Дендаларан муьран литература

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ренессанс
Оьздангалла
Географи

Дендаларан муьран литература — лителатин йоккха агӀо, йерриг Дендаларан муьран оьздангаллин коьрта дакъа. ДӀалоцу XIV - XVI бӀешерийн мур. ЙуккъерабӀешеран литературез къаьста, керла, прогрессан гуманизман идейн базин тӀехь латтарца. Дендаран дешан синоним йу термин «Ренессанс», французех схьадалар долу. Гуманизман идей кхоллало дуьххьара Италехь, тӀаккха йаьржа йерриг Европехула. Иштта Дендаларан литература йаьржира йерриг Европехула, амма хӀора махкахь шен къоман амал схьаийцира. Термино Дендаларо билглдоккху карладаккхар, исбаьхьалчаш, йаздархой, ойлачаш оьздангалле, антикаллин говзалле берзар, цуьнан йаккхий идеалех тардар.

Гуманизман кхетам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гуманизм» кхетам лело йукъабаьккхина Ӏилманчаш XIX бӀешарахь. Иза схьадолу латинан humanitas (адаман Ӏалам, син-мехаллин оьздангалла) а, humanus (адаман), цуо билгалдоккху адаме хьажийна идеологи. ЙуккъерабӀешерашкахь лелара динан а, феодалийн а идеологи.

Дендаларан муьрехь билгалдаьла феодалийн-килсан идеологера дӀатаӀар, адаман дастадаларан ойланаш йукъайевлла, адаман лакхара къонахалла чӀагӀйалар, дуьненан ирс маьрша кхулург санна. Идейш хилира оьздангалла кхиар билгалдохурш, Ӏаткъам бира говзалла, литература, музыка, Ӏилма кхиарна, тӀеделира политикина. Гуманизм — иза дуьненан амалехь дуьне гар ду, антидогматикин а, антисхоластикин а амалехь. Гуманизм кхиа йолало XIV бӀ. дуьйна, гуманхойн кхолламаллехь, масала: Данте, Петрарка, Боккаччо; кӀезиг бевзчеран а: Пико делла Мирандола, кхин берш а. XVI бӀешарахь керла дуьне гаран хьесап лагӀделла, феодалийн-католикийн реакци бахьнехь. Иза хийцина Реформацис.

Дендаларан литературех лаьцна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дендаларх лаьцна дуьйцуш, оха дуьйцу Италех, иза антикаллин оьздангаллин коьрта дакъа дӀахьуруг йу, Къилбаседа Дендалар, хилла къилбаседа а, малхбузен а Европехь: Францехь, Ингалсехь, Германехь, Нидерландашкахь, Испанехь, Португалехь.

Дендалара литературин амалехь йу лакхахь йийцина гуманистийн ойланаш. Оцу муьрехь йукъайевлла керла жанраш, хьалхара реализм кхоллайаларца, цунах аьлла «Дендаларан реализм» (йа ренессансан), алсамо тӀаьхьарчех къаьсташ, серладоккхуш, цемаллин, социалистийн.

Кхолламаллашкахь ишттачу авторийн, масала, Петраркин, Раблен, Шекспиран, Сервантесан адаман дахарх лаьцна керла кхетамаш йаздо, лоллин муьтӀахь хилар, килсано ма-баххара. Адам цара гойту, Ӏаламан лакхара хӀума санна, цуьнан син а, хьекъалан а физикин амат дӀайелла гӀерата. Дендаларан реализман амалехь ду вастийн масштабалла (Гамлет, Лирийн паччахь), поэтизаци, боккха син-хаамалле хьуьнар, цуьнца цхьаьна трагикан дов лакхара лалар («Ромео а, Джульетта а»), цуо дӀатотту адам Ӏоттадалар шеца мостагӀалла долу ницкъаш.

Испани а, Португали а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оцу мехкашкахь литература куьура ша кепара. Социалан-политикин хьал цигахь чолхе дара. Хьалха кхузахь хилла Реконкиста, магӀарбийунашкара латта схьадаккхар. Испани цхьа пачхьалкх йацара, иза лаьттара шешша йолчу пачхьалкхех. ХӀора провинци кхуьура йуьхьанца шешша. Абсолюталла (Изабелла а, Фердинанд а долуш) хоьттира тӀехьа. ШолгӀачу рогӀехь, Испанис оцу заманахь колонешкара дукха деши арадоккхура, цу чохь дукха бахамаш гуллора, оцу массо хӀумано промышленность а, буржуази хӀоттар сецадора. Амма, испанин а, португалин а Дендаларан литература хьал долуш йу, гайтина дикка йаккхий цӀерашца. Масала, Сервантес де Сааведра Мигель, цуо ладаме тӀаьхье йитина, проза а, поэзи а. Португалех Дендаларан воккха векал ву Луис де Камоэнс, «Лузиаданаш»н автор, иза португалихой историн эпос йу. Кхуьура, поэзи а, романан а, новеллин а жанраш. Оцу хенахь йукъайаьлла испанин жанр хьарамчу нехан роман. Масала: «Тормесера Ласарильон дахар» (автор вац), «Гусмана де Альфарачен дахар а, лелар а» (автор — Алеман Матео).

Лелийна литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • История зарубежной литературы. Средние века и Возрождение. — М.: «Высшая школа», 1987.
  • Краткий словарь литературоведческих терминов. Редакторы-составители Л. И. Тимофеев, С. В. Тураев. — М., 1978.
  • Брагина Л. М. Итальянский гуманизм : Этические учения XIV-XV вв.: Учеб. пособие для ист. фак. ун-тов и пед. ин-тов. — М.: Высшая школа, 1977. — 254 с.
  • Зарубежная литература. Эпоха Возрождения (хрестоматия), составитель Б. И. Пуришев. — М., 1976.