Мухьаммад

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Мухаммад тӀера хьажжина кхуза)
Мухьаммад
Ӏаьр. ٌمُحَمَّد‎‎
Мухьаммадан ﷺ цӀе «Сулюс» йозанца
Мухьаммадан ﷺ цӀе «Сулюс» йозанца

«Ахьмад, Абул-Къасим, Набийю-т-тавбат, Набийю-р-рахьмат, Набийю-ль-мархьамат, Набийю-ль-Малхьамат, Рахьматул-мухӀдат, Саййиду валади Адам, ХьабибуллахӀ, Аль-Мухтар, Аль-МустӀафа, Аль-Муджтаба, Ас-Садикъ, Аль-Масдукъ, Аль-Амин, Сахьибу-ш-шафаӀати ва ль-макъами-ль-махьмуд, Сахьибул-василати ва ль-фадилати ва-д-даражатиррафиӀат, Сахьибу-т-тажжи валь-миӀрадж, Имамул-муттакъин, Саййидул-мурсалин, Къаидул-ГӀуррил-Мухьажжалин, Ан-Набийю-ль-Умми, РасулуллахӀ, ХалилуллахӀ, Хатаму-н-набиййин, Расулул-АӀзам, Ас-Сиражул-Мунир, Ан-Нур,[1][2] Ар-Рауфуррахьим, Аль-Ӏурватул-Вускъа»
Вина терахь 570 шеран 22 апрелехь
Вина меттиг Макка, Хьиджаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре
Кхелхина терахь 632 шеран 5 июнехь (63 шо)
Кхелхина меттиг Мадинат, Хьиджаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре
ДӀавоьллина меттиг Сийлахь Ровзат, Масджид ан-Набави, Мадинат
Къам Ӏаьрбий, къурайш, Бану ХӀашим
Да ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб
Нана Аминат бинт ВахӀб
Зуда Хадижат бинт Хувайлид
Савдат бинт ЗамӀат
Ӏаишат бинт Абу Бакр
Хьафсат бинт Ӏумар
Зайнаб бинт Хузаймат
Умм Саламат бинт Абу Умайят
Зайнаб бинт Джахьш
Джувайрият бинт Хьарис
Умм Хьабибат бинт Абу Суфьян
Райхьанат бинт Зайд
Сафият бинт Хьуяй
Маймунат бинт аль-Хьарис
Марьят аль-КъибтӀият
Бераш йоӀарий: ФатӀимат, Умм Кулсум, Рукъайят, Зайнаб
кӀентий: Ибрахӏим, ӀабдуллахӀ, Къасим
Динлелор ислам
Лоруш волу динаш ислам, бабаизм, бахӀаизм, ахьмадие, каодай
Доссийна жайна Къуръан
Силсил Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манаф ибн Къусай ибн Килаб ибн Муррат ибн КаӀб ибн Луай ибн ГӀалиб ибн ФихӀр ибн Малик ибн Ан-Надр ибн Кинанат ибн Хузаймат ибн Мудрикат ибн Ильяс ибн Мудар ибн Низар ибн МаӀадд ибн Ӏаднан[3]
КуьгтаӀор КуьгтаӀор

Мухьаммад (Ӏаьр. ٌمُحَمَّد‎‎; 570 шеран 22 апрелехь, Макка632 шеран 5 июнехь, Мадинат, Хьиджаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре) — иза Делан пайхамар а, элча а ву, ислам дин даржо а, дӏакхачо а массо адамашка а, жинашка а ваийтина[4]. Улул-Ӏазм олучу элчанех цхьаъ ву. Ӏаламаш Дела цхьаъваре а, Цунна Ӏибадатдаре а йухадерзо ваийтина ву иза. Цуьнан гӀуллакх массо пайхамарийн а, элчанийн а гӀуллакх хилла, царах тӀаьххьарниг а ву иза. АллахӀа доссийна цуьнга Джибрил маликехула Сийлахь долу Къуръан. Ибрахӏим пайхамаран кӀентан Исмаӏил пайхамаран тӀаьхьенах ву иза. Мухьаммад нахалахь уггар везаниг а, адамийн эла а ву. Дала къинойх ларвина ву иза. И хьахийча бусалба наха салават дуьллу цунна: «Делера салам маршалла хийла цунна» (Ӏаьр. صَلَّى اللهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ‎‎), наггахь тӀетуху «цуьнан охӀланна а» (Ӏаьр. وَآلِهِ‎‎), иштта «цуьнан асхьабашна а» (Ӏаьр. وَصَحْبِهِ‎‎) олий, Къуръан чохь а, пайхамаран хьадисашкахь а деана долу дела цунна и салават дилларе нах тӀехьехар. Мухьаммад пайхамаро ﷺ йоккха лар йитина бусалбачеран дегнашкахь, цара шайна и везар а, и вазвар а гучудаккхар чӀагӀделла цуьнан омрашна а, цуьнан дахаран куьцана а, цо АллахӀан Ӏибадатдарна а уьш тӀаьхьабазарца. Цо цхьаьнатоьхна Ӏаьрбийн ахгӀайре цхьана исламан хьукман низамехь. Ткъа Къуръан а, цуьнан Ӏилма а, и диллар а пачхьалкхан хьукман бух хилла. Жуьгтийн йаздархо волчу Майкл Харта, Мухьаммад лерина хилла дерриг адамаллин исторехь уггар чӀогӀа лоруш волу стаг ву аьлла: «Цхьаъ бен воцу стаг ву исторехь, динан а, дуьненан а даржера буьззина кхиаме кхаьчна».

