ФатахьӀали Хан ХойгӀеран
ФатахьӀали Хан Искендер охӀли ХойгӀеран (азерб. فتحعلی خان خویسکی, Fətəli Xan İsgəndər oğlu Xoyski, цхьацца хьосташкахь Хан-ХойгӀеран; 1875—1920) — российн юрист а, азербайджанийн политикин гӀуллакххо, Российн империн II кхайкхаман пачхьалкхан думин депутат; халкъан серлонан комиссар Чоьхьара Кавказан комиссариатехь (1917—1918), Чоьхьара Кавказан Демократин Федеративан Республикин юстицин министр (1918). Азербайджанийн Демократин Республика кхайкхийначул тӀаьхьа хьалхара премьер-министр а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министр а (1918—1919), тӀеман министр, юстицин министр (1918), арахьара гӀуллакхийн министр (1918—1919 а, 1919—1920 а) АДР[2][3].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалхара шераш
[бӀаьра нисйан | нисйан]ФатахьӀали Хан ХойгӀеран вина 1875 шо шеран 25 ноябрехь [7 декабрехь] Нухьа гӀалахь ГӀазакхийн лейб-гвардин полкан полковникан ХойгӀеран Искендер Ханан а, Хьаьжи Моллин Шарабаны-ханум Зейнал кызын а доьзалехь[4]. Является потомком хойских и шекинских владетельных ханов[1]. Елизаветполан (Гянджин) гимнази чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, ФатахьӀали Хан Москохан университетан юридически факультете хӀоьттира. 1897 шарахь цуо университет чекхйаьккхира 1-ра тӀегӀанан дипломца, оццу шеран августехь Тиблисин суьдан палатин лакхара председателан омарца хӀоттийра Елизаветполан гуонан суьдехь суьдан даржера лахара кандидат [1].
Масех шарахь юридически практика Сухумехь, Кутаисехь, Зугдидехь йинчул тӀаьхьа, ФатахьӀали-хан хаьржира Елизаветполан губернера возаш воцу Российн империн Пачхьалкхан думин II кхайкхаман депутат.[5] Хаьржира цхьа могӀа комиссешка: финансийн, стеган сийлардаран, юстицин министралло гайтина Пачхьалкхан думин 55 декъашхо зуламан жоьпалле озавар листаран (секретарь), Пачхьалкхан думо дийца тӀеэца мегар долу амнистин законан проектан болх листаран[6].
Бусалбанийн фракцин декъахо, дуьхьала вара кхалхаран политикин, дӀакхийтира кадетийн партех. 1917 шеран Февралан революцил тӀаьхьа Кавказан бусалбанийн 1-ра гуламан декъахо (апрель, Бакох); Йерригроссийн бусалбанийн Кхеташонан Кхочушдаран комитетан декъахо, хаьржира 1-ра Йерригроссийн бусалбанийн гуламехь Москохахь (май). Партехь вацара, дакъалецира «Мусават» партин 1-ра гуламехь (26 — 31 октябрехь), агӀолацара мусаватхойн тӀедилларна, масала, Азербайджанан Российн йукъахь автономи йаларан. Куьйгалла дира Бакохан гӀалин думин (1917 шеран октябрь — 1918 шеран апрель). Чоьхьара Кавказан комиссариатан халкъан серлонан комиссар (1917 шеран 15 ноябрь — 1918 шеран 10 февраль). Чоьхьара Кавказан Сейман декъахо (1918 шеран 10 февраль — 26 май); «Мусават» фракцин а, партехь боцучеран демократин тобанан а йукъахь вара. Апрелехь дуьйна Чоьхьара Кавказан правительствон юстицин министр. Азербайджанан Хенна йолу Къоман Кхеташонан декъахо (27 май — 7 декабрь). 27 майхь дуьйна Къоман Кхеташонан кхочушдаран комитетан председатель.
