Пушкаш, Ференц

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Пушкаш Ференц
Ferenc Puskás.jpg
Юкъара хаамаш
Юьззина цӀе Ференц Пурцельд Биро
Вина терахь 1927 шеран 2 апрель({{padleft:1927|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})[1][2][3][…]
Вина меттиг Будапешт, Мажарчоь
Кхелхина терахь 2006 шеран 17 ноябрь({{padleft:2006|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})[4][3][5][…] (79 шо)
Кхелхина меттиг Будапешт, Мажарчоь
Гражданалла Венгрин байракх (1949—1956) Мажарчоь
Байракх Испанин (1945—1977) Испани
Локхалла 172 см
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
1937—1943 Мажарчоьнан байракх (1919—1946) Кишпешт
Клубан карьера[* 1]
1943—1956 Венгрин байракх (1949—1956) Гонвед[6] 354 (357)
1943  Мажарчоьнан байракх (1919—1946) Кишпешт М 3 (4)
1958—1967 Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид 180 (155)
1942—1967 Ерриг 537 (516)
Къоман гулйина команда[* 2]
1945—1956 Венгрин байракх (1949—1956) Мажарчоь 85 (84)
1961—1962 Байракх Испанин (1945—1977) Испани 4 (0)
Тренеран карьера
1967 Байракх Испанин (1945—1977) Эркулес
1967 АЦШFlag of the United States.svg АЦШ Сан-Франциско Голден Гейт Гейлс[en]
1968 Канадин байракх Ванкувер Ройалс[en]
1968—1969 Байракх Испанин (1945—1977) Депортиво Алавес
1970—1974 Желтойчоьнан байракх (1970-1975) Панатинаикос
1975 Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мурсия
1975—1976 Чилин байракх Коло-Коло
1976—1977 СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан байракх СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
1978—1979 Желтойчоьнан байракх АЕК (Афина)
1979—1982 Ӏаьрбийн Республикийн Федерацин (1972—1977) а, Мисран (1972—1984) а байракх Аль-Масри
1985—1986 Парагвайн байракх (1954—1988) Соль де Америка
1986—1989 Парагвайн байракх (1988—1990) Серро Портеньо
1989—1992 Австралин байракх Саут Мельбурн Эллас[en]
1993 Венгрин байракх Мажарчоь
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Деши Хельсинки 1952 футбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Швейцари 1954
Пачхьалкхан совгӀаташ
ГӀуллакх дарна 5 классан орден (МХР) ГӀуллакхийн орденан седа болу командор ГӀуллакхийн орденан командор
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Commons-logo.svg Ференц Пушкаш Викилармехь

Пу́шкаш Фе́ренц (маж. Puskás Ferenc, винчу хенахь тиллина цӀе Фе́ренц Пу́рцельд Би́ро[7] (маж. Purczeld Bíró Ferenc); 1927 1 апрель, Будапешт, Мажарчоь2006 17 ноябрь, циггахь) — мажарчоьнан а, испанин а футболист, тӀелатархо, мажарийн «Дешин командин» ловзархойх цхьаъ, 1954 (Мажарчоьнан гулйина командин юкъахь) а, 1962 (Испанин гулйина командин) а шерашкара дуьненан чемпионатийн декъахо.

МФФИИС хеттаршца 6-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран бӀе уггаре дика дуьненан футболисташна юкъахь. 7-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран бӀе уггаре дика ловзархошна юкъахь World Soccer журналан версица. 6-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна юкъахь Guerin Sportivo[8] версица. 7-гӀа меттигехь ву ерриг футболан исторера уггаре дика футболисташна юкъахь Placar журналан версица[9]. 7 меттигехь ву XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна юкъахь France Football версица[10]. XX бӀешеран 50 уггаре дика ловзархойн испискин юкъа воьду Planete Foot версица[11]. Футболан исторера уггаре дика ловзархойн испискин юкъавоьду Voetbal International версица[12].

Пушкаш Ференц дийна волуш къобал вира уггаре дика мажарийн футболист ву ерриг заманахь. Пушкаш Ференцан цӀе лелайо Будапештера мультиспортан стадионо а, футболан командо а. ФИФАн версица шеран уггаре хаза голан совгӀато футболистан цӀе лелайо[13].