Дуьнен чу ваьлла 570-чу шарахь, Пилан шарахь Маккахь, рабиӏул-аввал баттахь, хӏижрат далале 53 шо хьалха. Иза дуьнен чу ваьлла да воцуш, дукха жима волуш ненах а ваьлла и, цул тӏаьхьа иза кхиъна шен дедас Ӏабдул-МуттӀалиба ӏуналла а деш. Цул тӏаьхьа цуьнан девашас Абу ТӀалиба кхаьбна иза, и кхиъначохь. Цу заманахь жа дажош болх беш вара иза, цул тӏаьхьа йохк-эцаран болх а бира цо. Ткъе пхиъ шо долуш цо йалийра Хувайлидан йоӏ Хадижат, дерриге а бераш цо дина дара цунна, Ибрахӏим воцург. Ислам дин хилале иза йухатухуш вара Маккахь даьржина хилла долу хӏуьппалгашна ӏибадат дар а, деланийн ӏадаташ а. Иза ша волуш а, ӏибадат деш а вара «Хьираъ» олучу хьех чохь масийтта буьйсанна. Цуьнан шовзткъа шо долуш, 610-чу шарахь, цунна деана цу хьех чу Джибрил малик. Иштта дуьххьара Делера хаам схьаийцира цо. 613-чу шарахь цунна тӏе доьссира Джибрил малик, цуьнан шовзткъа шо долуш, элчаналла а тӏедиллира цунна. Кхаа шарахь къайлаха кхайкхаде аьлла омра дира цуьнга, царал тӏаьхьа кхин итт шо дӏадаьхьира цо Маккахь, цуьнан бахархошка гуш-хезаш ислам дине кхойкхуш. 622-чу шарахь, шен шовзткъе кхойтта шо долуш, къурайшин элаша шена дуьхьала къайлахбарт бина чул тӏаьхьа, цуьнан кхайкхамна дуьхьалбевлла и вен гӏиртина чул тӏаьхьа, цо хӏижрат дира Мадинате, цу хенахь цуьнах «Ясриб» олура. Цигахь кхин итт шарахь ӏийра иза, ислам дине а кхойкхуш. Цигахь кхоьллира цо исламан цивилизацин тӏум, тӏаьхьо шорйелла йолу, Макка а, кхийолу ӏаьрбийн гӏаланаш а, тукхамаш а чу а лоцуш. Иштта дуьххьара ӏаьрбий Дела цхьаъ варан дин тӏехь а, цхьана пачхьалкхана тӏехь а цхьаьнатуьйхира цо. Цо кхайкхира расизм а, тукхаме расизм а духатохар.

Дахаран хьосташ

Мухьаммад пайхамаран ﷺ меттиго боккха Ӏаткъам бина исторехь. Баккъалла а, цуьнан дахар а, цо лелийнарг а, цуьнан ойланаш а, шуьйрачу дийцаре диллина хилла цуьнан агӀончаша а, цуьнан мостагӀаша а бӀешерашкахь. Бусалбанашна хьалха а, хӀинца а цуьнан дахар довза ма-лаара, и бусалба динан Ӏамалан некъ а лоруш, исламан Ӏеламнаха дуккха а жайнаш йаздина цуьнан дахар дуьйцуш, цуьнан дерриг дахар чу а лоцуш, цуьнах мел дозург йукъадалош[5].

Къуръан

Къуръан, Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахаран коьрта тешаме лоруш долу хьоста

Къуръан Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахаран коьрта хьоста (источник) лоруш ду, цуьнан дахаран хьостех шира а, тешаме а хьоста и долу дела, Мухьаммад пайхамаран ﷺ шена замане и йухадоьрзуш долу дела. Массо бусалба неха барт ма хиллара цуьнан цхьана копина тӀехь, исламан тобанаш дукха йоллушехь. Къуръано цуьнан дерриг дахар чу ца леццехь а, цо дукха ишарш до цуьнан дахарна тӀенисвеш, йа къегина схьааларца, йа ишар дарца, йа йукъадалорца. Цу чохь хьехийна йу цуьнан амалш а, цуьнан пайхамараллин билгалонаш а, цуьнан гӀиллакхаш а, цуьнан дегӀан хьолах лаьцна а дуьйцуш. Иштта цу чохь хьахийна ду цуьнан гӀазотех дерг а. Цу чохь деана ду гӀазотех лаьцна дуьйцуш 280 гергга аят (Къуръанан 4,65% барамца догӀуш ду уьш). Царах цхьадерш ишарш дарца даьхкина ду, ткъа кхидерш къегина схьааларца ду: Бадруна а, Ухьудан а, Хандакъан а, Хьудайбиятан а, Хубайран а, Макка йаккхаран а гӀазоташ санна. Масала, сурат аль-Ахьзаба чулаьцна ду шен зударшца а, асхьабашца а хилла долу Мухьаммадан ﷺ дахар, цу сурато тобанийн гӀазотах лаьцна ма-дарра дуьйцуш чулацаре терра.

Хьадисан жайнаш

МуваттIаъ Малик

Пайхамаран ﷺ дахаро хьадисан жайнийн доккха дакъа дIалаьцна. Хьадис йаздеш волчу хIораммо а леррина йаздеш хилла дакъош а, кортош а, книгаш а, къаьсттина Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахарах хIотталуш дерг а, цуьнан кхайкхамах а, паходех а, цуьнан асхьабех лаьцна а. Амма и дакъош хронологин рогIехь (заманан къепехь) дац. Цул совнаха, и жайнаш йаздинчеран Iалашо хилла пайхамаран ﷺ къамелаш а, цуьнан белхаш а, сацамаш а, хьукманаш а гулдан. Цу жайнашкахь йогIуш цуьнан дахаран кеп хилла, шарIан хьукманна шайца делил лацархьама. Цундела доцца хьахийна хилла дахар, наггахь дацлуш хилла и цу цхьадолчу дийцаршкахь, хьадисан дай хьадисийн риваяташка (версешка) хьаьжжина.

Бусалбанийн Iеламнехан бартхилла пайхамаран ﷺ дахаран хаамех доьттина уггар гIарадаьлла а, шира а жайна «МуваттIаъ Малик» ду аьлла. Цу чохь цо могIа балийна пайхамаран ﷺ дахарах а, и дIайаздарах а хIоттабелла. Иштта жихIадах дозуш дерг а хьахийна цо. И санна дерг имам аль-Бухарис а йаздина шен сахьихь чохь. Цу чохь хьахийна цо Мухьаммад пайхамар ﷺ ваийтале а, веана чул тIаьхьа а хилла йолу цуьнан дахаран аспекташ. Цо леррина йазйина гIазотех лаьцна книга а, ткъа кхиерг жихIадах лаьцна а. И саннарг Муслим ибн аль-Хьажжажа а йаздина шен сахьихь чохь. Царал тIаьхьа мел веанарг оццу кепара тIаьхьаваьзна царна, бен-берсаллица дакъош декъарехь а, къепе далорехь а, сунанин дайш санна: Абу Давуд а, ат-Тирмизи а, Мухьаммад ибн МаджахI а, ад-Дарими а, Ахьмад ибн Хьанбал а.

