Хурцилава, Муртаз Калистратович
Йукъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Йуьззина цӀе | Хурцилава Муртаз Калистратович | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1943 шеран 5 январь (81 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Бандза эвла, Гегечкоран кӀошт, Гуьржийн ССР, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
ССРС Гуьржийчоь |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 175 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 76 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Хурцила́ва Мурта́з Калистра́тович (1943 шеран 5 январь, Бандза эвла, Гегечкоран кӀошт, Гуьржийн ССР, ССРС) — советийн а, гуьржийн а футболист, турсло а, тренер а. ССРС спортан говзанча (1962), ССРС спортан дуьненайукъара классан говзанча (1966), ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (1969).
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]ССРС гулйина командин ловзархо. ССРС гулйина командин йукъахь 4-гӀа меттиг йаьккхина 1966 шеран дуьненан чемпионатехь. Хурцилава, гуьржийн ловзархойх, шиннах цхьаъ хилла Советийн Союзан къоман командин капитан хӀоттийна — и сий дина шолгӀаниг вара Чивадзе Александр. ССРС чемпионатехь левзира тибилисин «Динамохь» Лакхарчу лигехь, кутаисин «Торпедохь» Хьалхарчу лигехь.
Левзина ваьлчи тренеран болх бира. 1990 шарахь цуьнан куьйгаллица Ланчхутера «Гурияс» Гуьржийчоьнан Кад баьккхира, ткъа 1995 шарахь «Самтредиа» клуб хилира мехкан вице-чемпион.
1998 шеран апрелера 1999 шеран май кхаччалц кечйира Динамо (Тиблиси)[1][2].
1999 шеран майхь дуьйна — Гуьржийчоьнан кегийрхойн гулйина командин коьрта тренер, цуьнца цхьаьна 1999 шеран июнехь дуьйна — Локомотив (Тиблиси) клубан коьрта тренер[3]. Амма «Локомотиван» куьйгалхочун даржера шен лаамца дӀавелира 3 бутт баьлчи, шеш УЕФА Кедан 1/32 финалехь желтойн ПАОКан 0:7 эшча[4], ткъа 2001 шеран апрелехь тӀаьхьий-хьалхий кхузза эшча дӀавелира кегийрхойн гулйина командин коьртачу тренеран даржера а[5].
2001 шеран августехь Габелия Отарица цхьаьна хӀоттийна Чивадзе Александран гӀоьнча Гуьржийчоьнан къоман командехь[6]. 2003 шеран апрелехь, гулйина командин тренер Иво Шушак хӀоттийча, дӀавелира гулйина командин тренеран даржера[7]. ХӀинца веха Тиблисехь, гӀишлошйаран бизнес лелош ву[8].
Зуда а, ши доьзалхо а, кхоъ берийн бер а ду. КӀант Георгий — футболист, левзира гуьржийн клубашкахь, 1995 шарахь левзира АЦШхь «Ралли» клубехь (штат Къилбаседа Каролина)[9].
Кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ССРС Кедан финалхо: 1970
- Дуьненан чемпионатийн декъахо: 1966, 1970
- 1972 шеран Европин чемпионатан детин совгӀатхо
- 1972 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо
- ССРС шолгӀа футболист: 1967, 1968 (ХӀора кӀиран «Футбол-Хоккей» газетан совгӀат, журналистийн кхожаца)
- ССРС кхоалгӀа футболист: 1972 ( ХӀора кӀиран газет «Футбол»|ХӀора кӀиран «Футбол-Хоккей» газетан]] совгӀат, журналистийн кхожаца)
- ССРС уггаре дика 33 футболистийн испискашна йукъахь 10-зза, царех № 1 (1968, 1969, 1971—1973) — 5-зза, № 2 (1965 а, 1966 а), № 3 (1963 а, 1970 а), лоьмар йоцуш (1967).
- 2003 шеран январехь шен 60 шо кхачарна лерина Хурцилавин совгӀат дира Вахтанг Горгасалин орденца.
- Гуьржийчоьнан уггаре дика футболист тӀаьхьарчу 50 шарахь.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Хурцилава — главный тренер тбилисского «Динамо»
- ↑ Голландец Боскамп стал главным тренером тбилисского «Динамо». Не исключено, что он станет главным и в сборной Грузии
- ↑ Хурцилава назначен главным тренером тбилисского «Локомотива»
- ↑ Хурцилава покинул тренерский мостик тбилисского «Локомотива»
- ↑ Главным тренером молодёжной сборной Грузии назначен Вахтанг Копалейшвили
- ↑ Муртаз Хурцилава и Отари Габелия назначены помощниками главного тренера национальной команды Александра Чивадзе
- ↑ Иво Шушак: в Албании русские выглядели очень плохо
- ↑ Муртаз Хурцилава занимается строительным бизнесом
- ↑ Вальтер Гучуа приступил к тренировкам в клубе «Даллас»
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Профиль на сайте «Сборная России по футболу» Архивйина 2020-08-06 — Wayback Machine
- «Золотой игрок» Грузии. Примерный Хурцилава.(ТӀе цакхочу хьажорг) Официальный сайт УЕФА.
- Бинарш 5 январехь
- Бинарш 1943 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Мартвилан кӀоштахь
- «Къинхьегаман Силаллийн» мидал йелларш
- «Къинхьегамехь къастарна» мидал йелларш
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- ССРС футболисташ
- Футболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархой
- Футболисташ 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Дуьненайукъара классан ССРС спортан говзанча
- ФК «Динамо» Тиблиси ловзархой
- ФК «Торпедо» Кутаиси ловзархой
- ССРС футболан тренераш
- Гуьржийчоьнан футболан тренераш
- ФК «Гурия» тренераш
- ФК «Динамо» Тиблиси тренераш
- ФК «Локомотив» Тиблиси тренераш
- ФК «Самтредиа» тренераш