Ди Стефано, Альфредо
Йукъара хаамаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Йуьззина цӀе | Ди Стефано Лаулье Альфредо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Харц цӀе |
Сирла месаш йолу Пха (La saeta rubia)[1] |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1926 шеран 4 июль | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Буэнос-Айрес, Аргентина | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 2014 шеран 7 июль (88 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Мадрид, Испани | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
Аргентина Испани |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 178 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | тӀелатархо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Альфре́до Ди Сте́фано Лаулье́ (испан. Alfredo Di Stéfano Laulhé, испанхойн лиер: [alˈfɾeðo ði esˈtefano]; 1926 шеран 4 июлехь, Буэнос-Айресехь — 2014 шеран 7 июлехь, Мадридехь) — аргентинин, испанин футболист, тӀелатархо. Ловзархочун карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа тренер болх бира. Левзира «Ривер Плейт», «Уракан», «Мильонариос», «Реал Мадрид», «Эспаньол» клубашкахь. Аргентинин гулйина командин йукъахь левзира 6 матчехь, туьйхира 6 гол, Колумбин гулйина командин йукъахь левзира 4 матчехь, Испанин гулйина командин йукъахь левзира 31 матчехь, туьйхира 23 гол.
Футболист волуш шозза хилла Аргентинин чемпион, кхузза Колумбин чемпион, борхӀазза толамхо хилла Испанин чемпионатан. Ди Стефанос цкъацца баьккхира Колумбин кад, Испанин кад, Континенташна йукъара кад. Шозза баьккхина Дуьненан Жима кад, пхоьазза тоьлла Европин чемпионийн кедехь. Тренер волуш Альфредос шозза йаьккхина Аргентинин чемпионат, цкъа Испанин чемпионат, цкъа Испанин Суперкад, цкъа УЕФА Кедаш баьхначеран кад.
Ди Стефано цкъа хилла Аргентинин чемпионатан уггаре дика бомбардир, шозза хилла Колумбин чемпионатан уггаре дика бомбардир, пхоьазза йаьккхина Испанин чемпионатан уггаре дика бомбардиран титул, шозза хилла Европин чемпионийн кедан уггаре дика бомбардир. Шозза даьккхира Европин уггаре дика футболистан совгӀат, Дешин буьрка, доьазза хилла Испанин уггаре дика спортхо.
Альфредо вара XX бӀешерана кхоалгӀа футболист ФИФА футболан Комиссин версица[2][3]. МФФИИС хеттаршца йоккху йоьалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика дуьненан футболисташна йукъахь. Йоккху йалхолгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь World Soccer журналан версица. Йоккху йоьалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь France Football версица[4]. Йоккху кхоалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь Guerin Sportivo версица[5]. Йоккху йалхолгӀа меттиг футболан исторехь уггаре дика ловзархошна йукъахь Placar версица[6]. Дуьненан уггаре дика ловзархойн испискан йукъавоьду Planète Foot [7] а, Voetbal International[8] а версица. 1954 – 2003 шерийн муьрера Испанин уггаре дика ловзархо ву УЕФАн версица.
2000 шарахь дуьйна Ди Стефано вара «Реал Мадрид» клубан сийлахь президентан даржехь. Ткъа 2008 шарахь дуьйна года УЕФАн сийлахь президент.