Дахаран жайнаш

Пайхамаран ﷺ дахар а, походаш а дӀайазйар доладелла хьадисаш йаздарах тӀехтиллачу муьрехь, асхьабаш цуьнан дахар багахула дӀакхачорца гӀайгӀа беш хиллехь а. Дуьххьара цуьнан дахар дӀайаздан гӀайгӀа бинарг ма-дарра аьлча, Ӏурват аз-Зубайр ву (дӀакхелхина хӀ. 92), цул тӀаьхьа Абан ибн Ӏусман ву (дӀакхелхина хӀ. 105), цул тӀаьхьа ВахӀб ибн МунаббихӀ ву (дӀакхелхина хӀ. 110), цул тӀаьхьа Шарахьбил ибн СаӀд (дӀакхелхина хӀ. 123), цул тӀаьхьа Ибн ШихӀаб аз-ЗухӀри ву (дӀакхелхина хӀ. 124). Амма кхара мел йаздина долу жайнаш дайна ду, царах вайга схьакхаьчча хӀумма а дац, дӀасакхиссина бухадиснарг доцург, ткъа царах дерг ат-ТӀабарис дийцина[6].

Дикаллийн а, билгалонийн а жайнаш

XVIII-чу бӀешарахь Мухьаммадан дикаллаш йуьйцу кечдина куьйгайоза

«Аш-шамаил» (дикаллаш) боху жайнаш, Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахар довзаран коьрта хьостех лоруш ду. И жайнаш йаздинчеран Ӏалашо Мухьаммадан ﷺ гӀиллакхаш а, цуьнан амалш а, цуьнан дикаллаш а хьахоран гӀайгӀа бар хилла.

«Аш-шамаил аль-Мухьаммадийя» (Мухьаммадан дикаллаш) олу тема хьалххе дуьйна бусалбанийн Ӏеламнаха гӀайгӀа беш хилла йу. Иза хьадисан жайнийн Ӏалашонех цхьа Ӏалашо хилла йу церан. Цул тӀаьхьа мухьаддисаша и тема схьакъастийна дозушдоцучу (независимый) жайнашкахь.

Билгалонийн жайнаш — цара чулоцу бусалбанашна гуш долчо ма-бохху, делилаш, Мухьаммадан ﷺ пайхамаралла а, элчаналла а бакъхилар гойтуш долу, шайгахь цхьа а къовсам боцуш долу къегина делилаш ду уьш. Царна чохь цуьнан муӀжизатийн делилаш ду, царна инкарло йечарна йеш дуьхьало а йу.

Ислам далале хьалха Ӏаьрбий

Ӏаьрбийн коьрта тайпанаш Ӏаьрбийн ахгӀайренгахь, ислам далале хьалха

Политикин агӀора аьлча, Ӏаьрбийн ахгӀайре йаьржина хилла йу, цхьа а пачхьалкхо вовшахтоьхна а йоцуш, йа урхалла деш Ӏедал а доцуш. Неждехь а, Йеменехь а, Ӏиракъан а, Шеман а агӀора гӀевттина хилла йолу тиша пачхьалкхаш йайна дӀаевлла хилла. ТихӀамера а, Хьижазера а гӀаланаш дӀахьулйинера акха Ӏарбоша. Ткъа тайпа, политикин а, йукъараллин а барам (единица) хилла. Маккина урхалла деш цхьа тоба хилла Дарун-Надват чохь. Ткъа Мадинат хилла аль-Авс а, аль-Хазрадж а олучу шина тайпанан гуттарлерчу къовсаман хьолехь.

Ткъа экономин агӀора аьлча, акха Ӏарбой жа дажоран экономина тӀетевжаш хилла. Ткъа Ӏаьрбийн тайпанаш Ӏаш хилла хиш долчу меттехь, шайн эмкалшна а, уьстагӀашна а, гезаршна а хи малош[7].

Ткъа динан агӀора аьлча, деланийла дара Ӏаьрбийн ахгӀайренгахь урхалла деш. Цара Ӏибадат дора тӀулгех а, дечигех а йинчу хӀуьппалгашкахь шайн суьрташ хӀиттош хиллачу тайп-тайпанчу делошна. КаӀбатан гонаха 360 хӀуьппалг йара, хьаьжан куьйгалла дечу тайпанаша шайн Ӏибадат деш, царна гӀурбанаш а дойъуш, нузарло а деш[8]. Мухха делахь а цергахь йисна хилла ИбрахӀиман динах бухадисначун билгалонаш: КаӀбат даздар а, цунна тӀаваф дар а, хьаьж дехкар а, Ӏумрат а[9]. Дела цхьаъ веш берш, ИбрахӀиман а, ИсмаӀилан а миллатах болуш нах а хилла, царах хьанифаш олу. Иштта кӀезиг кхин динаш а хилла, масала: Йеменехь а, Мадинатехь жуьгталла хилла, Нажранехь а, Хьиратехь а, Давматул-Джандалехь а, Шеман йисташкахь а керсталла хилла. Иштта кӀезиг мажусийн дин а хилла, гӀажарийн махкара схьадеана[10].

Гергарло

Иза ву: «Абуль-Къасим Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб (цуьнан цӀе Шайбат йу) ибн ХӀашим (цуьнан цӀе Ӏамр йу) ибн Ӏабд Манаф (цуьнан цӀе Аль-МугӀират йу) ибн Къусай (цуьнан цӀе Зайд йу) ибн Килаб ибн Муррат ибн КаӀб ибн Луай ибн ГӀалиб ибн ФихӀр ибн Малик ибн Ан-Надр (цуьнан цӀе Къайс йу) ибн Кинанат ибн Хузаймат ибн Мудрикат (цуьнан цӀе Ӏамир йу) ибн Ильяс ибн Мудар ибн Низар ибн МаӀадд ибн Ӏаднан». ХӀара шена тӀехь бартхилла силсил йу. Ткъа цул лакхарчуьнгахь дуккха а цхьаьнацадар ду. Амма Ӏаднанин силсил чекхйолу Исмаӏил ибн ИбрахӀиман тӀехь[11].

Къурайшин тайпанан чуьра цхьа а га дац Мухьаммадца ﷺ гергарло доцуш. Дала Мухьаммад ﷺ хаьржина хилла цӀенчу тайпанашкара, цӀенчу кийрашкара а, баккъашкара а. Иштта цо аьлла: «Баккъалла а АллахӀа хаьржина ИсмаӀилан берех Кинанат, Къурайшах хӀашимхой а, ткъа со хӀашимхойх хаьржина»[12].

