Александр VI

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Александр VI
лат. Alexander PP. VI
Александр VI
Байракх
214-й Руман папа
11 август 1492 — 18 август 1503
Килс Руман-католикийн килс
Хьалха хилларг Иннокентий VIII
Когаметтаверг Пий III
Кардиналийн коллегин декан
22 январь 1483
Хьалха хилларг кардинал Гийом де Эстутевилль
Когаметтаверг кардинал Оливьеро Карафа
Кардинал-протодьякон
март 1463 — 30 август 1471
Хьалха хилларг кардинал Просперо Колонна
Когаметтаверг кардинал Франческо Тодескини-Пикколомини

Вечу хенахь тиллина
цӀеран оригинал
кат. Roderic de Borja i Borja
Вар 1431 шеран 1 январь
Валар 1503 шеран 18 август[2] (72 шо)
ДӀавоьллина Санта-Мария-ди-Монсеррато
Да Жофре Ланзол де Боржа[d]
Зуда
Бераш Педро-Луис Борджиа, Чезаре Борджиа, Джованни Борджиа, Лукреция Борджиа, Джоффре Борджиа, Джиролама Борджиа, Изабелла Борджиа, Джованни Борджиа, Лаура Орсини, Родриго Борджиа-младший
Сийлахь сан тӀеэцар 1468
Епископан хиротони 30 июнь 1468
Кардинал 17 ноябрь 1456
C o a Alessandro VI.svg
Commons-logo.svg Александр VI Викилармехь

Алекса́ндр VI (лат. Alexander PP. VI; интронизаци хилале — Родри́го Бóрджиа (италихоша ма-алара) (кат. Roderic de Borja i Borja, испан. Rodrigo de Borja y Borja, итал. Rodrigo Borgia); 1431 шеран 1 январехь, Шатива, Паччахьалла Арагон1503 шеран 18 августехь, Рум) — Руман папа 1492 шеран 11 августера 1503 шеран 18 август кхаччалц. Руман шолгӀа папа хилла испанин Борджиа (Борха)[3] тайпанах.

Дикка шордина папас терго йен Папин областан мехкаш, юкъ йолу пачхьалкх йина цунах. Папаллин дуьненан гӀуллакх лардаран, шен гергара нах айбаран, ватиканан дипломатин машаш шорбаран цунна алсама бала хилира, Килсехь хийцамаш бечулла а, моралан сий Ӏалашдечулла а. Дин Ӏаморан агӀора, иза, Ренессансан муьран кхин папаш санна, консерватор вара, Ӏосалла дӀаяккхаран гӀайгӀа беш вара.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Испанин Шативера Александр VI иэс

Вина Валенсин гена йоцучу Шатива меттигехь, 1431 шеран 1 январехь[4]. Цуьнан да-нана дара Хофре Хиль де Борха-и-Ескрива (1390—1437) а, цуьнан генара гергара йолу Изабелла а. Ечу хенахь де Борха-и-Льянсоль яра иза (елла 1468), кардинал Алонсо де Борхан (Альфонсо де Борджиа) йиша а яра. Цуьнан йиъ йиший, ваший дара. Цуьнан ненан ваша 1455 шарахь хилира Руман папа Каликст III-гӀа. 1456 шарахь Родриго Румехь хилира кардинал-дьякон, 1457 шарахьРуман Килсан вице-канцлер, амма мозгӀар 1468 шарахь бен ца хилла[5]. Иза хӀоттор цуьнан ненан ваша лакхарчу даржехь хилар дара, амма Родриго Борджиас ша гайтира дика администратор санна.

Ненан ваша веллачул тӀаьхьа 1458 шарахь Родриго Борджиа Румехь ша висира. Папин эскаран баьчча хилла цуьнан ваша Педро Луис, ведира Чивитавеккья, цигахь уллехь стагга а воцуш велира, кхин болу гергара нах а бевдира; ткъа, Родригос нехан махкахь ша волуш ладаме даржехь висаро тешалла до цуьнан хьекъал хиларна а, дипломатин говзалла хиларна а[6]. Оцу шерех хууш кӀезиг ду, иза ӀиндагӀехь лаьттира, амма даккхий латтанаша (иза вара архиепископ, епископ, аббат Италин а, Испанин а дукхаха йолчу областашкахь) аьтту бира цуьнан хенан йохаллехь хьалдолу кардинал[7] хила.

1472 шарахь цуо зиярат дира испанин Валенсера шен епархе, арагонан паччахьан Фердинандан кӀентаца гархьама, цунна папин бакъо ялархьама гергара Изабелла Кастилин яло, ткъа и гӀуллакх догӀура Килсан ойланашца, Изабелла Кастилин шен вешин дуьхьалчу тӀамехь гӀолацархьама[8].