Хилла ФИФА Сийлаллин залан дуьххьарлера декъахо[9]. Ди Стефанон цӀарах йина хӀонс Испанин уггаре дика ловзархочун[10]. «Реалан» резерван команда йолу «Реал Мадрид Кастилья» клубан стадионан Альфредо Ди Стефанон цӀе йелла[11]. Дийна а волуш Сантьяго Бернабеу стадионан уллехь цунна хӀоттийра иэс[12].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалхара шераш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ди Стефано Альфредо вина 1926 шеран 4 июлехь Буэнос-Айресан портан кӀоштахь йолчу Барракас куьпахь[13]. Цуьнан схьавалар ду европахойн мухажирийн ийначу доьзалера: цуьнан деда Мигель (Италехь цуьнан цӀе йоккхура Микеле[14]) был родом с Капри[15] олий. Мигелан да, Альфредон дедеда, дон Феличионе инарла хилла эскарехь Гарибальди Джузеппен эскарехь[16][17]. Хаза ду, Феличионен зуда а, иштта йина Ди Стефано фамилица, схьайалар Сицилера[18] доллушехь. Микеле, шен даймохк битина , охьахиира Буэнос-Айресан Ла-Бока кӀоштахь, болх бора, Парана чухула сурсаташ Парагвай кхоьхьуш. Микеле 17 шо долуш вахара хьалха Къилбаседа, цул тӀаьхьа Къилба Америке дестечуьнца дов а даьлла, Феличионен[18] шолгӀачу зудчунца. Ди Стефанон денана, Тереза Кьоцца, схьайалар Генуяр долуш йара. Церан доьзалехь ворхӀ бер дара: Феликс, Анибаль, Эктор, Альфредо, Луиза, Хуана, Освальдо[16][18].
1940 шарахь доьзал йуха а кхелхира; хӀинца дӀатарбелира Лос-Кардалесера фермехь. Оцу хенахь Альфредн дийзира ишкол йитина дуьххьара болх бан, шен ден гӀодеш, иза вара картол кхиош, юхкуш, ткъа кхин а накхарш лелош[19][20]. Ша Ди Стефанос дукхаха дерг гӀо дора арахь, тӀехьожура 80 белхалочунна[16][18]. И болх чӀогӀа хала а, дукха ницкъ дӀабоккхуш а боллушехь, Альфредос ца йитира футбол. ХӀора кӀиранан дийнахь иза шен вешийца Тулиоца[21] ловзура поселкан «Прогресс йолчеран барт» (испан. Unión Progresista) командин матчашкахь Камапана лигехь, ткъа кхин хьажа воьдура «Ривер Плейтан» матчашка, цуьнан хьажархо вара ворхӀ шо долуш дуьйна[22], ткъа цуьнан дена, Ла-Бомбонера кӀоштахь вина волу, йезара клуб «Бока Хуниорс»[20].
Фермехь болх бечу хенахь Ди Стефанон дийзира мафица Ӏиттавала а: «Росариохь дӀатаръеллера америкин мафи. Уьш баьхкинера Чикагора йа Нью-Йоркера, цигахь гучу а бевлла. ТкъеитталгӀа шерашкахь, Декъа законан заманахь, цара нах бойура. Мафи йара чӀогӀа дика йина, терго латтайора массо а италихойн кӀенташна тӀаьхь. Сан «воккхачу стаган» тӀехь а йара терго. Иза декхарийлахь вара ша даьккхинчух процент такха — 5-10 песо хӀора йоьхкина картолийн вагон тӀиера. Дена такха ца лаара. Иза лелара кисана тапча а йоьллина, дӀа а вуьжура цуьнца, латтайора ишкапан схьаозочу гӀутакхан чохь. ГӀутакх схьадоьллушехь, буьйнахь тапча хуьлура. Наггахь мафис герз деттара вагонашна, амма, цара иза кхера ца вора. Да кхоьрура, тхо лачкъадарна. Цкъа тхан цӀа чу баьхкира уьш. Оха сихха хаийтира нене, иза котам тилош йара кухни чохь. Иза арайелира карахь мачете а долуш, коган кӀажанаш гучудовлуш бевдира уьш. Кхин цкъа, тхо Сан-Николасе деваша волчу доьлхуш, тхан сихха боьду цӀерпошт тӀиера охьалелха дийзира. Цигахь шеко йолуш виъ стаг вара. Цхьаъ царех тхойга веанера цӀа иэца, тха дена иза вевзира. Со цу хенахь дика кхеташ вацара, хӀун хуьлуш ду, амма хезира, тхо дӀакхаьчначул тӀаьхьа дас девешега дуьйцуш»[23].
