Пеле
![]() | ||||||||||||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Юьззина цӀе | Эдсон Арантис ду Насименту | |||||||||||||||||||||||||||
Харц цӀе | Футболан паччахь[1] | |||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1940 шеран 23 октябрь (80 шо) | |||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Трес-Корасойнс, Минас-Жерайс, Бразили | |||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 173 см | |||||||||||||||||||||||||||
Позици | тӀелатархо, ахтурсло | |||||||||||||||||||||||||||
Информаци клубехь | ||||||||||||||||||||||||||||
Клуб | ловзуш вац | |||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Пеле | |||
порт.-браз. Edson Arantes do Nascimento | |||
![]() | |||
|
|||
Президент | Кардозу Фернанду Энрики | ||
---|---|---|---|
|
|||
Вина терахь | 1940 шеран 23 октябрь[2][3][4][…] (80 шо) | ||
Да | Дондиньо[d] | ||
Зуда | Марсия Аоки[d] | ||
Бераш | Насименту, Эдсон Шолби[d], Sandra Regina Machado[d] | ||
Автограф |
![]() |
||
СовгӀаташ | |||
Болхбаран меттиг | |||
![]() |
Э́дсон Ара́нтис ду Насиме́нту[5] (порт.-браз. Edson Arantes do Nascimento; вина 1940 шеран 21 октябрехь я 23 октябрехь[6][7][8], Трес-Корасойнс, Минас-Жерайс), дика вевзаш ву Пеле́ (порт. Pelé) цӀарца — бразилийн футболист, тӀелатархо (тӀелета хавбек[9][10][11][12]). Левзина «Сантос» а, «Нью-Йорк Космос» а клубашкахь. 92 матчехь левзина, 77 гол тоьхна Бразилин футболан къоман гулйина командан юкъахь.
Пеле — дуьненахь цхьа футболист ву, кхузза ловзархо волуш кхузза дуьненан чемпион хилла (1958, 1962, 1970 шерашкахь). Йеа дуьненан чемпионатехь дакъалаьцна. Уггар дика ловзархо дуьненан чемпионат 1970. Уггар дика къона ловзархо дуьненан чемпионат 1958. Къилба Американ шеран футболист 1973 шарахь. Шозза дуьненан чемпионатийн символан гулйина командан декъашхо. «Сантос» юкъахь шозза баьккхина Континенташна юкъара кад а, Либертадоресан кад а, Континенташна юкъара чемпионийн суперкедан толамхо, иттоза чемпион Сан-Паулу штатан, доьазза толамхо Рио-Сан-Паулу турниран.
ФИФА футболан комиссин версица XX бIешеран Уггар дика футболист ву; кхолламан официалан сайт тӀехь Пеле — XX бӀешеран шолгӀа футболист ву[13][14]. XX бӀешеран уггар дика спортсмен ву Дуьненаюкъара олимпийн комитетан версица[15]. МФФИИС хеттамашца хьалхарчу меттигехь ву XX бӀешеран уггар дикачу футболисташна юкъахь. World Soccer журналан версица хьалхара меттиг латтабо уггар дикачу XX бӀешеран ловзархошна юкъахь. Хьалхара меттиг латтабо уггар дикачу XX бӀешеран ловзархошна юкъахь France Football версица[16]. Хьалхара меттиг латтабо уггар дикачу XX бӀешеран ловзархошна юкъахь Guerin Sportivo версица[17]. Хьалхара меттиг латтабо футболан исторехь уггар дикачу ловзархошна юкъахь Placar версица[18]. Дуьненан чемпионатийн исторехь шолгӀачу меттигехь ву The Times газетан версица[19]. ФИФА 100 юкъавогӀу.
ФИФА версица массо а дуьненан чемпионатийн дикачу ловзархойн символан вовшахтоьхначу командин декъашхо[20]. Къилба Американ историн дикачу ловзархойн символан вовшахтоьхначу командин декъашхо[21]. Time журналан версица дуьненан 100 уггаре Ӏаткъамечу стагах цхьаъ ву.