Цуьнан да ву: ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим. Ткъа цуьнан нана йу: «ФатӀимат бинт Ӏамр ибн Ӏаиз ибн Ӏимран ибн Махзум ибн Якъазат ибн Муррат ибн КаӀб ибн Луай ибн ГӀалиб». ӀабдуллахӀ вара Ӏабдул-МуттӀалибан уггар дика а, догцӀена а, хьоме а доьзалхо. Цуьнан берашна йукъахь жимаха верг а ву иза. И ву-кх Далла гӀурбана дӀавелларг, йуха шен дас мохина бӀе эмкал а йелла.

Цуьнан нана йу: Аминат бинт ВахӀб ибн Ӏабд Манаф ибн ЗухӀрат ибн Килаб. Ткъа цуьнан нана йу: «Буррат бинт Ӏабдул-Ӏузза ибн Ӏусман ибн Ӏабдуддар ибн Къусай ибн Килаб». Аминат йара цу заман чохь сий долу зуда лоруш, тайпангахь а, хьолехь а. Цуьнан да Бану ЗухӀрат тайпанан эла вара, тайпангахь а, сийлахь а.

Цуьнан девежарий бу: Аль-Ӏаббас а, Хьамзат а, Аз-Зубайр а, Аль-Мукъаввам а, Аль-Хьарис а, Аль-ГӀайдакъ а, Ӏабдул-КаӀбат а, Хьажл а (цуьнан цӀе Аль-МугӀират йу), Абу ЛахӀаб а (цуьнан цӀе Ӏабдул-Ӏузза йу), Абу ТӀалиб а (цуьнан цӀе Ӏабд Манаф йу), Дирар а.

Цуьнан дейижарий бу: Ӏатикат а, Умаймат а, Арва а, Умм Хьаким а (цуьнан цӀе Байзаъ йу), Сафият а, Баррат а.

Царах ислам тӀеэцнарг ву Хьамзат а, Аль-Ӏаббас а, Сафият а. Ткъа Ӏатиката а, Арвас а тӀеэцна, йа ца эцна аьлла къовсам бу. Цуьнан цхьаъ бен ненаваша ца хилла, цуьнан цӀе Ӏабд ЯгӀус ибн ВахӀб йу.

 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Къусай
(вина 400)
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Ӏабдул-Ӏузза
 
 
 
 
 
 
 
 
Ӏабд Манаф
(вина 430)
 
 
 
 
 
 
 
Ӏабдуддар
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Асад
 
 
 
МуттӀалиб
 
 
ХӀашим
(вина 464)
 
 
 
Навфал
 
 
 
Ӏабд Шамс
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Хувайлид
 
 
 
 
 
 
 
 
Ӏабдул-МуттӀалиб
(вина 497)
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Аль-Ӏаввам
 
Хадижат
 
Хьамзат
 
 
ӀабдуллахӀ
(вина 545)
 
 
 
Абу ТӀалиб
 
 
Ӏаббас
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Аз-Зубайр
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Мухьаммад
(вина 570)
 
Ӏали
(вина 599)
 
Ӏакъил
 
ДжаӀфар
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
ФатӀимат
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Муслим
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Хьасан
(вина 625)
 
 
 
 
 
 
Хьусайн
(вина 626)
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 


Ваийтале хьалха дахар дӀайаздар

Дуьнен чу валар

ӀабдуллахӀин берхӀийтта, йа ткъе пхи шо кхаьчначу хенахь, цуьнан дас Ӏабдул-МуттӀалиба цунна йалийра ВахӀбан йоӀ Аминат, иза шен девешица ВухӀайб ибн Ӏабд Манафца Ӏаш йара. ӀабдуллахӀа йалийнера иза Маккахь, цул тӀаьхьа Мухьаммадца берах а хилира иза. Амината дуьйцуш хилла, ша берах йолчу хенахь шега цхьамма ван а веана аьллера аьлла: «Баккъалла а хьо хӀокху умматан элаца доьзалхочух йу, и лаьтта тӀе воьжча ахь алалахь: „Со ларло Цхьаъ волчуьнца хӀор а хьагӀлелочун вонах“». Цул тӀаьхьа цунна цӀе «Мухьаммад» тиллира. Цуьнан да ӀабдуллахӀ кхин цӀахь ца висира Шема махка ваххалц, йохк-эцар лело. Мадинатан тӀехвелира иза. Цигахь цомгуш хилла баттахь Ӏийра иза. Цул тӀаьхьа цигахь дӀакхелхира иза шен ткъе пхи шо долуш. ТӀаккха дӀавоьллира иза «НабигӀатан хӀусамехь» (иза Бану Ӏади ибн Наджар тайпанах цхьа стаг вара). Цу хенахь Аминат Мухьаммадца берах йолу ши бутт хан йара (дукхах болчу Ӏеламнехан ойла йу хӀара). Шел тӀаьхьа цо йитина хилла пхи эмкал а, масех уьстагӀ а, хьабашийн гӀарбаша йолу «Баракат» а, цуьнан харц цӀе «Умм Айман» йу[13]. Мухьаммад ﷺ шен ненан кийрахь волуш, кхоччуш исс бутт кхаьчча дуьнен чу велира Абу ТӀалибан чӀаж чохь. И вар тӀелаьцнарг Ӏабдуррахьман ибн Ӏавфан нана Аш-Шифаъ йара[14].

Мухьаммад дуьнен чу ваьлла меттиг, Абу ТӀалибан чӀаж. Мухьаммад ибн Юсуфа эцна хилла цӀа ду и, Аль-Хьажжаж ибн Юсуфан вашас, цо Ӏакъил ибн Абу ТӀалибера эцна хиллера иза, Мухьаммада Маккара Мадинате хӀижрат динчу хенахь. Цул тӀаьхьа цуьнах маьждиг дира, и тӀаьхьо дохийра. Цул тӀаьхьа цуьнан саьлнех (руинех) «Маккин библиотека» йира 1951-чу шарахь.

