Самур

41°54′38″ къ. ш. 48°29′15″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Самур
цахур. Самур, рут. Самыр, лезг. ЧӀвехер вацI, азерб. Samurçay
Сурт
Амал
Дохалла 213 км
Бассейн 7330 км²
Хи дайар 72,4 м³/с (Усухчай эвла)
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Эрк долу меттиг Рутулан кӀошт, ДегӀаста, Росси
 • Локхалла 2880 м
 • Координаташ 41°53′02″ къ. ш. 46°47′21″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Каспий-хӀорд
 • Эрк чекхдолу меттиг Магарамкентан кӀошт, ДегӀаста, Росси
 • Локхалла −28 м
 • Координаташ 41°54′38″ къ. ш. 48°29′15″ м. д.HGЯO
Хин охьане 13,7 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Каспий-хӀорд

Пачхьалкхаш
Регион ДегӀаста
КӀошт Гусаран кӀошт
Код  ПХР чохь 07030000412109300002187[1]
Самур (ДегӀаста)
хьост
хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Саму́р (цахур. Самур[2]; рут. Самыр[3]; лаьзг. ЧӀвехер вацI, азерб. Samurçay) — Россера, Къилба ДегӀастара эрк; эркан харш чухула цхьаьна декъехь чекхдолу Россий Азербайджанан доза. Шен барамца ДегӀастанан шолгӀа хи ду[4], цхьаьна декъехь Азербайджанца доза а долуш. Хьост ду ДегӀастанан Рутулан кӀоштахь. Гарах эвлан тӀиера Самурского гидрошед тӀекхаччалц эрк чухула пачхьалкхан доза ду Российн Федерацин а, Республика Азербайджанан а йукъахь. Самуран дельта ша-кепара биотоп йу, цуьнан амалехь ду сих-сиха харшаш дар, гуттаренна дельтан дакъош цхьанхьа хьокхуш кхечухьа тӀекхеташ. 2002 шарахь Жима Самур къилбаседа агӀора чухьаьддачу хенахь, кхузахь Каспий-хӀордан акваторехь жигара кхиа доладелира керла дельта[5].

Хи дайаран йуккъера барам — 72,4 м³/с[6]. Хьостан локхалла — 2880 м хӀордан тӀегӀанера[6]. Хи гулдаран бассейнан майда — 7330 км²[6]. Эркан охьане — 13,7 м/км[6].

ЦӀе[нисйе бӀаьра | нисйе]

О. Н. Трубачёвн версица, Самур цӀе схьайаьлла индоарийн дош хӀоттарх, йукъ. ш.-хӀинд. sam — «с», var — «хи», ткъа кхин а тера samudrá — «хин шорталла», «хин дестар», «хи даржар»[7]. В. Ф. Минорскийс хуьлийтара эркан цӀе схьайалар аланийн-массагетийн цӀарех, йустура Самур цӀе хӀирийн самур - «салор» цӀарца[7].

Цхьаьна версица Самур (рутулех Самыр) эркан цӀе йаьлла рутулийн са — «цхьаъ», мыри — «эрк», аьлча а «цхьа эрк» йа «цхьаьнакхетта эрк» (савишид мыри)[3].

Б. Б. Талибовн хетарехь, Самур гидроним тӀаьхьа йаьлла, чуеина иберийн-кавказан доцучу тайпанаша[8].

Птоломейс а, кхечу ширачу историкаш а хьахош долу Албанус эрк, дукхаха болчу хӀокху заманан Ӏилманчаша хуьлийта Самур эрк[9][10].

ГӀараваьлла бусалбанийн новкъахочо, историка, географа Аль-Якъута йаздина:

« «...лаьзгий Лакз махкара бу, Албанус (Самур) хи охьадоьдучара...[11]. »

Лаьзгашна йукъахь Самур девза Чвехер вац (лаьзг. ЧӀвехер вацI — «Чвехер эрк») хӀинца дӀатесначу Чхевер эвлан цӀарца а, , Кулан вац (Кьулан вацӀ — «йуккъера эрк»)[12] цӀарца а.

Кхин а Л. И. Лавровн хаамца, Самур цӀе схьайогӀу лаьзгийн цмур дашах - «салор»[13].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Самур эрк долало Коьрта Кавказан дукъан лаьмнийн генаш тӀиера Гутон лам гергара. Самуран бассейнера шалаьмнийн майда, XX бӀешеран йуккъерачу хаамашца, йу 13.1 км², йа 0,3 % эрко хи гулдечу майданах[14]. Каспий-хӀорд чукхета шина декъе декъалой — Самур а, Жима Самур а, тӀаьхьарчу 20 км шуьйра дельта а деш. Жима Самур къаьста коьрта эрках хикхочен 22 км лакхахь, хӀордах кхета коьртачу декъан 5.5 км къилбаседа-малхбузехьа. Жима Самуран аьрру агӀора, хикхочел 5.0 км лакхахь, 1935 шарахь даьккхинчу татол чухула, чухоьцу Гюльгерычай эркан хиш, иза хьалха Каспий-хӀордах кхетара.

