Бабурин, Сергей Николаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бабурин Сергей Николаевич
оьрс. Сергей Николаевич Бабурин
Бабурин Сергей Николаевич
Российн пачхьалкхан махлелоран-экономикин университетан ректор
 — 2012
Российн Федерацин Федералан гуламан IV кхайкхаман Пачхьалкхан думин председателан гӀовс
 — 2007 шеран 24 декабрь
Российн Федерацин Федералан гуламан II кхайкхаман Пачхьалкхан думин председателан гӀовс
 — 2000 шеран 18 январь
Российн Федерацин Федералан гуламан I кхайкхаман Пачхьалкхан думин депутат
 — 1996 шеран 15 январь
Российн Федерацин Халкъан депутат
 — 1993 шеран 4 октябрь

Вина терахь 1959 шеран 31 январь({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:31|2|0}}) (65 шо)
Вина меттиг Семипалатинск, Кхазакхийн ССР, ССРС
Да Николай Наумович
Нана Валентина Николаевна
Зуда Бабурина Татьяна Николаевна
Бераш виъ кӀант: Константин, Евгений, Ярослав, Владимир
Парти ССКП (1981-1991)
Российн халкъан йукъара барт (1991 шарахь дуьйна)
Дешар
ГӀуллакхалла Политика[2], Бакъо[2]
Динлелор православи
СовгӀаташ
ДоттагӀаллин Орден Дайн-нанойн сийн орденан мидал «ГӀирма а, Севастополь а мукъайаккхарна»
ФКхГӀ ДГӀ «ГӀуллакх дарна» хьаьрк «ГӀуллакхаш дарна» I тӀегӀанан орден (ДМР) «ГӀуллакхаш дарна» II тӀегӀанан орден (ДМР)
ДоттагӀаллин Орден (Къилба ХӀирийчоь)
ДоттагӀаллин Орден (Къилба ХӀирийчоь)
Сийлахь Аннин 2 тӀегӀанан орден Святитель Николай Чудотворцан II тӀегӀанан орден Святитель Николай Чудотворцан III тӀегӀанан орден
Сийн а, сийлаллин а II тӀегӀанан орден Сийн а, сийлаллин а III тӀегӀанан орден
РФ Ӏилманийн Сийлахь гӀуллакххо (2010) ДоттагӀаллин Орден (ДМР)
Сайт baburin.ru(оьр.)
Пачхьалкх  Росси
 Приднестровье[1]
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
(аудио)
(аудио)
С. Н. Бабуринан дӀайаздина аз
noicon
Медиафайлаш лакхитарна гӀо

Бабу́рин Серге́й Никола́евич (вина 1959 шеран 31 январехь, Семипалатинскехь) — российн политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, Ӏилманчаюрист (пачхьалкхан а, бакъонийн а областера историн говзанча).

Юридически Ӏилманийн доктор, профессор. Российн Федерацин хьакъ долу Ӏилманан гӀуллакххо. Республика Къилбаседа ХӀирийчоьнан — Аланин хьакъ долу юрист. Российн Федерацин Халкъан депутат 1990—1993, Российн Федерацин Лакхара Кхеташонан Республикин Кхеташонан декъахо. Пачхьалкхан думан I, II, IV кхайкхамийн депутат; II а, IV а кхайкхаман Пачхьалкхан думин председателан гӀовс, Пачхьалкхан думин гражданийн, зуламан, арбитражан, процессуалан законашкхолларан комитетан декъахо. 2018 шеран Президентийн харжамашкахь Президентан кандидат вара.

Российн пачхьалкхан махлелоран-экономикин университетан ректор — 2002 шерера 2012 шо кхаччалц[3]. На данный момент является профессором Московского Университета им. С.Ю. Витте[4]. Йукъараллин-политикин боламан, ткъа цул тӀаьхьа Российн йукъара халкъан барт политикин партин (2001—2008 шерашкахь — Къам дендаран «Халкъан маршо» парти, цул тӀаьхьа « Халкъан барт») лидер. 2015 шарахь дуьйна Дуьненайукъара Славянийн Ӏилманийн, дешаран, исбаьхьаллин, оьздангаллин академин (ДСА) президент. Дуьненайукъара Славянийн Кхеташонан председатель (2017 шеран майхь дуьйна).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бабурин Сергей — Оьрсийн марш кхоьллинчарех а, дагадаийтанчарех а цхьаъ

Бабурин Сергей Николаевич вина 1959 шеран 31 январехь Семипалатинск гӀалахь (Кхазакхийн ССР) Николай Наумовичан а, Валентина Николаевнин а БабурингӀеран доьзалехь. Сергейн да хьехархо вара, ткъа нана — лор. Ненахой хилла Брестан областера Ивановн кӀоштара Мотоль эвлара. Сергейн ваша ву Игорь.

