Ӏали ибн Абу ТӀалиб
Ӏали бин Абу ТӀалиб | |
---|---|
علي بن أبي طالب | |
![]() | |
Абу аль-Хьасан, Абу Тураб, Хьайдар ва ХьайдарахӀ, АсадуллахӀ, Аль-Муртаза, Баб Мадинатуль Ӏальм, Саййидина Ӏали, Имам Ӏали | |
Вина терахь | 599 шеран 17 март |
Вина меттиг | Макка, Хьиджаз |
Кхелхина терахь | 661 шеран 28 февраль (61 шо) |
Кхелхина меттиг | Куфат, Ӏиракъ |
ДӀавоьллина меттиг | Имам Ӏелин маьждиг |
Къам | Ӏаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим |
Да | Абу ТӀалиб |
Нана | ПетӀимат бинт Асад |
Зуда | ФатӀимат аль-ЗахӀраъ[1], Уммуль Банин[d], Умамат бинт Абу Ӏас[d], Асмаъ бинт Ӏумайс[d], Хавлат бинт ДжаӀфар[d] |
Динлелор |
![]() |
Автограф |
![]() |
Абу́-ль-Хьаса́н Ӏали́ ибн Абу́ ТӀа́либ аль-Къураши́, алсама вевза Ӏали ибн Абу ТӀалиб санна (Ӏаьр. علي بن أبي طالب, [ʕaliː ibn ʔæbiː t̪ˤɑːlib]; 17 мартехь 599 — 24 январехь 661) — политикин а, йукъараллин а гӀуллакххо ву[2], Мухьаммад пайхамаран шича, нуц, асхьаб, веалгӀа бакъ халиф (656—661), шиӀиташ лору шийттаннах хьалхара имам.
Авторитетан бусалбанийн хьосташца, КаӀабан чохь вина цхьаъ бен воцу стаг[3]; ислам тӀеэцна хьалхара бера а, хьалхара боьрша стаг а; шен урхаллехь дарж кхаьчна Амир аль-муъминин (Муъмин нехан корта).
Ӏела дуьххьара бера хилла, божаршна йукъахь, ислам-дин тӀеэцнарг. Мухьаммад пайхамара аьлла: «Нагахь санна со — Ӏилманан гӀала йелахь, а Ӏела — оцу гӀалин догӀа ду».
Ӏела жигара декъашхо хилла хьалхарчу исламан историн берриг ладаме хиламийн а, Пайхамара динан мостагӀашца бан безна берриг тӀемийн а. Ӏела халиф хилла Ӏусман вийначул тӀаьхьа. Тайп-тайпана хиламех бахьна хилира Муавийс гражданийн тӀемаш бар, ткъа чеккхенгахь халиф хьавариджийн карах иза валар.
Исламан исторехь Ӏела вуьйцу тайп-тайпана[4]. Суннийшна го иза веа бакъ халифехь тӀаьххьара халиф санна. ШиӀийш Ӏела лору хьалхара имам а, веза стаг а санна, Мухьаммад пайхамарца башха уьйр йолу муъмин а, тӀемло а, корта а. Цунна йаздо дукха тӀеман майраллаш а, инзараллаш а. Йуккъера Азин легендо чӀагӀдо, Ӏелин ворхӀ каш хилар, хӀунда аьлча, дӀавуллучу нахана гина, Ӏелин дакъанца йолу цхьаьна эмкалах ворхӀ а хилла, уьш маьӀ-маьӀӀе дӀасайахар[5].
Дахаран истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Цуьнан йуьззина цӀе: Абуль-Хьасан Ӏали ибн Абу ТӀалиб ибн Ӏабд аль-МуттӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд аль-Манаф аль-Къурайши. Цунах олуш хилла кхин а Абу ТӀураб а, Хьайдар а. Мухьаммад пайхамара олуш хилла цунах Муртад («резавинарг», «хаьржинаверг») а, Маула («хьомениг») а[2].
Вина хӀиджратал 22 шо хьалха (599—600 шераш) раджаб беттан 13-гӀа дийнахь Маккахь къурайшийн тайпанан Бану ХӀашиман некъийн коьртан Абу ТӀалибан а, Фатима бинт Асадан а доьзалехь. Дукха хьосташ хоуьйту, Ӏела бен вац сийлахь КаӀбатан[3] чохь вина. Ӏелин да — Абу ТӀалиб хуьлура Мухьаммад пайхамаран ден ӀабдуллахӀан нанас дена вина ваша. Да-нана деллачул тӀаьхьа, Мухьаммад
масех шарахь кхийра девешийн доьзалехь. Шен рогӀехь, Абу ТӀалибанан гӀуллакхаш дакъазадевллачул тӀаьхьа, ткъа Хадижат йалийначул тӀаьхьа Мухьаммадан
гӀуллакхаш тоделлачул тӀаьхьа, цуо кхион схьаийцира шега Ӏела.
Ӏелин исс йа итт шо долуш, цуо тӀеийцира ислам, цунах хилира дуьххьарлера бер а, боьрша стаг а ислам тӀеэцначех. Шен дахаран берриг Маккан муьрехь Ӏела гена ваьлла вац Мухьаммад пайхамарна . Мухьаммад пайхамар
Мадината кхалхале, маккахой гӀиртира иза виен. Зуламхой цуьнан цӀа чу бахча, царна цу чохь карийра Ӏела, ша верна кхерам боллушехь Мухьаммадан
метта вижнера иза, зуламхойн терго йайархьама. Ткъа пайхамар оцу хенахь Мадината новкъахь вара. Мелла а хан йаьлча Ӏела а кхелхира цига[2].
Кхин хьажа[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Али-заде А. Али ибн Абу Талиб // Исламский энциклопедический словарь — М.: Ансар, 2007. — С. 68. — ISBN 978-5-98443-025-8
- ↑ 1 2 3 Али-заде, 2007.
- ↑ 1 2 ʿAlī (Muslim caliph) (en), Encyclopædia Britannica.
- ↑ Ислам: ЭС, 1991.
- ↑ С. А. Токарев Мифы народов мира: энциклопедия, Том 2. Сов. энциклопедия, 1987