УЕФА
Евро́пин футбо́лан ассоциа́цийн барт (инг. Union of European Football Associations, дацдина UEFA, нохчийн транслитерацица УЕФА) — Европин а, цхьайолу Азин малхбузен регионийн а футболан урхаллин спортан кхоллам. Цуо цхьаьнатуху европин мехкийн къоман футболан ассоциацеш, дӀахьо ерриг европин футболан клубийн а, гулйина командин а къийсамаш, ткъа иштта рекламех, клубашна а, шена чуьра къоман ассоциацешна а юкъара матчаш гайтарна яьлла са йоькъу.
УЕФА — Дьуьненаюкъара футболан федерацин (ФИФА) юкъайогӀу ялх континентийн конфедерацех цхьаъ ю, цу тӀе царех УЕФА уггаре Ӏаткъаме а, хьал долуш а ю. Берриш аьлча санна дуьненан уггаре чӀогӀа футболисташ ловзуш бу Европехь, цигахь уггаре даккхий алапаш хиларна, Ингалсехь, Францехь, Италехь, Испанехь, Германехь[1] муххале а. Кхин а УЕФАхь ю дукхаха йолу чӀогӀа дуьненан къаьмнийн гулйина командаш, цундела дуьненан хьалхеяккхарехь оцу конфедерацина алсама меттигаш ло: иштта, 2006 шеран дуьненан чемпионатехь левзина 32 командех УЕФАра 14 яра.
УЕФА кхоьллина 1954 шеран 15 июнехь Базелехь (Швейцари) Францин, Италин, Бельгин футболан федерацеш йолийна консультацеш чекхъевлча. Юьхьанца УЕФА юкъахь бара 25 мохк, хӀинца 55 бу. 1959 шо кхаччалц УЕФА штаб-квартира яра Парижехь, иза дӀакхалхийра Берне. 1995 шарахь дуьйна иза ю швейцарера Ньонехь. Хьалхара УЕФА инарлин секретарь хилла Делоне Анри, ткъа президент — Шварц Эббе.
УЕФАн сих-сиха девнаш хуьлура къаьмнийн ассоциацийн хьашташ кхочушдеш йолу Еврокомиссица. 1990-гӀа шерашкахь барт ца хуьлара телетрансляцин бакъонаш а, трансферан регламент а тӀехь (Босмана бакъо).
УЕФА президенташ[нисъе бӀаьра | нисъе]
ЦӀе | мохк | Хан | |
---|---|---|---|
1. | Эббе Шварц | ![]() |
1954—1962 |
2. | Густав Видеркер | ![]() |
1962—1972 |
3. | Артемио Франки | ![]() |
1972—1983 |
4. | Жак Жорж | ![]() |
1983—1990 |
5. | Леннарт Юханссон | ![]() |
1990—2007 |
6. | Мишель Платини | ![]() |
2007—2015 |
— | Анхель Мария Вильяр (д.кх.) | ![]() |
2015—2016 |
7. | Александер Чеферин | ![]() |
2016—ХӀ. а. |
Декъахойн исписка[нисъе бӀаьра | нисъе]
(Стомма зорбанца билгалъяьхна гулйина командаш дуьненан чемпионаш хилла ассоциацеш, курсивца — Европин чемпионаш хилларш)
Австри
Азербайджан
Албани
Андорра
Белорусси
Бельги
Болгари
Босни а, Герцеговина а
Германи
Гибралтар
Гуьржийчоь
Дани
Желтойчоь
Израиль
Ингалс
Ирланди
Исланди
Испани
Итали
Кипр
Косово
Кхазакхстан
Къилбаседа Ирланди
Къилбаседа Македони
Латви
Литва
Лихтенштейн
Люксембург
Малта
Мажарчоь
Молдави
Нидерландаш
Норвеги
Польша
Португали
Росси[2]
Румыни
Сан-Марино
Серби
Словаки
Словени
Туркойчоь
Украина
Уэльс
Фарерийн гӀайренаш
Финлянди
Франци
Хорвати
Чехи[3]
Швейцари
Швеци
Шотланди
Эрмалойчоь
Эстони
Ӏаьржаламанчоь
Хилла декъашхой[нисъе бӀаьра | нисъе]
Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Опубликован рейтинг зарплат футболистов лучших лиг мира — Российская газета
- ↑ Сборная России по футболу является правопреемницей сборной СССР, победившей на чемпионате Европы 1960 года.
- ↑ Сборная Чехии по футболу является правопреемницей сборной Чехословакии, победившей на чемпионате Европы 1976 года.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() |
УЕФА Викидешнаш чохь |
---|---|
![]() |
УЕФА Викиларма чохь |
![]() |
УЕФА Викикерланаш чохь |