Мухьаммад ﷺ дуьнен чу ваьлла оршотан дийнахь[15], 8-чу рабиӀул-аввал баттахь, йа 9-чу раӀул-аввалехь, йа 12-чу рабиӀул-аввалехь (хӀара суннатан охӀланна гергахь гӀарадаьлларг ду)[16], йа 17-чу рабиӀул-аввалехь (шиӀашна гергахь гӀарадаьлларг ду)[17], Пилан шарахь, хьабашийн паччахь АбрахӀат аль-Ашрам Макки чу а веана, КаӀбат дохо гӀиртина чул тӀаьхьа. Цул тӀаьхьа цхьа бутт баьлча аьлла а ду, йа 4 де даьлча, йа 50 де а аьлла (хӀара гӀарадаьлларг ду)[18]. Вайн терахьца и нисло 571-чу шеран 20, йа 22 апрелехь нийса долчунна тӀе а доьгӀна (йа 570, йа 568, йа 569, цхьаболчу талламаша ма-бохху)[19].

Иштта дийцина ду, Мухьаммад ﷺ цӀонга хадийна а волуш, самукъа даьлла а волуш дуьнен чу ваьлла аьлла. Кхин а дийцина ду, Ӏабдул-МуттӀалиба и вина ворхӀалгӀачу дийнахь иза хадийна, цунна той а хӀоттийна аьлла[20]. Цуьнан нанас дуьйцуш хилла, ша цунца берах йолчу хенахь, кхечу берах болчу зударшна хаалуш йолу йозалла а, йа чӀогӀа лаам а шена хаа ца лора аьлла. Ткъа цо и винчу хенахь, Мухьаммад ﷺ лаьтта вуьйжира къилбе вирзина а волуш, шен корта стигал хьалаайбина а болуш, шен куьйган буй бина, хьажо пӀелгаца ишар деш а волуш[21]. Цунна гина хилла ша и вича, Шеман гӀаланаш серла а йохуш шен кийрара цхьа нур арадолуш санна[22]. Умм Ӏусман бинт Аби аль-Ӏаса дийцина: «Мухьаммад вечу хенахь йеана йара со. И охьавиллича цӀа гира суна нуьрех дуьзна, седарчий а гира суна гергадогӀуш, уьш сайна тӀеоьгур ду мотталц»[23]. И винчу хенахь Амината цуьнан деда волчу цхьаъ вахийтанера, цуьнан кӀентан кӀантаца цунна кхаъ боккхуш. Цо иза схьа а эцна КаӀбат чу вигира, Далла баркалла олуш[24]. Цо элира: «ХӀокху сан кӀантана цхьа гӀуллакх хир ма ду»[25]. Цо цунна «Мухьаммад» цӀе тиллира. Цу заман чохь Ӏаьрбоша туьллуш хилла йац и цӀе, цхьа кхоъ воцчунна. Оцу кхаан дайшна лиъна хиллера Мухьаммад хьахош а, цуьнан зама герга хилар а, ТихӀамехь и вуссур а ву аьлла царна хезначу хенахь, и шайн кӀант хилийта[26]. ТӀаккха жуьгташна хезнера Мухьаммад ﷺ вина аьлла. Хьассан ибн Сабита дуьйцу: «Делаца дуй ма буу ас, сан ялх, йа ворхӀ шо дара. Суна дагадогӀу сайна мел хезнарг. Жуьгтийчо чӀогӀа мохь туьйхира бӀов тӀехь Ясрибехь: „ХӀай жуьгтий!“ - аьлла. Уьш цунна тӀегулбелча цара элира: „Дакъаза валарг, хӀун хилла хьуна?“. Цо элира: „Тахана буьйсанна Ахьмадан седа схьакхетта, и шеца вина болу“»[27].

Кхиар

Нанас вакхийна чул тӀаьхьа цхьа кӀира даьлча, дуьххьара и вакхийнарг Сувайбат йу, Абу ЛахӀабан азатхо (хилла лай). Цо маьрша йитина хилла иза, цундела цо масех дийнахь Мухьаммад ﷺ вакхийра шен кӀантана Масрухьан малош йолчу шурица. Цул хьалха цо вакхийна хиллера цуьнан деваша Хьамзат а, иштта Абу Саламат аль-Махзуми а[28]. И шиъ цо цуьнца цхьаьний вакхийна аьлла а ду[29]. Сахьихь аль-Бухари чохь деана ду: Абу ЛахӀаб веллачу хенахь цуьнан доьзална гӀенах гина хиллера, цуьнга хаьттира цара: «ХӀун карийра хьун (веллачул тӀаьхьа)?». Цо жоп делира: «Суна ца карийра шул тӀаьхьа (вуьшт аьлча, суна ца карийра шул тӀаьхьа цхьа а дика хӀума), Сувайбат маьршайитар бахьнехь, сайн хи малор доцург (кхин хӀумма а ца карийра)»[30]. Андаваллалц и кхаьбна хилла Умм Аймана. Цо цуьнах «сан нана!» олура[31]. Цуьнга хьаьжча олуш хилла цо: «ХӀара сан цӀийнан доьзалх бухайиснарг йу»[32].

Ӏаьрбойн Ӏадат хилла аренашкахь шайн бераш дакхо зударий лоьхуш. ТӀаккха Бану СаӀд тайпанах зударий баьхкира дакхо бераш лоьхуш. Мухьаммад ﷺ кхечира Зуайбатан йоьӀна Хьалиматна, шен кӀантаца, ӀабдуллахӀца и вакха а веш Бану СаӀдан тогӀи чохь, шега схьаийцира цо. Цу хенахь чӀогӀа декъа шо деана хиллера Бану СаӀд тайпанга. Ткъа Мухьаммад ﷺ веъча, Хьалиматан хӀусамаш йухайеара баьццара а йолуш, шаннаш дуьззина уьстагӀий а долуш. Мухьаммад ﷺ цуьнца шина шарахь Ӏийра, ша некхах ваккхалц. Хьалимат хӀор баттахь цуьнан нана йолчу вигора иза, и йолчу йоьдуш. Цу юкъ ши шо даьлча цо шен нана йолчу йухавалийра Мухьаммад ﷺ, цунна доладар дахде шена аьлла цуьнца бартбан, цу хенахь Маккахь баьржина болчу баланах кхоьруш, Мухьаммадера ﷺ шена гина долу беркат бахьнехь а. Аминат резахилира[33]. Цуьнан диъ, йа пхи шо кхаьчначу хенахь, цунна хилира цуьнан накъа батӀоран хилам, дахар дуьйцуш долчу жайнашкахь масийттаза хьехийна болу. И хиллачул тӀаьхьа Хьалимата цуьнан нене йухаверзира иза[34]. Имам Муслима дийцина хьадис ду шен сахьихь чохь: «Мухьаммад волчу деана хилла Джибрил малик, иза кӀентаршца ловзуш Ӏаш волуш, лаьтта охьа а виллина, цуьнан накха батӀа а бина дог арадаьккхира цо. Цул тӀаьхьа цу чуьра цӀийн улх арадаьккхира цо. ТӀаккха элира: «ХӀара шайтӀанан дакъа ду хьуна чуьра». ТӀаккха цо иза дилира деших динчу тас чохь. Цул тӀаьхьа цо меттахӀоттийра иза, шен метте йуха а верзийра. Бевдда цуьнан нана йолчу баьхкира кӀентий (вуьшта аьлча, и вакхош хилларг йолчу), цара элира: «Мухьаммад вийна!». ТӀаккха царна Мухьаммад ﷺ дуьхьалкхетча, йуьхь хийцайелла вара иза»[35]. Анаса дийцина: «Со вара цуьнан некхана тӀехь дӀатегна йолчу меттиган лар гуш».

