Дасаев, Ринат Файзрахманович
![]() | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юьззина цӀе | Дасаев Ринат Файзрахманович | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1957 шеран 13 июнь[1][2] (64 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Аштаркхне | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 186 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 73 кг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | кевнахо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Информаци клубехь | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Даса́ев Рина́т Файзрахма́нович (гӀез. Ринат Фәйзерахман улы Дасаев, Rinat Fəyzeraxman uğlı Dasayev; вина 1957 шеран 13 июнехь, Аштаркхне) — советийн футболан кевнахо, 1980-гӀа шерашкахь уггаре дикачу дуьненан кевнахойх цхьаъ. ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (1988). 1988 шеран Европин чемпионатан детин совгӀатхо. 1980 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо. 1979, 1987 шерашкара футболех ловзаран ССРС чемпион. Юкъатоьхна ФИФА 100 испискин.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Жима волу шнека Ӏамош вара, дакъалецира ерригсоюзан берийн къийсамашкахь, цул тӀаьхьа куьйган операци йира. Операцел тӀаьхьа некане лела лаам бацара, тӀаккха футбол хаьржира. 9 шо долуш дӀаийцира «Волгаран» футболан ишколе. Хьалхара тренер — Бледных Геральд. Юьхьанца юкъахь ловзуш вара, тӀелатархочуьнан позицехь. Оцу позицехь гӀийла гора иза. ТӀаьхьа Дасаевс ма-дийццара, цхьа меттиг яьлча кевнашка хӀоьттира:
Цкъа Ӏай тренировкаш йолаяла 20 минот хьалха веира, мукъалла кевнашна тӀевахара. Хьажа а хьаьжна тренеро боху: «Тахана хьо кевнашкахь муха ву хьовсий вай. Оцу дийнахь дуьйна долаелира сан кевнахочун дахар.
Оцу амплуахь цуо дакъалецира дуккха а берийн а, жимахойн а республикин къийсамашкахь. 1973 шарахь Дасаевн дуьххьара делира Новороссийскехь хиллачу ССРС хьалхеяккхаран зонин къийсамашкахь «Турниран уггаре дика голкиперан» совгӀат.
Чекхъяьккхира Москохан областан пачхьалкхан физикин оьздангаллин институт.
«Волгарь»[нисйе бӀаьра | нисйе]
Футболан карьера йолийра Аштаркхнехь, 1975 шарахь, цуо дӀалецира «Волгаран» кевнашкара меттиг. Хьалхара матч Дасаевс дӀаяьхьира 1975 шеран 5 августехь хьошалгӀахь Соьлжа-ГӀалахь «Терекан» дуьхьала (22 туран матч). Соьлжа-ГӀалахой оцу шарахь хьалхарчу тобанехь бара, тӀех дика формехь бара, гуш хало йоцуш туьйлира 2:0 чоьтаца.
1975 шеран 7 августехь Дасаев юха а лардеш вара «Волгаран» кевнаш ставрополан «Динамон» дуьхьаларчу къовсамехь, амма матч чекхйолуш лазийра голин хьорзам, иштта юкъара велира. Аштаркханхой ийшира 0:1 чот йолуш. Бакъ волу командин лидер хилира Дасаевх шолгӀачу, 1976 шарахь, оцу шарахь цуо ах сов матчашкахь кевнаш лардира — 40 ловзарех 26 — аратеттира коьртачу хӀоттамера кевнахо Маков Юрий[3].
1977 шарахь иза хийца йиш йолуш вацара — Аштаркхнен командин коьртачу хӀоттамехь левзира 31 матчех 30.
«Спартак» (Москох)[нисйе бӀаьра | нисйе]
1977 шеран 11 сентябрехь Дасаевс тӀаьххьара 58-гӀазза тӀедуьйхира «Волгаран» духар, тӀаккха Москоха вахара, москохан «Спартак» юкъа, иза оцу хенахь ловзуш яра футболех ловзаран ССРС чемпионатан 1-ра лигехь. «Спартак» юкъа иза дӀаэца аьлла хьехар деллера «Волгаран» коьрта тренеро Новиков Фёдор, иза оцу хенахь, 1978 шарахь, ша юкъавахнера москохан командин тренерийн штабе[4].
«Спартакехь» коьртачу командехь ловзархьама цуьнан меттиг къийса йийзира зиеделла волчу Прохоров Александрца, ехачу хенахь Дасаевн тешам ца лора кевнаш лардан. Дуьххьарлера матч «Спартак» юкъахь левзира Ворошиловградехь «Зарян» дуьхьала, цигахь цуо буьрка ца тохийтира. ТӀаккха «Спартако» иэшийра «Локомотив», Дасаевс юха а чу ца тохийтира буьрка.
