Урданера нохчий

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Урданера нохчий
Ша шена тиллина цӀе Нохчий
Дукхалла а, ареал а
Мотт нохчийн, Ӏаьрбийн
Дин бусулба
Расийн тайп Кавказан раса
Юкъабоьду нохчий
Гергара къаьмнаш гӀалгӀай
Схьабалар Нохчийчоь (Нохч-Мохк, Ӏовха)

Урданера нохчийУрданехь бехаш болу нохчий. 1865 шарахь Кавказан тӀом чекхбаьлча 5000 герг нохчийн доьзал Ӏусманан импере кхелхира, оцу кхалхаран мухаджиралла аьлла цӀе тиллира[1]. Иштта кхоллаелира Нохчийн диаспораш Туркойчохь, Шемахь, Урданехь[2].

Махкахбахар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Сухне гӀалара нохчийн маьждиг

1865 шарахь Ӏусманан импере нохчий дӀакхалхаран коьрта бахьна дара, Российн империн колонеш кхуллуш политика хилар а, нохчашкара латтанаш схьадохуш хилар а, оцу хенахь Ӏусманан империн юкъа йогӀуш яра Шема, Урдан, Ливан, Ӏиракъ, ПалестӀина, Мисар кхин Ӏаьрбийн пачхьалкхаш а, Империн политика бахьнехь нохчий катастрофан гена бацара, латтанаш схьадахар бахьнехь махкахь тӀемаш хиларан кхерам бара. ХIХ бӀешеран 60 шерашкахь нохчий Герга Малхбале махкахбахар тӀедиллина дара Лорис-Меликовн, ткъа нохчий махкахьбаха беза аьлла дага деънера хӀирийн оьрсийн инарла а волуш волу элан Муса Кундуховн[3].

Дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Урданан парламентехь нохчашкахь шиъ гӀан ду[4].

2018 шарахь Урдуне бахначу нохчийн Ӏилманхоша Урданехь 20 тайпанаш ду аьлла яздина, нохчийн массийта тукхамийн юкъара. Царна юкъахь уггаре дукха бу аьлла билгалбаьхна беной (Онжби, Доьйши, Чополой, Эди, Гуьржи-Махкахой, Джоби), Ӏовхой (Шинрой, Пхьарчхой, Кхархой, Барчхой, Ноккхой)[5].

Цул совнах мухаджирийн юкъахь карина кӀезга гӀалгӀайн евлой тайпана нах, иштта нохчийн гӀумхой тайпана нах а[5].

Нохчий хьалха дуьйна Ӏедалан массо кхочешкахь болхбеш бу. Нохчийн-мухаджирийн баккхий кхиамаш бу тӀеман гӀуллакхехь. Урданехь доцуш, кхечу Ӏаьрбийн пачхьалкхашкахь а вевзаш ву нохчийн духхьара инарла, Урданан Турпалхо Ахьмад Рамзи Беной (Онжби) тайпана волу[5].

ГӀарабаьлларш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Ӏабдулатиф Сайед Батал — Урданан эскаран инарла;
  • Ахьмад Арслан Алауддин (1942—2014) — эскаран хьаькам, бронтанкийн эскаран дивизин инарла, Ӏаьрбийн-жугтийн тӀемийн 1967 а, 1973 а шерийн декъашхо, Урданан шозза Турпалхо;
  • Бадер Шишани — Урданан профессор;
  • Бено, СаӀид Юнис (1928) — БагӀдадехь Инженерийн колледж, Вашингтонан университет (гӀ. Сиэтл), Паччахьийн Ӏилмана-технологин колледж Глазгохь (Шотланди) чекхъяьккхина. Бакалавр (1950) а, гӀишлошъяран магистр (1958). 1950—1964 шарашкахь инженер, Некъийн департаментан Министерстван юккъараллин белхийн директор, 1964—1976 шерашкахь юккъаралин белхийн министран гӀовс. 1976 шарахь юкъаралин белхийн министр дӀахӀоттийна. Урданан ассоциацийн гӀишлошъяран, Урданан некъийн юкъараллин, Ӏаьрбийн гӀишлошъярхойн юкъаралин декъашхо;
  • Мохьмад Башир Исмаил — Урданан эскаран генерал-майор;
  • Ӏабдул-Бакъи Джамо (1922, Эз-Зарка — 2016 шеран 12 май, Эз-Зарка) — Урданан пачхьалкхан а, юкъараллин а гӀуллакххо, юристийн а, парламентан гӀуллакхийн министр[6], цул тӀехьа Урданан динан гӀуллакхийн министр. Иза вара Нажи-Юьртан кӀоштара Гилнар.
  • Рамзи, Ахьмад — Урданан эскаран инарла;
  • Шишан, Фарид Ӏабдель-Хьамид — эскаран хьаькам, Шеман а, Урданан а турпалхо, ГIаттаманденна тӀеман декъашхо, дӀавоьллина ву Димашкъехь;
  • Ашраф Шишани — Урданан тренер.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]