Аминат дӀакхелхина цуьнан ялх шо долчу хенахь, цуьнан ненавежарий болчу баханчуьра уьш йухабогӀуш. И дӀайоьллира «Аль-Абваъ» олучу меттехь. Цул тӀаьхьа Умм Аймана кхебира иза. Йуха цуьнан дедега Ӏабдул-МуттӀалибе дӀаваьхьира цо иза, цуьнга цунна Ӏуналла дайта а, цуьнан берашна йукъахь и Ӏайта а. Цуьнан бархӀ шо кхаьчча Ӏабдул-МуттӀалиб дӀакхелхира, цунна доладан а, цунна гӀуллакх дан а шен кӀант Абу ТӀалиб хаьржина чул тӀаьхьа.

Жималла

Басрахь, Шемахь йолу мозгӀар Бахьиран монастырь

Цуьнан деваша Абу ТӀалиб дукха хьал долуш вацара. Цундела Мухьаммад ﷺ волавелира жа дажо, цу тӀехь алапа а эцара цо, шен девешина гӀо деш[36]. Цо аьлла: «Дала ца ваийтина цхьа а пайхамар, цо жа дажийний бен. ТӀаккха цуьнан асхьабаш хаьттира: „Ткъа хьо“? Цо элира: „ХӀаъ, со а вара уьш дажош Маккин бахархойн караташ (дирхӀамийн а, динарийн а дакъош) тӀехь“»[37]. ШиӀаша инкарло йина цо жа дажоран хабарна[38]. Шен шийтта шо долчу хенахь, йохк-эцар лело шен девешица Шема махка вахара иза. Уьш Шемахь «Басра» олучу шахьаре кхаьчча, мозгӀаран тӀехбевллира уьш, цуьнан цӀе «Бахьира» йу[39]. Иза инжил девзаш вара. ТӀаккха Мухьаммаде ﷺ хьежа волавелира иза, ойланаш а йеш, цул тӀаьхьа цо Абу ТӀалибе элира: «Вухаверза хьайн вешин кӀантаца, жуьгтех ларавелахь иза. Делаца дуй ма буу ас, нагахь царна и гахь, цуьнгара суна хиънарг царна хаахь, цара зе дийр ма ду цунна. Баккъалла а хьан вешин кӀантана хир дерг доккха гӀуллакх ма ду, тхуна и карадо тхайн жайнашкахь а, тхан дайшкара оха схьаэцначуьнгахь а»[40][41].

Мухьаммадах ﷺ «Аль-Амин» (Тешамениг) олура Маккахь. Наха шайн тешамаш (къайленаш) цуьнах тешна буьтура[42]. Царна хууш дара иза хӀуьппалгна сужуд деш воций, къурайшашна йукъахь и даьржина доллушехь[43][44]. Цо дакъа ца лоцура церан кегийхойн синкъерамехь а, ловзарехь а[45]. Амма цо дакъалоцура церан баккхийчара тӀом бечахь а, цара вовше гӀо дечохь а. Цуьнан дейтта шо долуш, йа ткъа шо долуш, Бану Кинанна а, Бану Къайс Ӏиланна а тайпанашна йукъахь «Аль-Фижар» олу тӀом буьйжира. Мухьаммада ﷺ дакъалецира къурайшашца кинанхошна йукъахь, хӀунда аьлча, къурайшаш кинанхойх бара. Ткъа церан мостагӀий бара къайсхой а, Ӏиланхой а, царах схьадевлла тайпанаш а. Царна йукъахь дакъалеццера Мухьаммада ﷺ а[46].

КаӀбатана тӀе кхевсина догӀа деанчу хенахь, цуьнан пенаш доха а деш, къурайшаша мукӀарло дира шаьш и йухадуттур ду аьлла. И дуттучу хенахь, уьш бекъабелира Ӏаьрж тӀулг шен метте хьамма буьллур бу аьлла. ТӀаккха церан бартхилира дуьххьара шайна тӀевеанчо и буьллур бу аьлла. ТӀаккха царна Мухьаммад ﷺ тӀевеъча, цуьнан ткъе пхи шо дар цу хенахь, цара элира: «ХӀара аль-Амин (тешамениг) ву, тхо реза ду тхуна йукъахь цо кхел йарна»[47]. Цо омра дира цхьа бедар йан аьлла, тӀаккха Ӏаьрж тӀулг цу йуккъе а биллина, хӀор тайпанга омра дира цо цу бедаран йисташ хьалаайба аьлла. Цул тӀаьхьа и тӀулг схьа а эцна, шен метте биллира цо.