«Ривер Плейт» а, «Уракан» а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Альфредон 17 шо долуш, Ди Стефанон нанна дуьхьала кхийтира ден доттагӀ, «Ривер Плейт» клубан хилла голкипер, Алехандро Лупасни, иза болх беш вара церан куьпахь электрик. Цуо дийхира цуьнга, футболехь аьттонаш боху шен кӀанте клубехь хьовсийтахьара аьлла. Лупаснис гӀо дира: масех де даьлча Эулалиян кехатна дуьхьала клубера телеграмма йеира, цунна тӀехь Альфредога кхойкхура гайтаме вар[18][24]. Къона футболисте хаьттича, клубе кхача гӀо хьан дира хьуна, цуо жоп делира: «Сан нанас»[25]! Къуна ловзархочуьнга хьаьжира Пеуселье Карлос, цунна гира Ди Стефанон похӀма, кхайкхира цуьнга клубан йоьалгӀачу команде. Берриг хьевсинчу 32 берех дӀаийцира шиъ, шолгӀаниг хилира Альфредон уллера доттагӀ, Сальвучи[18]. Хаза ду, Ди Стефанон да кӀант футболе вахарна дуьхьала хилар, Эулалияс халла резавира доьзалан да дуьхьало ца йарна цуьнан футболан биографина[16].
Ловзаран статистика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Карьера гайтар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Команда | Мур | Официалан матчаш |
Официалан йоцу матчаш |
Йерриг | |||
---|---|---|---|---|---|---|---|
Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | ||
Ривер Плейт | 1944—1949 | 76 | 55 | 11 | 10 | 87 | 65 |
Уракан | 1946 | 25 | 11 | 3 | 2 | 28 | 13 |
Мильонариос | 1949—1953 | 112 | 100 | 70 | 57 | 182 | 157 |
Реал Мадрид | 1953—1967 | 396 | 307 | 119 | 105 | 515 | 412 |
Эспаньол | 1956 1964—1966 |
60 | 14 | 7 | 7 | 67 | 21 |
Аргентина | 1947 | 6 | 6 | 0 | 0 | 6 | 6 |
Испани | 1957—1961 | 31 | 23 | 1 | 1 | 32 | 24 |
Колумби | 1951 | - | - | 4 | 0 | 4 | 0 |
Барселона | 1953—1961 | - | - | 3 | 2 | 3 | 2 |
Валенсия | 1955 | - | - | 1 | 1 | 1 | 1 |
кхин[26] | 1948—1965 | - | - | 8+ | 6+ | 8+ | 6+ |
Йерриг карьерехь | 706 | 516 | 227+ | 191+ | 933+ | 707+ |
Клубан карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]Клуб | Шо | Лига | Кедаш[27] | Кедаш КОНМЕБОЛ / Еврокедаш[28] |
Кхин дерш[29] | Йерриг | ДоттагӀаллин матчаш |
Всего | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | ||
Ривер Плейт | 1944 | 0 | 0 | 0 | 0 | - | - | 0 | 0 | 0 | 0 | 1 | 0 | 1 | 0 |
1945 | 1 | 0 | 0 | 0 | - | - | 0 | 0 | 1 | 0 | 0 | 0 | 1 | 0 | |
1946 | 0 | 0 | 1 | 0 | - | - | 0 | 0 | 1 | 0 | 0 | 0 | 1 | 0 | |
1947 | 30 | 28 | - | - | - | - | 2 | 1 | 32 | 29 | 2+ | 4 | 34+ | 33 | |
1948 | 23 | 12 | 1 | 1 | 6 | 4 | 0 | 0 | 30 | 17 | 4+ | 5 | 34+ | 22 | |
1949 | 12 | 9 | - | - | - | - | 0 | 0 | 12 | 9 | 1+ | 1 | 13+ | 10 | |
Йерриг | 66 | 49 | 2 | 1 | 6 | 4 | 2 | 1 | 76 | 55 | 11 | 10 | 87 | 65 | |
