Чулацаман тӀегӀо

Дешин буьрка (France Football)

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дешин буьрка
Мохк
Тайпа спортан совгӀат
Хьан ло France Football[1]
Статистика
Кхолларан терахь 1956[2][1]
Сайт francefootball.fr/…(франц.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

«Дешин буьрка» (фр. Ballon d'Or) — хӀора шеран футболан совгӀат, кхин а девза Европера шеран уггаре дика футболистан (инг. European Footballer of the Year) цӀарца. Ло хӀора шарахь дика лаьррачу футболистан. СовгӀат кхоьллина France Football журналан коьртачу редакторо Ано Габриэла, цуо дийхира шен белхан накъосташка Европера шеран уггаре дикачу ловзархочун кхаж тасар 1956 шарахь. Дуьххьара совгӀат даьккхинарг хилира «Блэкпул» йукъара Стэнли Мэтьюз[3]. [4][5]

Йуьхьанца журналистийн Европехь клубашкахь ловзу европин ловзархошна бен кхаж таса йиш йацара, цундела Марадона Диего а, Пеле а санна футболисташна и совгӀат ца далалора[6]. 1995 шарахь бакъонаш хийцаелира: хӀинца совгӀат даккха таро йара муьлххачу къоман футболистан, нагахь иза европин клубехь ловзуш велахь. Европера воцу дуьххьарлера совгӀат даьккхина футболист оццу шарахь хилира «Миланан» ловзархо Веа Джордж[7]. 2007 шарахь бакъонаш йуха а хийцаелира: хӀинца «Дешин буьрка» яккха таро йара муьлххачу къоман, дуьненан муьлххачу клубан ловзархочун. Иза бахьнехь толамхо билгалвоккху журналистийн барам а тӀетуьйхира: Европин 52 журналистех, дерриг дуьненан 96 журналист хилира, цара билгалвоккху пхиъ уггаре дика шеран футболист[8].

2010 шарахь совгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА шеран ловзархо» а цхьаьнатуьйхира «ФИФА Дешин буьрка» цӀе а туьллуш. Дуьххьара оцу совгӀатан да хилира Месси Лионель[9]. 2016 шеран сентябрехь ФИФАс сацийра накъосталла France Football журналца «Дешин буьрканца» йолчу агӀора. Оцу хенахь дуьйна совгӀатах йуха а «Дешин буьрка» олу, иза France Football журнало ло[10]. ТӀаьххьара совгӀат даьккхинарг ву Месси Лионель[11].

«Дешин буьрка» совгӀат уггаре дукха, кхузза, делира веа футболистан: Кройф Йоханан, Платини Мишелан, ван Бастен Маркон, Криштиану Роналдун (Платини бен вац и совгӀат кхаа шарахь тӀекӀел, 1983 – 1985 шерашкахь, и совгӀат даьккхинарг[3]). СовгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА Дешин буьрка» а уггаре дукха даьккхинарг, ялхазза, Месси Лионель[12] ву. Цул сов, Мессин бен ца дела и совгӀат деазза тӀекӀела, 2009 – 2012 шерашкахь.

1997 шарахь «Дешин буьрка» йаьккхира Роналдос, иза дуьххьарлера бразилихо хилира и совгӀат даьккхина[7]. Уггаре дукха совгӀат даьккхина немцойн футболисташа: Германера пхеа ловзархочо йаьккхина ворхӀ «Дешин буьрка». Кевнахойх Яшин Лев бен вац и совгӀат даьккхинарг; иза хилира 1963 шарахь.

2020 шарахь исторехь дуьххьара «Дешин буьрка» ца елира цхьанне а, хӀунда аьлча пандеми COVID-19 бахьнехь совцийнера берриг баккхий дуьненайукъара къийсамаш, царна йукъахь ЕВРО-2020, ткъа цхьа могӀа къаьмнийн хьалхеяккхарш совцийнера я чекхйаьккхинера хеназа[13].