1492 шеран 6-11 августан конклав[нисъе бӀаьра | нисъе]

1492 шарахь Иннокентий VIII-гӀа веллачул тӀаьхьа шина коьрта кардиналийн ницкъаш, Джулиано делла Роверен а, Асканио Сфорцан а цхьатерра бара, оцун я вукхан толам хир бу аьлла дог дохийла а яцара. Таханлерачу а, XIX бӀешеран а историкийн ойла яра, шина конклаван юккъехь кардинал Борджиас кхаъ белла эцна Сфорца бохуш, хӀунда аьлча цуо шен кандидатура юкъара а яьккхина Борджиагхьа агитации йира, цуо кхин цуьнан агӀочаш а ийцира, шайн аббаталлашца а, епархешца а[9]. Амма XX бӀешарахь теллина конклаван тептарш тешалла до, гӀуллакх иштта ца хиларх: Борджиа вара коьрта кандидат хьалха дуьйна а[10]. Кардиналаша хаьржира иза компромиссан кандидат волун дела, кхин тӀе гӀараваьлла шен административан белхан гӀуллакхашца а, политика дика йовзарца а[7]. Предвыборные торги имели место накануне конклава, но не превышали подобные практики предыдущих конклавов[10].

Хьалхара италин тӀом болуш хилла политика[нисъе бӀаьра | нисъе]

Пётр асхьабан догӀанаш — Руман Папийн хӀост

Берриг Ренессансан папийн политикан догдоккхалло лахарчу хьоле кхачийра. Руман килбаседехьа а, малхбалехьа а яьржина яра папин гӀаланаш, де-факто урхаллехь яра меттигерчу феодалийн тайпанийн маьрша элийн, масала, Малатеста, Бентивольо, кхин а, цара ца лора папин, шайн элан, ялаеза ял а, ткъа шена Руман чохь папаш мостагӀалла леладора олигархин тайпанашца, масала, Колонна а, Орсини а, цара бӀешерашкахь шайн каралаьцнера баккхий бахамаш а, долара латтанаш а, ламаст хилла боккха Ӏаткъам а бара церан гӀалахошна[11][12].

Папа юьхьанца гӀиртира шен шира накъосташна тӀетовжа, ша католикийн паччахьаш аьлла дарж деллачу, испанин паччахьашна. 1493 шеран 4 майхь цуо арахоьцу булла «Inter caetera», тептаро бакъо ло Испанин а, Португалин а паччахьашна хӀордаца дӀадиллина латтанашна, чӀагӀбо царна шайна юкъара дуьне декъарх болу барт[13]. Цуьнан воккхаха волчу кӀантана Пьеро Луиджин паччахьо Фердинанд Арагонанчо елира Гандия герцогалла, и веллачул тӀаьхьа кхечу кӀантана Джованнин йисина йолу[14].

Папин кертахь, керлачу понтификан мостагӀийн партин коьрте хӀоьттира кардинал делла Ровере (хин волу папа Юлий II). Ша виерах кхеравелла, иза 1494 шарахь ведира Франце паччахьан Карла VIII-гӀачун керта, иза кечвелла вара шен эскар Неаполан паччахьалла (ша неаполан паччахьийн Анжу-Валуан некъийн когаметта волун дела) схьаяккха. Делла Роверен Ӏаткъамца паччахьо папин Борджиан дӀаваккхаран кхерам тесира[15][16].

1495 шо долалуш Александра Румехь тӀеийцира Карла VIII, папегара оьшуш йолу Неаполан паччахьаллин инвеститура ца еллашехь, французийн паччахь ца хӀоьттира цунна дуьхьала вала. Италехь гучудевлла французийн эскарш а, уьш къилбехьа эхаро а, кхерийра къилбаседа Италин урхалчаш а, Венецин республика а. Францин дуьхьала хьажийна паччахьийн Сийлахь лигех кхийтира император Максимилиан а. Дипломатин жигаралло а, испанхой тӀелатаро а цхьаьна хенан таро йира Италера французийн гегемонин кхерам дӀабаккха. 1495 шеран майхь французийн паччахьан дийзира юхавала шайн дозанашка.

ТӀамо, схьагарехь, гайтира Александр VI-гӀачун, Юккъера Италин дуьненан урхалчан долу шен Ӏедал совдаккха дезий, иза дан лур ду Папин областера меттигера ницкъ бен, зуламе урхалчаш куьйга кӀела балийча, тӀаккха французашна а, испанхошна а юкъахь, я царна а, я вукхарна а буха ца воьдуш левзичахьа[17].

