ФИФА

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Дуьненаюкъара футболан федераци
World Map FIFA.svg
FIFA конфедерацийн карта
Дакъалла 211 ассоциаци
Административан центр Цюрих
Адрес ШвейцариFlag of Switzerland.svg Швейцари: Цюрих, FIFA-Strasse 20
Организацин тайпа Коммерцин боцу кхоллам
Официалан меттанаш ингалсан
французийн
немцойн
испанхойн
Куьйгалхой
Лакхара вице-президент Ӏийса Хьайату
Инарлин секретарь ФатӀима Самура
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1904 шеран 21 май
Схьаевлла организацеш КОНКАКАФ[d], УЕФА, КОНМЕБОЛ[d], Африкин футболан конфедераци[d], Азин футболан конфедераци[d], Океанин футболан конфедераци[d]
СовгӀаташ
fifa.com
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Дуьне́наюкъара футбо́лан федера́ци[1] (фр. Fédération Internationale de Football Association, доцца FIFA, нохчийн транслитерацехь — ФИФА́) — футболехь, мини-футболехь, пляжан футболехь яккхийчех дуьненаюкъара урхаллин меже йолу коьрта футболан кхоллам. ФИФА штаб-квартира ю швейцарин гӀалахь Цюрихехь.

ФИФАн эгидица дӀахьо дуьненан масштабан ерриг футболан турнираш, царна юкъахь ФИФА дуьненан чемпионат, иштта турнир зударшна юкъахь а, кегийрхойн а, жимахойн а турнираш, Конфедерацийн кад, клубийн дуьненан чемпионат.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ФИФА Устав дуьххьара зорба туьйхира Федерацин официалан бюллетенехь 1905 шеран 1 сентябрехь

Дуьненан футболан урхалла дан цхьа кхоллам эшар гучуделира XX бӀешеран юьххьехь дуьненаюкъара футболан къийсамаш тӀекхетар а, футбол гӀараялар а бахьнехь. Йоккха Британин йиъ футболан ассоциаци яша а ца ешира иза эшарх, тӀаккха ФИФА кхоьллира континент тӀера европин мехкийн ворхӀ векало (Франци, Бельги, Дани, Испани, Нидерландаш, Швейцари, Швеци). ФИФА кхоьллира Парижехь 1904 шеран 21 майхь; кхолларан меттиг бахьнехь, массара тӀеэцна а, яцйина а цӀерашкахь лелабо французийн мотт. ФИФАн хьалхара президент хилира француз Робер Герен.

ФИФАн эгидера хьалхара къийсамаш дӀабаьхьна 1906 шарахь — бакъ дерг дийцича, къийсамаш беш башха аьттоне ФИФА ма-еллара ца кхечира. Оцу факто, кхин экономикин цхьа могӀа факторшца цхьаьна, Герен хийцийтара президентан даржехь Ингалсера Дэниел Вулфоллца, ткъа Ингалс оцу хенахь ассоциацин декъахо яра. ФИФАн эгидера цул тӀаьхьара къийсамаш — 1908 шеран Лондонан Олимпийн ловзарийн футболан турнир — хилира мелла а аьтту болуш, делахь а цхьацца баланаш хилира, уьш боьзна бара Олимпийн ловзаршкахь профессионалан футболисташа дакъалацарца.

ФИФА еккъа Европин чоьхьара кхоллам хилла ца Ӏара, цунна юкъа 1909 шарахь КъАР футболан ассоциаци, 1912 шарахь Аргентинин футболан ассоциаци, 1913 шарахь АЦШ футболан федераци дӀаэцча.

Дуьненан хьалхара тӀом болуш ФИФАн ладаме халонаш хьийгира, хӀунда аьлча дукхаха болу ловзархой фронтехь хиларна, ткъа дуьненаюкъара турнираш ян дӀасалелар хала дара. тӀом чекхбаьлча, Вулфолл валарца, ФИФАн коьрте хӀоттийра голландхо Хиршман Карл (иза президент вацара, цуьнан дарж ФИФАн секретарь а, Сийлахь хӀазнахо а дара, фактехь куьйгалла дора кхочушдаран комитетан)[2]. ФИФА кӀелхьара яьккхира ерриг хӀаллака хуьлачух, амма цуьнан мах хилира ерриг британин федерацеш юкъара йовлар, царна ца лаара хӀинцца хилла болчу мостагӀашца цхьана къийсамашкахь дакъа лаца. Дуьненан шолгӀа темал тӀаьхьа ФИФА шен кхиарехь керлачу тӀегӀане елира. Массо а континенташна тӀехь кхоьллира футболан конфедерацеш, ФИФАн байракх кӀела юхайирзира Йоккха Британи, юкъакхета реза хилира ССРС. Футбол дуьнен тӀехь яржаран аьтту бира телевизионехь футбол гайтаро. ХӀинца ФИФАх глобалан футболан юкъаралла хилла, цунна юкъара декъахой алсама бу ВКъКхчул. Кхолламан са хаъал тӀекхетта телевизионан футболан базаран либерализаци йинчул тӀаьхьа, жигара маркетинган политика лелаярна,тайп-тайпана футболан сурсаташ а, атрибутика а йохкарна.

