Азербайджанан дуьхьалонан министралла
Азербайджанан дуьхьалонан министралла | |
---|---|
| |
Йукъара хаам | |
Мохк | |
Юрисдикци | Азербайджан |
Кхолларан терахь | 1991 шеран 5 сентябрь |
Хьалха хилла ведомстваш |
(кхин )дӀа а |
ГӀуллакхан урхалла до | Государственный строй Азербайджана, Азербайджанан министрийн кабинет |
Лакхара ведомство | Азербайджанан министрийн кабинет, Азербайджанан президент |
Штаб-квартира | |
Жоьпаллин министр | инарла-полковник Гасанов Закир |
Инарлин штабан хьаькам | инарла-полковник Велиев Керим |
КуьйгакӀелара меженаш |
(кхин дӀа а) |
Коьрта документ | (кхин дӀа а) |
Сайт | mod.gov.az |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Азербайджанан дуьхьалонан министралла (азерб. Azərbaycan Respublikası Müdafiə Nazirliyi) — Азербайджанан Республикин дуьхьалонан сферера пачхьалкхан урхалла деш а, тӀеман политика лелош а йолу кхочушдаран Ӏедалан пачхьалкхан меже (министралла). ТӀеман ведомствон куьйгалхо дуьхьалонан министр дарже хӀотта а во, дӀа а воккху Азербайджанан Республикин Президенто.
Азербайджанан Республикин Дуьхьалонан министр 2013 шеран 22 октябрехь дуьйна — инарла-полковник Гасанов Закир.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]1918 шеран 28 декабрехь Азербайджанан Демократин Республикин Парламент хийшамашкахь кхайкхийра ХойгӀеран ФатахьӀали Ханан правительствон деклараци, «Эскар» декъехь йаздина дара:
Правительствон коьртачех цхьа Ӏалашо йу мохк Ӏалаш бан лур болу тӀеман ницкъ кхоллар. Оцу ницкъан дерриг оьшург латто деза: герз, духар, даар, кхин дерг а. Правительство сихха иза кхолла йолало[1]. |
Уггаре ладаме структурин эскаран дакъош кхоьллина хила деза 1919 шеран 1 ноябрь кхачале: кхаа полках лаьтта хьалхара гӀашлойн дивизи, артиллерин дивизи, телеграфан, дошлойн, пулеметан тобанаш, кхаа полках лаьтта дошлойн дивизи, хӀаваан тоба, цӀерпоштнекъан батальон.
- ↑ Азербайджанская Демократическая Республика (1918―1920). Парламент. (Стенографические отчеты). — Баку, 1998, с. 82—83