АДР шерашкахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чоьхьара Кавказан сейм дӀасахецначул тӀаьхьа, 1918 шеран 27 майхь Чоьхьара Кавказан хиллачу сейман бусалбанийн фракцин декъахоша хӀоьттина политикин хьал дийца гулбира чолхе гулам. Гуламо сацам бира шена тӀе Малхбален Чоьхьара Кавказан урхалла эца, шеш Чоьхьара Кавказан ханна йолу къоман кхеташо кхайкхийра. Къоман кхеташонехь 9 стагах лаьтта кхочушдаран меже кхоьллира человек, церан Ӏалашо йара республикин дахаран тайп-тайпана тӀегӀанашна куьйгалла дар. Кхочушдаран меженан председатель хаьржира Ф. ХойгӀеран[7]. ШолгӀачу дийнахь хилира Къоман кхеташонан хьалхара, гуламе дийца даьккхинера сейм дӀасахецар, Гуьржийчоьнан маршо кхайкхор, Азербайджанан хьал. Цхьаболу декъашхоша меттаха даьккхира Азербайджанан маршо кхайкхор. ХойгӀеран ФатахьӀали-хана, шен рогӀехь, кховдийра цхьадолу хӀумнаш къастадаллалц меттигашкахь йуьззина бакъонаш йолу правительство кхоллар тоийтар, Азербайджанан маршо а ца кхайкхош кхечу пачхьалкхашца дийцарш дар[7]. ЖамӀехь 24 кхажца (царна йукъахь ХойгӀеран ФатахьӀали-хана а), шимма кхаж ца тосуш, Кхеташоно Азербайджанан сихха маьрша демократин республика кхайкхорна кхаж тесира. ХойгӀеран ФатахьӀали-хана кхайкхийра Ханна йолу правительство, цунна йукъахь цуо дӀалецира правительствон куьйгалхочун а, чоьхьара гӀуллакхийн министран а даржаш. 30 майхь Министрийн Кхеташонан председатель ХойгӀеран ФатахьӀали-хана йахьийтира цхьа могӀа пачхьалкхийн арахьарчу министрашка Азербайджана маршо кхайкхорех радиограмма:
Константинополь, Берлин, Вена, Париж, Лондон, Рум, Вашингтон, София, Бухарест, Тегеран, Мадрид, Гаага, Москох, Стокгольм, Киев, Христиани, Копенгаген. Чоьхьара Кавказан Федеративан Республика Гуьржийчоь дӀа а къаьстина йекъайаларна, Азербайджанан Къоман Кхеташоно карарчу беттана 28 дийнахь Азербайджанан маршо кхайкхийна, иза лаьтта малхбален а, къилбан а Чоьхьара Кавказах, цуо кхайкхийна Азербайджанан Республика. Хаам бо хьоьга, Хьан Сийлалле Шайн правительстве иза хаийтар деха сайн сий далар. Ханна сан правительство хир йу Елисаветполехь.[8] ХойгӀеран Азербайджанан Республикин Министрийн Кхеташонан председатель.
|
Министрийн Кхеташонан Председатель 1918 шеран 26 майхь дуьйна, оццу хенахь чоьхьара гӀуллакхийн министр (28 май — 17 июнь), арахьара гӀуллакхийн министр (1918 шеран 26 декабрь — 1919 шеран 14 март). 16 сентябрехь Бакохан чудаьхкира Кавказан исламан эскаран дакъош. ШолгӀачу дийнахь гӀала кхелхира азербайджанан правительство. Байковн тоьшаллийца, Ф. ХойгӀеран йиллинчу машенан тӀехь вогӀура, цунна дуьхьала баьхкинера бакхий бен бусалбанаш[9].
Балхара мукъавелира правительствон декъашхоша мехкдаьттаца законехь доцу гӀуллакхаш лелор бахьнехь.
ХойгӀеран ФатахьӀали ханан правительство къобал дира туркоша Кавказан бусалбанийн кӀошташ июнехь — июлехь дӀалацар а, 1918 шеран сентябрехь туркойн эскаро Бакох дӀалацар а.
Азербайджанан Парламентан декъахо (1918 шеран 7 декабрь — 1920 шеран 27 апрель). Арахьара гӀуллакхийн министр (1919 шеран 24 декабрь — 1920 шеран 30 март). Чоьхьара Кавказан республикийн 1-ра конференцехь Азербайджанан вакилатан декъахо (1919 шеран 25 апрель — 30 май, Тиблиси).