1995—1998 шерашкахь лаьттира Бразилин спортан министран даржехь.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Къуона шераш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вина 1940 шарахь 23 октябрехь бразилин Минас-Жерайс штатера жимачу Трес-Корасойнс гӀалахь къиечу доьзалехь. Футбол дукха дезачех ловзар дара жимачу Эдсонан. Цуьнан да Дондиньо, хьалха ша а футболист хилла вара, дуьххьарлера хьехархо хилира кӀента, дӀаелира цхьайолу шен спортан говзаллин къайленаш. 7 шо долуш Эдсон ловза волавелира меттигерчу берийн командехь, цигахь чӀогӀа къаьсташ вара хазчу, жамӀдечу ловзарца атакехь. Цхьаьна хенахь командин тренер хилира Бразилин къоман гулйина командехь хилла волу Валдемар де Брито, оцуо кхин дӀа боккха аьтту бира Пелен. Хьехархочо хьовсарш дира «Сантосехь» (Сан-Паулу штат). Дукха хан ялале 15-шо долу Пеле юкъавахара тӀехьа дуьненахь евзаш хиллачу клубан.
Профессионалийн карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
«Сантос»[нисъе бӀаьра | нисъе]
1956 шеран сентябрехь, цуьнан 16 шо а кхачале, клубан официалан матчехь дуьххьара арен тӀе велира («Коринтиансан» дуьхьала) — гол а туьйхира. «Сантос» юкъахь ловзучу хенахь (1956—1974) 11-за Сан-Паулу штатан чемпион хилира (11-за турниран уггар дика бомбардир а хилира — уггар жамӀехь дерг дара 1958 шо: 58 гол). 6-за баьккхира Бразилин кад, шозза — Либертадоресан кад а, Континенташна юкъара кад а.
Къоман гулйина командехь Пелен дебют хилира ДЧ-1958 Швецехь — иза а чӀогӀа дика хилира, «Сантосера» дуьххьара ловзарш санна, хӀетте а иза ловза веана вара могаш а воцуш. ССРС гулйина командина дуьхьала аравелира шен командин стартан хӀоттамехь. Чийрик-финалехь Уэльсан дуьхьалчу матчехь туьйхира толаман гол. Ахфиналехь Францин командан дуьхьала хет-трик йира, ткъа финалехь туьйхира ши буьрка турниран хӀусамдайшна. 17 шо долу Пелен говзанчашкара а, хьовсархошкара а, мостагӀашкара а, массаьргара а ларам кхечира, иза хилира уггар къуона чемпионом дуьненан чемпионатийн исторехь.
Дуьненан чемпионаташкахь 1962 а, 1966 а лазийна хиларна ша ма-варра гойтийла ца хилира. Финалан турнир 1970 (Пелен спортан биографехь йоьалгӀа) триумф йолуш хилира — цунна шенна а, командана а, дукхаха болу эксперташ оцу чемпионатехь Бразилин гулйинчу командан хӀоттам исторехь уггар чӀогӀа лору. Бразилин футболисташ, кхуззалгӀа Жюль Римен совгӀат даьккхича, бакъо елира даиман а иза шайгахь дита, ткъа Пеле Мексикехь гулйина команда тоьлча хилира исторехь цхьаъ бен воцу футболех ловзарех кхузза дуьнена чемпион. Пелес туьйхира Мексикехь бразилин гулйина командан бӀолгӀа гол, дуьненан чемпионатийн финалан турнирашкахь тоьхна йолчарех. Ша иза левзина оцу турнирашкахь 14 матчехь, тоьхна 12 гол. Шадерг лаьрча гулйинчу командехь (92 матч) цуо тоьхна дуьхьалйолчу командашна 77 буьрка — цул сов хӀинца а цхьан а ваьлла вац. Цуо цкъан а команда ара ца яьккхина капитанан баьхчалг йихкина.
