Бисултанов, Асланбек Гирманович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Wrestling pictogram.svg
Бисултанов Асланбек Гирманович
Бисултанов, Асланбек Гирманович.jpg
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Вина терахь 1956 шо({{padleft:1956|4|0}})
Вина меттиг [[]] Джамбулан область, Кхазакхстан
Кхелхина де 2001 шо({{padleft:2001|4|0}})
Говзалла паргӀата кепар латархо
Тренераш Багаев, Дэги Имранович
Йозалла 100 кг

Бисулта́нов, Асланбе́к Гирма́нович (1956 шо — 2001 шо) — нохчийн паргӀат кепара латархо, хьалхара нохчийн СССРн, Европин а, Дуьненан а чемпион, СССРн Сийлахь спортан говзанча.

Асланбек Бисултанов леташ вара 100 кг йозалла тӀекхаччалца беза болу латархойн юккъехь. Цуьнан тренер вара Дэги Багаев. 1973 шарахь цо толам беккхира къоначу латархойн юкъахь йолу СССРн Кубкехь а, чемпионатехь а. 1976 шарахь Одессехь хилла йолу чемпионатехь иза хилира массарелла къона СССРн чемпион — цу хенахь иза ткъа шо кхачаз вара. 1977 шарахь иза хилира СССРн а, Европин а, дуьненан а чемпион. Цунна «1977 шеран Дуьненан чемпионатехь тоьлла латархо» цӀе а елира, «Дуьненан чемпионатехь массарелла доца къовсарах» цӀе йолу Кубок а елира.

Цо шозлугӀа меттигаш ехира СССРн 1978 а, 1979 а шерашкахь хилла чемпионатшакахь, 1979 шеран СССРн Аьхкенан халкъашан Спартакиадехь а.

Спорт йитинчул тӀехь цо болх бира Къилбаседа Кавказан эскаран спортан клубан куьйгалхо. Цул тӀаьхьа иза вара Лакхара спортан говзаллин школин директор. 1992 шарахь цхьана шарахь гергга цо Нохчийн Республикан махлелоран министр болх бира.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]