Телхина хилар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Борджиан бугӀанца йолу хӀост, папин догӀанашца цхьаьна Сийлахь Маликан гӀап-гӀалан пенан тӀаьхь

Александран карахь онда политикан гӀирс бара кардиналийн куьйнаш декъар. Цуьнан понтификатан муьрехь хӀоттийра 43 керла кардинал, дукха хьолахь уьш хӀитторан политикан кӀелдӀашхе яра[18]. Цуьнан кӀант Чезаре кардинал хилира 18 шо долуш, Алессандро Фарнезе — папин езаран Джулиян ваша — 25 шо долуш. Дукхаха долу ладаме дуьненан а, динан а даржаш делира понтификан арагонан гергарчарна, тӀаккха папин курин ламаст хилла гергарнаш тӀеозар алсамделира керлачу тӀегӀане[19].

1497 шеран 14 июнехь Тибр чуьра даьккхира понтификан хьомечу кӀентан Гандийн герцоган Джованнин дакъа, иза шо хьалха Валенсера юхавирзинера, ла ца дугӀучу италихойн элашца болу тӀеман коьрте хӀотта. Таьхьо дукхачара дийца долийра, шен ваша виерах бехке ву цуьнан кхиамех хьоьгуш волу Чезаре[20]. Амма, чӀогӀа тера ду, виер папица дов латточу Орсини тайпан чӀир хила я Гандийн герцоган боьха хьожа йогӀу безаман жамӀ хила[21][22]. Шен доьзалера бохамо Александран ладаме битам бира. Цуо дош делира хьолаллин а, симонин а дуьхьала цхьаъ дан, амма ладаме килсан хийцамаш ца хилира, я шешша лакхара динан гӀуллакххой кийча а бацара[21].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 http://www.theguardian.com/news/datablog/2013/feb/13/popes-full-list
  2. http://webdept.fiu.edu/~mirandas/bios1456.htm#Borja
  3. Salvador Miranda The Cardinals of the Holy Roman Church - Biographical Dictionary - Consistory of September 17, 1456. Теллина 2017 шеран 18 февралехь.
  4. Alexander VI.
  5. David M. Cheney Pope Alexander VI (Rodrigo de Borja) [Catholic-Hierarchy]. www.catholic-hierarchy.org. Теллина 2017 шеран 18 февралехь.
  6. Маллет М. 5. Кардинал Родриго Борджиа // Борджиа - взлет и падение династии Ренессанса = The Borgias: The Rise and Fall of a Renaissance Dynasty / Пер. Ю. Кирюковой.
  7. 1 2 CATHOLIC ENCYCLOPEDIA: Pope Alexander VI. www.newadvent.org. Теллина 2017 шеран 18 февралехь.
  8. Клула И. ПЕРВАЯ ЧАСТЬ. Взлет семьи Борджиа. ГЛАВА III. Удачливая карьера кардинала Родриго // Борджиа / Пер. С.В. Пригорницкой. — Ростов-н/Д, 1997.
  9. Pastor L. BOOK II. ALEXANDER VI., 1492 1497. Election of Alexander VI // The history of the popes from the close of the Middle Ages: drawn from the secret archives of the Vatican and other original sources. — London : K. Paul, Trench, Trubner, 1899-01-01. — Т. 5. — 660 с.
  10. 1 2 Маллет М. 6. Александр VI: избрание и первые годы понтификата. 1492-1494 // Указ. соч..
  11. Маллет М. 2. Папская область в пятнадцатом веке // Указ. соч..
  12. G. Hibbert The Borgias and Their Enemies 1431-1519. — NY, 2008..
  13. Александр VI Булла "INTER CAETERA" (= Среди прочих). — Хроники открытия Америки. Книга I. М.: Академический проект, 2000. Теллина 2017 шеран 3 майхь.
  14. The history and characters (ингалс.). www.palauducal.com. Теллина 2017 шеран 24 мартехь.
  15. Клула И. ВТОРАЯ ЧАСТЬ. Правление Александра VI. ГЛАВА I. В компании богов // Указ. соч..
  16. Pastor L. BOOK II. ALEXANDER VI., 1492 1497. Death of Ferrante of Naples. Alliance between Alfonso II. of Naples and the Pope. Invasion of Italy by Charles VIII // Указ. соч..
  17. Маллет М. 8. Продвижение Борджиа (1498-1502) // Указ. соч..
  18. Salvador Miranda The Cardinals of the Holy Roman Church - Cardinals of the 15th Century - Alexander VI (1492-1503). Теллина 2017 шеран 5 майхь.
  19. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран :8 йоза яздина дац
  20. Клула И. ВТОРАЯ ЧАСТЬ. Правление Александра VI. ГЛАВА III. Скверные дети // Указ. соч..
  21. 1 2 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран :2 йоза яздина дац
  22. Pastor L. Expulsion of the French from Naples. The Pope's Schemes of Reform // Указ. соч.. — Т. 5.