«Нью-Йорк Космос»[нисъе бӀаьра | нисъе]
«Сантосехь» а, къомана гулйинчу командехь а левзина ваьлчи, 1975 шарахь Пелес контракт яздира американ профессионалийн «Космос» клубаца (Къилбаседаамерикан футболан NASL лигера), оцуо футболан дуьне цецдаьккхира. Йоккхачу спорте юхавар доьзна дара ахчанца долу хьал ледар хилар (цӀена боцучу финансийн хьехамчаш бахьнехь[22]), ткъа иштта Ӏалашо яра АЦШ-хь футбол марзъяр. Иштта ладаме финансийн баланаш хилира Пелен 1960-гӀа шерашна юккъехь а: банкрот хиллачул тӀехьа «Сантосан» куьйгалло кховдина гӀуочу хьолехь долу «гӀо» дӀаэца дийзира цуьнан. Оцу хенахь динчу кхаа шеран контрактаца, цхьа шо Пеле маьхаза ловза везара. Ший а Ӏалашо, АЦШ валие хьалха хӀоттийна йолу, аьттонца чекхъяьккхира. «Космосца» контракт яздина, Пеле оцу хенахь хилира уггар алсама алапа догӀу дуьненара спортсмен. Ткъа иза «Космосехь» ловзучу хенахь «европан футболах» ловзарехь хьовса богӀурш иттоза гергга тӀекхийтира.
1977 шеран 1 октябрехь Пеле, шен йоккхачу лакхарчу совгӀатийн коллекци тӀе АЦШ чемпионан дарж тоьхна, Ӏадикаяран матч левзира, оцу матчехь иза цхьацца тайм «Космосехь» а, «Сантосехь» а левзина, футболан карьера сацийра.
Со ирсе ву шуца хиларна хӀокху сан дахаран сийлахьчу моментехь… Со теша, безам… — цуьнан бӀаьрхиш девлира, — безам уггар ладамениг ду дахарехь. Нагахь шу соьца реза делахь, тӀаьхьара ала суна и дош…
Говзалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Пелен говзаллин къайле лечкъина цуьнан инзаречу физикан гайтамашкахь а, къинхьегамехь а. Хууш ду, шен уггар дика спортан карьера йолчу хенахь иза вадара 100-метран юкъ 11 секундал кӀезиг, иза дукха оьшуш яц профессионалийн яйн атлетикан спринтерийн гайтамел. Шен хенахь бинчу талламаш гайтира, Пелен чӀогӀа шуьйра бӀаьрса хилар: цуо аьтту буора цунна сихха мах хадуо хийцалуш лаьттачу хьолан — тӀаккха нийсаниг дан а.
Дуьненахь дала доккха совгӀат делла, Пелес тӀаккха а кӀезиг хан ца яйара футболан говзаллин цхьайолу компоненташ тӀехь, цундела цуо цхьатерра дика тохара шине когаца а. Кхин а цуьнан дика агӀо — хаза дриблинг а, обводка а. Пелегахь йолчу буьрка лелоран тӀехдика говзаллан тӀе вадар сиха а дара, ткъа дуккха а тренировкашкахь тодина ловзар дара пхьеран санна дика.
Пелен голан синкхетам бара, тамашийна интуици а, ловзарх кхетаар а дара. Шен лакхара говзалла хьаьжна ца Ӏаш, Пеле даиман а командан ловзарехьа вара. «Массеран а ницкъашций бен футболехь толам хуьлийла бац, — боху цуо. — Футбол — команда, коллектив ю, ши-кхо цӀе яц». Пеле вевза буьрка яларан «гроссмейстер» олуш, цуо луш йолу буьрка нийса кхочура накъосташка, шен хеннахь а хуьлура — цара соне лоллура дуьхьалберш, уьш стандартехь ца хиларна а, цӀеххьана хиларна а.
