Советийн Социалистийн Республикийн Союз

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Союзан пачхьалк
Советийн Социалистийн Республикийн Союз
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост

Девиз: «Ерриг пачхьалкхийн пролетареш, цхьаьнакхета!»

Шатлакхан илли: «Интернационал» (1922—1944)

«ССРСн пачхьалкхан шатлакхан илли» (1944—1991)

Union of Soviet Socialist Republics (orthographic projection).svg

Коьрта гӀала

МоскохCoat of Arms of Moscow (Soviet).svg Москох

Яккхий гӀаланаш

Москох, Ленинград, Киев, Ташкент, Бакох, Харьков, Минск, Горьки, Новосибирск, Свердловск[1]

Мотт

оьрсийн[2]

Дин

дац (атеизм, хьажа ССРСн дин)

Ахча

рубль СССР[d]

{{{кхин_тӀе_параметр}}}

+2…+12[5]

Майда

22 402 200 км²[3]

Бахархой

293 047 571 чел.[4]

Урхаллин тайпа

советская республика[d], парламентская республика[d] , однопартийная система[d]

{{{кхин_тӀе_параметр1}}}

.su

{{{кхин_тӀе_параметр2}}}

+7

 • 1922—1924 (факт хилла - 1923 шеран 7 март кхаччалц)

Ленин Владимир

 • 1924—1953 (факт хилла - 1923 шеран мартера)

Сталин Иосиф

 • 1953—1955

Маленков Георгий

 • 1955—1964

Хрущёв Никита

 • 1964—1982

Брежнев Леонид

 • 1982—1984

Андропов Юрий

 • 1984—1985

Черненко Константин

 • 1985—1991

Горбачёв Михаил

Кхоьллина пачхьалкхаш пачхьалкхаш
ССРС йоьхначул тӀаьхьа

(ВКЪКХ декъашхой)[6]

Сове́тийн Социалисти́йн Респу́бликийн Сою́з[~ 1], иштта ССРС, Советийн Союз, ССР Союз[7]1922 шерера 1991 шере кхаччалц йолчу хенахь Малхбален Европан, Къилбаседан Азин, Юккъера Азин а, Малхбален Ази дакъойн мехкаш тӀехь хилла пачхьалкх. ССРС дӀалоцура ялхолгӀа дакъа гергга Дуьненан нах бехачу латтах[8]; юхучу хенахь яра майданца уггар йоккха дуьненахь пачхьалкх. Кхоьллина, 1917 шарахь Финляндин а, Польшан паччахьаллин дакъа а, кхин цхьацца мехкаш а боцуш Российн империн лаьтташ тӀехь.

ССРС истори[нисъе | нисъе чухулара]

Брежнев Леонидан урхаллин мур: Кхиина яьлла социализм (1964—1985 шш.)/«Кхиамаш сацар»[нисъе | нисъе чухулара]

Брежневс а, Джимми Картера а куьг яздеш бу Стратегин герз лагӀдаран барт, 1979

1964 шарахь Хрущёв даржера дӀаваьккхира. Керла ССКП ЦК хьалхара секретарь, факт хилла пачхьалкхан корта, хилира Брежнев Леонид Ильич.

1970-гӀа—1980-гӀа шерашкара муьрах оцу хенан хьосташкахь олура кхиина яьлла социализман мур.

Брежневн урхаллин заманахь мехкдаьттан мехаш кхузза совдевлира[9], Малхбузан Сибрехахь керла мехкдаьттан меттигаш каръярна, ССРС хиира, олуш ма-дарра, «Мехкдаьттан механ тӀе»[9], цуо лагӀйира реформаш, йохо йолийра экономика[9].

Кхиамаш сацаран муьрехь йира пачхьалкхан Цхьаьнатоьхна электроэнергин система, цуо вовшахтесира ССРС мехкал сов, Болгарин, Мажарчоьнан, Чехословакин, Польшин, ГДР, Финляндин мехкашна электроэнерги латтош йолу 78 энергосистема[10].