Уракан (аренда) |
1946 | 24 | 11 | 1 | 0 | - | - | 0 | 0 | 25 | 11 | 3 | 2 | 28 | 13 |
Йерриг | 24 | 11 | 1 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 25 | 11 | 3 | 2 | 28 | 13 | |
Мильонариос | 1949 | 15 | 16 | - | - | - | - | 0 | 0 | 15 | 16 | 1+ | 1+ | 16+ | 17+ |
1950 | 29 | 23 | 5 | 5 | - | - | 0 | 0 | 34 | 28 | 5+ | 10+ | 39+ | 38+ | |
1951 | 34 | 32 | 0 | 0 | - | - | 0 | 0 | 34 | 32 | 4+ | 8+ | 38+ | 40+ | |
1952 | 24 | 19 | 5 | 5 | - | - | 0 | 0 | 29 | 24 | 14+ | 20+ | 43+ | 44+ | |
1953 | 0 | 0 | 0 | 0 | - | - | 0 | 0 | 0 | 0 | 5+ | 5+ | 5+ | 5+ | |
Йерриг | 102 | 90 | 10 | 10 | 0 | 0 | 0 | 0 | 112 | 100 | 70 | 57 | 182 | 157 | |
Реал Мадрид | 1953/54 | 28 | 27 | 0 | 0 | - | - | 0 | 0 | 28 | 27 | 9 | 5 | 37 | 32 |
1954/55 | 30 | 25 | 0 | 0 | - | - | 2 | 0 | 32 | 25 | 7 | 7 | 39 | 32 | |
1955/56 | 30 | 24 | 0 | 0 | 7 | 5 | 0 | 0 | 37 | 29 | 11 | 6 | 48 | 35 | |
1956/57 | 30 | 31 | 3 | 3 | 8 | 7 | 2 | 2 | 43 | 43 | 10 | 15 | 53 | 58 | |
1957/58 | 30 | 19 | 7 | 7 | 7 | 10 | 0 | 0 | 44 | 36 | 9 | 10 | 53 | 46 | |
1958/59 | 28 | 23 | 8 | 5 | 7 | 6 | 0 | 0 | 43 | 34 | 16 | 13 | 59 | 47 | |
1959/60 | 23 | 12 | 5 | 3 | 6 | 8 | 0 | 0 | 34 | 23 | 11 | 17 | 45 | 40 | |
1960/61 | 23 | 21 | 9 | 8 | 2 | 0 | 2 | 1 | 36 | 30 | 16 | 12 | 52 | 42 | |
1961/62 | 23 | 11 | 8 | 4 | 10 | 7 | 0 | 0 | 41 | 22 | 10 | 13 | 51 | 35 | |
1962/63 | 13 | 12 | 9 | 8 | 2 | 1 | 0 | 0 | 24 | 21 | 12 | 6 | 36 | 27 | |
1963/64 | 24 | 11 | 1 | 1 | 9 | 5 | 0 | 0 | 34 | 17 | 6 | 1 | 40 | 18 | |
1965/66 | - | - | - | - | - | - | - | - | 0 | 0 | 1 | 0 | 1 | 0 | |
1966/67 | - | - | - | - | - | - | - | - | 0 | 0 | 1 | 0 | 1 | 0 | |
Йерриг | 282 | 216 | 50 | 39 | 58 | 49 | 6 | 3 | 396 | 307 | 119 | 105 | 515 | 412 | |
Эспаньол | 1955/56 | - | - | - | - | - | - | - | - | 0 | 0 | 1 | 2 | 1 | 2 |
1964/65 | 24 | 7 | 3 | 2 | 0 | 0 | 0 | 0 | 27 | 9 | 4 | 4 | 31 | 13 | |
1965/66 | 23 | 4 | 4 | 1 | 6 | 0 | 0 | 0 | 33 | 5 | 2 | 1 | 35 | 6 | |
Йерриг | 47 | 11 | 7 | 3 | 6 | 0 | 0 | 0 | 60 | 14 | 7 | 7 | 67 | 21 | |
Йерриг карьерехь | 521 | 377 | 70 | 53 | 70 | 53 | 8 | 4 | 669 | 487 | 210 | 181 | 879 | 668 |
Гулйина командашкахь ловзар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Аргентинин гулйина команда
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ди Стефано Альфредон матчаш Аргентинин гулйина командин йукъахь | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
Лоьмар | Терахь | Ловзу меттиг | Оппонент | Чот | Голаш | Къовсам |
1 | 4 декабрь 1947 | Гуаякиль | Боливи | 7:0 | 1 | Къилба Америкин чемпионат 1947 |
2 | 11 декабрь 1947 | Гуаякиль | Перу | 3:2 | 1 | Къилба Америкин чемпионат 1947 |