Эксперташна хетарехь, Пелен техникехь ледара меттигаш яцара, цуьнан ловзарехь башха леларо дукхах дерг хийцира футболан таронаш гар. Цуо арен тӀехь гойтуш долу дукхаха долу «тамашийна хӀумнех», хилира туьйранаш, ткъа 1961 шарахь «Маракана» стадионехь Пелес шен кевнаш тӀиера ша дуьхьалчеран шайолу команда ловза а йина «Флуминенсен» кевнаш чу тоьхна йолу голах «бӀешеран гол» цӀе тиллира, «Маракана» тӀехь иэсан хьаьрк хӀоттийра.
Пелес тоьхна 1281 официалан чӀагӀина йолу гол (1363 матчехь, «Сантос», «Космос», къоман гулйина командан юкъахь). Уггар жамӀе шо цуьнан биографехь хилира 1959—126 гол. Дуьненан футболан исторехь уггар дикачу бомбардиран чоьтехь 92 хет-трик ю, 30 матчехь цуо йиъ-йиъ буьрка тоьхна, 6 ловзарехь сов пхиппа гол тоьхна (футболан статистика даиман а нийса яц). Футболан Паччахьа кхин а ша кепара рекорд хӀоттийна 1964 шарахь, цхьана матчехь 8 гол тоьхна «Ботафого» кевнаш чу.
Шен юбилейн — эзарзолгӀа — гол Пелес тоьхна 1969 шеран 19 ноябрехь пенальтера «Сантосан» «Васко да Гама» командан дуьхьала ловзуш. Бразилин зӀенан Министерстралло оцу хьокъехь, футболистан шен кхиаман лерина дуьненахь цхьаъ бен йоцу поштан марка арахецна. «Сантосо» 19 ноябрь даздо «Пелен де» олий.
ГIарвалар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Пеле чIогIа гIараваьлла вара (хIинца а ву) шен корматалла санна. «Сантосан» куьйгалхочо дуьненаюкъара матчаш лелош болчаьрца деш долу контрактаца, Пеле ловзуш вацахь клубан «гонорар» шозза лахадаккхара. 1970 шарахь Нигерехь тIом сацийна, леррина шина денна машар кхайкхийра Пеле юкъахь волуш «Сантос» Лагосехь доттаг1аллин матч ловзуш ю аьлла.Кеп:Дац АХЬ

Пелес «Со — Пеле» цIе йолу автобиографин жайна яздича, дуккха а еша ца хууш болу бразилхой, леррина деша буьйлабелира гIараваьллачу махкахосчун мемуараш ешархьама. Бразилин серлонан Министралло совгIат дира футболистан иэсан дешин мидалца, цуьнан цуо мах хадабо шен спортан совгIатийн санна [1]. Пелех пачхьалкхан символех цхьа символ хилла, цуьнан бакъдолу «1аьржа жовх1ар» (Perola Negra — цунна техкинчу ц1арех цхьаъ), ткъа Бразилин президенто арадаьккхина леррина омар, цуьнца гIараваьлла тIелатархо кхайкхийна «къоман юкъара бахам», — Пеле европан клубе дехьа ца валийта.
1970-гIа шерашкахь дуьненан маьI-маьIнехь леррина бинчу хеттамашца, 95 стагана 100 вовзара Пеле. Цхьадолчу терахьашца, цуьнан ю еллачу интервьюн а, даьхначу суьртийн а бараман рекорд. Ткъа цIе а, Пелен лерам а тайп-тайпанчу хенахь лелайора бес-бесара сурсатийн рекламан: спортгIирсан, къахьон тIиера, пхьаьрсах доьхкучу сахьте кхаччалц.
Масейо гIалахь ю 30 эзар меттиг болу Пеле паччахь цIе йолу стадион. Дуьххьара матч оцунна тIехь хилира 1970 шарахь, левзира меттигера Алагоас шатера «седарчий» «Сантосан» дуьхьала. Хьешаша дукха атта толам баьккхира чот 5:0 йолуш.