Эркан дохалла — 213 км, лакхара дожар — 2910 м. Хи гулде бассейнан майда — 7.33 эз. км² (Гюльгерычай эркаца цхьаьна майда, деккъа Самуран — 4.99 эз. км²), йуккъера локхаллин барам — 1970 м. Хи гулде майда — 4430 км². Шовданашца малхбалехьа охьадоьдий, Самуран хьосто 7 км лахахь аьрру агӀора тӀеоьцу доккха а, шорта хи долу а га Халахур, иза схьадолу Самуран дукъан къилба басешкара 3730 м лакхара шовданех а, дуьхьала лаьттачу массивах Таклик (4042 м), Самурах кхетачохь цуьнан дохалла 10 км хуьлу. Нисса и ши хьост, Самур а, Халахур а хиларо, Самуран (213 йа 216 км) дохаллин мах хадош тайп-тайпана терхьаш хуьлу, хьостан меттиг билгалбоккхуш, локхаллин терхьаш а тайп-тайпана хуьлу – 3200 м, ткъа Самуран дукъ тӀаьхь – 3730 м[15]

Къилба-малхбузехь а, къилбехахь а бассейнан доза ду Коьрта Кавказан дукъ, къилбаседа-малхбалехь — АгӀонан дукъан (Дюльтыдаг, Самуран дукъ) къилбаседа генаш. Эркан лахарчу декъехь бассейнан дозанаш къаьсташ дац. Бассейнан 80 % лаьтта хӀордан тӀегӀанал 1500 м лакхахь, цуьнан бассейнах ах гергга — 2500 м лакхахь.

Иштта, 96 % хи гулдаран майда хуьлу Российн махкахь, ткъа 4 % — Азербайджанан.

Бассейнан лахара декъехь йу кхечунхьа йоцу реликтан субтропикийн лианийн хьун.

Геннаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эркан бассейнехь ду 10 км деха 65 эрк. Эркан машан луьсталла — 1.21 км/км². Коьрта геннаш ду: Тухичай, Дюльтычай, Кхара-Самур, Шиназчай, Ахтычай, Усухчай, Таирджал, Генерчай. Куьйга даьккхина га — Гюльгерычай эрк, цуьнан харш шен хикхочел пхи километр лакхахь дӀахьажийра Самур чу.

Гидрологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Усухчай эвла кхаччалц охьадогӀу гӀеххьа готтачу, шоралла 20—50 м йолчу, тогӀен чухула, цигара дӀа тогӀе цӀеххьана шорло, цхьаццанхьа 1 км кхаччалц.

Хи далар ийна ду. Самур ду бӀаьстенан-аьхкенан заманахь деста тайпана, дикка кӀаьстина Ӏаьнан гомхаллийца. Амалехь ду иштта аьхкенан а, гуьйренан а догӀано дестораш. Шеран йуккъера хи дайаран барам 64.8 м³/с, максимум — 920 м³/с (билгалдаьккхина 1988 шарахь Усухчай эвлана гергахь).

Эрк къаьста шен чӀогӀа лакхара хин иэрца (уггаре лакхара иэр хилла 110 000 г/м³).

Эрк Ӏамор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эркан раж теллина пхеа гидрологин посташкахь: Мишлеш, Лучек, АхцахӀ, Усухчай, Зухул.[16]

Бахамехь лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эркан хиш жигара леладо хи дуьллуш. 1935 шарахь хикхочел 30 км лакхахь бина Самуран гидрошед, цунна тӀиера дӀадоьду Самур-Апшеронан а, Самур-Дербентан а татолаш.

Проекташ а йу Самур тӀаьхь гидроэлектростанцеш[17][18][19] яхка.

Советийн заманахь эркан хикхочехь болх беш йара Самуран чӀерийн завод, цигахь кхиадора мехала чӀерийн тайпанаш (лосось, кутум, бакъ чӀара, кӀайн чӀара, кхин а).

Хи декъаран баланаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

КӀезиг хи долчу кӀошташна, Азербайджанийн ССР дехарца, 1952 шарахь Дагестанан АССР Магарамкентан кӀоштан латта тӀаьхь билгалдаьккхира лаьттан дакъа гидрошед бан а, Самур-Дивичинан (тӀаьхьа Самур-Апшеронан) татолан хи дӀало меттигаш (административан доза чекхдолура эркан аьтту бердаца, ткъа берриг гидрошед лаьттара ДегӀастанан махкахь). И болх бан ахча деллера ССРС Министрийн Срвето. 1956 шарахь белхаш чекхбевлира. Лело йолийчахьане таханлера де кхаччалц гидрошед хи дӀало гӀирсашца цхьаьна Азербайджанан урхаллин балансехь йу.

ССРС йоьхначул тӀаьхьа Самуран гидрошед кхайкхийра Азербайджанан долахь бу аьлла (Российн Федерацин махкахь лаьтташ болушехь).

