Альцгеймеран цамгар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Альцгеймеран цамгар
Auguste D aus Marktbreit.jpg
МКБ-11 8A20
МКБ-10-КМ G30.9, G30
МКБ-9-КМ 331.0[1][2], 290.1[2]
OMIM 104300
DiseasesDB 490
MedlinePlus 000760
MeSH D000544
Auguste D aus Marktbreit.jpg

Альцгеймеран цамгар- нейродегенеративан цамгар а ю, иштта деменцин уггаре яьржина кеп а ю. Хьалхара цунах лаьцна яздина 1907-чу шарахь немцойн психиатрин лоьро Альцгеймер Алоисо. Статистико ма-гайтара, кхузткъа пхи (65) шарал сов хан йолчу нахехь карайо и цамгар, цул сов юьххьера Альцгеймеран цамгар ю. Иза цуьнан наггахь бен йоцу кеп ю. 2006-чу шарахь и цамгар токхуш ткъе ялх миллион ялх бӀе эзар (26,6 млн) стаг вара. Ткъа 2050-чу шарахь иштта цамгар йолу нехан процент доьазза лакхаяла тарло.

Цкъа хьалха, цамгар халла хаалуш билгалонашца йолало, амма хан-зама яьлча и симптомаш чӀагӀ а луш дӀайоьду. Юьхьанцарчу муьрехь хаало йоццачу хенан эс (дагахьлаттар) талхар а, масала кесталха Ӏамийна хаам (информаци) дага ца боху.

Хьал чӀагӀдаларца гуттаренна эс хӀаллакхуьлу, къамел дар а, когнитиван белхаш а галдолу, ша-шен могашаллина зен ца дало. Цул сов, хьолехь ориентаци а ца яло. ТӀаьх-тӀаьхьа организман функцеш талхар бахьана долуш Ӏожалле воьрзу стаг. Сихаллехь лазаран билгалонаш гучуйовлар, цуьнан чӀагӀдалар а тайп-тайпана хуьлу. Диагноз билгаляьккхинчул тӀаьхьа кхиъ 3-9 шарахь деха адам. Цамгар йолаяларан бахьанаш хаа кӀорггера талламаш бина бац.

Хетарехь, гергга кхузткъа итт процентаца (70 %) и цамгар ден-ненан генашца стагана юьсу. Ткъа кхийолу (цомгуш хуьлуьйту) факторш ю коьртан лазарш а, депресси а, цӀийн Ӏаткъам совбаларан лазар (гипертони) а. Цамгар кхетар доьзна ду коьртан хье чохь атеросклероз а, нейрофибрилляран оьргаш а кхиарца. Кхидолу цамгаран бахьанаш дӀадаха, хила тарлуш йолу диагнозан баххаш ду:

  • цамгаран истори а;
  • когнитиван тестинган лоьраллин сурт хӀоттор а;
  • цӀийн анализ а.

Дукхачу хьолехь хьалхара Альцгеймеран цамгаран билгалонаш гергарчарна нехан санна къанвалар ду моьтту. Цамгар билгалъяккха хьен хьесна таллар до. Хьекъалан балхо а, дегӀан меженаш меттах а яхаро а, диета ларъяро а Альцгеймеран цамгар чӀагӀъялар мелла а саца ян там бу. Амма цара билгала гӀодо аьлла тоьшаллаш дац. Иштта цамгар юхатоттуш цхьаа дарбанан препараташ  я тӀетухурш а йац.

Цхьаа а тайпана дарбанан кепиг цамгар чӀагӀъялар саца ца ло я юхаерза ца ло. Амма цхьайолчу методаш билгалонаш таян а там бу. Амма цхьайолчу методаш билгалонаш таян а там бу. Цомгушчарна нехан я гергарчу нехан гӀо оьшу.

ХӀop дийнан дахарехь шардаран гуламаш пайде хила тарло, иштта цара адам дикачу хийцамашка тIекхачийта аьтто бан тарло.

  1. база данных Disease ontology (инг.) — 2016.
  2. 1 2 (unspecified title) — 2018-06-29 — 2018.