Акведук (эвла)
Эвла | |
Акведук | |
---|---|
гӀебарт.-чергаз. Акуэдук, оьрс. Акведук | |
43°37′30″ къ. ш. 44°25′55″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх |
![]() |
Республика | ГӀебартойн-Балкхаройчоь |
Муниципалан кӀошт | Теркан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Керла-Хьамидие |
Корта | Ардавов Хазрет Хусейнович |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1929 шарахь |
Хьалхара цӀерш | Кадиев эвла |
Центран локхалла | 207 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↘9[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | гӀебартой |
Динан хӀоттам | бусалба-суннийш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 86632 |
Поштан индексаш | 361 212 |
Автомобилан код | 07 |
Код ОКАТО | 83 235 000 002 |
Код ОКТМО | 83635440106 |
Картин тӀехь | |
Акведук (оьрс. Акведук) — Российн Федерацин ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштара эвла. Муниципалан кхолламан «Йуьртан меттиг Керла-Хьамидие» йукъахь йу.
Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Акведук эвла лаьтта Теркан кӀоштан малхбален декъехь, Курп эркан аьрру бердаца. Эвлан центр йолчу Керла-Хьамидиен 7 км малхбалехьа ю, кӀоштан центран — Терк гӀалан 55 км къилбаседа-малхбалехьа, Нальчикан 97 км къилбаседа-малхбалехьа. Эвлан малхбалехьа административан доза доьду ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Къилбаседа ХӀирийчоьнца.
Доза ду эвлийн мехкашца: Керла-Хьамидиеца малхбузехь, Хьамидиеца къилбаседа-малхбузехьа Лаха Малгобекца малхбалехь.
Эвла лаьтта Теркан дукъан къилбаседа кӀажошкахь, таьӀна йолчу ГӀебартойн акъарин тӀехь, ломан тӀиера аренашка араболучу республикин мехкаш тӀехь. Эвлан латтан юккъера локхаллаш 207 метр ю хӀордан тӀегӀан тӀиера. Меттиган рельеф ийна ю, таӀна ломан кӀажошкара акъари, къилбехь Теркан дукъан басеш хуьлу.
Эвлан махкара гидрографин маша гайтина Курп эрко, иза чекхдолу эвлан малхбалехула, Малокабардински татоло, эвлан къилбехьахула доьду. Эвлан малхбузехьа лаьтта куьйга даьхна Ӏаьмнаш, цара нисдо хин татолийн охьадахар. Курп эркан атагӀи чӀогӀа хьийзаш а, цуьнан чӀож меттигашкахь 10 метр кӀорга ду. Эркан тогӀи дӀалаьцна хин йисттерачу хьуьнан асано.
Климат тӀуьна барамера йовха аьхкенца а, шийла Ӏаьнца а. Шеран юккъера хӀаваан температура +10,0°С гергга ю, техка юккъерчарна тӀиера +23,0°С июлехь, -2,5°С тӀекхаччалц январехь. Минимум температураш Ӏай наггахь охьайовлу -10°С лаха, аьхка максимум температураш кхочу +35°С. Шеран юккъера йочанийн барам 600 мм гергга бу. Йочанийн коьрта дакъа догӀу апрелера июнь кхаччалц болчу муьрехь. Коьрта мехаш — къилбаседера. Аьхке чекхйолуш йокъаллаш хила тарло, уьш йоьзна ю Каспиййистан аренан мехашца.
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Эвла йиллина 1929 шарахь Малокабардински татол доккхуш, Кадиев эвлан меттигехь.
Хин татол кӀорга Курп эркан акъарех чекхдаккха акведукан система йира. Иза бахьнехь керла эвлан цӀе тиллира Акведук аьлла. Ткъа эвла юьхьанца охьахевшинера МКООС (Мало-Кабардинская опытно-оросительная система) татол тӀехь болх бен белхалой.
Бахархойн дукхалла[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бахархойн дукхалла | ||
---|---|---|
2002[2] | 2009[3] | 2010[1] |
30 | →30 | ↘9 |
Климат[нисйе бӀаьра | нисйе]
Кхузахь климат барамехь континенталан йу, аьхка йовха хуьлу, ткъа Ӏа барамехь-шийла хуьлу. Шеран уггаре а бовха бутт бу — июль (мангалан), уггаре а шийла — январь (кхолламан).
Сахьтан аса[нисйе бӀаьра | нисйе]
Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 21 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 21 сентябрехь.
- ↑ Численность населения Кабардино-Балкарской Республики по сельским населенным пунктам по итогам ВПН-2002. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 11 февралехь. Теллина 2016 шеран 11 февралехь.
- ↑ Численность населения по Кабардино-Балкарской Республике на 1 января 2009 года в разрезе муниципальных образований. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 16 мартехь. Теллина 2015 шеран 16 мартехь.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
![]() |
ХӀара ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |