Ӏаишат бинт Абу Бакр

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ӏаишат бинт Абу Бакр
Ӏаьр. عائشة بنت أبي بكر‎‎
Сурт
Уммул-муъминин, Хьабибату РасулиллахӀ, Хьабибатул-МустӀафа, Хьабибатул-Хьабиб, аль-Мубарраат, ат-ТӀаййибат, ас-Садикъат
Йина терахь 604[1][2][…]
Йина меттиг Макка, Хьиджаз
Кхелхина терахь гергга 678 шеран 13 июль[3]
Кхелхина меттиг Мадинат, Хьиджаз, Умавийн халифат
ДӀайоьллина меттиг: Аль-БакъиӀ
Да Абу Бакр ас-Сиддикъ
Нана Умм Руман
Майра Мухьаммад
Мухьаммад пайхамаран ﷺ зударий
«Муъма нехан наной»

Хадижат бинт Хувайлид
Савдат бинт ЗамӀат
Ӏаишат бинт Абу Бакр
Хьафсат бинт Ӏумар
Зайнап бинт Хузаймат
Умм Саламат бинт Абу Умайят
Зайнап бинт Джахьш
Джувайрият бинт Хьарис
Умм Хьабибат бинт Абу Супьян
Райхьанат бинт Зайд
Сафият бинт Хьуяй
Маймунат бинт аль-Хьарис
Марьят аль-КъибтӀият

Ӏаишат бинт Абу Бакр ат-Таймийят аль-Къурашийят (Ӏаьр. عَائِشَةُ بِنْتُ أَبِي بَكْرٍ التَّيْمِيَّةُ الْقُرَشِيَّةُ; йина 604, Макка — 678 шеран 13 июлехь, Мадинат, Хьиджаз, Умавийн халифат‎‎) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ кхоалгӀа зуда а, муъма нехан нахойх цхьаъ а йу, ша йоцург йоӀстаг зуда цо ца йалийна хилла йолу. Иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ дуьххьарлерчу халифан Абу Бакр ас-Сиддикъан йоӀ а йу[4][5]. Мухьаммад пайхамара ﷺ и йалийна Бадрун гӀазот хиллачул тӀаьхьа 623-чу шарахь (хӀижрин 2-чу шарахь). Ухьудан гӀазотехь лазийначарна хи ма ло арабевлла хилла болчу зударшца хилла а йу иза[6]. Иза бехкейина хилла «Ифк» (эладита) олу хилам хиллачу хенахь, цу хьокъехь диссинчу Къуръанан аяташца вахьйуно (Делан хаамо) и бехке цахилар чӀагӀдаллалц, къаьсттина суннатхойн Ӏакъидато (динах тешаро) ма-бохху.

Ӏаишат Мухьаммад пайхамарца ﷺ даим хилар бахьнехь, цуьнан болх хилла ислам динан ахькамаш а, хьадисаш а нахе дӀадийцар, шен хьокъехь Аль-Хьакима «Аль-мустадрак» олучу жайнахь аллалц: «ШариӀатан доьалгӀа дакъа эла Ӏаишатера дийцина ду». Баккхийчу асхьабаша шайна хала хиллачу хӀумангахь, цуьнга хеттарш деш хилла. Абу Муса аль-АшӀарис а аьлла цуьнах лаьцна дешнаш: «Тхо, Делан элчан ﷺ асхьабаш, ца кхеташ цхьа а хьадис хилла дац, оха Ӏаиташе хаьттича, цунна и хууш хилар тхуна карийний бен»[7][8]. Хаза къамел дар (мотт цӀена бийца хаар) делла а хилла цунна.

Дахар дӀайаздар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьнен чу йалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏаишат дуьнен чу йаьлла де билгалдаккхаран гонаха цхьаьнацадар ду (хилпало йу). Амма гӀарадаьлларг, цуьнан 9 шо долчу хенахь и Мухьаммад пайхамаро ﷺ йалийна хилар ду, хӀижрин 2 шеран шаввал баттахь, и деана ду Аль-Бухарин а, Муслиман а шина сахьихь чохь Ӏаишата ша и дуьйцуш[9]. ТӀаккха и дуьнен чу йаьлла шо нисло хӀижрат далале 7 шо хьалха[10].

Мухьаммад пайхамаран ﷺ хӀусамехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Захало дийцар а, йалор а[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀижрат далале ши шо хьалха, Хадижат дӀакхелхиначул тӀаьхьа, Хавлат бинт Хьаким йеара Мухьаммад ﷺ волчу, цуьнга зудайалор доьхуш[11]. ТӀаккха Мухьаммада ﷺ хаьттира цуьнга: «Мила (йало йеза)?». Хавлата элира: «Хьуна лаахь йоӀстаг а, хьуна лаахь жеро а». Мухьаммада ﷺ хаьттира: «ЙоӀстаг мила йу, ткъа жеро мила йу?». ТӀаккха цо цуьнга хьахийра йоӀстаг — Ӏаишат йу, ткъа жеро — Савдат бинт ЗамӀат йу аьлла. ТӀаккха цо ﷺ элира: «Йийцахьа суна и шиъ». И гӀуллакх хьахо Ӏаишатан нана Умм Руман йолчу йахара Хавлат. Цуьнан нанас элира: «Собарделахь, Абу Бакр схьаваллалц». Схьавеъча Абу Бакра элира цуьнга: «Делан элчане ﷺ схьавола ала». ТӀаккха Мухьаммад пайхамаро ﷺ ван а веана, захало дийцира Ӏаишатца.

Ӏаишта Мадинате хӀижрат дира, Мухьаммад пайхамаро ﷺ хӀижрат диначул тӀаьхьа. Мухьаммада ﷺ и йалийра Бадрун гӀазот хиллачул тӀаьхьа, хӀижрин шолгӀачу шарахь. Мухьаммадна ﷺ гӀенах Джибрил малик гина хилла, дарин кӀадина йукъахь Ӏаишат йохьуш деана, цо элира Мухьаммаде ﷺ: «ХӀара хьан зуда йу». Кхечу хьадисехь деана ду цо иштта элира аьлла: «ХӀара хьан зуда йу дуьненахь а, эхартахь а». Мухьаммада ﷺ цунна жоп делира: «Нагахь хӀара Делера далахь, цо и кхочушдийр ду».

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. https://www.britannica.com/biography/Aishah
  2. https://snl.no/Aisha
  3. Большая российская энциклопедияМ.: Большая российская энциклопедия, 2004.
  4. مسند الإمام أحمد: المجلد السادس: (168 من 182)، نداء الإيمان
  5. الطبقات الكبرى لابن سعد ج8 - (106:118)، ذكر أزواج رسول الله
  6. صحيح البخاري، كتاب الجهاد والسير، باب غزو النساء وقتالهن مع الرجال - إسلام ويب
  7. جامع الترمذي، كِتَاب الدَّعَوَاتِ، أبوابُ الْمَنَاقِبِ، بَاب مِنْ فَضْلِ عَائِشَةَ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهَا - إسلام ويب
  8. طهماز 1994، صفحة 174
  9. المكتبة الإسلامية - فتح الباري شرح صحيح البخاري لابن حجر العسقلاني - كتاب النكاح - باب من بنى بامرأة وهي بنت تسع سنين - حديث رقم 4863
  10. طهماز 1994، صفحة 21
  11. صحيح مسلم (10) باب تزويج الأب البكر الصغيرة 69 - (1422) صحيح مسلم - كتاب النكاح