Жириновски, Владимир Вольфович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Владимир Жириновски
Wladimir Schirinowski crooped.jpeg
РЛДП-н фракцин куьйгалхо
Хьалха хилларг Игорь Лебедев
 — 21 декабрь 2011
Когаметтаниг Игорь Лебедев
 — 18 январь 2000
Когаметтаниг Игорь Лебедев
 
Пачхьалкх: ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
РоссиFlag of Russia.svg Росси
Дин: керсталла, православи[1]
Вина: 1946 шеран 25 апрель({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})[2][3] (72 шо)
Алма-Ата, Казахийн ССР, ССРС
Бакъ цӀе: оьрс. Владимир Вольфович Эйдельштейн
Да: Вольф Исаакович Эйдельштейн (1907—1983)
Нана: Александра Павловна Макарова (кхел. 1985)
Зуда: Галина Александровна Лебедева
Бераш: Игорь Лебедев
Парти: ЛДПССРЛДП
 
ТӀеман гӀуллакх
Пачхьалкх: ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
РоссиFlag of Russia.svg Росси
 
Автограф: Signature of Vladimir Zhirinovsky.png
 
СовгӀаташ:

Владимир Вольфович Жириновски (25 апрель 1946(19460425)) — советан а, Российн политикин а гӀуллакххо ву, Пачхьалкхан Думан председателан когаметтаниг ву (20002011), Российн Либерально-демократически парти (РЛДП) йиллинарг а, председатель а, Европан Советан парламентан ассамблейн декъашхо а ву. Российн президент харжарехь 5-зза дакъа лаьцна цо (1991, 1996, 2000, 2008, 2012).

Шен дахар а, доьзал а[нисъе | нисъе чухулара]

Схьавалар[нисъе | нисъе чухулара]

Жириновскин да — Вольф Исаакович Эйдельштейн ву (19071983). Израилехь дӀавоьллина ву иза. Деваша — Аарон Исаакович Эйдельштейн ву, шича — Ицхак Эйдельштейн ву[4][5][5]. Оьрсийн доьзалехь ша кхиъна Владимир, биологически да мила ву ца хаара. Ненан марйа — Владимир Андреевич Жириновски ву[6]. Жириновскин деда — Исаак (Айзик) Эйдельштейн ву — Крестополь округехь гӀараваьлла хилла иза. Цуьнан шен дечиг-пхьолин фабрика яр, 200 белхало а волуш. Цуьнан территорин тӀехь аьчка некъ бар болх беш, кийчча продукци Европе дӀакхоьхьуьйтуш.

1964 шере кхаччалц Владимир Жириновскис шен ден фамили лелина — Эйдельштейн, кхиъна ваьлча шен ненан фамили тӀеэцна — Жириновский.

Шен дахар[нисъе | нисъе чухулара]

1971 шарахь дуьйна Галина Александровна Лебедева ялийна ву иза, шиъ кӀант а, цхьа йоӀ а ю цуьнан[7][8]. Галина Лебедева — вирусолог а, биологин Ӏилманийн кандидат а ю. Жириновскис ма-бохху, 1978 шарахь и шиъ дӀасакъаьстина, оцу хена дуьйна цушиннан килсан брак ю[5].

Воккхах волу кӀант Игорь Владимирович Лебедев вина 1972 шарахь. Цуьнан юридически образовани ю (Юридически академи). 2000 шеран январехь кхоалгӀачу гуламан Пачхьалкхан Думехь РЛДП-н фракцин председатель хаьржина иза.

КӀентан шала дина бераш Александр а, Сергей а ву (вина 1998)[9], пансионехь доьшуш бу МПУ[5][10].

Владимир Путин а, Владимир Жириновски а 2015 шарахь.

2013 шеран аьхка дуьйна Жириновски дилхазахо ву. 2013 шеран ноябрехь цо хаам бина РЛДП-н декъашхой бовлуш дилхазахойн кхачанан тӀе дехьабеврра бу аьлла, жижиг могашаллина чӀогӀа зенехь долу дела[11].

Президент харжарехь дакъа лацар[нисъе | нисъе чухулара]

Шо Субъект Аьзнаш % Меттиг Жириновски билгалвина Жириновски витина
1991 РСФСР 6 211 007 7,81 3/6 Ельцин, Рыжков Тулеев, Макашов, Бакатин
1996 РФ 4 311 479 5,70 5/10 Ельцин, Зюганов, Лебедь, Явлинский Фёдоров, Горбачёв, Шаккум, Власов, Брынцалов
2000 РФ 2 026 509 2,70 5/11 Путин, Зюганов, Явлинский, Тулеев Титов, Памфилова, Говорухин, Скуратов, Подберёзкин, Джабраилов
2008 РФ 6 988 510 9,35 3/4 Медведев, Зюганов Богданов
2012 РФ 4 458 103 6,22 4/5 Путин, Зюганов, Прохоров Миронов

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]