Сэйбрук колони

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Историн пачхьалкх
Сэйбрук колони
Байракх
Байракх
Ctcolony.png
Flag of Great Britain (1707–1800).svg 
1635 — 1644

Коьрта гӀала Олд-Сэйбрук
Мотт ингалсан

Сэйбрук колони (инг. Saybrook Colony) — Къилбаседа Америкера 1635—1644 шерашкахь хилла йолу ингалсан колони.

1632 шарахь Сэй-энд-Силан 1-ра виконтан Уильям Финнесна[en] а, Брукан 2-гӀа баронан Роберт Гревиллан[en] а, кхин а иттех иттех декъашхочуьнна а елира Уорикан графа а, Керла Ингалсан компанис а патент йоккхачу аса латтанна Коннектикут хин йисттехь. Цара хӀоттийра Уинтроп Джон-жиманиг (Массачусетан айманера колонин губернаторан Уинтроп Джонан кӀант), 1634 шарахь Ингалсе веана волу, оцу латтийн губернатор. Юхавирзина 1635 шарахь Америке, Уинтроп-жимачо йиллира инженеран Гардинер Лайонан[en] гӀоьнца гӀап Коннектикутан хикхочехь, цунна цӀе тиллира «Сэйбрук» латтан дайн сийнна.

1639 шарахь патентийн дайн векал хилла Сэйбрук гӀопе кхечира Фенвик Джордж[en], цунах губернатор хилира. 1640-гӀа шерашкахь Ингалсехь гражданийн тӀом хилар бахьнехь ингалсан патентийн дайн хӀордал дехьарчу операцех бала ца кхочура, тӀаккха 1644 шарахь церан пурбанца Фенвика йоьхкира Сэйбрук колони Коннектикут колонин Ӏедална.