Орцуев, Хасан Умарович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Wrestling pictogram.svg
Орцуев, Хасан Умарович
Шех лаьцна
Стен-боьршалла божарийн[d]
Пачхьалкх ССРС ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Говзалла паргӀата кепар латархо
Вина терахь 1953 шеран 12 май({{padleft:1953|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (68 шо)
Спортан карьера 1967-1982
Тренераш Багаев, Дэги Имранович
Локхалла 160 сантиметр
Йозалла 90 кг

Орцу́ев, Хаса́н Ума́рович (1953 шеран 12 май) — нохчийн паргӀата кепар латархо, 1979 шеран ССРСн чемпион, 1979 шеран Дуьненан чемпион, ССРСн спортан Сийлахь говзанча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хасан Орцуев вина (1953 шеран 12 майхь. Лата Ӏама волавелла 14 шо кхаьчча. Цуьна тренер вара Деги Багаев.

1973 шарахь иза кегирхойн юкъехь ССРСн чемпион хилира. Цул тӀаьхьа иза ССРСн паргӀата кепа латаран гулйина командехь вара. 1977 шарахь Болгарехь хилла Универсиадехь цо дато мидал яккхира. 1977 шарахь ССРСн чемпионатехь цо дато мидал яккхира, 1978 шарахь — борза мидал. 1979 шарахь цо массо а турнирехь толам беккхира, амма Москвахь хилла Олимпиаде иза ца вигира. ТӀаьххьара цо дакъа лаьцна чемпионат яра 1982 шарахь Орджоникидзехь, амма цигахь цуьнга толам ца баккхабелира.

Хасан Орцуев МВД балхара дӀаволуш цуьнан полковникан дарж дара. Хьалхара тӀом болалуш хенахь иза вара Нохч-ГӀалгӀайн «Динамо» Лааме спортан юкъараллин председателин когаметтинаг.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шо Мидал Яхьалла Меттиг
1977 Дети ССРС Чемпионат Красноярск
1977 Дети Универсиада София
1978 Борза ССРС Чемпионат Минск
1979 Деши ССРС Чемпионат Москва
1979 Деши Спартакиада Москва
1979 Деши Дуьненан чемпионат Сан-Диего
1979 Деши Дуьненан кубок Толидо
1980 Борза ССРС Чемпионат Москва

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]