Кхиамаш сацаран муьран амалехь дара иштта рекордан боларца гӀишлошъяр: шарахь 60 миллион м² гергга, иза 1964 - 1985 шерашкахь хилира миллиард шибӀе миллион квадратан метров дахаран майда, яр дика дацахь а, амма советийн барамашца аьтто болуш. Иза ю абсолютан рекорд советийн муьран, хӀинцалерачу дахаран фондан бух бу, постсоветийн Россехь оццу муьрехь дахаран гӀишлошъярехь боларш вуно лахара ду[11]

Экономикан хьал сурсатийн къоьлла йолуш, массо а сурсаташна рогӀехь лаьтташ дара[9]. Амма хьалхалерачу муьрашца дуьстича «кхиамаш сацар» уггаре дикачехь бара. Иштта, БорхӀалгӀа пхишо (1966—1970 шш.) уггаре аьтто болуш хилира советийн исторехь, цунна «дешийн пхишо» аьлла цӀе тиллира[9]. Кхиамаш сецначу шерашкахь боккъал а айбаелира советийн промышленность, оцу муьрехь дийнна схьаэцча кхиаран болар чехка дара АЦШ-чулла а: нагахь 1960 шарахь динчу промышленностан сурсатийн чухоаман барам АЦШ-чух 55 % гергга белахь, ткъа 1980 шарахь — 80 % сов бара[12]. 1980 шарахь Москохахь хилира XXII аьхкенан Олимпиада[13].

Цуьнца цхьаьна йисина йовхо дӀаяккхаран агӀора хьовзар хилира. Брежнев Ӏедале ма-веъа чӀагӀбелира «раз ойланашца» болу пачхьалкхан кхерамазаллин меженийн болх — дуьххьарлераниг хилира Синявскийн — Даниэлан процесс (1965)[14]. 1968 шарахь ССРС эскар чудахара Чехословаке политикан хийцамийн тенденци охьатаӀор Ӏалашо йолуш (хьажа Праган бӀаьсте). «Йовхо» дӀаяккхаран тӀаьххьара билгало хилира А. Т. Твардовский «Новый мир» журналан редакторан даржера дӀаваккхар 1970 шарахь.

1975 шарахь хуьлу «Сторожевой» цӀе йолчу кеман тӀиера гӀаттам — «Сторожевой» цӀе йолчу ССРС ТӀХӀФ доккхачу хин бухара кеманашна дуьхьал долчу кеман тӀеман советийн хӀордахойн тобано аьлларг дийриг ца хилар герзаца гайтар. ГӀаттаман тхьамда хилира кеман замполит, 3-гӀа тӀегӀанан капитан Саблин Валерий. Саблина дийцарехь, гӀаттам хьажийна бара социализман балха тӀехь ленинан принципаш денъяре.

1970-гӀа шераш дуьладелчхьана ССРС дӀаоьхуш бара жугтий. ДӀакхелхира дукхах болу гӀарабевлла яздархой, актёраш, музыканташ, спортхой, Ӏилманчаш. Нисса оцу хенахь Израиль пачхьалкхо цӀа кхойкхуш бара дерриг дуьнен тӀиера жугтий.

Арахьара политикин областехь Брежневс кӀезиг болх ца бира 1970-гӀа шерашкахь политикан хьал даста гӀерташ. Американ-советийн барташ бира тӀелатаран герзан доза тохарехь (бакъду, 1967 шерашкахь континенташна юкъара ракеташ йолайо дӀахӀитто лаьтта бухара шахташчу).

Гучубелира диссидентийн болам, гӀараевлира иштта цӀераш: Сахаров Андрей, Солженицын Александр. 1965 шарахь дуьйна ССРС тӀеман гӀо деш яра Къилбаседа Вьетнаман АЦШ а, Къилба Вьетнаман а дуьхьала болчу тӀамехь[15], иза лаьттира 1973 шо кхаччалц, чекхбелира Къилба Вьетнам а, цуьнан агӀо лаьцна американ тӀеман тоба а оьшуш, американ эскарш арадохуш, Вьетнам цхьаьнатухуш Социалистийн Республика еш.

Вьетнам (хьажа Вьетнамера тӀом). 1979 шарахь ССРС чуяхийтира дозатоьхна тӀемалойн контингент ДРО овхӀанийн правительствон дехарца (хьажа ОвхӀанан тӀом (1979—1989))[16], цуо дуьнанара политикан хьал дастадалар сацийра, болабелира шийла тӀом.

1977 шеран Конституцица, ССРС кхайкхийна яра цхьаллин союзан дуккхакъаьмнийн[17] социалистийн[18] пачхьалкх.

ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчи ССРС дара латтан тӀехула доза ОвхӀанца, Мажарчоьнца, Иранца, Цийца, КХДР (иза кхоьллина 1948 шеран 9 сентябрехь дуьйна), Монголица, Норвегица, Польшица, Румыница, Туркойчоьца, Финляндица, Чехословакица, хӀордаца — АЦШ, Швецица, Японица.

ССРС кхоьллина 1922 шеран 30 декабрехь РСФСР, Украинан ССР, Белоруссин ССР, ТӀехьакавказан СФСР цхьаьна пачхьалкхе вовшахтоьхна, цхьа правительство йолуш[19], столицей в Москве[20], кхочушдаран[21] а, суьдан[22] а Ӏедалшца, законкхолларан[23] а, бакъонийн[24] а системашца. Союзан республикаш (тайп-тайпанчу шерашкахь 4-16 хилла), Конституцица, лорура суверенан пачхьалкхаш[25]; формалан хӀоран а союзан республикан йитинера Союз юкъара паргӀата араялар[26], 1990 шарахь дуьйна цуьнан низаман урхалла дора леррина законо[27]. Союзан республикан бакъо яра юкъаметтигаш лело кхечу пачхьалкхашца, цаьрца барт бан, дипломатийн а, консулийн а векалш хийца, дакъа лаца дуьненаюкъара кхолламийн белхашкахь[28]. 50 пачхьалк-кхоллархойн ВКЪКХ ССРС цхьаьна яра цуьнан шиъ союзан республика: БССР а, УССР а.


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Советский Союз
  2. Де-юре в СССР до 1990 года не было официального языка. Русский язык фактически являлся основным языком делопроизводства. Закон СССР от 24 апреля 1990 года «О языках народов СССР» установил русский язык официальным языком СССР.
  3. На момент распада в 1991 году.
  4. По данным последней переписи населения СССР (1989)
  5. на территории СССР действовало декретное время
  6. Перечислены только государства — бывшие союзные республики, ныне — члены ООН. Российская Федерация продолжает членство СССР в международных организациях (в частности, ООН) и является «государством продолжателем» СССР
  7. Конституция (Основной Закон) Союза Советских Социалистический Республик. Принята 7 октября 1977 года
  8. 22,4 млн км² из 134,9 млн.
  9. 1 2 3 4 5 Минусы и плюсы эпохи Брежнева, 20 декабря 2006 года, Комсомольская Правда
  10. Сосновский И. Ю, Чайковский А. М. Энциклопедический словарь юного техника. Единая электроэнергетическая система страны, М., 1979
  11. Петрова Ю. Россия сравнялась в РСФСР по объёмам жилищного строительства, «Ведомости», 30.08.2013
  12. 293796130.html Акимов В. Советская экономика в эпоху Леонида Брежнева, РИА Новости, 08.11.2010
  13. Москва, 80. [Игры XXII Олимпиады. Альбом] / Сост. В. А. Жильцов. — М.: Физкультура и спорт, 1980. — 312 с.
  14. Цена метафоры, или Преступление и наказание Синявского и Даниэля. М.: Книга, 1989. ISBN 5-212-00310-5
  15. Воронов Борис Александрович. Записки начальника штаба Группы СВС во Вьетнаме
  16. Советско-афганская война 1979—1989
  17. Ст. 70-я Конституции СССР 1977 года
  18. Ст. 1-я Конституции СССР 1977 года
  19. Договор об образовании СССР, пункт 1
  20. Договор об образовании СССР, пункт 23
  21. Договор об образовании СССР, пункт 11
  22. Договор об образовании СССР, пункт 12
  23. Договор об образовании СССР, пункты 2-9
  24. Договор об образовании СССР, пункты 12-17
  25. Ст. 76-я Конституции СССР 1977 года
  26. Ст. 72-я Конституции СССР 1977 года
  27. Закон СССР от 3 апреля 1990 года «О порядке решения вопросов, связанных с выходом союзной республики из состава СССР»
  28. Ст. 80-я Конституции СССР 1977 года

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Публицистика


ГӀалат дешнаш далорна Тобан «~» йолуш йолу тегашца <ref> йогӀуш йолу тег <references group="~"/> ца карийна