1981 шарахь «Толаме вадар» цIе йолу фильм йоккхуш дакъа лаьцна.
1999 шарахь ДОКо Пеле лаьрра бIешеран уггар сийлахь спортсмен (цкъа а Олимпийн ловзаршкахь дакъа лаьцна а воццушехь), ткъа ФИФАс дере дина аргентинхочунца Диего Марадоница цхьаьна уггар дика футболист хиларх (Марадона туьйлира интернет-кхожехь, ткъа Пеле — профессионалийн жюрин кхожехь, сийлахь цIе йийкъира).
1990-гIа шерийн шолгIачу декъехь кхочушдеш вара Бразилин кегийрхойн гIуллакхан а, туризман а, спортан а министран дарж. КIезиг хан ца йойъу юкъараллин гIуллакхан (ВКЪКХ а, ЮНИСЕФ а Лаам дика векал), футболан пропагандан, муьлххачу спортан дуьненан массанхьа а. Башха дешаран программин гуранчохь дакъа лецира берашна футболех лаьцна дешаран фильм йоккхуш. ГIараваьлла киноактёр (Пелен фильмографехь футболан теман лента ду — Толаме вадар), телекомментатор, бизнесмен (дуьненахь евзаш ю Cafe Pele марка кофе), автор а, шен эшарш лакхархо.
Пелен гIуллакх дIадаьхьира цуьнан кIанта Эдиньо, иза а кхечира «Сантосан» юкъа. Амма, иза ковлардархо хилира.
Цуьнан дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]
1966 шарахь Пелес зуда ялийра, иза яра Роземери дос Рейс Шолби, церан кхоъ доьзалхо хилира: Келли Кристина (1967), Эдсон (1970), Женнифер (1978). 1982 шарахь Пеле а, Роземери къаьстира[23].
1994 шарахь Пелес шолгIа зуда ялийра, цуо хаьржинарг яра Ассирия Лемос Сейшас. Церан хилира шалабераш Жошуа а, Селесте а, 2008 шарахь уьш а къаьстира[23].
2016 шеран июлехь кхуззалгIа зуда ялийра, иза ю 50-шо долу бразилин совдегархо японех схьаялар долу Марсия Сибели Аоки[24].
Титулаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Клуб[нисъе бӀаьра | нисъе]
Сантос
- Бразилин чемпион (6)[25]:
- Бразилин Кедан чемпион[26] (5): 1961, 1962, 1963, 1964, 1965
- Робертанан Кад баккхархо: 1968
- Паулиста Лиган чемпион (10): 1958, 1960, 1961, 1962, 1964, 1965, 1967, 1968, 1969, 1973[27]
- Рио-Сан-Паулу турниран толамхо (4): 1959, 1963, 1964[28], 1966
- Либертадоресан Кад баккхархо (2): 1962, 1963
- Континенташна юкъара Кад баккхархо (2): 1962, 1963
- Континенташна юкъара чемпионийн Суперкад баккхархо: 1968
- Бразилин чемпион (6)[25]:
- Кеп:АЦШ-н байракх Нью-Йорк Космос
- КЪАФЛ чемпион: 1977
Гулйина команда[нисъе бӀаьра | нисъе]
Долара[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Цхьаъ бен воцу дуьненан кхузза чемпион ловзачу футболисташна юкъахь. Цуьнца цхьаьна Пелес шина финалан матчехь бен дакъа а ца лаьцна (1962 шарахь финалехь ца левзира чов бахьна долуш).
- Футболах ловзарехь дуьненан чемпионатийн финалан тIегIанашкахь Пелес тоьхна 12 гол.
- Кхааннах цхьа ловзархо ву, Зеелер Увеца а, Клозе Мирославца а, йеа дуьненан чемпионатехь голаш тоьхна: 1958—1970.