Толамхойн исписка

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Месси Лионель — тӀаьххьара «Дешин буьрка» йаьккхинарг.
Шо Мохк Ловзархо Клуб Билгалдахарш Позици
Дешин буьрка France Football (1956—2009)
1956  Ингалс Мэтьюз Стэнли Ингалсан байракх Блэкпул Форвард
1957  Испани Ди Стефано Альфредо Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид [1957] ТӀелатархо
1958  Франци Копа Раймон Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид ТӀелатархо
1959  Испани Ди Стефано Альфредо Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид ТӀелатархо
1960  Испани Суарес Луис Байракх Испанин (1945—1977) Барселона Ахтурсло
1961  Итали Сивори Омар Италин байракх Ювентус [1961] ТӀелатархо
1962  Чехословаки Масопуст Йозеф Чехословакин байракх Дукла (Прага) Ахтурсло
1963  ССРС Яшин Лев Байракх ССРС Динамо (Москох) Кевнахо
1964  Шотланди Лоу Денис Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед ТӀелатархо
1965  Португали Эйсебио Португалин байракх Бенфика (Лиссабон) ТӀелатархо
1966  Ингалс Чарльтон Бобби Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед Ахтурсло,

ТӀелатархо

1967  Мажаройчоь Альберт Флориан Мажаройчоьнан байракх Ференцварош ТӀелатархо
1968  Къилбаседа Ирланди Бест Джордж Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед Ахтурсло
1969  Итали Ривера Джанни Италин байракх Милан Ахтурсло
1970  ФРГ Мюллер Герд Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1971  Нидерландаш Кройф Йохан Нидерландин байракх Аякс ТӀелатархо
1972  ФРГ Беккенбауэр Франц Германин байракх Бавария (Мюнхен) Турсло
1973  Нидерландаш Кройф Йохан Байракх Испанин (1945—1977) Барселона [1973] ТӀелатархо
1974  Нидерландаш Кройф Йохан Байракх Испанин (1945—1977) Барселона ТӀелатархо
1975  ССРС Блохин Олег Байракх ССРС Динамо (Киев) ТӀелатархо
1976  ФРГ Беккенбауэр Франц Германин байракх Бавария (Мюнхен) Турсло
1977  Дани Симонсен Аллан Германин байракх Боруссия (Мёнхенгладбах) ТӀелатархо
1978  Ингалс Киган Кевин Германин байракх Гамбург ТӀелатархо
1979  Ингалс Киган Кевин Германин байракх Гамбург ТӀелатархо
1980  ФРГ Румменигге Карл-Хайнц Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1981  ФРГ Румменигге Карл-Хайнц Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1982  Итали Росси Паоло Италин байракх Ювентус ТӀелатархо
1983  Франци Платини Мишель Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1984  Франци Платини Мишель Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1985  Франци Платини Мишель Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1986  ССРС Беланов Игорь Байракх ССРС Динамо (Киев) ТӀелатархо
1987  Нидерландаш Гуллит Рууд Италин байракх Милан [1987] Ахтурсло
1988  Нидерландаш Ван Бастен Марко Италин байракх Милан ТӀелатархо
1989  Нидерландаш Ван Бастен Марко Италин байракх Милан ТӀелатархо
1990  Германи Маттеус Лотар Италин байракх Интернационале Турсло,

ахтурсло

1991  Франци Папен Жан-Пьер Францин байракх Олимпик Марсель ТӀелатархо
1992  Нидерландаш Ван Бастен Марко Италин байракх Милан ТӀелатархо
1993  Итали Баджо Роберто Италин байракх Ювентус Форвард
1994  Болгари Стоичков Христо Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
1995  Либери Веа Джордж Италин байракх Милан [1995] ТӀелатархо
1996  Германи Заммер Маттиас Германин байракх Боруссия (Дортмунд) Турсло,

Ахтурсло

1997  Бразили Роналдо Италин байракх Интернационале [1997] ТӀелатархо
1998  Франци Зийнаддин Зидан Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1999  Бразили Ривалдо Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2000  Португали Фигу Луиш Испанин байракх Реал Мадрид [2000] ТӀелета

ахтурсло

2001  Ингалс Оуэн Майкл Ингалсан байракх Ливерпуль ТӀелатархо
2002  Бразили Роналдо Испанин байракх Реал Мадрид [2002] ТӀелатархо
2003  Чехи Недвед Павел Италин байракх Ювентус Ахтурсло
2004  Украина Шевченко Андрей Италин байракх Милан ТӀелатархо
2005  Бразили Роналдиньо Испанин байракх Барселона Ахтурсло,

ТӀелатархо

2006  Итали Каннаваро Фабио Испанин байракх Реал Мадрид Турсло
2007  Бразили Кака Италин байракх Милан ТӀелета

