Чулацаман тӀегӀо

ТӀелетархо (футбол)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ТӀелатархо (цӀиен футболкица) гӀуданан майданан аьтту агӀора шина турслочух мукъаваьлла туху кевнаш чу

ТӀелатархо́ — къовсамхойн кевнашна уггаре гергара тӀелета ловзархо. ТӀелетархойн коьрта Ӏалашо йу голаш тохар. Ишттачу ловзархочух олу кхин а форвард (схьадаьлла инг. forwardхьалха́ра), страйкер (схьадаьлла инг. strikerтухуш верг), кхечу терминашца билгалдоху.

Позицин а, ролан а тактикин гайтам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ХӀокху заманан тактикин схеманашкахь лелаво цхьанна тӀера кхаанна тӀекхаччалц тӀелатархо. Дукха хьолехь аренан тӀехь ши тӀелатархо ловзу, цу тӀе дукха хьолехь царех цхьаъ кевнашна уллехь хуьлу, ткъа шолгӀаниг цунна тӀаьхьа лаьтта аренан кӀоргера схьа цунна гӀолоцуш. Хьалхарчун Ӏалашо йу буьрка тӀеэцар, масех турсло шен тӀеозор, голан пас дӀайалар, йа дуьхьало охьатаӀийна ша чутохар. ШолгӀачун Ӏалашо — кевнашна тӀе кӀоргера пас йалар, гӀуданан майдана чувахар, дуьхьалонан тидам байар, маьрша зонаш лахар, буьрка цигахь тӀеэцар.

Наггахь царех цхьаъ аренан йистте таьӀий хӀаваэхула къовсамхочун гӀуданан майдане дӀало.

ТӀелета ловзархоша алсама голаш туху дера, уьш уггаре дика бевзаш хуьлу командехь.

Позицин варианташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йуккъера тӀелатархо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йуккъера тӀелатархочун, йа центрфорвардан (инг. centre forward), йа «веккъа тӀелатархочун» цхьа Ӏалашо йу — къовсамхочун кевнашна чу буьрка тохар. Дукхаха берш лаьтта гӀуданан майданахь йа цунна гергахь, гуттаренна лоьху буьрка тӀе а эцна, кевнашка буьрка тоха таро. Ишттачу ловзархойх дукха хьолехь олу «кевнашкара цхьогал» (инг. Fox in the box), хӀунда аьлча уьш коьртаниг дӀасалела къовсамхойн гӀуданан майданан чухула. Царна ца оьшу лакхара сихалла, коьртаниг — шен хенахь оьшучу меттигехь хилар ду, говза буьрка тохар ду.

Кхин тайпана йуккъера тӀелатархой — онда, физикин агӀора кхиина, дика коьртаца ловза хуу, дегӀаца буьрка къовла а хуу ловзархой (царех дукхаха «таранаш»). Йерриг команда болх беш йу царна буьрка латтош, ткъа цара чутуху йа коьртаца, йа буьрка дегӀаца къайлайоккхий туху, гӀуданан майданан чу а такхайой гол чутуха.

Цхьаболчу тӀелатархоша оцу позицера голаш йетта йеккъа буьрка лелоран филигранан техника бахьнехь. ДӀайелла буьрка схьаэцарца, уьш сихха чулелха гӀуданан майдана, хӀилланаш лелорца турслойх мукъабовлий, кевнахочуьнца йа деса кевнашца шеш буьсий бойн чутуху буьрка.

Дукхаха болу ловзархоша жамӀ дика хилийтархьама грамотица лелайо йерриг приёмаш. Церан муьлхха таро кхочуш йан аьтту болу шайн шуьйра говзалла бахьнехь — хьуьнар хуьлу ловзар деша, стандартан йоцу меттиг нисйелча — буьрка кевнашна чутоха.

Оцу амплуан ловзархошна иссалгӀа лоьмар луш Ӏедал ду. И Ӏедал схьадогӀу Дин Диксин тӀера, цуо 1927/1928 шарахь 60 гол туьйхира Ингалсан чемпионатехь.[1][2]

Оцу тайпана тӀелатархойх дика бевза спортхой бу Роналдо, Герд Мюллер, Алан Ширер.[3]}}

Йистера тӀелатархо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йистера тӀелатархо йа вингер (инг. winger — агӀон тӀера) лаьтта тӀелатаран агӀонан тӀехь. Цуьнан Ӏалашо — сихха буьрканца агӀонан тӀехула чекхваьлла пас йалар йу. Классикин вингеран дика сиха, доьналла долуш, буьркин терго йеш хила веза, кхин а — йоца а, йеха пасан техника хила йеза[4]. Классикин вингераш бу Гиггз Райан, Родригес Педро, Нани, Моура Лукас. Аьрру флангера аьтту кога вингерийн йа аьрру флангера аьтту вингерийн вариант хӀинца билгала йолу инсайд-форвардийн йа ахйуккъера тӀелатархойн ша категоре[5].

Ахйуккъера тӀелатархо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ахйуккъера тӀелатархой йа инсайдаш (инг. inside — чохь) бара классикин «пирамида» а, «дубль-вэ» а схемашкахь, уьш лаьтта агӀонан тӀера йа йуккъера тӀелетархошна йукъахь. ТӀелеташ уьш лаьттара кевнашна 45° агӀора, ткъа «дубль-вэ» схемехь цу тӀе — кхечу форвардийн кӀеззиг тӀаьхьа, царна гӀо лоцуш.

