Хьамзат бин Ӏабдул-МуттӀелип

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Хьамзат бин Ӏабдул-МуттӀелип
حمزة بن عبد المطلب
Hamza Bin Abd Al-Mottalib Name.png
Абу Ӏамарат, Абу ЯӀала, АсадуллахӀ ва Асаду-р-расулахӀу, Саййид АшшухӀадаъ, Саййидина Хьамзат
Вина терахь

570

Вина меттиг

Макка

Кхелхина терахь

625 шеран 30 март

Кхелхина меттиг

Ухьуд, Мадинат

ДӀавоьллина меттиг

Ухьуд лам

Къам

Ӏаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим

Да

Ӏабдул-МуттӀелип бин ХӀашим

Нана

ХӀалат бинт ВахӀб

Зуда

Сальма бинт Умайс

Бераш

ЯӀла, Ӏамир, Ӏамарат, Умамат

Динлелор

ислам

Хьамзат бин Ӏабдул МуттӀелип бин ХӀашим (Ӏаьр. حمزة بن عبد المطلب‎‎) — Мухьаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg жимах волу деваша ву. Цулла диъ шо воккха ву иза. Ӏабдул-МуттӀелипан жимах волу кӀант а ву. «Делан лом — АсадуллахӀ» — аьлла цӀе яхара цунна.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Хьамзат къурайшин юкъахь уггаре чӀогӀа онда стаг вара. Иштта таллархо а вара иза. «Делан лом» — аьлла цӀе тиллира цунна. МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад-пайхамар Mohamed peace be upon him.svg. Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина Хьамзатана, талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана юккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀадуьйцуш лаьтташ Абу-ДжаьхӀль а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу ДжаьхӀлана, йоккха чов а еш. Орцах хьаьдда Абу-ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлоно, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан.

«ТӀаккха со а ца теша-кха шун тӀулгийн деланах. Ницкъ буй шун со цунах тешийта?» — аьлла цо. Цу меттехь дакхайкхина Хьамзата, Дела цхьаъ во ша, шен вешин кӀант Мухьаммад пайхамар хиларца бакъ а во ша, аьлла.

Ухьудан гӀазотехь иза вийнера, Вахьши бин Хьарбас, хӀунда аьлча Ӏутбатан йоӀ ХӀиндо шен да вийна дера, цунах чӀир эцархьама. Ша вийначу меттехь дӀавоьллина ву Хьамзат.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Фильмаш[нисъе | нисъе чухулара]