Ӏабдул-МуттӀалиб

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ӏабдул-МуттӀалиб
عبد المطلب
Сурт
Файйад, Шайбатуль Хьамд, Саййидуль БатӀхьаъ
Вина терахь 497
Вина меттиг Ясриб
Кхелхина терахь 578
Кхелхина меттиг Макка
ДӀавоьллина меттиг
Къам Ӏаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим
Да ХӀашим бин Ӏабд Манап
Нана Сальма бинт Ӏамр
Зуда ПетӀимат бинт Ӏамр
ХӀалат бинт ВахӀб
Сафият бинт Джандаб
Натилат бинт Джинаб
Лубна бинт ХӀаджар
МуманнаӀат бинт Ӏамр
Динлелор Монотеизм[1], арабский политеизм[d][2]

Ӏабдул-МуттӀалиб бин ХӀашим (Ӏаьр. عبد المطلب بن هاشم‎‎, Ӏабдул-МуттӀалиб) — къурайшин тукхаман куьйгахо ву, Хьарисатан а, Абу ТӀелипан а, ӀабдуллахӀин а да ву, Мухьаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg деда ву.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀашиман а, Сальман а кӀант вара, Сальмас цунна «Шайбат» аьлла, цӀе тиллира. Цхьана дийнахь ХӀашиман ваша МуттӀалиб Ясрибе веанера. МуттӀалибан лаьара шеца Шайбат Макки гӀала вига. ХӀашимас бакъо а елла, шеца Шайбат вигира цо. Маккахь болчарна иза цуьнан лай ву моьттара, цундела цара «Ӏабдул-МуттӀалиб» аьлла цӀе тиллира цунна. Оцу цӀенан маьӀна «МуттӀалибан лай» бохург ду.

Мухьаммадан нана Аминат дӀакхелхира, Ӏабдул-МуттӀалиба дола дан схьаэцна шен кӀентан кӀант Мухьаммад, ши шо даьлча иза дӀакхелхира, тӀаккха иза кхаба схьаийцира Абу ТӀелипа.

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

КӀентий ЙоӀарий Зударий
Хьарисат Умм Хьаким Сафият
Ӏабд Манап/Абу ТӀелип Ӏаттикат Натилат
Зурар Баррат ПетӀимат
Зубайр Умаймат ХӀалат
Ӏабдул Ӏузза/Абу ЛахӀаб Арва Лубна
МусӀаб Сафият МуманнаӀат
Макъвам
Къосам
МугӀират
ӀабдуллахӀ
Ӏаббас
Хьамзат

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]