, йукъараллин гӀуллакх а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Спорт йитинчул тӀехь Руслан Бадаловс тренер болх бира, ЧИАССР профсоюзийн ВДФСО когаметтаниг а, председатель а, республикин спорткомитетан председатель а.

1999 шарахь тӀом болабелча иза шен доьзалца ГӀалгӀайн Республике дӀавахара. Цо кхоьллира Нохчийн халкъан кӀелхьардаккхаран комитет а, цуьна куьйгалхо а хӀоттира.

Доьзалла[бӀаьра нисйан | нисйан]

Руслан Бадалован кхоъ жима ваша лата Ӏемира. Цера а оцу гӀулкхехь дика кхиамаш бара.

Русланан ши кӀант а, йоӀ а йу.

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]