Дендалар
Дендалар, йа Ренесса́нс (фр. Renaissance, итал. Rinascimento, схьадаьлла лат. renasci — Йуха дуьненна тӀе вала, йухадевала[1]) — оьздангаллин-историн муьрех цхьаъ, Йуккъера бӀешерашна а, Керла заманан а йукъара Европин кагдаран историн мур, цуо биллина бух керла европин оьздангалллин (иштта хьалхара Керла зама)[2].
Италехь Дендаларан мур болабелла XIV бӀешарахь — проторенессансан муьрехь, йа треченто (оьздангалла 1300-гӀа шерашкара). Италихойн Дендалар хуьлу къегина XV—XVI бӀешерашкахь, цунна чохь билгалдоккху Лекха Дендалар (1490 – гӀа шерашна чаккхенгара хьалхара дакъа XVI бӀешеран доьлгӀачу декъера). Йуккъера а, Къилбаседа а Европин мехкашкахь Дендаларан мур тӀекхечира тӀехьо, ийцира спецификин аматаш. Иштта йу Къилбаседа Дендар а, Французийн Ренессанс а.
Термин схьадалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Италихойн дош «rinàscita» хаало Гиберти Лоренцо «Комментарешкахь» (I Commentari, 1452—1455), цуьнан хенара исбаьхьалчех лаьцна жайнахь, и дош мичара эцна «Уггаре гӀарабевллачу суртдиллархойн, агархойн, архитекторийн дахарах дийцар» (1550) Вазари Джорджос дийцина. Вазарис оцу дешца билгаладаьккхина шел хьалхарчеран гӀуллакх, XVI бӀешеран йуххьера исбаьхьалчийн, «дуккха а шераш девлчачул тӀаьхьа, йуккъера бӀешерийн а, варвараллин а йоьжначул». Цуо йаздора «адамийн хьекъал дӀадуькъначу пардонах лаьцна, «Делан къинхетамца» исбаьлчашна гира «бакъ долу тӀех хазаниг». Цуьнан билгалонца, «дендар — иза стеган йухаверзар ду шен Ӏаламан гармонин хьоле йукъаметтигашца Ӏаламца». Цундела «Ӏалам — иза васт, ткъа шира — ишкол». Дендаларан хьалхара хенах гуманхоша олу «бодане бӀешераш»[3].
1855 шарахь французийн историко Мишле Жюла «калька» делира италихойн терминан ворхӀалгӀа томан «Францин истореш» коьртан[4]. 1860 шарахь зорба тоьхна швейцарин историкан Якоб Буркхардтан «Италин оьздангалла Дендаларан муьрехь» (Die Kultur der Renaissance in Italien) къинхьегамна. Оцу хенахь дуьйна дешнаш «дендар» а, «ренессанс» а синонимаш хилира оьздангаллин исторехь кагдаран мур йукъара тӀеэцна билгалбаккха. Нохчийн меттан гӀиллакхехь массара а тӀеэцна дац, амма леладо дош «дендар» йукъара маьӀнехь а, италихойн оьздангаллин а, ткъа «ренессанс» — алсама лелош ду Францин оьздангалла йуьйцуш.
Дендаларан оьздангаллин идейн баххаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дендаларан муьран къаста амат — оьздангаллин дуьненан амал, цуьнан гуманизм а, антропоцентризм а, айаделла хьашт антикалле. Тезисан экономикин факторийн коьрта маьӀна: махлелор а, сурсатийн-ахчанан а йукъаметтигаш шорйар, мануфактурин арахецар кхиар, царна хӀинца кӀезиг маьӀна ло. Синмехаллин оьздангаллехь кагдар хилла, динан дуьнегаран эволюци а, гуонахьара дуьненах хетарг шордалар а бахьнехь. Говзаллин йукъаметтигашкахь гуш ду, йуккъера бӀешерийн говзанчашна антикаллех дерг хьалха а хаара, цуьнан кепаш а лелайора шайн кхолламашкахь[5], амма, Вазаран билгалоца, уьш галдахар, «XV бӀешеран чаккхенгара — XVI бӀешеран йуьххьера йеккъа Италехь хилла контаминаци — органикца хаза кепаш иэр, уьш йина антикаллехь, керстачеран гуманизман а, пантеизман а» керла ойланашца[6].
Йукъара амал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Керла оьздангаллин парадигма кхоллайелла Европин йукъараллин кардиналан хийцаман бахьнашца.
Башха маьӀна Дендалар хӀоттарехь хилла Византийн пачхьалх йожар а, шайца шайн библиотекаш а, говзаллин кхолламаш а схьаэцна Европе византихой бовдар а. Кхолламаш чохь дара дуккха а антикаллин хьосташ, уьш ца довзура йуккъера бӀешерийн Европина, цар иштта дӀакхехьара антикаллин оьздангалла, Византехь иза цкъа а йиц ца лора. Иштта, визатийн лекторан къамелах битам хилла, Козимо Медичис кхоьллира Платонан академи Флоренцехь.