Хадижат йалор

Хадижат йара хьал долуш а, сий долуш а йохк-эцар лелош зуда[48]. Мухьаммадах а, цуьнан тешамах а лаьцна хабар кхаьчна хиллера цуьнга. Цо тӀедиллира Мухьаммадна, совдегар хилла Шема махка гӀо аьлла, ша совдегархошна лучух уггар диканиг а лур ду аьлла. И тӀе а лаьцна, Мухьаммад вахара шеца цуьнан кӀант «Майсарат» а волуш. И шиъ дӀакхечира Шема махка. Басра олучу шахьарахь сецира и шиъ, «НастӀур» олучу мозгӀаран лаппагӀана гергахь долчу цхьана диттан ӀиндагӀехь. Майсаратна йуххе а веана мозгӀаро элира цуьнга: «Кху дитта буха цкъа а воьсна ма вац пайхамар бен». Йовхо чӀагӀйелча, Майсаратна ши малик гора Мухьаммадна малхах ӀиндагӀ латтош, и шен эмкална тӀехь хиъна Ӏаш а волуш. Макка йухавеанчу хенахь, Хадижат йолчу вахара иза цуьнан даьхний а эцна. Хадижата ша доккхуш хилла чул шозза сов даьккхира. Цул тӀаьхьа ша маре йига элира цуьнга Хадижата, шен доттагӀ Нафисат бинт Манийятан гӀоьнца. Мухьаммад реза хилира цунна. ТӀаккха цо и захало довзийтира шен девежаршна. Цуьнца аравелира цуьнан деваша Хьамзат, цуьнан девеше «Ӏамр ибн Асаде» и йеха. Цуьнан девашас Абу ТӀалиба йехна аьлла а ду. Цо йалийра иза томана жима ткъа эмкал йелла чул тӀаьхьа. Мухьаммадан ткъе пхи шо дара, ткъа Хадижатан шозткъа шо дара. Хадижат йара Мухьаммада дуьххьара йалийна зуда, цунна тӀе кхин зуда ца йалийра цо и йаллалц, шеца иза ткъе пхеа шарахь Ӏийна чул тӀаьхьа. Суннатхоша ма-бохху, Хадижат Мухьаммада йалайалале шозза марехь хилла йу. Дуьххьара Ӏатикъ ибн Ӏабида йалийна хилла иза, йоӀ-стаг а йолуш, цунна йоӀ «ХӀинд» а йина цо. Цул тӀаьхьа и велча, и йалийра Абу ХӀалат ан-Набаш ибн Зураата, цунна ши йоӀ «ХӀинд а, ХӀалат а» йина цо. И бакъ ца дина шиӀаша, цара аьлла Мухьаммада иза йоӀ-стаг а йолуш йалийна йу.

Мухьаммадна Хадижатах хилира массо а бераш, цхьа ИбрахӀим воцург. Мухьаммада и йалийначу хенахь, цо маьршайитира и кхиийна йолу Умм Айман, тӀаккха и маре а йелира цо Ӏубайд ибн Зайде. Цо цунна кӀант вира «Айман» цӀе йолуш. Ӏубайд вара Мухьаммад вахийтинчу хенахь цунна накъосталла деш, Хьунайнан дийнахь, йа Хайбаран дийнахь шахӀид а волуш дӀакхелхира иза. Хадижатан лай вара Зайд ибн Хьарисат, цо Мухьаммадна веллера иза. ТӀаккха цо иза маьрша а витина, цунна Умм Айман йалийра. Цунна Усамат вира цо. Мухьаммад дӀакхелхина пхи бутт баьлча дӀакхелхира Умм Айман а[49].

Ваийтале хьалха даьхна кхаьънаш

Бусалбанаш тешаш бу, Дала цхьа а пайхамар ваийтина вац цуьнгара чӀагӀо эцний бен: «Нагахь ша дийна а волуш Мухьаммад ваийтахь, ас цуьнга иман дуьллур ма ду, цунна гӀо а дир ма ду, шен къомане цуьнца омра а дийр ма ду» — аьлла[50]. Мухьаммад пайхамаро ﷺ олуш хилла: «Со — ИбрахӀиман доӀа ду, ткъа соьца тӀаьххьара кхаъ баьккхинарг Марьяман кӀант Ӏиса ву»[51]. Цуьнан дахаран жайнашкахь дийцина ду, жуьгтийн молланаша а, керстанех а, Ӏаьрбийх а болчу хиндерг дуьйцуш болчара а Мухьаммадан ﷺ гӀуллакх дуьйцуш хилла и ваийтале хьалха, цуьнан зама гергайеанчу хенахь. Ткъа Ӏаьрбийх болчу хиндерг дуьйцучарна тӀеоьхуш жинаш хилла, цара шайна стиглахь хезнарг дӀадуьйцуш хилла церга. Йуха Дала оцу стигалах генадаьхна уьш, седарчий а детташ, Мухьаммад пайхамар ﷺ ваийтаран седаца а[52]. Ткъа жуьгтийн молланашна а, керстан мозгӀаршна а шайн жайнашкахь карийна хилла цуьнан а, цуьнан дахаран а куц дуьйцуш, пайхамарш шаьш и вагӀахь цунна тӀаьхьахӀуьттур а ду, цунна гӀо а дийр ду аьлла йина чӀагӀонаш а карийна хилла.

Ваийтина чул тӀаьхьа, хӀижрат даллалц дахар дӀайаздар

Делера хаам боссар

Шозткъа шо кхаьчначу хенахь, Мухьаммадан ﷺ Ӏедал дара «Ан-Нур» олучу лам чохь йолчу «Хьираъ» хьех чу воьдуш, Маккина ши миля генахь йолчу. Цуьнан йохалла 2.16 метр йу, ткъа шоралла 0.945 метр йу. Шеца схьаэцара цо йуург а, мала хи а, цу чохь буьззина цхьа бутт баккха, Далла гӀуллакх а деш, ойла а йеш[53]. 17 рамаданехь[54], йа 24 рамаданехь[55], йа 21 рамаданехь, керстан терахьца 610-чу шеран 10 августехь, Хьираъ хьех чохь дуьххьара Делера хаам боьссира Мухьаммаде ﷺ. Ӏаишат бинт Абу Бакра дуьйцу Делера хаам дӀаболабаларан дийцар: «Делан элчанна хаам боссар дӀадоладелира дика гӀенаш гарца, Ӏуьйренан сатасарах терра даьхкина. Цул тӀаьхьа цунна дезаделира ша́ къастар (ша́ва́лар), ша во́луш вара иза Хьираъ хьех чохь, цу чохь Далла Ӏибадат а деш масийтта буьйсанашкахь шен доьзале вухаверзале. Цул тӀаьхьа Хадижат йолчу вухавеара иза, шена оьшуш йолу хӀума схьа а оьцуш ша́ ва́ла».