ФИФА президенташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

ФИФАн карара президент Инфантино Джанни
ЦӀе Мохк Хан
1 Герен Робер ФранциFlag of France.svg Франци 1904—1906
2 Вулфолл Дэниэл Йоккха БританиFlag of the United Kingdom.svg Йоккха Британи 1906—1918
3 Риме Жюль ФранциFlag of France.svg Франци 1921—1954
4 Селдрейерс Рудольф БельгиFlag of Belgium (civil).svg Бельги 1954—1955
5 Дрюри Артур Йоккха БританиFlag of the United Kingdom.svg Йоккха Британи 1955—1961
6 Роуз Стэнли Йоккха БританиFlag of the United Kingdom.svg Йоккха Британи 1961—1974
7 Авеланж Жоао БразилиFlag of Brazil.svg Бразили 1974—1998
8 Блаттер Зепп ШвейцариFlag of Switzerland.svg Швейцари 1998—2015
Хаяту Ӏисса (д.кх.) КамерунFlag of Cameroon.svg Камерун 2015—2016
9 Инфантино Джанни ШвейцариFlag of Switzerland.svg Швейцари / ИталиFlag of Italy.svg Итали 2016 дуьйна

Футболех ловзаран дуьненан чемпионат[нисйе бӀаьра | нисйе]

1921 шарахь Риме Жюль хилира ФИФАн кхоалгӀа президент. Цуьнан куьйгаллица ФИФАс аьттонца дӀаяьхьира шиъ олимпийн турнир, иэшам бара, бакъ долуш, Ингалсан а, Шотландин а командаш ца хилар бара. Оцу къовсамийн кхиамо а, ловзаран кхуьу цӀаро а таро йира ФИФАн футболан дуьненан чемпионат яран болх меттаха баккха. Дуьххьара и болх айинера 1928 шарахь, ткъа 1930 шарахь дӀаяьхьира хьалхара дуьненан чемпионат. Иза хилира Уругвайхь, тола а уьш туьйлира. Экономикин къоьлла хиларна а, гена некъ бан безарна а коьрта европин гулйина командаш дакъа ца лецира, хӀетте а турнир кхиаме хилира, сацам бира дуьненан чемпионат рожехь ян.

Дуьненан шолгӀа тӀом бахьнехь доцург, 1930 шарахь дуьйна Футболех ловзаран дуьненан чемпионат дӀахьо хӀора деа шарахь цкъа. ТӀаьххьара турнир хилира Россехь, толамхо хилира Франции гулйина команда. Хин йолу дуьненан чемпионат дӀахьур ю 2022 шарахь КъатӀарехь. 2022 шеран дуьненан чемпионат хир ю АЦШ, Канадехь, Мексикехь.

Кхин турнираш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьненан чемпионаташ а, Олимпийн ловзарийн футболан турнираш йоцург, ФИФАс дӀахьо 17 шо долчеран дуьненан чемпионаташ а, кегийрхойн дуьненан чемпионаташ. Цул сов, дукха хан йоцуш кхоьллина Конфедерацийн кад цӀе йолу керла турнир, цигахь хӀора деа шарахь къовсам дӀахьо регионийн чемпионатийн толамхоша а, дуьненан чемпионаша а, турниран хӀусамдайша а. 2009 а, 2013 а шерашкара Конфедерацийн кедийн финалашкахь туьйлира Бразилин гулйина команда. Дуьненан чемпионатал цхьа шо хьалха и турнир хуьлу ДЧ хин йолу аренаш тӀехь, иза инарлин репетици хуьлу футболан коьрта форуман.

Зударийн футбол кхиарца, ФИФА йолаелла зударийн дуьненан чемпионаташ ян. Дуьххьара иштта турнир дӀаяьхьира 1991 шарахь. Цул сов, 2002 шарахь дуьйна дӀахьо зудаберийн ДЧ. Жимахойн зудаберийн дуьненан чемпионато шен истори йолийра 2008 шарахь.

