ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
1789 (эзар ворхӀ бӀе дезткъа уьссалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу йеарахь. Иза вайн эран 1789 шо ду, 789 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 89 шо бӀешеран, 9 шо 9-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 10 шо 1780-гӀа шерийн.
- бӀаьсте — МагӀселехь, Тулонехь, Орлеанехь адамаш карзахдийлар.
- апрелан чеккхе — Парижан йисташкара Сент-Антуанера гӀаттам. ОхьатаӀийна гвардин а, дошлойн а тобанашца, масех бӀе стаг вийна, чевнаш йина.
- 5 май — Версалехь дӀабиллина Инарлин штатийн[1] гуламаш. Гулам дӀабахьаран низамах лаьцна къийсамаш буьйлабелира.
- 17 июнь — Францехь Инарлин штатийн кхоалгӀа чкъоьран депутаташ, синбелхалойн а, олалло а гӀо лаьцна, кхайкхийра шеш Къоман гулам бу аьлла, кхечу депутаташка шайх схьакхета кхайкхира[1]. Къоман гулам эккхо гӀортаро 13-14 июлехь халкъ гӀаттийра, Бастили яьккхира, Сийлахь французийн революци толаме ялийра.
- 20 июнь — Буьрканех ловзачу зал чохь дуй баар.
- 23 июнь — Кхайкхина Инарлин Штатийн гулам. Людовик XVI-гӀачо депутаташка чкъоьрнашца декъа а лой шеш-шеш ховша элира. КхоалгӀа чкъоьран депутаташ ца сацийра шайн гуламаш, олаллин цхьа дакъа шайн агӀора даьккхира.
- 9 июль — Къоман гуламо кхайкхийра ша Кхолламан гулам — лакхара гайтаман а, законашкхолларан а халкъан меже[1].
- 11 июль — Людовика дӀавалийтира министр Неккер, омар дира сихонца Париж йита аьлла.
- 12 июль — Парижера халкъан а, эскаршна а йукъара дуьххьарлера девнаш.
- 13 июль — Парижехь горгали бийкира. Халкъа герз схьаэца долийра, схьаяьккхира иттаннаш эзарш тоьпаш.
- 14 июль — Халкъо Бастили яккхар. Сийлахь-йоккха французийн буржуазийн революци.
- июлан йукъ — Паччахьа юхахӀоттийна Неккер Ӏедале, къобал бина Къоман гуламан барт. Парижехь кхоллаелла муниципалитет. Кхоьллина буржуазийн Къоман гварди коьртехь маркиз Лафайет волуш.
- 18 июль — Труара гӀаттам. Халкъо дӀалаьцна герз, схьаяьккхина ратуша.
- 19-20 июль — Страсбургера гӀаттам. Халкъ шина дийнахь буьззина дай бара гӀалин. ГӀалин ратушера документаш дагийра.
- 21 июль — Шербурера гӀаттам.
- 24 июль — Руанера гӀаттам.
- июлан чеккхе — Провинцин гӀаланашкахь кхуллуш яра харжаман муниципалитеташ.
- 4-11 август — Францин кхолларан гуламан (КХГ) феодалийн бехкенаш ахархошца эцарах Декреташ. «Феодалийн режим ерриг хӀаллакйо»[2].
- август — КХГ коьртехь Мирабо, Сийес волу конституционалистийн парти.
- август — Ахархойн гӀаттамо дӀалаьцна ерриг Франци. Дофинехь хӀора пхеа элийн гӀаланех кхоъ йохийна. Франш-Контехь йохийна 40 гӀала. Парижера бедарш тоьгучеран белхалойн демонстраци.
- 26 август —Францин КХГ тӀеэцна «Адаман а, гражданинан а бакъонийн деклараци».
- 31 август —Францин КХГ йийца йолийна харжаман системан законан проект.
- 12 сентябрь — Араяьлла хьалхара лоьмар Маратан «Парижан публицист» (6-гӀа лоьмарера — «Халкъан доттагӀ») газетан.
- сентябрь — Версале кхайкхина керла эскарш. Паччахьо къобал ца дира Адаман а, гражданинан а бакъонийн деклараци а, августан декреташ а.
- 1 октябрь — Эпсараллин контрреволюцин манифестаци паччахьан гӀалин чохь.
- 5-6 октябрь — Парижхой Версале бахар. Халкъ чуиккхина гӀалин. Паччахь а, КХГ а Париже дӀабахна.
- 2 ноябрь — Францин КХГ тӀеэцна килсан латта схьа а даьккхина дохкар. Ассигнаташ арахецар — килсан латташ доьхкинчу санах хилла пачхьалкхан ахчан декхарш.
- Кхоьллина якобинцийн клуб («Конституцин доттагӀийн йукъаралла»). Мирабо, Робеспьер.
- Лавуазьес бакъдина Ломоносовс дӀадиллина масса йисаран закон.
Хьажа иштта: Категори:Бинарш 1789 шарахь
- 20 февраль — Жандр Андрей Андреевич, оьрсийн драматург а, гочдархо а.
- 8 март — Байрон, Джордж Энсон, 7-гӀа лорд Байрон, адмирал, поэтан ваша.
- 20 май — Жиркевич Иван Степанович, оьрсийн баьчча а, мемуарист а.
- 5 июль — Булгарин Фаддей, яздархо, емалхо, арахецархо.
- 25 июль — М. Н. Загоскин, оьрсийн яздархо, драматург, историн прозанийн автор, москохан театрийн а, москохан Герзан палатан а директор.
- 26 август — Ӏаббас-Мирза, иранан пачхьалкхан гӀуллакххо.
- 25 октябрь — де Альвеар Карлос Мария — 1815 шарахь Ла-Платин Цхьаьнатоьхна провинцийн Лакхара урхалча.
- 13 декабрь — Глебов Дмитрий Петрович (велла 1843), оьрсийн поэт, актуариус, гочдархо; статс хьехамча.
Хьажа иштта: Категори:Белларш 1789 шарахь
- ↑ 1 2 3 БСЭ 3-е изд. т. 6 — С. 222.
- ↑ СИЭ т.1 — С.188.
- ↑ СИЭ т.1 — С.129.