Массачусетан айманера колони

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Массачусетан айманера колонийн карта.

Массачусетан айманера колони (инг. Massachusetts Bay Colony) — Керла Ингалсан британин колони, кхоьллина 1630 шарахь Массачусетан айманан компанис Карл I-чун хартица. Цуо бакъо елира компанин колони ян Чарльз а, Мерримак хишна юкъара латтанех. Дуьххьарлера мухажираш хилира коьртехь Уинтроп Джон волу эзарнаш пуританаш. Уггаре яккхий колонин гӀаланаш яра Бостон а, Сейлем а хӀинцалерачу Массачусетс штатехь йолу.

Плимутан а, Лондонан а компанех къаьсташ, уьш тоеш бара Плимутан а, Виргинин а колонеш, Массачусетсан айманан колони декхарийлахь яцара декъашхойн гулам Ингалсехь бан, цундела компанин урхалла дора Бостонера я Сейлемера. Паччахьо сагатдора колонин теократин правительствон тӀекхеташ йолчу паргӀатонна, 1684 шарахь дӀадаьккхира цуьнан устав. 1691 шарахь колони цхьаьнатоьхна Плимутан колоница а, Мэн колоница а кхоьллира Массачусетс провинци.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]