Политика

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо


Поли́тика (желт.-шира. πολιτική «пачхьалкхан гӀуллакх») — пачхьалкхан Ӏедалан меженан а, церан даржерчу нехан а гӀуллакх; ткъа иштта пачхьалкхан функцешца доьзна юкъараллин дахаран гӀуллакхаш а, хиламаш а. Политика Ӏилманца Ӏамор дӀахьо политологин гуран чохь[1].

Термин схьаялар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Антикан заманахь полисаш (желт. πόλις) историн агӀора кхоллалора ша-шенан урхаллин гӀалан юкъараллаш санна, цара конституици йира шеш политикан формаци санна, юкъараллаш — и юкъараллин ша кхоллаелла кеп Шира Грецин йогӀура. Кхиина яьржира Италехула, нисса Руман империн чухула. Пачхьалкхаш а, импереш а кхиарца шуьйра юкъаметтигийн политикан оьшура хийцамаш а, урхаллин система а кхиор. Политика урхаллин методологи санна кхоллалора полисашкахь, цигахь гуллора урхаллин элита а, шайха хин йолу элита кхоллалуш йолу тайп-тайпана чкъоьрнаш а (пхьоланаш, говзаллаш, ишколаш).

Ша политика термин юкъаяьккхина вайн эрал IV бӀешо хьалха. Аристотела кховдийра цунна иштта билгало: политика — пачхьалкхан (полисан) урхаллин говзалла. Политика къаьстира ша йолу социалан дахаран область санна оцу хиламал дуккха а хьалха — экономикан юкъаметтигел я эхь-бехкал тӀаьхьа делахь а. Масех тайп-тайпана гар ду политика схьаяларан Ӏаламах:

  • Теологин. Оцу гарца политика, дерриг дахар санна, делера схьаяьлла ю.
  • Антропологин. Оцу гаро язайо политика адаман Ӏаламах.
  • Биологин. Иштта тидаран маьӀна ду, политикан Ӏалам кхето деза адаман а, дийнатийн а юкъара базица — масала, [[дера хилар], ша лардаран инстинкт, ца эша гӀертаран къовсам, кхин дӀа а. Этолога К. Лоренца, масала, доьхкура дера хиларан феномен юкъараллин дахарехь долу тӀемашца, революцешца, кхин девнашца.
  • Психологин. Оцу гарца адамийн политикан юкъаметтигийн дуьххьарлера хьост ду хьашташ, иэшамаш, эмоцеш, кхин а адамо психика гайтар. Шен ламаст хиллачу кепара политикан маьӀна дора, масала, З. Фрейда, цуо политикан Ӏаламан ассоциаци йора кхетам чохь ца хиларца.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Политическая наука Архиван копи 25 июнехь 2011 дуьйна Wayback Machine тӀехь Факультет политологии МГУ