Вер
[бӀаьра нисйан | нисйан]Советан Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа ФатахьӀали Хан ХойгӀеран кхелхира Тиблиси, цигахь 1920 шеран 19 июнехь вийра[10][11][12][13][14] «Дашнакцутюн» партин декъашхоша Ерканян Арама а, Григорян Мисака а Эреванан майданахь тӀехьашхула герз тоьхна[15]. Веран бахьна дара, виначара дийцарехь, ФатахьӀали 1918 шарахь Бакохахь эрмалой байаран декъахь хилар.
ДӀавоьллина Тиблисера бусалбанийн кешнашкахь азербайджанийн драматурган М. Ф. Ахундовн уллехь[16]. Иза дӀаверзийра Тиблисера Иранан консулалло.
Шен дахар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дин лелорца, ХойгӀеран ФатахьӀали Хан бусалба-шиӀий[1] ву. Винчу хенахь цунна тӀехь ШиӀийн Ӏилмано ма-леллора динехь дан дезарг дира[4].
Оьрсийн а, азербайджанийн а меттанаш хаара. Амма азербайджанийн мотт ФатахьӀалис хала буьйцура[17].
ФатахьӀалин цхьаболу гергарниш АДР заманахь лакхарчу пачхьалкхан а, административан а даржашкахь бара. Воккхаха волу ваша — Хьусейнкули-хан ХойгӀеран цхьаьна хенахь вара Гяджера губернаторан гӀовс. Жимаха волу ваша — Рустам Хан ХойгӀеран , вара ФатахьӀали Хан ХойгӀеран правительствохь социалан дола даран министр.
ФатахьӀали Ханан кхо бер дара: йоӀ Тамара (1902—1990) а, ши кӀант — Мурад (1910—1973) а, Энвер (1914—1935) а[18]. ЙоӀ марехь йара Гусейнов Мирза Давудехь, иза АКП (б) ЦК президиуман председателан, Азербайджанан финансийн халкъкоман, Таджикской ССР Компартин ЦК 1-ра секретаран даржашкахь хилла[18]. КӀант Мурад болх беш вара Бакох гӀ. транспортан урхаллехь[18].
Иэс
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бакох гӀалин цхьаьна проспектан ФатахьӀали Хан ХойгӀеран цӀе тиллина
- 1997 шарахь арахецна ФатахьӀали Хан ХойгӀеран лерина Азербайджана поштан марка.
- ФатахьӀали Хан ХойгӀеран дӀавоьллина бусалбанийн кешнашкахь, (Тиблисин ботаникин бешахь) каш тӀехь чурт доьгӀна.
- Бакохара (Истиглалият урамехь) 1918 – 1920 шерашкахь ФатахьӀали Хан ХойгӀеран ваьхначу цӀийнан пенан тӀехь барельеф хӀоттийна
- Хьалха Маркс Карлан цӀе лелийна Шекера ураман цӀе хийцина ФатахьӀали Хан ХойгӀеран цӀарах.
- 2016 шеран фильмехь «Ӏали а, Нино а» ФатахьӀали Хан ХойгӀеран роль ловзийра туркойн актёро Эргенч Халит.[19]
-
Тиблисера ФатахьӀалин каш
-
1918-1920 шерашкахь ФатахьӀали ваьхначу Бакохара цӀенна тӀера барельеф
-
Азербайджанан поштан марка, 1997 шо
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Хойский (Хан-Хойский) Фатали Хан Искендер оглы — первый руководитель правительства АДР.
- Фатали Хан Хойский на сайте «Хронос»
- Первая парламентская республика востока и Азербайджанская ССР.Архивйина 2020-01-11 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 Фатали Хан Хойский. Жизнь и деятельность (Документы и материалы). — Баку: Азербайджан, 1998. — С. 21.
- ↑ Fuad Akhundov Fatali Khoyski — Prime Minister (1875—1920) Azerbaijan International, vol. 6.1, Spring 1998(ингалс.)
- ↑ Азербайджанская Народная Республика (Азербайджан Халг Джумхуриййети) — первая парламентская республика на Востоке (май 1918 г. — апрель 1920 г.)
- ↑ 1 2 архивные материалы (ru) // гл. ред. Исмаилов Э. Известия Азербайджанского историко-родословного общества : журнал. — Баку: Адилоглу, 2004. — Вып. V (тираж: 400; 88 c.). — С. 77. — ISBN 9952-25-019-6.