3 | 16 декабрь 1947 | Гуаякиль | Чили | 1:1 | 1 | Къилба Америкин чемпионат 1947 |
4 | 18 декабрь 1947 | Гуаякиль | Колумби | 6:0 | 3 | Къилба Америкин чемпионат 1947 |
5 | 25 декабрь 1947 | Гуаякиль | Эквадор | 2:0 | — | Къилба Америкин чемпионат 1947 |
6 | 28 декабрь 1947 | Гуаякиль | Уругвай | 3:1 | — | Къилба Америкин чемпионат 1947 |
Шен дахар
[бӀаьра нисйан | нисйан]2013 шеран 5 майхь Ди Стефанос кхайкхийра ша шозлагӀа зуда йалайо костарикахо Гонсалес Джине, иза цулла а 50 шо жима йара (иза кхайкхочу хенахь Альфредон 86 шо дара, ткъа Джинен 36 шо дара). Гонсалес йара цуьнан секретарь а, адвокат а, цуьнца цхьаьна болх беш йара Marca газетехь а. уьш бевзинера 2007 шарахь, оцу хенахь журналист йолчу Гонсалесан тӀедиллинера ловзархочун биографии йазйан[30]. Ша Альфредос зуда йалорах элира: «Сан бераш дуьхьала ду керлачу зудчунна. Амма суна башхалла йац. Тхуна цхьаьна хила лаьа»[31]. Альфредон кӀентий дуьхьала бара зуда йалоран, уьш кхоьрура, керла зуда кӀела хӀума диллина еани хиларах[32]. 12 майхь Джина дӀайахара Ди Стефаногара дӀахьедина, «иштта хьолехь кхунах маре хир дац» аьлла. Цул тӀаьхьа цуо Альфредон чот тӀиера дукха ахча а эцна цхьаьна агӀора дӀайахара[33]. Джина Коста-Рике цӀайирзина кхайкхийра, дерриг хӀуманна а бехке футболистан бераш ду, цара новкъарло йо Альфредога зӀе тоха а[34]. Октябрехь Джина йухайеира Мадриде, дӀакхайкхийра: «Муха ойла йо цара, сунна ахча деза бохуш, аса сайна хӀумма а ца оьшу бохуш хилча»[35]. Оцу шеран 2 октябрехь Ди Стефано шен дегӀан доладанлуш ца хилар къобал дира, цуьнан бахаман терго дӀайелира берашка[36]. 2014 шеран 5 июлехь Ди Стефано госпитале дӀавигира ледара хьал долуш деган лазар деинчул тӀаьхьа, иза хилира Мадридан цхьаьна урамехь, «Сантьяго Бернабеун» уллехь. 88 шо долу Ди Стефано чувуьллу жигара терапийн палате, иза куьйга коман хьоле воккху. 2014 шеран 7 июлехь 89-гӀа шо долуш иза кхелха[37].
Ди Стефанон нана, Эулалия Лаулье Жильмон (французийн лерца, Лоле́), Беарнехь вина французийн пилотан Пьерр Лаульен а, ирландхочун Дик Инесан а тӀаьхьенех йара[15][18]. Ди Стефанон ден цӀе а йара Альфредо; иза а, кӀант санна, футболист а, тӀелатархо а[18] вара, цул сов, иза вара «Ривер Плейт» клуб кхоьллинчех цхьаъ, цунна йукъахь левзира иза 1910 - 1912 шерашкахь, карьера чекйаьккхира гола лазийна[17][19]. ШолгӀа Микелен кӀантехь, Альфредон вешегахь, марехь йара Аргентинин гулйина командин голкиперан Исола Карлосан йиша. Жимаха волу Альфредо воцуш, доьзалехь кхин а ши бер дара — Тулио (вина 1928 шарахь), иштта футболех ловзуш вара, Норма (йина 1931 шарахь), иза баскетболах ловзуш йара[16][22].