- 1969 шеран 19 ноябрехь «Маракана» стадионехь Пелес пенальтиера тоьхна шен 1000-гIа гол (амма, статистика теллича Пелен и гол ю 1006-гIа)[29]
- Шен футболан карьерехь Пелес тоьхна 1289[29] гол 1363 ловзарехь.
- 1959 шарахь ткъаясса шо долу Пелес цхьана шарахь тоьхна 126 гол 103 ловзарехь.
- 90-азза Пелес кхоккха гол тоьхна ловзарехь, 30-азза — йиъ-йиъ гол, 4-азза — пхиппа гол, цкъа — 8 гол (1964 шеран 21 сентябрехь, Рибейрао-Претора «Ботафогон» кевнаш чу).
- Уггар дика бомбардир ву Бразилин гулйинчу командин исторехь: 77 гол
- Къилба Американ шеран футболист 1973 ш.
- «Marca» газетан дешархойн версица «Туьйра» хIонцI яьккхина
- ФИФА 100 исписки юкъахь ву
- World Soccer журналан версица хьалхарчу меттигехь ву XX бIешеран уггар сий долу футболистийн испискан тIехь.
- ДОКан версица бIешеран спортсмен: 1999
- ФИФА версица бIешеран ловзархо
- Паулиста Лиган рекордсмен ву цхьаьна шарахь голаш тохарехь: 58 гол
- Юкъавахийтина массо хенан дуьненан чемпионатийн гулйина командин (2002)
Ловзаран статистика[нисъе бӀаьра | нисъе]
Клубехь[нисъе бӀаьра | нисъе]
Клуб | Сезон | Къаьмнийн турнираш | Шаерг НТ |
Пачхьалкхан Кад | Континентан турнираш | Шаерг Оф. |
Шаерг Дот. | ||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
ПЛ | РСПТ | РГПК | АС | БК | ЛК | КЮК | |||||||||||||||||
Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | ||||
Сантос | 1956 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 2 | 2 | ||||||||||||||
1957 | 29 | 36 | 9 | 5 | 38 | 41 | 38 | 41 | 67 | 57 | |||||||||||||
1958 | 38 | 58 | 8 | 8 | 46 | 66 | 46 | 66 | 60 | 80 | |||||||||||||
1959 | 32 | 45 | 7 | 6 | 39 | 51 | 4 | 2 | 43 | 53 | 83 | 100 | |||||||||||
1960 | 30 | 33 | 3 | 0 | 33 | 33 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 33 | 33 | 67 | 59 | |||||||
1961 | 26 | 47 | 7 | 8 | 33 | 55 | 5 | 7 | 0 | 0 | 0 | 0 | 38 | 62 | 74 | 110 | |||||||
1962 | 26 | 37 | 0 | 0 | 26 | 37 | 5 | 2 | 4 | 4 | 2 | 5 | 37 | 48 | 50 | 62 | |||||||
1963 | 19 | 22 | 8 | 14 | 27 | 36 | 4 | 8 | 4 | 5 | 1 | 2 | 36 | 51 | 52 | 67 | |||||||
1964 | 21 | 34 | 4 | 3 | 25 | 37 | 6 | 7 | 0 | 0 | 0 | 0 | 31 | 44 | 47 | 57 | |||||||
1965 | 30 | 49 | 7 | 5 | 37 | 54 | 4 | 2 | 7 | 8 | 0 | 0 | 48 | 64 | 66 | 97 | |||||||
1966 | 14 | 13 | 0 | 0 | 14 | 13 | 5 | 2 | 0 | 0 | 0 | 0 | 19 | 15 | 38 | 31 | |||||||
1967 | 18 | 17 | 14 | 9 | 32 | 26 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 32 | 26 | 65 | 56 | |||||||