Цхьаъ бен йоцу боккха клубийн къовсам — Футболех ловзаран дуьненан клубийн чемпионат. Иза юкъаяьккхира ерриг континентийн клубийн чемпионаша дакъалоцуш Дуьненаюкъара кад (тайп-тайпана шерашкахь, тайп-тайпана цӀераш хилла Европин а, Къилба Америкин а клубийн чемпионашна юкъара къийсамаш) шорбархьама. 2000 шарахь башха хаза а ца хетта турнир дӀаяьккхира, амма хийцина меттахӀоттийра Японехь 2005 шарахь.

ФИФАс кхин а куьйгалла до футболан бух тӀехь кхоьллина масех спортан тайпанна — масала, пляжан футболан (хьажа пляжан футболех ловзаран дуьненан чемпионат) а, мини-футболан (мини-футболех ловзаран дуьненан чемпионат) а.

Ловзаран бакъонаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Футболан бакъонаш еккъа ФИФАн карахь яц; уьш лелайо Футболан Ассоциацийн Дуьненаюкъара Кхеташоно (инг. International Football Association Board, IFAB). Оцу кхеташонера 4 меттиг — 50 % — дӀалоцу ФИФАс, йисина йиъ дӀалоцу, футбол кхолларехь а, кхиорехь а британхоша мах ца хадалуш дакъа лацарна, Ингалсан, Шотландин, Уэльсан, Къилбаседа Ирландин футболан федерацийн векалша.

Структура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цюрихера ФИФАн штаб-квартира
Конфедерацешка декъна дуьненан карта.      УЕФА      АФК      АфФК      ОФК      КОНКАКАФ      КОНМЕБОЛ      NF-Board

ФИФА — Швейцарин законашца кхоьллина дуьненаюкъара футболан федераци. Кхолламан штаб-квартира ю Цюрихехь.

Кхолламан лакхара меже ю ФИФАн конгресс, цунна юкъайогӀу хӀора футболан федерацин ассоциаци. Кхоьллинчу хенера дуьйна, 1904 шарахь, йина ерриг 66 ФИФАн конгрессийн сесси, амма хӀинца уьш шарахь цкъа бен ца хуьлу, цул сов, 1998 шарахь дуьйна практика йолийна Конгрессан рогӀера йоцу сессеш яран. Гуламийн сацам цахеддаш уьйр йолуш бу уставца, уьш лелорца, ФИФАн куьйгаллин даржашца. Конгрессан бен бакъо яц ФИФАн уставан хийцамаш бан, кхин а сессешкахь шеран чоташ чӀагӀйо, сацамаш хуьлу керла къоман ассоциацеш дӀаэцарехь, харжамаш бо. Конгрессехь ФИФАн президентан, цуьнан инарлин секретаран, кхолламан кхочушдаран комитетан кхечу векалийн харжамаш дӀахьо, тӀаьхьарчу масех шарна. Кхин а футболех ловзаран дуьненан чемпионат хинйолу меттигаш хоржу[3]. ХӀора къоман футболан ассоциацин цхьа аз бен дац, шен бараме я футболан Ӏаткъаме а ца хьоьжуш.

Президент а, инарлин секретарь а ФИФАн кхолламан белхан хӀора шеран жоьпаллехь волу коьрта чинхо ву, и болх цхьаьна бо инарлин секретаро, шен 280 бертан декъахочуьнца. Коьртехь президент волу ФИФАн кхочушдаран комитет ю, шина конгрессан юкъахь сацам беш йолу коьрта меже. Дерриг дуьненахь ФИФА кхолламан структура хӀоттайо, кхочушдаран комитето я Конгрессо кхоьллина гуттаренна комитетийн, бертан масех кхин межено. Оцу меженашна юкъахь ю финансийн комитет, низаман комитет, Суьдхойн комитет, кхин а.

Цул сов, дерриг дуьненахь кхоьллина президенташ, кхочушдаран комитет, конгрессаш ялхи ФИФАн конфедерацешкахь. Уьш лерина ю тайп-тайпана континенташкахь а, дуьненан регионашкахь аловзаран тӀаьхьа терго ян. Континентийн конфедерацеш хила еза ФИФАн уставаца а, ФИФАн конфедерацийн декъахо хила хӀоттийна биллам.

