Ӏабдул-Бакъи Джамо
Ӏабдул-Бакъи Джамо | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | политик |
Вина терахь | 1922 шеран 14 декабрь |
Вина меттиг | Эз-Заркъа |
Кхелхина терахь | 2016 шеран 11 май (93 шо) |
Кхелхина меттиг | Эз-Заркъа |
Гражданалла | Урдан |
Пачхьалкх | Урдан |
Да | Джамо |
Нана | Бука |
Зуда | Самихьа (Гуц), ХӀадия |
Бераш | КӀентий: ХӀарун, Ӏабдулла, Ӏумар, йоьӀарий: ДжихӀан, ХӀиям, ИльхӀам, Асмаъ |
Шайх Ӏабдул-Бакъи Джамо (1922 шеран 14 декабрь, Эз-Заркъа — 12 май 2016, Эз-Заркъа) — Урданан пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, юридически а, парламентан а гӀуллакхийн министр[1], цул тӀаьхьа Урданин динан гӀуллакхийн министр. Дай Урдане кхелхина Нохчийчуьра Нажи-Йуьртан кӀоштара Гилнара.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏабдул-Бакъин дай схьабевлла ломан Хой эвлара, кхелхина Гилна эвла[2]. Тайпана Ялхо вара[3].
Джаму, нохчаша цунах Джамиль олура, воккха Ӏелам стаг хилла. Иза шина вешийца, зудчунца, кӀентаца, битира Даймохк хьиджран терахьца 1319 шеран 15-гӀачу дийнахь еарахь (1901 шо григорианан рузманца).
Уьш арабевлира Нажи-Йуьртан кӀоштан Гилнара. Цуьнца бара йуьртахой а, кхечу нохчийн эвланашкара кхин бахархой а, берриш 73 доьзал. Мухажираш арабевлира ворданашкахь. Цара шарахь гергга некъ бира. Зуда а, кӀант а белира шелонна Туркойчохь, Алвар эвлахь. Циггахь кхелхира кхин а масех мухажир. Дийна бисинарш дӀакхечира Урдане, цигахь йиллира эвла (хӀинца — гӀала) Эз-Заркъа. Царна йукъахь вара вуьрхӀитта Ӏелам стаг. Уьш бевзира махкахь, шайн дош лелаш а бара Ӏаьрбийн Ӏелам нахана йукъахь[4].
1952-чу шарахь Ӏабдул-Бакъис чекхйаьккхира Мисарахь йолу Аль-Азхар университет[5].
Дуьхьала вара Нохчийчохь тӀом болорна, Удуговс Ӏабдул-Бакъи жуьгтех ваьлла, иза сионистийн гӀуллакххойх цхьаъ ву элира[6].
«Ислам — баьццара оба йац, туркойн куьй а бац, маж а йац. Ислам — адаман са ду, иза духаршца кеч ца ло, ткъа дикачу гӀуллакхашца кечдо. Суна, нохчочунна, деза ду нохчийн духар, Ӏаьрбийн а, туркойн а дац. Со АллахӀа кхоьллина нохчий, Иза воцчунна ца хаьа аса мел хӀастам бо Цунна иза бахьнехь», — дийцира Ӏабдул-Бакъи Джамос.
2016 шо кхаччалц Ӏабдул-Бакъи Джамо коьртехь вара паччахьаллин Кавказан диаспорин[8].
Доьзал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏабдул-Бакъин шиъ зуда хила Самихьа (Гуц) а, ХӀадия а, барх бера а хила кӀентий: ХӀарун, Ӏабдулла, Ӏумар, йоьӀарий: ДжихӀан, ХӀиям, ИльхӀам, Асмаъ.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Чеченский лев арабской пустыни Архивйина 2016-06-10 — Wayback Machine
- ↑ Вести Чечни 12.05.16г — Чечня
- ↑ Гарсаев Л.М., Гарасаев Х.-А.М. Чеченские мухаджиры и их потомки в истории и культуре Иордании. Историко-этнографические очерки // . — Грозный: Грозненский рабочий, 2019. — С. 366. — 416 с. — ISBN 978-5-88195-949-4.
- ↑ Зарина Зубайраева. Шейх Иордании Абдул-Баки Джамо:«Я считал, что на возрождение Чечни уйдет не менее ста лет. И очень рад, что ошибался» . IslamRF.Ru — Информационно-аналитический портал (2008 шеран 28 октябрь). Архивйина 2024 шеран 7 мартехь (ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Ибрагимова З.Х. Царское прошлое чеченцев. Политика и экономика . — Москва: Пробел-2000, 2009.
- ↑ Интервью 1. Муса Темишев. Генерал Рохлин и ядерные чемоданчики Джохара Дудаева Архивйина 2016-08-20 — Wayback Machine
- ↑ НА 95 ГОДУ ЖИЗНИ СКОНЧАЛСЯ ШЕЙХ АБДУЛ-БАКИ ДЖАМО
- ↑ Айнди Беккаев. Н. Джамо: «Мы должны продемонстрировать всему миру величие и красоту нашего края» . www.ChechnyaTODAY.com (12 марта 2010). Архивйина 2016 шеран 18 сентябрехь
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Чечня: в когтях дьявола, или, на пути к самоуничтожению: история, аргументы и факты глазами очевидца
- Чечня глазами чеченца
- Дожди меняют цвет: о бурных днях Чечни, о себе, о людях моего поколения
- События в Чечне и их возможное воздействие на углубление системного кризиса в России: доклад на клубе «Содержательное единство», 08.12.94г