Уэйлен, Линдсей

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Уэйлен Линдсей
инг. Lindsay Whalen
Уэйлен 2016 шарахь «Линкс» йукъахь ловзуш
Уэйлен 2016 шарахь «Линкс» йукъахь ловзуш
Карьера чекхйаьккхина
Позици ловзар дӀахьо турсло
Локхалла 175 см
Йозалла 68 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1982 шеран 9 май({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (41 шо)
Йина меттиг Хатчинсон, Миннесота
Ишкол Хатчинсон (Хатчинсон)
Колледж Миннесота (2000—2004)
Драфт КъБА 4-гӀа, 2004, Коннектикут Сан

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Лондон 2012 баскетбол
Деши Рио-де-Жанейро 2016 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Чехи 2010
Деши Туркойчоь 2014
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Линдсей Мари Уэйлен (инг. Lindsay Marie Whalen; йина 1982 шеран 9 майхь, Хатчинсонехь, Миннесота штатехь, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, левзина Зударийн къоман баскетболан ассоциацехь. Иза хаьржира 2004 шеран ДКъБА драфтан хьалхарчу раундехь йукъара доьлгӀа лоьмарца «Коннектикут Сан» клубо. Левзира ловзар дӀахьо турслочун позицехь. «Миннесота Линкс» клубан йукъахь доьазза ЗКъБА чемпион, ткъа кхин а шозза олимпийн чемпион а, шозза дуьненан чемпион.

ЗКъБЛ карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Уэйлен хаьржира 2004 шеран ДКъБА драфтан хьалхарчу раундехь йукъарчу йоьлгӀа лоьмарца «Коннектикут Сан» клубо. 2005 шо кхачале, драфтан хьалхарчу лоьмарца хаьржинера Маккарвилл Джанель, иза массарел лакхара харжам бара Big Ten конференцин баскетболхошна йукъахь. Драфтехь Линдсей къовсуш йара иза йинчу гӀалара команда — «Миннесота Линкс», цуо, драфтан харжамехь лакхайалархьама хийцира «Сиэтл Штормца» Шери Сэм а, Джанель Бёрс а Ласситер Амандех а, драфтера йалхалгӀа харжам а. Амма «Коннектикута» Уэйлен хаьржира хьалха, тӀаккха «Линксан» план кхочуш ца хилира, ткъа «Шторман» кхечира шиъ баскетболхо, цара гӀодира командина ЗКъБА чемпион хила.

Дуьххьарлерачу шарахь цуо ша дика гайтира, иза хаьржира «Радио-сити-мьюзик-холлан» матчехь АЦШ къоман гулйина командин дуьхьала дакъалаца. Цуо кхин а гӀодира хьалхарчу шина шарахь «Санан» ЗКъБА финале йала.

2008 шарахь Уэйлена командина гӀодира Малхбален конференцехь шолгӀа меттиг йаккха, шеран жамӀашца лидер хилира буьрка дӀйаларца, кхаж тасарехь шолгӀа меттиг йаьккхира чемпионатан уггаре мехала ловзархо хоржуш, тӀаьхьайисира Паркер Кэндисал, ткъа кхин а иза йукъатуьйхира первую сборную всех звёзд ЖНБА. В плей-офф же «Сан» проиграли «Нью-Йорк Либерти» в трёх ловзаршкахь.

2010 шеран 12 январехь Уэйлен хийцира «Миннесота Линксе», ткъа 12 августехь куьг йаздира дуккха а миллионийн шен керла командица долчу контрактана[1].

2011 шарахь Уэйлена кхачийра «Линкс» ЗКъБА чемпионан титуле[2]. «Линкса» рогӀера чемпионат чекхйаьккхира 27-7 жамӀаца. Огастус Сеймонца а, керлачу ловзархочуьнца Мур Маййаца а цхьаьна ловзуш, иза йуха а хилира буьрка дӀайаларца лигин лидер, ловзарехь буьрка дӀалора йуккъера барам 5,9[3]. цуо йаьккхира пхоьалгӀа меттиг шеран MVP кхаж тосуш[4], йукъатуьйхира дерриг седарчийн хьалхара гулйина командина. 2012 шарахь Линдсей йуха а хилира буьрка дӀайаларехь лигин лидер, ткъа «Линкс» йуха а чемпионатан финале йелира, цигахь хӀинца ийшира «Индиана Фиверал».

2013 шарахь Миннесота чӀагӀйелира Маккарвилл Джанельца, иштта Линдсей цхьаьнакхийтира шен командера хиллачу накъостца. 2013 шеран 7 сентябрехь Уэйленах хилира лигин исторера шолгӀа ловзархо Хэммон Беккил тӀаьхьа, карьерехь 4000 очко а йаьккхина 1500 буьрка дӀа а йелла, 1000 буьрка схьаэцна баскетболхо[5].

2016 шарахь иза йукъатуьйхира зударийн КъБА исторехь 20 уггаре дика ловзархочунна[6].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. With Lynx On Verge of Playoffs, Whalen Signs Extension — sportspagemagazine.com
  2. Lynx feted with WNBA championship parade — thegrio.com
  3. Whalen Captures WNBA Peak Performer Honor — wnba.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 26 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 6 октябрехь Архивйина 2016-10-06 — Wayback Machine
  4. Lindsay Whalen for MVP? — slamonline.com
  5. Chart: Whalen's career milestone — startribune.com
  6. Whalen Among WNBA Top20@20 — gophersports.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 23 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 26 июнехь Архивйина 2016-06-26 — Wayback Machine

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Зударийн КъБА ражера чемпионатан буьрка ДӀайаларехь лидераш