- ↑ Д. Б. Сеидзаде. Азербайджанские депутаты в Государственной Думе России. — Баку, 1991, с.53
- ↑ Фатали Хан Хойский. Жизнь и деятельность. (Документы и материалы). — Баку, 1998, с.145
- ↑ 1 2 Гасанлы Дж. П. / Русская революция и Азербайджан: Трудный путь к независимости (1917—1920). — М.: Флинта, 2011. — 26-27, 160-162 с.
- ↑ Фатали-хан Хойский. Жизнь и деятельность (документа и материалы) / Главное архивное управление при Кабинете министров Азербайджанской Республики. — Баку: Издательство «Азербайджан», 1998. — С. 152. — 26-27 с.
- ↑ Баберовски Й. Враг есть везде. Сталинизм на Кавказе. — М.: Российская политическая энциклопедия (РОССПЭН), Фонд «Президентский центр Б.Н. Ельцина», 2010. — С. 146. — ISBN 978-5-8243-1435-9.
- ↑ Адрес-календарь Азербайджанской Республики на 1920 г. — Баку, 1920
- ↑ Азербайджанская Демократическая Республика. Азербайджанское правительство. — Баку, 1990
- ↑ Балаев А., Азербайджанское национально-демократическое движение. 1917—1920. — Баку, 1990;
- ↑ Свиетоховский Т., Русский Азербайджан. 1905—1920. // «Хазар», 1990, № 3, c. 57
- ↑ «Хазар», 1990, № 1 — 3. Г. Мухтаров
- ↑ Исмаилов Э. Э. Ханы Хойские. Материалы к родословной и биографиям // Известия Азербайджанского историко-родословного общества. Вып. 4. — Баку, 2003. — С. 54.
- ↑ Арджан Каракаш[tr]. Geçmişten günümüze Ermeni komiteleri ve terörü. — IQ Kültür Sanat Yayayıncılık, 2009. — С. 130. — ISBN 9789752552449. Дуьххьарлера йоза (туркойн мотт)
19 Haziran 1920 tarihinde öldürülen Hoyski'nin hemen akabinde bir ay sonra Parlamento Başkanı Hasan Bey Ağayev de Ermeniler tarafından Tiflis'te katledilmiştir. Her ikisi de buradaki Müslüman Mezarlığı'nda Azerbaycan Türklerinin ilk ve ünlü dramaturgu Mirza Fetih Ali Ahundov”un mezarının yanına defnedildiler (Musa Qasımlı, Azerbaycan Türklerinin Milli Mücadele Tarihi 1920-1945, Türkçesi Ekber N. Necef, Kaknüs Yayınları, İstanbul 2006, s. 181).
- ↑ Баберовски Й. Враг есть везде. Сталинизм на Кавказе. — М.: Российская политическая энциклопедия (РОССПЭН), Фонд «Президентский центр Б.Н. Ельцина», 2010. — С. 148—149. — ISBN 978-5-8243-1435-9.
- ↑ 1 2 3 Исмаилов Э. Э. Ханы Хойские. Материалы к родословной и биографиям // Известия Азербайджанского историко-родословного общества. Вып. 4. — Баку, 2003. — С. 56.
- ↑ Halit Ərgənçin Fətəli xan Xoyski obrazındakı ilk — FOTOSU
- Суьртийн барамашца совнаха px йолуш агӀонаш
- Бинарш 7 декабрехь
- Бинарш 1875 шарахь
- Белларш 19 июнехь
- Белларш 1920 шарахь
- Императоран Москохан университетан юридически факультетан арахецархой
- Адамаш абатца
- Азербайджанийн элий
- Азербайджанан националисташ
- Елизаветполан гимназин арахецархой
- МПУ юридически факультетера арахецнарш
- Азербайджанан чоьхьара гӀуллакхийн министраш
- Азербайджанан арахьара гӀуллакхийн министраш
- Азербайджанан дуьхьалонан министраш
- Российн империн Пачхьалкхан думин II кхайкхаман декъашхой
- Азербайджанан инарлин прокурораш
- Азербайджанан адвокаташ
- Азербайджанан махках баьхнарш
- Байина политикаш
- Бусалбачеран кешнашкахь дӀабоьхкинарш (Тиблиси)
- ХойгӀар