ГӀаланаш-республикаш тӀекхетаро, тӀетоьхна чкъоьрийн Ӏаткъам, цара дакъа ца лаьцна феодалийн йукъаметтигашкахь: говзанчийн а, пхьерийн а, махлелочеран а, банкирийн а. Царна массарна а иерархин мехаллин система неха хетара, иза кхоьлллинера йуккъерабӀешеран, дукхаха дерг килсийн оьздангаллин, цунан халбаталла, эсала син. Цуо далийна гуманизме — йукъараллин-философин боламе, иза адаме хьожу, цуьнан къонахалле, цунан паргӀатоне, цуьнан жигара, кхуллу гӀуллакхе лакхара мах болу а, йукъараллин институтийн мехаллин билгалонашка.
ГӀаланашкахь кхоллайала йуьйлайелира дуьненан Ӏилман а, говзаллин а центраш, церан гӀуллакх килсан тергонехь дацара. Керла дуьнене хьажар дирзира антикалле, цунна чохь гора гуманизман а, халбатхочун доцу а йукъаметтигаш. XV бӀешеран йуккъехь Жайнаш зорба тохар кхолларо йоккха роль ловзийна антикаллин тӀаьхье йерриг Европехь йаржорехь.
Дендалар Россехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Россехь йацара Ренессанс йуьхьанцара маьӀнехь оцу терминан.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Комментареш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Коммент:
Хьосташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Online Etymology Dictionary . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 26 февраль. Архивйина 2009 шеран 29 июнехь
- ↑ Аполлон. Изобразительное и декоративное искусство. Архитектура. Терминологический словарь. — М.: НИИ теории и истории изобразительных искусств РАХ—Эллис Лак, 1997. — С. 101
- ↑ Гарэн Э. Проблемы итальянского Возрождения. — М.: Прогресс, 1986. — С. 35—36
- ↑ Февр Л. Как Жюль Мишле открыл Возрождение (1950) //Бои за историю. Серия: Памятники исторической мысли. — М.: Наука, 1991. — С. 377—387. — ISBN 5-02-009042-5
- ↑ Панофский Э. Ренессанс и «ренессансы» в искусстве Запада. — М.: Искусство, 1998. — С. 51
- ↑ Власов В. Г. Возрождение // Новый энциклопедический словарь изобразительного искусства. В 10 т. — СПб.: Азбука-Классика. — Т. II, 2004. — С. 471—472
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Возрождение, эпоха // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Пясецкий В. Н. Архитектурные формы раннего возрождения в Италии. Обзор архитектурных форм раннего Возрождения вместе с историческими сведениями о них с указанием причин их появления в итальянском искусстве. Описание различных деталей памятников итальянского зодчества XV века с чертежами и рисунками. С 142 чертежами на десяти отдельных листах и 10 рисунками в тексте. — С.-Петербург: Издание редакции журнала «Строитель». Типография Е. Евдокимова. Троицкая ул., № 18. 1897. — 106 с.
- Абрамсон М. Л. От Данте к Альберти / Отв. ред. З. В. Удальцова; АН СССР. — М.: Наука, 1979. — 176, [8] с. — (Из истории мировой культуры). — 75 000 экз.
- Гарэн Э. Проблемы итальянского Возрождения: Избранные работы. — М.: Прогресс, 1986. — 400 с. — 40 000 экз.
- Искусство раннего Возрождения.. — М.: Искусство, 1980. — 257 с.
- История искусства: Ренессанс.. — М.: АСТ, 2003. — 503 с.
- Затюпа С. В. Ренессанс: точка отсчёта. История западноевропейского искусства XIV—XVI веков. По материалам частной коллекции. — М.: Центр Искусств. Москва, 2020. — 115 с. — ISBN 978-5-6045971-2-5.
- Яйленко Е. В. Итальянское Возрождение.. — М.: ОЛМА-ПРЕСС, 2005. — 128 с.
- Андреев М. Л. Инновация или реставрация: казус Возрождения// Вестник истории, литературы, искусства. Т. 1. — М.: Наука, 2005. С. 84-97.
- Государство как произведение искусства: 150-летие концепции: Сб. статей / Институт философии РАН, Московско-Петербургский философский клуб; Ответственный редактор Абдусалам Гусейнов. — М.: Летний сад, 2011. — 288 с. (PDF-версия)
- Рыков А. В. Вокруг Леонардо да Винчи: модернизм, террор, грезы и метаистория // Вестник Санкт-Петербургского университета. Сер. 15. 2015. Выпуск 4. С. 98-108
- Степанов А. В. Искусство эпохи Возрождения. Италия. XIV—XV века.. — СПб.: Азбука-классика, 2005. — 504 с. — (Новая история искусства). — ISBN 5-352-00597-6.
- Степанов А. В. Искусство эпохи Возрождение. Италия. XVI век.. — СПб.: Азбука-классика, 2007. — 640 с. — (Новая история искусства). — ISBN 978-5-352-02083-8.
- Холл М. Б. Наука Ренессанса. Триумфальные открытия и достижения времен Парацельса и Галилея. 1450-1630. — М.: Центрполиграф, 2014.
- Горфункель А. Х. Ренессансные предпосылки возникновения классической механики // Механика и цивилизация XVII-XVIII вв. Под ред. А. Т. Григорьяна и Б. Г. Кузнецова. — М.: Наука, 1979. — С. 21—44.
- Джон Гриббин, Мэри Гриббин. Происхождение эволюции. Идея естественного отбора до и после Дарвина = John Gribbin, Mary Gribbin. ON THE ORIGIN OF EVOLUTION.. — М.: Альпина нон-фикшн, 2022. — С. 294. — ISBN 978-5-00139-681-9..