Регионийн цхьаьнакхетараллин исписка иштта кепара ю:

Европехь а, Азехь а мехкаш долу пачхьалкхаша шешша билгаладоккхура муьлхачу конфедерацин юкъаяха еза. Цундела Росси, Туркойчоь, Кхазакхстан (2001 шарахь дуьйна АФК юкъахь лаьттина) УЕФА юкъайогӀу. Кхин а цунна юкъадогӀу Азин мехкаш: Кипр, Гуьржийчоь, Эрмалойчоь, Азербайджан. Израиль 1994 шарахь дуьйна УЕФА декъахо хилира дуккха а шерашкахь Гергара Малхбалера лулахоша бойкот латтийначул тӀаьхьа. ТӀаьххьара УЕФАх схьакхеттарш хилира Ӏаьржаламанчоь (2007), Гибралтар (2013), Косово (2016).

ФИФАн экономика[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара ткъе ворхӀ шарахь ФИФА лаьттара масех жигархочух, яцара шен долара штаб-квартира, цуьнан эгидин кӀелахь матчаш ца ловзайора. Къоман гулйина командаша токхура декъахойн ахча 50 французийн франкийн барамехь.

1966 шеран дуьненан чемпионатехь Ингалсехь ФИФАн дуьххьара са хилира 12 млн фунтан[5] барамехь. 1971 шарахь, ФИФАн президент Авеланж Жоао[5] волуш, йолаелира футболан коммерци, ткъа 90-гӀа шераш чекхдовлуш цунах хилира дукха миллиардан самукъадаккхаран индустри[6].

ФИФАс шарахь доккху ахчан юккъера барам 30 миллион евро, иза кхолламан санах 10 % бен яц. Дисинарг доькъу шен юкъара федерацешна[5]. Федераци налог йоцу статус ю[7]. ФИФА санан йаззамах цхьаъ бу компьютеран Electronic Arts ловзар дечу компаница цхьаьнагӀуллакдар, цхьаьна FIFA ловзарийн сереш еш.

1990-гӀа шерашкахь кхаа мундиалан Европин гайтаран бертан телевизионан бакъонаш йохкарх ФИФАс даьккхина 310 миллион АЦШ доллар[8].

ФИФАн чоьтийн жамӀашца 2007—2010 шерийн муьрехь кхолламо даьккхира 631 миллион АЦШ доллар. Харж хилира — 3,558 млрд доллар, са — 4,189 млрд доллар. Резерван фонд хилира 1,28 миллиарда доллар[9]. 2010 шарахь ФИФАн рекламех хилла са 2006 шеран дуьненан чемпионатехь хиллачул шозза совъяьлла, хилла 3,2 млрд доллар. И ахча дукха ду цхьацца мехкийн дерриг чоьхьара сурсател[10].

1982 шарахь дуьйна ФИФАн официалан спонсораш а, коммерцин накъостий а хилла 35 компани[11], царна юкъахь ялх топови а, бархӀ шолгӀа тӀегӀанан а спонсораш. Дуьненан чемпионатехь спонсорех 1,4 млрд АЦШ доллар са хилла[8]. 2015 – 2018 шерашкахь официалан партнёр хилла Газпром[12].

ТӀаьххьара пхи дуьненан чемпионатах ФИФАн хилла са[8]
Турнир ТВ са
(АЦШ долларшкахь)
Спонсорех са
(АЦШ долларшкахь)
Ерриг са
(АЦШ долларшкахь)
ЧМ 1998 120 млн. 245 млн. 365 млн.
ЧМ 2002 1,6 млрд. 810 млн. 2,5 млрд.
ЧМ 2006 1,7 млрд. 785 млн. 3,2 млрд.
ЧМ 2010 1,1 млрд. 1,1 млрд. 2.4 млрд.
ЧМ 2014 1,7 млрд. 1,4 млрд. 4 млрд.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

ФИФАс хӀора шарахь шеран ловзархо совгӀат ло. СовгӀат ло хӀора шарахь хуьлучу церемонехь, шен долара а, клубан а, гулйина командин а кхиамаш къобал бар ду иза.

2004 шарахь ФИФАс Францин а, Бразилин а юкъахь «БӀешеран матч» йира. Цул сов, ФИФАс векал вира ерриг хенан уггаре дика ловзархо Пеле уггаре дика ловзархойн исписка ян. Оцу испискин цӀе тиллира «FIFA 100», цунна юкъавахара левзина валанза 50 ловзархо (царна юкъахь яра цхьа зуда), 75 левзина ваьлла ловзархо (царна юкъахь ша Пеле вара, амма велларг цхьан а юкъа ца туьйхира; оцу ловзархошна юкъахь иштта яра цхьа зуда). Юьхьанца план яра, исписки юкъа 100 ловзархо вахийта, амма Пелес хаийтира шега 100 ловзархо харжалур вац аьлла.