Циггахь, Барракас кӀоштахь, Ди Стефано волавелира футболех ловза, еса аренашкахь: «Сан 4 йа 5 шо долуш со ловзура урам тӀехь, иза йара фабрикан кӀошт, машенаш цигахь кӀезиг йара, аре йара тӀулг биллина. Иштта, оцу хенахь тхо массо а цигахь ловзура. Тхо, меттигера бераш, шорта дара, хӀунда аьлча тхан кӀоштахь дехара эсала адамаш, ткъа генара схьа иштта доьзалашкахь дукха бераш хуьлура. Иштта тхо ловзура оцу куьпахь, ткъа тӀаьхьа кхин цхьа куп а йара, кӀеззиг гена»[38]. Бераш, буьрка иэца ахча доцуш, ловзура хьаьхьамчан буьрканашца[17], царе хлора шишша сентаво; кевнаш дара йа дитташ, йа пенаш тӀехь дехкина сизнаш[18]. Шен накъосташца Альфредос йира кӀоштан команда, цӀе тиллира «Цхьаьнатоьхна а, Толам боккхурш а» (испан. Unidos y Venceremos): «Сан кӀоштахь вара, соьлла а дика ловзуш, 40 сов кӀант. Цхьаъ доьшуш вара, цхьаберш балха бахара, ткъа цхьаболчаьрга шайн мача а ца иэцалора»[39]. Дуьххьарлера цӀуоканан буьрка Альфредос йаьккхира кинотеатрера лотерейхь[18]. Ди Стефанон 10 шо долуш, иза Ӏамо волавелира 17 шо долу кӀант. ТӀаьхьа Альфредос дийцира, нисса и кӀант бахьнехь хилира шех «ши ког болу» ловзархо, аьлча а цхабосса дика буьрканах тоха аьрру а, аьтту а ког[18].
ТӀаьхьа Ди Стефанон доьзал кхелхира Флорес куьпе, цигахь дас эцнера ранчо. Цигахь жима Альфредо шен керла лулахойн кӀенташца волавелира ловза кӀоштан «Магнит» (испан. Imán) командехь[19]. Оцу клубехь цунна йелира шен дуьххьарлера футболан кунья — «Минельита», «Ривер Плейт» клубан ловзархочун Минелья Хосе Мариян сийнна, иза а Ди Стефано санна сирла месаш йолуш вара[15][22].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ El nacimiento de la Saeta Rubia Архивйина 2011-09-26 — Wayback Machine
- ↑ У футбола теперь двуглавый король . Спорт-Экспресс (13 декабря 2000). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 апрель.
- ↑ Pele, Maradona each win FIFA century awards after feud (инг.). Sports Illustrated (11 декабря 2000). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 апрель. Архивйина 2011 шеран 31 январехь Архивйина 2012-05-24 at archive.today
- ↑ France Football’s Football Player of the Century
- ↑ Guerin' Sportivo’s I 50 Grandi del Secolo by Adalberto Bortolotti
- ↑ Placar’s 100 Craques do Século
- ↑ Planète Foot’s 50 Meilleurs Joueurs du Monde
- ↑ Voetbal International’s Wereldsterren by Raf Willems
- ↑ Ди Стефано введён в Зал славы ФИФА Архивйина 2011-10-10 — Wayback Machine
- ↑ Месси вручили трофей имени Альфредо Ди Стефано
- ↑ This one’s for you, Alfredo! Архивйина 2011-11-23 — Wayback Machine
- ↑ «Реал» провел презентацию памятника Ди Стефано
- ↑ Di Stefano, a legend in white Архивйина 2015-07-19 — Wayback Machine
- ↑ Через ссылки — к славе Архивйина 2020-08-11 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 Альфредо ди Стефано
- ↑ 1 2 3 4 5 Олег Винокуров. Альфредо Ди Стефано. — Можайск: Книжный клуб, 2001. — 96 с. — (Сборная мира XX века). — ISBN 5-93607-032-8.