ахтурсло

2008  Португали Криштиану Роналду Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед ТӀелатархо
2009  Аргентина Месси Лионель Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2010—2015 шерашка хьажа Дешин буьрка ФИФА
Дешин буьрка France Football (2016 шарахь дуьйна)
2016  Португали Криштиану Роналду Испанин байракх Реал Мадрид ТӀелатархо
2017  Португали Криштиану Роналду Испанин байракх Реал Мадрид ТӀелатархо
2018  Хорвати Модрич Лука Испанин байракх Реал Мадрид Ахтурсло
2019  Аргентина Месси Лионель Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2020 ДӀадаьккхина пандеми COVID-19 бахьнехь[14]

Таблицин комментареш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1957.   Ди Стефано Альфредо Аргентинехь винехь а, 1956 шарахь цунна испанин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Испанин гулйина командехь.[15]

1961.   Омар Сивори Аргентинехь винехь а, 1961 шарахь цунна италин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Италин къоман гулйина командехь.[16]

1973.   Кройф Йохан «Аяксера» дехьавелира «Барселоне» 1973 шеран юккъехь.[17]

1987.   Гуллит Рууд ПСВ йукъара дехьавелира «Милан» йукъа 1987 шеран юккъехь.[18]

1995.   Веа Джордж «Пари Сен-Жермен» йукъара дехьаваьлла «Милан» йукъа 1995 шеран юккъехь.[19]

1997.   Роналдо «Барселонера» дехьаваьлла «Интернационале» 1997 шеран юккъехь.[20]

2000.   Фигу Луиш «Барселонера» дехьаваьлла «Реал Мадрид» йукъа 2000 шеран юккъехь.[21]

2002.   Роналдо «Интернационалера» «Реал Мадрид» йукъа дехьаваьлла 2002 шеран юккъехь.[22]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 https://fr.uefa.com/news-media/news/0287-195e73da6a92-e54653a4de58-1000--histoire-du-ballon-d-or-palmares-complet/
  2. https://www.lemonde.fr/sport/article/2023/10/30/le-ballon-d-or-mode-d-emploi_6197388_3242.html
  3. 1 2 Ronaldo joins legendary list. BBC Sport. 01.12.2008.
  4. https://www.cambridge.org/core/journals/perspectives-on-politics/article/abs/messi-ronaldo-and-the-politics-of-celebrity-elections-voting-for-the-best-soccer-player-in-the-world/36CB5CB44D4C06866305408163A49290
  5. https://www.sportbible.com/football/ballon-dor-votes-lionel-messi-cristiano-ronaldo-665271-20230302?source=facebook&fbclid=IwAR3LI1jGmPSn6t7ceIM-ql4o5eV5meCTB5dcbvPMeTArHAGJnDHlIuzPR_Y
  6. Matthews wins first Golden Ball. BBC Sport. 01.12.2008.
  7. 1 2 The 1990s Ballon d’Or winners. BBC Sport. 01.12.2008.
  8. Kaka wins 2007 award. BBC Sport. 1.12.2008.
  9. The FIFA Ballon d’Or is born. FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
  10. Voici les nouvelles règles et les nouveaux aménagements du Ballon d’Or France Football : [фр.] // France Football : журнал. — 2018. — 19 septembre.
  11. The FIFA Ballon d’Or is born. FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
  12. Иван Соколов. У Лионеля Месси стало шесть «Золотых мячей». www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 3 декабрь.
  13. Футбол. "Дешин буьрка" не будут вручать впервые в истории. www.sport.ru (2020 шеран 20 июль). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 21 июль.
  14. Il n'y aura pas de Ballon d'Or France Football en 2020. France Football (20 июля 2020). ТӀекхочу дата: 20 июля 2020.
  15. Europe dazzled by Di Stéfano. UEFA.com. 22.11.2004. Архивйина 2008-12-11 — Wayback Machine
  16. Juve legend Sivori dies. UEFA.com. 18.02.2005. Архивйина 2007-01-04 — Wayback Machine
  17. Johan Cruyff. Laureus World Sports Awards. Архивйина 2007-12-13 — Wayback Machine
  18. Sexy football to sexy golf, Gullit shows his class. The Scotsman. 04.10.2008. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 11 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 11 январехь
  19. Nick Harris. George Weah: favourite to win biggest battle — leading his country off the field. The Independent. 07.12.2004. Архивйина 2011-09-11 — Wayback Machine
  20. Fast facts on Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2012-10-25 — Wayback Machine
  21. Elizabeth Nash. Figo defects to Real Madrid for record £37.2m. The Independent. 25.07.2000.
  22. Real ropes Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2008-12-05 — Wayback Machine

Кеп:«Дешин буьрка» йаьккхинарш