Клубан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Пушкаш 1954 шарахь

Пушкаш Ференц вина дунайн шваб волчу Пурцельд Ференцан къечу доьзалехь. Ша Пушкаш вина 1 апрелехь Узцоки госпиталехь[14], амма шен дерриг дахарехь вина де даздора 2 апрелехь, хӀунда аьлча документашна тӀехь и терахь дара[15]. Пушкашан да (1903 шеран 11 май — 1952 шеран 12 июнь)[16] а вара футболист, ловзуш вара «Кишпешт»[7] юкъахь, ткъа цул тӀаьхьа клубехь тренеран гӀоьнча болх бира. Цуьнан нана, Маргит Биро (1904 шеран 21 декабрь — 1976 шеран 21 апрель)[17] тегархо болх беш яра. Немцойн фамили Пурцельд хийца сацам бира 1937 шарахь мажарийн юкъараллехь къомананаллин дог-ойла чӀагъялар бахьнехь, иза доьзна дара оцу хенахь хиллачу мажарийн коьртан, Хортин гӀуллакхца[15]. Цул сов, ПурцельдгӀеран доьзало немцойн мотт бийцар а дитира. Кхин а Ференцан йиша яра — Ева[16].

Хьалхара шераш Пушкаш дӀадаьхьира будапештан кӀоштара «Кишпештан» кечаман аренан уллера жимачу цӀа чохь[18][15], цигахь бехара дукха къона доьзалаш, шортта бераш а долуш. Циггахь Ференц футболех ловза волавелира; дукха хьолахь буьрка йора горгамех, цул тӀаьхьа бераш дӀадоьлхура луларчу кӀошта Грундиге[18], цигахь доккхура дийнахь итт сахьт. Пушкашан лулахойх цхьаъ а, уггаре дика доттагӀ а вара Божик Йожеф[18][15]. 12 шо долуш Божиках хилира «Кишпешт» кегийрхойн командин ловзархо. Иза хиина, 10 шо долу Пушкаша, дӀаэца бохуш дехарш дира, 1925 шарахь виначу Миклош Ковачан цӀарах дина варах долу тешалла, клубан белхалочуьнга[15], цуо аьшпаш боьттира, ша клубан хилла ловзархочун кӀант ву, ден къоналлехь санна говза а ву бохуш[19]. Клубо дӀаийцира Пушкаш, дохко а ца елира: 15 шо долуш Ференц, ткъа шо долчу гражданинан Милош Ковачан цӀарца, кхайкхира клубан коьртачу команде. Ткъа 1943 шеран 5 декабрехь цуьнан дебют хилира коьртачу командин юкъахь «Орадя» командин дуьхьала, оцу хенахь коьртачу хӀоттаман доккхаха долу декъан жӀаьлин уьнан эпидеми кхеттера. Коьртачу хӀоттаман кхоалгӀачу ловзарехь, 12 декабрехь, Пушкаша туьйхира шен хьалхара йоккхачу футболера гол[18]. 1949 шарахь «Кишпештан» цӀе хийцира «Гонвед» аьлла, 1949 шеран 1 декабрехь Пушкашах хилира мажарийн эскаран тӀеман гӀуллакххо.

1956 шеран мажаройн гӀаттамал тӀаьхьа кхелхира Испане, цигахь шарахь сов ца левзира лакхарчу тӀегӀанехь, мадридан «Реалца» контракт даллалц, цунна юкъахь левзира 1958 - 1967 шерашкахь. Цуо кхин а тӀеийцира испанин гражданалла, цуо таро елира цунна оцу мехкан къоман командехь ловза.

« — нагахь со галл ца ваьллехь, Пушкаш «Реал» юкъа дӀаэца ца лаьара?
— Ференц къона вацара. 31 шо оцу хенахь – хӀинца долу 41 шо санна дара. Амма Эмиль Остерехера собарца «кечвора» туьйра хилла «Реалан» президент Бернабеу: «ДӀаэца Пушкаш, дохко девра дац шу». Цуо бат сеттайора: «Къена ма ву иза, 30 кила сов веза…». Амма Остерехер юха ца волура: «Ференцан чӀогӀа лаьа шух кхета» — цу тӀе бакъдерг дийцича Ференцан хӀумма а ца лаьара, футбол йита гӀерташ вара иза. Пушкаше Эмила олура, Бернабеун чӀогӀа лаьа иза шен командехь ган[20].
Шандор Варга
»

Мажарчоьнан а, Испанин а гулйина командашна юкъахь левзина 89 матчехь, чутоьхна 84 гол, Мажарчоьнан а, Испанин а лакхарчу лигашкахь левзина 534 матчехь, чутоьхна 512 гол[21].

1952 шеран Олимпийн чемпион. Пхоьазза Мажарчоьнан чемпион, пхоьазза Испанин чемпион. Кхузза баьккхина Европин чемпионийн кад (1959, 1960, 1966).

ФИФАс кхайкхийна XX бӀешеран уггаре дика бомбардир. 2009 шеран октябрехь ФИФАс кхоьллина хӀора шеран Пушкаш Ференцан совгӀат уггаре хазчу голан[22].

Тренеран кхиамаш: Европин чемпионийн кедан (1971, «Панатинаикос») финалхо, Желтойчоьнан шозза чемпион (1970, 1972, «Панатинаикос»), Желтойчоьнан кад баьккхинарг (1979, АЕК Афина), Австралин чемпион (1991, «Саут Мельбурн Эллас[en]»).

