Жириновски, Владимир Вольфович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Владимир Жириновски
оьрс. Владимир Вольфович Жириновский
Владимир Жириновски
РЛДП-н фракцин куьйгалхо
Хьалха хилларг Игорь Лебедев
 — 21 декабрь 2011
Когаметтаниг Игорь Лебедев
 — 18 январь 2000
Когаметтаниг Игорь Лебедев

Дин керста
Вина терахь 1946 шеран 25 апрель({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})[2][3][…]
Вина меттиг Алма-Ата, Казахийн ССР, ССРС
Кхелхина терахь 2022 шеран 6 апрель({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})[4] (75 шо)
ДӀавоьллина
Вича тиллина цӀе оьрс. Владимир Вольфович Эйдельштейн
Да Вольф Исаакович Эйдельштейн (1907—1983)
Нана Александра Павловна Макарова (кхел. 1985)
Зуда Галина Александровна Лебедева
Бераш Игорь Лебедев
Парти ЛДПССРЛДП
Дешар
ГӀуллакхалла Политика[5], политик[d]
Динлелор керсталла, православи[1]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Пачхьалкх  ССРС
 Росси
Эскаран тайпа Советийн эскар[d]
ЦӀе полковник[d], капитан[d], подполковник[d], полковник[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Владимир Вольфович Жириновски (1946 шеран 25 апрель[2][3][…], Алма-Ата, Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика[6][7]2022 шеран 6 апрель[4], Москох[6][7][…]) — советан а, Российн политикин а гӀуллакххо ву, Пачхьалкхан Думан председателан когаметтаниг ву (20002011), Российн Либерально-демократин парти (РЛДП) йиллинарг а, председатель а, Европин Советан парламентан ассамблейн декъашхо а ву. Российн президент харжарехь 5-зза дакъа лаьцна цо (1991, 1996, 2000, 2008, 2012).

Шен дахар а, доьзал а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Схьавалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жириновскин да — Вольф Исаакович Эйдельштейн ву (19071983). Исраилехь дӀавоьллина ву иза. Деваша — Аарон Исаакович Эйдельштейн ву, шича — Ицхак Эйдельштейн ву[8][9][9]. Оьрсийн доьзалехь ша кхиъна Владимир, биологически да мила ву ца хаара. Ненан марйа — Владимир Андреевич Жириновски ву[10]. Жириновскин деда — Исаак (Айзик) Эйдельштейн ву — Крестополь округехь гӀараваьлла хилла иза. Цуьнан шен дечиг-пхьолин фабрика яр, 200 белхало а волуш. Цуьнан территорин тӀехь аьчка некъ бар болх беш, кийчча продукци Европе дӀакхоьхьуьйтуш.

1964 шере кхаччалц Владимир Жириновскис шен ден фамили лелина — Эйдельштейн, кхиъна ваьлча шен ненан фамили тӀеэцна — Жириновский.

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

1971 шарахь дуьйна Галина Александровна Лебедева йалийна ву иза, шиъ кӀант а, цхьа йоӀ а йу цуьнан[11][12]. Галина Лебедева — вирусолог а, биологин Ӏилманийн кандидат а йу. Жириновскис ма-бохху, 1978 шарахь и шиъ дӀасакъаьстина, оцу хена дуьйна цушиннан килсан брак ю[9].

Воккхах волу кӀант Игорь Владимирович Лебедев вина 1972 шарахь. Цуьнан юридически образовани йу (Юридически академи). 2000 шеран январехь кхоалгӀачу гуламан Пачхьалкхан Думехь РЛДП-н фракцин председатель хаьржина иза.

КӀентан шала дина бераш Александр а, Сергей а ву (вина 1998)[13], пансионехь доьшуш бу МПУ[9][14].

Владимир Путин а, Владимир Жириновски а 2015 шарахь.

2013 шеран аьхка дуьйна Жириновски дилхазахо ву. 2013 шеран ноябрехь цо хаам бина РЛДП-н декъашхой бовлуш дилхазахойн кхачанан тӀе дехьабеврра бу аьлла, жижиг могашаллина чӀогӀа зенехь долу дела[15].

Президент харжарехь дакъа лацар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шо Субъект Аьзнаш % Меттиг Жириновски билгалвина Жириновски витина
1991 РСФСР 6 211 007 7,81 3/6 Ельцин, Рыжков Тулеев, Макашов, Бакатин
1996 РФ 4 311 479 5,70 5/10 Ельцин, Зюганов, Лебедь, Явлинский Фёдоров, Горбачёв, Шаккум, Власов, Брынцалов
2000 РФ 2 026 509 2,70 5/11 Путин, Зюганов, Явлинский, Тулеев Титов, Памфилова, Говорухин, Скуратов, Подберёзкин, Джабраилов
2008 РФ 6 988 510 9,35 3/4 Медведев, Зюганов Богданов
2012 РФ 4 458 103 6,22 4/5 Путин, Зюганов, Прохоров Миронов
2018 РФ 4 154 985 5,65 3/8 Путин, Грудинин Собчак, Явлинский, Титов, Сурайкин, Бабурин

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. ВЛАДИМИР ЖИРИНОВСКИЙ: Я - ЕДИНСТВЕННЫЙ ПРАВОСЛАВНЫЙ
  2. 1 2 Internet Movie Database (инг.) — 1990.
  3. 1 2 Wladimir Wolfowitsch Schirinowski // Энциклопедия Брокгауз (нем.) / Hrsg.: Bibliographisches Institut & F. A. Brockhaus, Wissen Media Verlag
  4. 1 2 Ушел из жизни Владимир Вольфович Жириновский — 2022.
  5. (unspecified title)
  6. 1 2 https://www.themoscowtimes.com/2022/04/06/vladimir-zhirinovsky-far-right-court-jester-of-russian-politics-dies-at-75-a77240
  7. 1 2 Encyclopædia Britannica (инг.)
  8. Жириновский нашёл могилу отца // Взгляд.ру, 26.06.2006
  9. 1 2 3 4 Жириновский Владимир Вольфович // Вести.ру
  10. Дайджест: Продавец мифов. Жириновский
  11. Ток-шоу «Наедине со всеми» на «Первом канале» с Владимиром Жириновским, 22 декабря 2014 года, официальный сайт «Первого канала»,
  12. Ток-шоу «Наедине со всеми» на «Первом канале» с Владимиром Жириновским, 22 декабря 2014 года, YouTube,
  13. Жириновский Архивйина 2011-07-26 — Wayback Machine
  14. Курянин учится с внуками Жириновского Архивйина 2022-03-21 — Wayback Machine
  15. Владимир Жириновский: члены РЛДП станут вегетарианцами. Коммерсант (20.11.2013). Теллина 2013 шеран 2 декабрехь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]