ХӀокху заманахь инсайдаш лаьтта йуккъера зонин а, агӀонан тӀелатархойн йа вингерийн зонашна а йукъахь — болх бо «кӀоргера» йа «йуккъера» йа йистан гергахь гӀуданан майдана чулелхар тӀедиллина (дукха хьолехь — йеса зоне), цуьнца цхьаьна тӀелатаран йа агӀонан ловзархошна йеса меттиг дӀайоьллуш — масала, турслочунна. Иштта тактикин сацамо болх бо, нагахь инсайдан белхан ког иза лаьтта флангах къаьсташ хилча а[6]. ХӀокху заманан инсайдийн масала ду Роббен Арьен[6], Неймар[7], Салахь Мухьаммад[7], Азар Эден[8], Санчес Алексис[9].

«Йухаозийна тӀелатархо»

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Йухаозийна тӀелатархо» дукха хьолехь ловзу тӀелатархошна а, ахтурслошна а йукъахь, йа шолгӀа форвардан ролехь («гӀоьнан форвард»).

Ишттачу тӀелатархочуьн позицехь дуьххьара ловза йолайелира 1940-гӀа чаккхенгара — 1950-гӀа шерашна йуккъера Мажарчоьнан гулйина команда, оцу позицехь ловзура Хидегкути Нандор. Дешин команда, оцу хенахь цунах иштта олура, иза йара оцу шерашкара дуьненан футболан была лидер, хилира йерриг заманан уггаре сийлахь командех цхьаъ. Оцу позицин гӀарайаларо Италин гулйина командех чемпион йира: «треквартиста» (схьайалар итал. trequartista — «(аренан) деаннах кхоалгӀачу декъехь лаьтта») — билггала тӀелатарехь а, ахтурслочун позицехь а ловзуш воцу ловзархо, амма цу тӀе гӀерта ловзаран архаш йерриш шегахь латто. Дукха хьолехь иштта ловзархой ахтурслошна йукъатуху, ткъа кхин а — «плеймейкераш» (инг. play()maker олучарна — «ма-дарра — ловзар латториш (ма-дарра ловзар кхуллурш)»).

Цунах хӀуъу алахь а, иштта ловзархочо тӀелатаран Ӏалашонаш йоцуш, дуьхьалонан Ӏалашонаш кхочушйан а тарло (масала, жигара дакъа лоцу прессингехь). Оцу меттиге хоржу йа дика тӀелатаран хьуьнар долу ахтурсло, йа буьрка дика схьайаккха хьуьнар долу тӀелатархо. Иштта нисделла, дукха хьолехь оцу амплуан итталгӀа лоьмар лелор, Пелен сийнна.[1]

Оцу тайпана тӀелатархошна йукъахь гӀарабевлла Пеле, Диего Марадона, Лионель Месси, Ференц Пушкаш, Йохан Кройф, Деннис Бергкамп, Алессандро Дель Пьеро, Роберто Баджо, Криштиану Роналду.[3]

«Харц иссалгӀа лоьмар»

[бӀаьра нисйан | нисйан]

центрфорвардан («иссалгӀа лоьмаран») позицехь лаьтта тӀелатархочун, коьрта Ӏалашо ша голаш йеттар йац, тӀелетачу хенахь къовсамхочун кевнашкара турслой шена тӀаьхьа а баьхна, мукъа йаьккхинчу зоне шен накъост чуэккхийтар йу. Иштта ловзархойн дукха хьолехь кхечу позицешкахь ловза а хьуьнар хуьлу, универсалаллица къаьста уьш. «Харц иссалгӀа лоьмаран» позицехь ловзуш бара Роберто Фирмино[10], Джесси Лингард[11] и Рахьим Стерлинг[12].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Что в номере тебе моем? Советский Спорт. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 3 июль.
  2. English League Leading Goalscorers. rsssf.com.
  3. 1 2 "Positions in Football"(ингалс.). TalkFootball.com.
  4. Dave Clarke. Soccer drills and tips to help get your wingers dribbling (инг.). Soccer Coach Weekly. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 сентябрь.
  5. World Football: The Comeback of the Inside Forward (инг.). Bleacher Report. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 сентябрь.
  6. 1 2 FC Bayern Munich: A data-driven approach to rebuild the ‘Rekordmeister’ (инг.). SciSports. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 сентябрь.
  7. 1 2 Musa Okwonga. Neymar, Mohamed Salah lead football's new power position: the wide forward (инг.). ESPN. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 сентябрь.
  8. Jonathan Wilson. Eden Hazard's Revival as an Inside Forward Shows Importance of Quest for Space (инг.). Bleacher Report. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 сентябрь.
  9. Josh Gmerek-Iftakhar. Opinion: Alexis Sanchez should play on the right, or not at all (инг.). utdreport. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 сентябрь.
  10. David Segar. Kloppite: How One Man Turned Doubters into Believers. — Pitch Publishing, 2017. — 288 с. — ISBN 9781785313707.
  11. Jesse Lingard explains how his role at Manchester United has changed under Ole Gunnar Solskjaer (инг.). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 сентябрь.
  12. Jonathan Wilson. False nine: ancient tactical curveball still retains the power to shock (инг.). The Guardian. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 сентябрь.
  • Positions guide: Behind the striker(ингалс.)
  • Алексей Логинов. Камасутра по-итальянски. Sports.ru (2013 шеран 26 январь). — «Блог «Моя Италия» приводит классификацию футбольных амплуа в том виде, как это принято в Италии.» ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 февраль. Архивйина 2013 шеран 26 февралехь