1981 шарахь Пушкаше официалан кхайкхира Мажарчу, цигахь иза хиланза 25 шо дара. Уггаре хьалха иза шен ден-ненан коше велира Кишпештехь. Цуьнан сийнна хӀоттийра гайтаман матч «Непштадионехь», цигахь гулвелира 60 эзар сов хьажархо.[23] [24] [25]

1993 шарахь чеккхенца цӀавирзира Мажарчу, цхьаьна хенахь къоман командан тренер а лаьттира. Цул цхьа шо хьалха, 1992 шеран сентябрехь Пушкаш чеккхенца цӀанвира мажарийн Ӏедало, подполковникан чин а елира.[26] 2002 шарахь будапештан «Непштадионан» иза дийна а волуш Пушкашан цӀе тиллира.

Ференц велира 2006 шарахь пневмонех, 6 шарахь Альцгеймеран цамгар а лелийна; дӀавоьллина къоман сийлаллийца Сийлахь Иштванан базиликехь Будапештехь. Веллачул тӀаьхьа цунна елира бригадан инарла чин.[27]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. http://www.universalis.fr/encyclopedie/ferenc-puskas/
  2. http://global.britannica.com/biography/Ferenc-Puskas
  3. 1 2 Encyclopædia Britannica
  4. http://www.nytimes.com/2006/11/18/sports/soccer/18puskas.html
  5. Энциклопедия Брокгауз
  6. 1949 шо кхачале цӀе хилла «Кишпешт».
  7. 1 2 Гордость и боль венгерского футбола
  8. Guerin' Sportivo's. 50 Grandi del Secolo by Adalberto Bortolotti. rsssf.com (5 февраля 2001). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2017 шеран 26 майхь.
  9. Placar's 100 Craques do Século. rsssf.com (5 февраля 2001). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2017 шеран 11 майхь.
  10. France Football's Football Player of the Century. rsssf.com (5 февраля 2001). Теллина 2017 шеран 26 майхь.
  11. Planиte Foot's 50 Meilleurs Joueurs du Monde. rsssf.com (5 февраля 2001). Теллина 2017 шеран 26 майхь.
  12. Voetbal International's Wereldsterren by Raf Willems. rsssf.com (5 февраля 2001). Теллина 2017 шеран 26 майхь.
  13. ФИФА назвала претендентов на приз имени Пушкаша
  14. Isten futballistának teremtette Архивацийина 3 августехь 2009 шеран.
  15. 1 2 3 4 5 Puskás (Purczeld) Ferenc
  16. 1 2 Ferenc Purczeld Puskás
  17. Margit Bíró
  18. 1 2 3 4 puskás ferenc (1927—2006)
  19. 84 éve született a Száguldó Őrnagy
  20. «Меня выносили из самолёта, а Лобановскому – хоть бы хны!»
  21. 354 матч а, 357 гол а будапештан «Гонвед» юкъахь (хьажа RSSSF.com), 180 матч а, 155 гол а «Реал Мадрид» юкъахь (хьажа сайт статистики клуба). Амма, берриг Пушкашан гайтамаш шинне а клубан юкъахь хуьлу 533 матч а, 511 гол а.
  22. За самый красивый гол будут присуждать приз Ференца Пушкаша(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 12 сентябрехь. Теллина 2009 шеран 23 октябрехь.
  23. История мирового футбола: Ференц Пурцельд (Пушкаш) Биро
  24. Биография, история жизни Ференца Пушкаша
  25. Легендарные игроки. Ференц Пушкаш
  26. Нискач Л. Ференц Пушкаш: Подполковник сборной Венгрии // Спорт-экспресс. – № 88-89 (27 апреля). – с. 3.
  27. Funeral Ceremony for Puskás on 9 December

Кеп:Мажарчоь ОЛ 1952 Кеп:Мажарчоь ДЧ 1954

Кеп:ФК Алавес тренераш Кеп:ФК Панатинаикос тренераш Кеп:ФК Реал Мурсия тренераш Кеп:Футболех ловзаран СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан гулйина командин тренераш Кеп:ФК Соль де Америка тренераш Кеп:ФК Серро Портеньо тренераш Кеп:Футболех ловзаран мажарчоьнан гулйина командин тренераш Кеп:Футболех ловзаран Мажарчоьнан чемпионатан уггаре дика бомбардираш

Кеп:УЕФА Чемпионийн лигин уггаре дика бомбардираш Кеп:Шеран футболист Мажарчохь

Кеп:Футболех ловзаран дуьненан чемпионатийн «Дешин буьрка» яьккхинарш Кеп:Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 1954 — символан гулйина команда