- ↑ 1 2 3 Человек оркестр. Альфредо Ди Стефано. Архивйина 2016-03-22 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Alfredo Di Stéfano, Enrique Ortego, Alfredo Relaño. Gracias, vieja. — 2000. — ISBN 84-03-09200-8.
- ↑ 1 2 3 Alfredo Di Stéfano, football player
- ↑ 1 2 Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуfutsal
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ ТӀаьхьа Тулион, Альфредол говза лоруш волу, хала чов йира — голан кӀозйохургаш хедийна кхин ца левзира
- ↑ 1 2 3 Jugadores de leyenda: Alfredo Di Stéfano Laulhé Архивйина 2012-10-04 — Wayback Machine
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуисторий
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ ¡Yo jugué al fútbol de casualidad!
- ↑ Гений из квартала Папы Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ Мадридан гулйина команда, Каталонин гулйина команда, ийна командаш а, матчаш-бенефисаш а.
- ↑ Британин кад, Адриан Эскобаран кад, Колумбин кад, Испанин кад.
- ↑ Къилба Америкин клубийн чемпионат, Европин чемпионийн кад, Базарийн кад.
- ↑ Альдаон кад, Латинан кад, Континенташна йукъара кад.
- ↑ Ди Стефано женится . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 19 декабрехь Архивйина 2013-12-19 — Wayback Machine
- ↑ Сегодня Ди Стефано женится на своей 36-летней секретарше
- ↑ 86-летний Ди Стефано женится на секретарше Архивйина 2013-12-21 — Wayback Machine
- ↑ От почетного президента ФК «Реал Мадрид» сбежала невеста Архивйина 2019-04-18 — Wayback Machine
- ↑ Gina González vuelve a denunciar a los hijos de Di Stéfano
- ↑ Tica Gina González habría regresado a España por Alfredo Di Stéfano
- ↑ Альфредо Ди Стефано признан недееспособным
- ↑ Alfredo Di Stéfano muere a los 88 años // La Tercera, 07/07/2014 Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
- ↑ Ди Стефано: «Если бы вернулся в прошлое, не стал бы футболистом»
- ↑ Жизнь Альфредо Ди Стефано, часть I
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Голы Ди Стефано
- Профиль на sportec.es
- Профиль на bdfutbol.com
- Профиль на worldfootball.net
- [1](ТӀе цакхочу хьажорг)
- [2]
- Бинарш 4 июлехь
- Бинарш 1926 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Буэнос-Айресехь
- Белларш 7 июлехь
- Белларш 2014 шарахь
- Белларш Мадридехь
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- Аргентинин футболисташ
- Колумбин футболисташ
- Испанин футболисташ
- Футболех ловзаран Аргентинин гулйина командин ловзархой
- Футболех ловзаран Испанин гулйина командин ловзархой
- Футболех ловзарех Колумбин гулйина командин ловзархой
- ФК «Ривер Плейт» ловзархой
- ФК «Мильонариос» ловзархой
- ФК «Реал Мадрид» ловзархой
- ФК «Уракан» ловзархой
- ФК «Эспаньол» ловзархой
- Футболех ловзарех Къилба америкин чемпионаш
- «Дешин буьрка» йаьккхинарш
- ФИФА 100
- Аргентинин футболан тренераш
- Испанин футболан тренераш
- ФК «Валенсия» тренераш
- ФК «Бока Хуниорс» тренераш
- ФК «Ривер Плейт» тренераш
- ФК «Спортинг» Лиссабон тренераш
- Пичичи хӀонс йаьккхинарш
- Буэнос-Айресан сийлахь гражданаш