Коррупцин дов[нисйе бӀаьра | нисйе]

2015 шарахь доккха коррупци дов[13] иккхира, цуьнан жамӀ хилира зуламан гӀуллакх долор кхочушдаран комитетан ялх декъахочун дуьхьала (турнир яран мохк харжаран жоьпаллехь болу). 2015 шеран 28 майхь — ялханнах веаммо шайн бехк тӀелецира, дийцира, белхан 10 шарахь 10 млн евро кхаъ эцна шеш аьлла.

ФИФА керла президент харжар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2015 шеран 2 июнехь ФИФАн президента Блаттер Йозефа дӀакхайкхийра ша дарж дитарх[14]. Кхолламан керла коьртан харжамаш хилира 2016 шеран 26 февралехь[15]. 26 июнехь Блаттера кхайкхийра, ша дӀавала гӀерташ вацара аьлла[16].

2015 шеран 12 ноябрехь зорба туьйхира кхолламан коьртан харжамашка витина пхеа кандидатан испискин:

Либерин футболан ассоциацин коьртан Муса Билитин кандидатура дӀаяьккхира кандидатийн «тешаме хилар» теллича.

Кхин а цхьамма УЕФАн президента Платини Мишела чуделла кехаташ ФИФАс тоцадира, хӀунда аьлча 2015 шеран октябран юьххьехь ФИФАн этикин комитето Платини (ткъа иштта Блаттер Зепп) футболан гӀуллакхера 90 денна дӀаваьккхира швейцарин Ӏедало бен таллам бахьнехь. Платинис ша юкъараваккхаран апелляци елира, амма цуьнга ФИФАн апелляцин комитет ца хьаьжира. Инфантинос шен кандидатура юкъарайоккхур ю моьттура, нагахь Платини харжамашна юкъа витахь, амма декабрехь ФИФАн этикин комитето сацам бира француз бархӀ шарна футболан гӀуллакхан гена ваккха, Блаттер санна[19].

2016 шеран 26 февралехь Конгрессехь кхаж тесна, шинне а турехь туьйлира Инфантино, цунах хилира керла ФИФАн президент (2019 шеран 5 июнехь юха хаьржина шолгӀачу хенан[3]).

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Точный перевод: Международная федерация футбола Ассоциации. Футбол Ассоциации (инг. association football) — это историческое название собственно футбола, так как с первых лет после его появления существовало несколько видов спорта, содержащих в названии слово футбол (см. История футбола и en:Names for association football для подробного объяснения). Так же как историческое название теннисалаунтеннис (инг. lawn-tennis, «теннис на лужайке»), так как есть ещё и настольный теннис. По-французски de football association означает именно Футбол Ассоциации, а вовсе не «футбольных ассоциаций», вопреки распространённому заблуждению.
  2. FIFA General Secretaries over the years.
  3. FIFA Congress, FIFA (27 May 2011).
  4. 1 2 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса йац; тIетовжаран :0 йоза йаздина дац
  5. 1 2 3 ЧМ-2014: Бразилия платит, ФИФА зарабатывает? Архивацийина 10 августехь 2016 шеран. / NEWSru.com
  6. По-другому уже не МОК / Esquire
  7. ФИФА и УЕФА не будут платить налоги Архивацийина 30 майхь 2015 шеран. / iSport.ua
  8. 1 2 3 Сколько ФИФА зарабатывает на чемпионатах мира Архивацийина 27 мартехь 2018 шеран. / Чемпионат.com
  9. ФИФА заработала 631 миллион долларов за 4 года / Lenta.ru
  10. Доходы ФИФА от рекламы удвоились по сравнению с ЧМ-2006 / И превзошли ВВП многих африканских стран Архивацийина 29 майхь 2015 шеран. / Рамблер
  11. Спонсоры и партнёры чемпионата мира по футболу с 1982 года / sportaso.info
  12. Газпром стал официальным партнёром FIFA на 2015—2018 годы Архивацийина 13 февралехь 2015 шеран. / РБК
  13. FIFA Indictments https://www.nytimes.com/interactive/2015/05/27/sports/soccer/document-fifa-indictments.html?_r=0
  14. Йозеф Блаттер подаст в отставку с поста президента ФИФА
  15. Конгресс, на котором выберут президента ФИФА, пройдёт в период с декабря по март
  16. Блаттер не уходит с поста президента FIFA.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]