Самур эркан хин ресурсаш Азербайджанан Республикин а, Российн Федерацин а йукъахь йекъар нисдора ССРС Хин бахаман министралло чӀагӀдина, 1967 шеран 7 октябран, протоколца. Протоколца билгалдина дара Самур эркан охьадоьду хи декъар чот ечу шеран эркан хих 75 % пропорцешкахь: 33,7 % — экологин чухецар, 16,7 % — Российн Федерацин, 49,6 % — Азербайджанан Республикин. Амма хӀиттийна барамаш лелош бацара, йа лела а ца бо.

1990-гӀа шераш доладаларца бала хӀоьттира дозанийн делимитаци яр Российна а, Азербайджанна а, ткъа кхин а ДегӀастано Самур эркан хин ресурсаш цхьабосса декъаран хаттар ийира. Иштта хаттар хӀоттор аьттехьа а ца дуьтура азербайджанан агӀоно, Бакох а, Сумгаит а гӀаланашкахь мола хи ца тоар а, ткъа иштта хӀорда йисттера аренийн хи тохаран майданаш лагӀйича экономикин иэшамаш хилар а дуьхьала детташ. Азербайджан, вукха агӀора, гӀерташ йара Самур чуьра хи эцар алсама даккха, оцу гӀуллакхна 2008 шарахь болийра Самур-Апшеронан татол тодаран белхаш.

2010 шеран 28 августехь куьг йаздира РФ а, РА а йукъара дозан делимитаци йаран, ткъа иштта Самур эркан хиш пайденца леладаран а, лардаран а № 1416-р йолчу Барт тӀаьхь. Оцу бартаца РФ а, РА а йукъара доза сехьадоккхура Самуран аьтту берда тӀиера гидрошедан йуккъе, агӀонаша барт бира кхул тӀаьхьа хин ресурсаш цхьабосса йекъар, экологин хи хецар 30,5 %[20][21] хӀоттор а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 9. Закавказье и Дагестан. Вып. 3. Дагестан / под ред. П. П. Буртовой. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 76 с.
  2. Цахурский язык. books.google.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 июль. Г. Х. Ибрагимов. Махачкала. 1990 стр. 146
  3. 1 2 Мусаев Г. М. Рутулы (XIX — начало XX вв.) / отв. ред. Г. А. Гаджиев. — Махачкала : АОЗТ «Юпитер», 1997. — 282 с.
  4. Туристический портал «Знакомство с Россией»: респ. Дагестан. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 17 майхь Архивйина 2014-05-17 — Wayback Machine
  5. Заказник «Самурский» | Государственный природный заповедник Дагестанский. www.dagzapoved.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 14 декабрехь Архивйина 2016-12-14 — Wayback Machine
  6. 1 2 3 4 Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 9. Закавказье и Дагестан. Вып. 3. Дагестан / под ред. П. П. Буртовой. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 76 с.
  7. 1 2 Трубачёв О. Н. Самур // INDOARICA в Северном Причерноморье: реконструкция реликтов языка : этимологический словарь. — М.: Наука, 1999. — С. 194. — 318 с.
  8. Османов А. И. История Дагестана с древнейших времен до наших дней: История Дагестана с древнейших времен до XX века. — М.: Наука, 2004. — 626 с.
  9. Греков Б. Д. Исторические записки. — Изд-во Академии наук СССР, 1937. — С. 146.
  10. Аббас-Кули-ага Бакиханов. Гюлистан-и Ирам / З. М. Буниятов. — Баку: Элм, 1991. — 304 с.
  11. Абасов К. С. История Кара-Кюре (Крар-Наме) с древнейших времен до наших дней / К. С. Абасов, Э. А. Гаджибеков, К. С. Кадиров.. — Махачкала: «Лотос», 2011. — 552 с.
  12. Ахты-наме // пер. А. Р. Шихсаидова Дагестанские исторические сочинения. — М.: Наука, 1993.
  13. Лавров Л. И. Этнография Кавказа (по полевым материалам 1924—1978 годов) — Л.: Наука, 1982 г. — 224 с., стр.80
  14. Соколов А. А. Глава 20. Кавказ // Гидрография СССР. — Л. : Гидрометеоиздат, 1952. — Часть II. Гидрография естественно-исторических районов Советского Союза.
  15. EthnoWork — Река «Самур». ТӀекхочу дата: 2015 шеран 14 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 5 мартехь
  16. Схема комплексного использования и охраны водных объектов рек бассейна Каспийского моря на йуг от бассейна Терека до государственной границы РФ. — Кн. 1.
  17. Кто построит ГЭС у села Кина? dagpravda.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 июль.
  18. Птица с одним крылом. dagpravda.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 июль.
  19. Самур ждет масштабного освоения своих гидроресурсов. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 15 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 12 майхь Архивйина 2016-05-12 — Wayback Machine
  20. Медведев подписал договор о границе с Азербайджаном. www.rosbalt.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 июль.
  21. Госдума ратифицировала договор о границе с Азербайджаном. ria.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 июль.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]