Билгалдахарш

  1. تفسير آية (قَدْ جَاءكُم مِّنَ اللّهِ نُورٌ وَكِتَابٌ مُّبِينٌ)، من تفسير القرطبي، الجزء السادس صفحة 77، موقع إسلام ويب
  2. تفسير آية (قَدْ جَاءكُم مِّنَ اللّهِ نُورٌ وَكِتَابٌ مُّبِينٌ)، من تفسير البغوي، الجزء الثالث صفحة 33، موقع إسلام ويب
  3. الصحيح من سيرة النبي الأعظم، جعفر مرتضى العاملي، ج2، ص63-68، دار السيرة، بيروت، ط1995
  4. تفسير السعدي، تفسير سورة الأحقاف، تفسير قوله تعالى وإذ صرفنا إليك نفرا من الجن يستمعون القرآن
  5. الشبكة الإسلامية: أهم مصادر السيرة النبوية، أكرم ضياء العمري
  6. "دراسة تحليلية للسيرة النبوية، عباس زرياب خوئي"
  7. الشبكة الإسلامية: الجزيرة العربية "الحالة السياسية والاقتصادية" عند ظهور الإسلام - أكرم ضياء العمري تاريخ الوصول 28 يونيو 2011 Архивйина 2023-07-03 — Wayback Machine
  8. ر الإسلام - أكرم ضياء العمري تاريخ الوصول 28 يونيو 20ӀӀ
  9. Ар-Рахьикъул-Махтум, Аль-Мубаракфури
  10. ور الإسلام - أكرم ضياء العمري تاريخ الوصول 28 يونيو 2011
  11. Ар-Рахьикъул-Махтум, Аль-Мубаракфури
  12. Сахьихь Муслим, №2276
  13. Ат-ТӀабакъатул-Кубра, Ибн СаӀд аль-БагӀдади
  14. Нурул-йакъин фи сирати Саййидил-мурсалин, Мухьаммад ибн Ӏафифи аль-Худри, агӀо 7-21.
  15. Ат-ТӀабарис шен Тарих жайни чохь дийцинчу хьадисехь деана ду, агӀо 293.
  16. Хьадаикъуль-анвари валь-матӀалиӀул-асрари фи сирати-н-набиййи-ль-мухтар, Мухьаммад ибн Ӏумар аль-Хьадрами, агӀо 105-122.
  17. الصحيح من سيرة النبي الأعظم، جعفر مرتضى العاملي، ج2، ص63-68، دار السيرة، بيروت، ط1995.
  18. Аль-Бидаяту ван-НихӀаят, Ибн Касир, агӀо 319-332.
  19. Watt (1974)، p. 7.
  20. الاستيعاب في معرفة الأصحاب، ابن عبد البر، ج1، ص10-17.
  21. الروض الأنف، السهيلي، ج1، ص278-296.
  22. رواه ابن تيمية في الردّ على البكري، عن العرباض بن سارية، رقم:61.
  23. الروض الأنف، السهيلي، ج1، ص278-296.
  24. الرحيق المختوم، المباركفوري، ص1-48.
  25. الطبقات الكبرى، ابن سعد البغدادي، ج1، ص94-108، دار صادر، بيروت.
  26. الروض الأنف، السهيلي، ج1، ص278-296
  27. السيرة النبوية، ابن هشام، ج2، ص295-298، تحقيق: طه عبد الرؤوف سعد، دار الجيل، بيروت، ط1990.
  28. تاريخ الرسل والملوك، الطبري، ج1، ص327-328.
  29. ألفية السيرة النبوية، عبد الرحيم العراقي، ص1-3.
  30. Сахьихь аль-Бухари, № 5101
  31. السيرة النبوية عرض وقائع وتحليل أحداث، علي الصلابي، ص14-96.
  32. الطبقات الكبرى، ابن سعد البغدادي، ج8، ص224، دار صادر، بيروت.
  33. Ар-Рахьикъул-Махтум, Аль-Мубаракфури, агӀо 1—48.
  34. فقه السيرة النبوية، محمد سعيد رمضان البوطي، ص69-102، دار الفكر المعاصر، ط1991.
  35. Сахьихь Муслим, агӀо 101, № 162
  36. السيرة النبوية عرض وقائع وتحليل أحداث، علي الصلابي، ص14-96.
  37. Сахьихь аль-Бухари, № 2262
  38. الصحيح من سيرة النبي الأعظم، جعفر مرتضى العاملي، ج2، ص83-98، دار السيرة، بيروت، ط1995.
  39. ألفية السيرة النبوية، عبد الرحيم العراقي، ص1-3.
  40. تاريخ الطبري، الطبري، ج2، ص287.
  41. دلائل النبوة، أبو نعيم الأصبهاني، ج1، ص125.
  42. نور اليقين في سيرة سيّد المرسلين، محمد بن عفيفي الخضري، ص7-21، دار المعرفة، ط2004.
  43. السيرة النبوية الصحيحة، أكرم ضياء العمري، ج1، ص104.
  44. السيرة النبوية عرض وقائع وتحليل أحداث، علي الصلابي، ص14-96.
  45. السيرة النبوية سير وعبر، مصطفى السباعي، ص13-29، المكتب الإسلامي.
  46. السيرة الحلبية في سيرة الأمين المأمون، علي بن برهان الدين الحلبي، ج1، ص127-129، دار المعرفة.
  47. المختصر الكبير في سيرة الرسول، عز الدين بن جماعة الكتاني، ص1-13.
  48. نور اليقين في سيرة سيّد المرسلين، محمد بن عفيفي الخضري، ص7-21، دار المعرفة، ط2004.
  49. زاد المعاد في هَدْي خير العباد، ابن القيم، ج1، ص82.
  50. في تفسير ابن كثير، سورة الأنعام: «قال علي بن أبي طالب وابن عمه عبد الله بن عباس، رضي الله عنهما: "ما بعث الله نبيًا من الأنبياء إلا أخذ عليه الميثاق، لئن بعث محمّد وهو حيّ ليؤمننّ به ولينصرنّه، وأمره أن يأخذ الميثاق على أمّته لئن بعث محمّد ﷺ وهم أحياء ليؤمننّ به ولينصرنّه»".
  51. Ас-СуютӀис дийцина аль-джамиӀу-с-сагӀир чохь, Ӏубадат ибн Самитер, № 2703, и хьадис хьасан ду а аьлла.
  52. Аль-Бидаяту ван-НихӀаят, Ибн Касир, агӀо 374—386.
  53. عيون الأثر في فنون المغازي والشمائل والسير، ابن سيد الناس، ج1، ص109-120، مؤسسة عز الدين، بيروت، ط1986.
  54. الطبقات الكبرى، ابن سعد البغدادي، ج1، ص190-198، دار صادر، بيروت.
  55. Аль-Бидаяту ван-НихӀаят, Ибн Касир, агӀо 5—33.