«Спартак» юкъахь ловзуш, шен ловзаран хатӀ тодан волавелира:
Кевнахойн майданера араволуш ловзар дика нислора сан. Константин Ивановича тӀедилларца Ӏамадора буьрка когаца ара ца тохар, буьрка накъосташка куьйгашца кхосса Ӏамадора цуо, иштта дуккха нийса ду — сихха контратака ян ло. Ӏамийра ловзархошна куьйгалла дан, цу тӀе турслошна доцуш, ахтурслошна а, тӀелатархошна а. Кевнахочун дика ма го ловзаран дерриг сурт. Хенаца кхолладелира сайн ловзаран хатӀ а.
Цул сов, тренераш билгалдоккхура Дасаевн ловзаран амалан васташ — когаш хьалха а долуш буьрка лаца кхоссавалар. Иза бахьнехь Ринат цӀа вина ца Ӏара емал ССРС хьакъ долу спортан говзанчо, Советийн Союзан гулйина командин кевнахочо, ткъа тӀаьхьа — советийн спортан журналистикин мэтрех цхьаъ волчу Маслаченко Владимира. Севетийн классикин кевнахойн ишколо кхиийна хиларе терра, Маслаченко Владимира чӀагӀдора, кевнахо декхарийлахь ву буьркан дуьхьала куьйгаш хьалха долуш кхоссавала, тӀелатахочунна когашка а иштта. Дасаевс, шен рогӀехь, билгаладоккхура, и прием ша лелайора когаца ша буьркана тӀе сиха кхочур волчу хенахь[5].
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ССРС чемпионат: 1979, 1987
- Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо: 1980
- 1988 шеран Европин чемпионатан финалхо
- 1979 шеран ССРС къаьмнийн Спартакиадин чемпион Москохан гулйина командин юкъахь
- 6-зза делла «Шеран кевнахо» совгӀат: 1980, 1982, 1983, 1985, 1987, 1988
- ССРС уггаре дика футболист: 1982
- ФИСДФ версица дуьненан уггаре дика кевнахо: 1988
Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]
ШолгӀа зуда ялийна ву, йиъ йоӀ а, цхьа кӀант а ву. 1985 шарахь Дасаевс хьалха зуда ялош теш вара актёр Фатюшин Александр[4]. Хьалхара зуда — Гаас Нелли, гимнастка. Испане дӀаваханчул тӀаьхьа дӀасакъаьстира, зудчо дӀайиллира Сарагосехь гимнастикин ишкол, бераш а цига дӀадигира[6]. Йоккхаха йолу йоӀ Эльмира — исбаьхьаллин гимнастикехь Испанин чемпионка, жимаха йолчуьнан цӀе — Кристина[7].
ШолгӀа зуда ялийна ву, йиъ йоӀ а, цхьа кӀант а ву. 1985 шарахь Дасаевс хьалха зуда ялош теш вара актёр Фатюшин Александр[4]. Хьалхара зуда — Гаас Нелли, гимнастка. Испане дӀаваханчул тӀаьхьа дӀасакъаьстира, зудчо дӀайиллира Сарагосехь гимнастикин ишкол, бераш а цига дӀадигира[8]. Йоккхаха йолу йоӀ Эльмира — исбаьхьаллин гимнастикехь Испанин чемпионка, жимаха йолчуьнан цӀе — Кристина[9].
Испанехь 1994 шарахь дуьйна ваха волавелира меттигера йоьӀца Мария дель Марца (ялоран регистраци йина 2002 шарахь), иза ялийра хьалха динчу марен кӀентаца Мигельца. Церан ши йоӀ хилира Беатрис а, Али (04.09.2003) а, кӀант Салим (сентябрь 2006 шо) а.
Дасаев Олимпийн ловзаршкахь Москохахь
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Rinat Dasaev // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
- ↑ Rinat Dasayev // https://fbref.com/en/players/9b87c9cf/(бил-боцу.)
- ↑ 5 августа 1975 года первый матч за «Волгарь» сыграл Ринат Дасаев(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ 1 2 3 Великий Дасаев снова в игре. В последний раз
- ↑ Ринат Дасаев: «Жёны спартаковцев меня всегда ругали»
- ↑ Ринат Дасаев: Я больше никогда не женюсь!(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Ринат Дасаев: «Я перестал разговаривать с Лобановским»
- ↑ Ринат Дасаев: Я больше никогда не женюсь!(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Ринат Дасаев: «Я перестал разговаривать с Лобановским»
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
Дасаев, Ринат Файзрахманович Викиларма чохь |
---|---|
![]() |
Дасаев, Ринат Файзрахманович Викикерланаш чохь |
- Бинарш 13 июнехь
- Бинарш 1957 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Аштаркхнехь
- «Сийлаллин Билгало» орден елла нах
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- ССРС футболисташ
- Футболан кевнахой
- Футболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархой
- ФК «Волгарь» ловзархой
- ФК «Спартак» Москох ловзархой
- ФК «Севилья» ловзархой
- Российн футболан тренераш
- Футболисташ 1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Дуьненаюкъара классан ССРС спортан говзанча
- ССРС къаьмнийн Спартакиадин чемпионаш
- ФИФА 100
- «Юкъара Российн» декъашхой
- Нетто Игоран клубан декъахой