Чулацаман тӀегӀо

Ахьмад ибн Хьанбал

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ахьмад ибн Хьанбал
Ӏаьр. أحمد بن حنبل‎‎
Аль-имамул-мубажжал, шайхул-ислам, имам ахӀлис-суннати вал-жамаӀат, Ӏалимул-Ӏаср, захӀидуд-дахӀр, мухьаддису-д-дунья, Ӏаламу-с-суннат
Говзалла мухьаддис, факъихӀ, Ӏеламстаг, интеллектуал, универсальный человек, муфассир, юрист, историк, Ӏеламстаг, учёный-правовед
Вина терахь 780({{padleft:780|4|0}})
Вина меттиг БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат
Кхелхина терахь 855({{padleft:855|4|0}})
Кхелхина меттиг БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат
ДӀавоьллина меттиг
Да Мухьаммад ибн Хьанбал
Нана Сафийят бинт Маймунат
Зуда Abbassa Bint Alfadl[вд]
Динлелор ислам, суннаталла
МазхӀаб хьанбалийн
Динан Ӏилманан гӀуллакх
Дешархой Абдуллах ибн Ахмад ибн Ханбаль[вд], Усман ад-Дарими[вд], Мухьаммад аль-Бухари, Абу Зура ар-Рази[вд], Абуль-Касим аль-Багави[вд], Муслим ибн аль-Хьажжаж, Абу Дауд[вд], Ибрахим ибн Исхак аль-Харби[вд], Ханбаль ибн Исхак[вд], Абу Бакр аль-Маррузи[вд], Абу Бакр аль-Асрам[вд], Харб ибн Исмаил аль-Кирмани[вд], Баки ибн Махляд[вд], Абду-ль-Ваххаб ибн Абду-ль-Карим[вд], Салих ибн Ахмад ибн Ханбаль[вд], Исхак ибн Ханбаль[вд], Бишр ибн Муса[вд], Муханна аш-Шами[вд], Ahmad ibn Ibrahim al-Dawraqi[вд]
ГӀарадевлла белхаш Муснад имама Ахмада[вд], Фадаиль ас-сахаба[вд], Усуль ас-сунна[вд], ар-Рад аля аз-занадика ва-ль-джахмийя[вд], аль-Акида[вд], аз-Зухд[вд], Q137799838?, Q137799864?, Q137799879?

Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад ибн Мухьаммад ибн Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀлий (Ӏаьр. أبو عبد الله أحمد بن محمد بن حنبل الشيباني الذهلي‎‎; 780 — 855, БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат) — иза бусалба Ӏеламстаг а, факъихӀ (исламан бакъонан Ӏилманча) а, мухьаддис (хьадисийн Ӏилманча) а ву. Суннатхошна гергахь веачу имамах воьалгӀаниг ву. Хьанбалийн мазхӀаб диллинарг ву иза.

Иза ву: Абу ӀабдуллахӀ Ахьмад бин Мухьаммад бин Хьанбал аш-Шайбани аз-ЗухӀли. Вина 780-чу шарахь БагӀдадехь. Ахьмад дукха жима волуш цуьнан да кхелхина. Да кхелхинчул тӀаьхьа цунна цхьацца дахаран гӀирсаш а, иза шен ненаца Ӏаш волу цӀа а дисна. Баттахь 17 дирхӀамал дукха пайданаш а ца хилла. «Суна сайн да а, деда а ца гина. Сан нанас кхийна со» — иштта аьлла дагаяийтира Имам Ахьмада шен бералла[1].

15 шо долуш 816 шере кхаччалц цо хьадисаш а, фикъхӀ а Ӏамийна. Бусалбанийн коьрта центрашка а хьажа вахана, шен хенахь болчу массо а гергга коьрта Ӏуламаашца цхьаьнакхетта иза, йукъахь хиллачу Абу Юсупца а, аш-ШафиӀица. Лоруш йолчу Хьиджазца, Шемаца, Ӏиракъца а уьйраш хӀиттийна цо.

855-чу шарахь Ахьмад бин Хьанбал кхелхина. Дукха дешархой а, лархой а бисна цунна[2]. Царех цхьаболчеран цӀераш йу хӀорш: Салихь а, ӀабдуллахӀ а (имам Ахьмадан ши кӀант), Хьанбал бин Исхьакъ, Хьасан бин Саббахь Баззар, Ӏаббас бин Мухьаммад, Мухьаммад бин ИсмаьӀил аль-Бухари, Абу Зура ар-Рази, Ибраьхим Хараби, Хьусайн бин Мансур, Дауд бин Ӏамр, Халаф бин ХӀишам, Абуль-Къасим аль-БагӀави[3].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. ↑ Имам Ахьмад бин Хьанбаль. Askimam.ru (2011 шеран 8 февраль). ТӀекхочу терахь: 2015 шеран 24 май.
  2. ↑ Ислам: ЭС, 1991.
  3. ↑ Имам Ахмад бин Ханбаль. Askimam.ru (2011 шеран 8 февраль). ТӀекхочу терахь: 2015 шеран 24 май.