1968 | 21 | 17 | 17 | 11 | 38 | 28 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 38 | 28 | 73 | 55 | |||||||
1969 | 25 | 26 | 12 | 12 | 37 | 38 | 0 | 0 | 0 | 0 | 37 | 38 | 61 | 57 | |||||||||
1970 | 15 | 7 | 13 | 4 | 28 | 11 | 0 | 0 | 0 | 0 | 28 | 11 | 54 | 47 | |||||||||
1971 | 19 | 8 | 21 | 1 | 40 | 9 | 0 | 0 | 0 | 0 | 40 | 9 | 72 | 29 | |||||||||
1972 | 20 | 9 | 16 | 5 | 36 | 14 | 0 | 0 | 0 | 0 | 36 | 14 | 74 | 50 | |||||||||
1973 | 19 | 11 | 30 | 19 | 49 | 30 | 0 | 0 | 0 | 0 | 49 | 30 | 66 | 52 | |||||||||
1974 | 10 | 1 | 17 | 9 | 27 | 10 | 0 | 0 | 0 | 0 | 27 | 10 | 49 | 19 | |||||||||
Шаерг | 412 | 470 | 53 | 49 | 56 | 36 | 84 | 34 | 605 | 589 | 33 | 30 | 15 | 17 | 3 | 7 | 656 | 643 | 1120 | 1087 |
Клуб | Сезон | КЪАФЛ | Кхин а | Шаерг | |||
---|---|---|---|---|---|---|---|
Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | ||
Нью-Йорк Космос |
1975 | 9 | 5 | 14 | 10 | 23 | 15 |
1976 | 24 | 15 | 18 | 11 | 42 | 26 | |
1977 | 31 | 17 | 11 | 6 | 42 | 23 | |
Шаерг | 64 | 37 | 43 | 27 | 107 | 64 |
Гулйинчу командехь[нисъе бӀаьра | нисъе]
Гулйина команда | Сезон | ||
---|---|---|---|
Ловзарш | Голаш | ||
Бразили | |||
1957 | 2 | 2 | |
1958 | 7 | 9 | |
1959 | 9 | 11 | |
1960 | 6 | 4 | |
1961 | 0 | 0 | |
1962 | 8 | 8 | |
1963 | 7 | 7 | |
1964 | 3 | 2 | |
1965 | 8 | 9 | |
1966 | 9 | 5 | |
1967 | 0 | 0 | |
1968 | 7 | 4 | |
1969 | 9 | 7 | |
1970 | 15 | 8 | |
1971 | 2 | 1 | |
Шаерг | 92 | 77 |
Футбол йитича[нисъе бӀаьра | нисъе]
- 1995 шарах Пеле Бразилин спортан министр хIоттийна.
- 1998 шарахь командоран рыцарь олу Британин империн орден (KBE) елла. Амма, Цуьнан сийлаллин куьйга к1елахь ца хиларна, Пелес лело йиш яц дешахьалхе «сэр».
- 1999 шарахь Дуьненаюкъара олимпийн комитето Пелех б1ешеран спортсмен вина.
- 2000 шарахь ФИФАс XX бIешеран уггар дика футболист лаьрра.
- Пеле ЮНЕСКОн посол вина.
- Пелес зорба тоьхна масех автобиографин, масийттаза кино йоккхуш дакъа лаьцна, музыка яьккхина.
- Тренер хила а г1иртира. Шина шарахь (2006—2008) «Сантосан» тренерийн штаб юкъахь хилла.
- 2011 шарахь «Сантос» клубе ловза кхайкхира дуьненан клубан чемпионатехь дакъалаца[30]
- 2014 шарахь елла сийлаллин «ФИФА дешин буьрка».
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Великие сборные XX века: Пеле, Гарринча, Нилтон Сантос
- ↑ Немецкая национальная библиотека, Берлинская государственная библиотека, Баварская государственная библиотека и др. Record #118592505 // Общий нормативный контроль (GND) — 2012—2016.
- ↑ Transfermarkt.com — 2000.