Сергейн бералла чекхйаьлла цуьнан да винчу Омскан областера Тара гӀалахь. Жима волчу хенахь дуьйна Сергей билгалвелира тайп-тайпана ойланашца а, Ӏама а, деша а лаарца. Йуккъера ишкол йоцуш, цуо дийшира исбаьхьаллин ишколехь, ишколера дуьйна болх бан волавелира дечиган пхьар а, бетон юттуш а меттигерачу предприятехь. Дукхаха болу цуьнан хьехархоша а, нийсархоша а йийцира къона Бабуринан амал лидер а, шена тӀаьхьа нах хӀитто таро йолчу стеган санна[5].

1981 шарахь дуьйна ССКП декъахо. Дешна Омскан пачхьалкхан университетехь. Цигахь деша волалуш кехат йаздира ССКП ЦК Инарлин секретаре Л. Брежневга, цунна тӀехь цуо чӀагӀдора Бухарин Николайн, Зиновьев Григорийн, Сокольников Григорийн реабилитаци йан эшар .

Студент волуш евзира шен хин йолу зуда Татьяна Николаевна. Дукха хан йаллале Сергейс Татьяна йигира.

Лакхара дешаран меттигехь дешна ваьлчи кхайкхира цхьаьна шеран эха шеран ТӀеман Ницкъашка (1981—1983 шш.), оцу хенах цхьа шо даьккхира ОвхӀанера советийн эскарийн барам хӀоттийна контингентехь, дакъа лецира тӀемашкахь Советийн Эскаран йукъахь. ОвхӀанехь эскарехь волуш Бабурин шайн ротехь цхьаъ бен ца висира чов янза, аьттонца чекхвелира тӀеман гӀуллакхан халонех. ГӀуллакх чекхдаьккхича Сергейн йелира «ТӀемлочун-интернационалистан баркалла олу овхӀанан къомера» мидал а, некхан тӀеуллу «ТӀемлочун-интернационалистан» хьарк а.

Эскаран гӀуллакх чекхдаьлча сихха вахара Ленинграде — аспирантурехь деша. Оццу хенахь иза дӀакхийтира шен зудчух, церан хилира хьалхара бер.

1986 шарахь чекхйаьккхира аспирантура, шолгӀачу шарахь чекхдаьккхира кандидатийн диссертаци «Георг Форстеран политикин-бакъонан Ӏилма». Аспирантура чекхйаьккхинчул тӀаьхьа цхьана хенан болх бан сецира Омскан университетехь, юридически факультетан деканан гӀовсан даржехь, ткъа 1988 шарахь факультетан коьрте хӀоьттира.

Политикин гӀуллакхан йуьхьиг[нисйе бӀаьра | нисйе]

1989 шарахь кехаташ чуделира ССРС халкъан депутатийн декъа вархьама, амма цуьнан кандидатура гуонан харжаман комиссин сацамца чекх ца йалийтира.

1990 шарахь хаьржира РСФСР халкъан депутат № 539 йолу Советийн мехкан гуонера (Омск). Российн халкъан депутатийн I Гуламехь хаьржира РСФСР Лакхара Кхеташонан Республикин Кхеташонан декъахо[6].

1991 шо — хьалха теттина РСФСР Лакхара Кхеташонан председателан дарже.

1991 шеран чаккхе — РСФСР лакхара Кхеташонан декъахочо Бабурина — РСФСР халкъан депутаташа — «Росси» депутататийн тобанан декъахошан дагадеина, кхоьллира Российн халкъана йукъара барт.

1991 шеран 12 декабрехь — Лакхара Кхеташонан сессехь ССР Союз йохорах а, ЛПД кхолларах а болу Беловежски бартан ратификацин дуьхьала кхаж тесначу 7 депутатах цхьаъ вара[7][8]. Шен позици Бабурина кхетийра иштта, оцу бартан ратификацин бакъо йу РСФСР халкъан депутатийн гуламан карахь аьлла[9].

1992 шеран апрелехь Российн халкъан депутатийн VI гуламехь, В. Б. Исаковца, М. Г. Астафьевца, Н. А. Павловца, кхечаьрца цхьаьна коьрте хӀоьттира «Халкъан марталла» фракцин оппозицин блокан[10].

Белхаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Страж нации. От расстрела парламента до невооружённого восстания РГТЭУ. — М., 2014. — 704 c. — ISBN 978-5-8041-0714-8
  • Российский Путь: Становление российской геополитики кануна XXI века. — М.: «АНКО», 1995. -
  • Российский Путь: утраты и обретения. — М.: «Новатор», 1997. — 460 с. — ISBN 5-7898-0014-9
  • Российский Путь: накануне выбора. — М.: Издательство научно-образовательной литературы РЭА, 1999. — 544 с. — ISBN 5-8361-0017-9
  • Территория государства: правовые и геополитические проблемы. — М.: Изд-во Московского университета, 1997. — 480 c. — ISBN 5-211-03872- Х
  • Территориальные режимы и территориальные споры. — М: Изд-во Московского университета, 2001. — 175 с. — ISBN 5-211-04442-8
  • Российская реинтеграция: социально-экономические и политико-правовые проблемы. — М.: Изд-во РГТЭУ, 2006. — ISBN 5-87827-308-X
  • Мир империй: Территория государства и мировой помогӀаок. — Издательство Р. Асланова «Юридический центр Пресс», 2005. — 769 c. — ISBN 5-94201-462-0
  • Мир империй: территория государства и мировой помогӀаок. — М.: Магистр: ИНФРА-М, 2010. — 829 с. — ISBN 978-5-9776-0133-7 (в пер.) ISBN 978-5-16-003918-3
  • Государствоведение: научные труды. — М.: ЮНИТИ-ДАНА, 2010. — 711 с. — ISBN 978-5-238-01804-1
  • Современный русский консерватизм: Борьба за государство и Русскую идею: научные труды. — М.: ЮНИТИ-ДАНА, 2010. — 527 с. — ISBN 978-5-238-01850-8
  • Торговое дело и торговое право: Сб. докладов и статей. — М.: Изд. РГТЭУ, 2010. — 184 с. — ISBN 978-5-87827-401-2
  • Проблемы современного российского образования и миссия РГТЭУ. — М.: Изд. РГТЭУ, 2010. — 150 с. — ISBN 978-5-87827-407-4
  • Возвращение русского консерватизма / Отв. ред. О. А. Платонов. — М.: Институт русской цивилизации, 2012. — 832 с. — ISBN 978-5-4261-0022-0
  • Русский консерватизм как часть современной политической культуры. — М., 2012. — 160 с.
  • Геополитика современного русского консерватизма. — М., 2012. — 128 с.
  • Новая русская империя. — М., 2013. — 240 с. — ISBN 978-5-4438-0465-1
  • Русская государственность и Российское государство в системе ценностей и интересов современной политики, международного и конституционного права: монография. — М.: ЮНИТИ-ДАНА, 2018. — 203 с. /12,75 п.л.
  • К единому государству: о создании российско-белорусского Союзного государства / Под ред. Г. В. Осипова и С. Н. Бабурина. — М.: Радон-пресс, 2001. — 360 с.
  • Бабурин С. Н., Урсул А. Д. Политика устойчивого развития и государственно-правовой процесс. — М.: Магистр: ИНФРА-М, 2010. — 557 с. — ISBN 978-5-9776-0140-5
  • Бабурин С. Н., Мунтян М. А., Урсул А. Д. Глобализация в перспективе устойчивого развития. — М.: Магистр, ИНФРА-М, 2011. — 496 с. — ISBN 978-5-9776-0204-4
  • Бабурин Сергеj. Свет империjа: територjа државе и светски поредак / Пер. с русск. — Београд, 2009. — 628 с. — ISBN 978-86-907157-5-6

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. http://president.gospmr.ru/ru/news/ukaz-prezidenta-pmr-no-691-o-prinyatii-v-grazhdanstvo-pridnestrovskoy-moldavskoy-respubliki Указ Президента ПМР № 691 О принятии в гражданство Приднестровской Молдавской Республики 31/08/2010 "Удовлетворить ходатайство о принятии в гражданство Приднестровской Молдавской Республики следующего лица: Бабурина Сергея Николаевича, родившегося в 1959 году, проживающего в городе Москва, - гражданина Российской Федерации, сохранив за ним гражданство Российской Федерации".
  2. 1 2 Чешская национальная авторитетная база данных
  3. Министр Образования РФ уволил С.Бабурина. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 25 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 31 декабрехь
  4. Сергей Николаевич Бабурин – кандидат в президенты РФ 2018. www.muiv.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 декабрь.
  5. Биография Сергея Бабурина Архивйина 2018-03-07 — Wayback Machine
  6. Постановление Съезда народных депутатов Российской Советской Федеративной Социалистической Республики от 11 июня 1990 года об избрании Верховного Совета РСФСР
  7. Прибыловский В., Точкин Гр. Кто и как упразднил СССР
  8. Стенограмма 21 заседания 4 сессии Верховного Совета РСФСР 12 декабря 1991
  9. Бабурин С. Н. На гибель Советского Союза " Тема номера " № 5/2006 " 2006 " Архив | Национальные интересы. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 8 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 13 ноябрехь
  10. Лебедев С. В. Павлов Николай Александрович. Большая энциклопедия русского народа. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 4 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 9 сентябрехь

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Интервью[нисйе бӀаьра | нисйе]