Топчибашев Ӏалимардан-бек
Топчибашев Ӏалимардан-бек | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
азерб. Əlimərdan Ələkbər oğlu Topçubaşov | |||||||
![]() Топчибашев Ӏалимардан 1909 шарахь | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Дарж йукъадаьккхина | ||||||
Когаметтаниг | Дарж дӀадаьккхина | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Гаджинский Маммед Хьасан | ||||||
Когаметтаниг | Хойский ФатӀали Хан | ||||||
|
|||||||
Дин | суннизм | ||||||
Вина терахь | 1863 шеран 4 май | ||||||
Вина меттиг | Тиблиси, Тиблисин губерни | ||||||
Кхелхина терахь | 1934 шеран 8 ноябрь (71 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Париж | ||||||
ДӀавоьллина | |||||||
Да | Алекпер-бек Топчибашев[d] | ||||||
Зуда | Топчибашева, Пери Гасан-бек кызы[d] | ||||||
Бераш | Рашид бек Топчибашев[d] | ||||||
Парти | |||||||
Дешар | Петарбухан императоран университет | ||||||
Динлелор | Ислам, суннийн кхетам | ||||||
Автограф |
![]() |
||||||
![]() |
Топчиба́шев Ӏалимардан-бек Алекпер охӀли (азерб. Əlimərdan bəy Ələkbər oğlu Topçubaşov, 1863 шеран 4 майхь, Тиблиси — 1934 шеран 8 ноябрехь, Париж) — азербайджанан йукъараллин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, юрист а, журналист а, Российн хьалхарчу Пачхьалкхан думин депутат (1906), Азербайджанан Демократин Республикин парламентан председатель (1918—1920).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Топчибашев Ӏалимардан-бек вина 1863 шеран 4 майхь шарахь[2] Тиблисехь. 1884 шарахь чекхйаьккхира Тиблисера I гӀалин гимнази, деша хӀоьттира Императоран Петарбухан университете историн-филологин факультете Кавказан стипендица, амма хьалхара семестр чекхйаьлча стипенди а дитина, дехьавелира юридически факультете. 1888 шарахь чекхйаьккхира университет, цунна йелира бакъонан кандидатан тӀегӀа. Болх бира машаре суьдхочун гӀоьнча а, гуонан суьдан секретарь а, хьийхира Тиблисин латтадустаран доьшийлехь. Бакоха кхелхира, цигахь тешаме векал болх бира.
Топчибашев хилла хӀора дийнахь арадолу Бакохан Махлелоран-Промышленностан Кехат газетан редактор, иза арахоьцуш дара Бакохахь 1888 шарахь дуьйна[3]. 1898 шеран 24 июнехь иза хӀоттийра Бакохахь арахоьцучу «Каспий» газетан редактор[4]. Тайп-тайпанчу шерашкахь хилла «Бакох» а, «Хаят» («Дахар») а газетийн редактор. Хьаьржира Бакохан гӀалин Думин спикер, гӀалин доьшийлин комиссин а, Мариински зударийн гимназин а, Бакохан коммерцин доьшийлин а, Бакохан бусалбанийн зударийн ишколан а Ӏуналлин кхеташонан йукъахь вара.
1905—1907 шерашкара революцийн заманашкахь дакъалецира 1-ра Йерригроссийн бусалбанийн гуламан балхахь (1905 август, Нижни Новгород); 2-гӀа (1906 январь, Петарбух), 3-гӀа (1906 шеран 16 август, Ниж. Новгород) гуламашкахь хаьржира Иттифакъ аль-Муслимин партин ЦК председатель. 3-гӀа Йерригроссийн бусалбанийн гуламан ховшарш нахала даьккхина дацара, дийцарш дӀадаьхьира гӀезалойн маттахь. ТӀечӀагӀйира бусалбанийн политикин союзан программа, иза герга йара кадетийн партин программин, цунах къаьстара ишколан дешаран белхаца[5].
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Документы и письма из личных архивов А.М. Топчибаши и Дж. Гаджибейли (1903–1934). — М.: Изд-во «Социально-политическая МЫСЛЬ», 2012.
- Сеидзаде Д. Б. Из истории азербайджанской буржуазии в начале XX века. — Баку, 1978
- Сеидзаде Д. Б. Азербайджанские депутаты в Государственной Думе России. — Баку, 1991.
- Азербайджанская Демократическая Республика (1918―1920). Законодательные акты. (Сборник документов). — Баку, 1998
- Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Внешняя политика. (Документы и материалы). — Баку, 1998
- Азербайджанская Демократическая Республика (1918―1920). Парламент. (Стенографические отчеты). — Баку, 1998
- Первая Российская государственная дума : Лит.-худож. изд. / Под ред. Н. Пружанского. — Санкт-Петербург : Андреев, 1906. С. 65.
- Боиович М. М. Члены Государственной думы (Портреты и биографии). Первый созыв. М.: Тип. Товарищества И. Д. Сытина. 1906 С. 449.
- Первая Государственная Дума. Алфавитный список и подробные биографии и характеристики членов Государственной Думы. — М.: Тип. Товарищества И. Д. Сытина, 1906. — 175 с.
- Государственная Дума первого призыва. Портреты, краткие биографии и характеристики депутатов. — Москва: «Возрождение», 1906. C. 53.
- Усманова Д. М. ТОПЧИБАШЕВ Али Мардан-бек Али-Акпер Оглы. // Государственная дума Российской империи: 1906—1917. Б. Ю. Иванов, А. А. Комзолова, И. С. Ряховская. Москва. РОССПЭН. 2008. С. 706—707.(ТӀе цакхочу хьажорг)
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ https://www.landrucimetieres.fr/spip/spip.php?article1695
- ↑ Cəmil Həsənli Əlimərdan bəy Topçubaşovun doğum tarixi ilə bağlı dəqiqləşdirmə (азерб.). Oguz Haberleri(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). oguz-news.net (2013, 3 август). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 13 апрелехь. Теллина 2015 шеран 27 сентябрехь.
- ↑ Бакинский Торгово-Промышленный Листок // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Ева-Мария Аух. Между приспособлением и самоутверждением. Ранний этап поисков национальной идентичности в среде мусульманской интеллигенции и возникновение нового общества на юго-восточном Кавказе (1875-1905 гг.) (ru), sakharov-center.ru. Архивировано коч дечара 15 октябрехь 2007.
- ↑ Сибирская торговая газета. № 138. 22 августа 1906 года. Тюмень. Ст. 2.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Бинарш 4 майхь
- Бинарш 1863 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Тиблисехь
- Белларш 8 ноябрехь
- Белларш 1934 шарахь
- Белларш Парижехь
- Иттифакъ аль-Муслимин партин декъахой
- Абатца нисдина адамаш
- Хьалхарчу Тиблисин гимназера арахецнарш
- Петарбухан пачхьалкхан университетан юридически факультетера арахецнарш
- Российн империн I кхайкхаман Пачхьалкхан думан декъашхой
- Йерригроссийн кхолламан гуламан декъахо
- Азербайджанан арахьара гӀуллакхийн министраш
- Азербайджанийн элий
- Российн империн адвокаташ
- Франце хьалхара тулгӀенца кхелхина оьрсийн мухажираш
- Азербайджанан векалш
- Францехь дӀабоьхкинарш
- Российн империн юристаш
- Азербайджанан Демократин Республикин парламентан депутаташ
- Поштан марканаш тӀехь дехкина адамаш
- Азербайджанийн мухажаралла