- ↑ filmportal.de — 2005.
- ↑ Пеле // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- ↑ Пелен паспорт тӀех яздина ду терахь 21 октябрь, амма ша спортхочо нийсаниг 23 октябрь ду боху
- ↑ Тейшера: благодарим Пеле за все выигранные трофеи
- ↑ Вечно молодой
- ↑ Santos F.C Архивацийина 23 сентябрехь 2013 шеран.
- ↑ TalkFootball — Guide
- ↑ Pelé: «Xavi hace lo que yo hacía» — FIFA.com
- ↑ Quand Pelé rêvait d'être Xavi — Foot — Insolite — L’EQUIPE.FR Архивацийина 13 октябрехь 2014 шеран.
- ↑ У футбола теперь двуглавый король. Спорт-Экспресс (13 декабря 2000). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 1 февралехь. Теллина 2010 шеран 9 апрелехь.
- ↑ Pele, Maradona each win FIFA century awards after feud (ингалс.). Sports Illustrated (11 декабря 2000). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 1 февралехь. Теллина 2010 шеран 9 апрелехь.
- ↑ Pele still in global demand
- ↑ France Football’s Football Player of the Century
- ↑ Guerin' Sportivo’s I 50 Grandi del Secolo by Adalberto Bortolotti
- ↑ Placar’s 100 Craques do Século
- ↑ Марадона — лучший игрок мундиалей по версии The Times. Чемпионат.ру (23 марта 2010). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 1 февралехь. Теллина 2010 шеран 9 апрелехь.
- ↑ ФИФА называет сборную чемпионатов мира всех времен. Спорт-Экспресс (20 июля 2002). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 1 февралехь. Теллина 2010 шеран 9 апрелехь.
- ↑ До уровня Пеле и Марадоны новое поколение еще не доросло. Спорт-Экспресс (20 июля 1999). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 1 февралехь. Теллина 2010 шеран 9 апрелехь.
- ↑ Бизнес Пеле(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ 1 2 Pelé (Edson Arantes do Nascimento) Архивацийина 3 августехь 2013 шеран. Биография Пеле на сайте All Football Players(ингалс.)
- ↑ Король футбола женился в третий раз
- ↑ С 2011 года победы в Кубке Бразилии 1959—1968 приравниваются к победам в чемпионатах Бразилии. Аналогично, Кубок Робертан приравнен к титулу чемпиона страны.
- ↑ В Бразилии победитель Кубка страны становится не обладателем, а чемпионом Кубка.
- ↑ В 1973 титул поделён с «Португезой».
- ↑ В 1964 титул поделён с Ботафого.
- ↑ 1 2 Подробная статистика голов Пеле
- ↑ «Сантос» пригласил Пеле сыграть на клубном чемпионате мира
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() |
Пеле Викидешнаш чохь |
---|---|
![]() |
Пеле Викиларма чохь |
![]() |
Пеле Викикерланаш чохь |
- Пеле // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Статья из «Футбольной Энциклопедии», 2000
- Подробная статистика голов Пеле
- Голы Пеле в Бразилии
- Профиль на rsssf.com
- Матчи Пеле за сборную Бразилии
- Бинарш 23 октябрехь
- Бинарш 1940 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Трес-Корасойнсехь
- Риу-Бранку орденан кавалераш
- Риу-Бранку орденан командораш
- Бразилин «Культурехь динчу гӀуллакхан» орденан кавалераш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- ВКъКх даржера нах
- Бразилин Футболисташ
- Футболех ловзаран Бразилин гулйинчу командин ловзархой
- Футболех ловзаран дуьненан чемпионат
- ФИФА 100
- ФК «Сантосан» ловзархой
- ФК «Нью-Йорк Космос» ловзархой(1970—1985)
- Спортан Министраш
- Къилба Американ шеран Футболисташ
- Британин империн Командоран рыцарь олу орден елларш
- Бразилин Министраш
- Бразилин актёраш