Несерхоев, Изновр Несерхоевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Изновр Несерхоевич Несерхоев
Несархуон Изновр
Несархуон Изновр.jpg
Говзалла

Іелам стаг

Вина терахь

1881 шо({{padleft:1881|4|0}})

Вина меттиг

Лакха-Варанда Нохчийчоь

Кхелхина терахь

1974 шо({{padleft:1974|4|0}})

Кхелхина меттиг

Хошкалда Гуьмсан кӀошт Нохч-ГІалгІайн АССР

Пачхьалкх

Росси

Къам

Нохчо

Да

Несархуо

Динлелор

Ислам, суннин охлан

Генеалоги

Варандо (Ади некъи)

Несерхоев Изновр (вина 1881 шо, Лакха-Варанда Нохчийчоь — кхелхина 1974 шо, Хошкалда Гуьмсан кӀошт Нохч-ГІалгІайн АССР). Несерхоев Изновр (Нохчийчохь вевза Изновр-молла цІарца) - вина 1881 шарахь Лакха-Варандахь Шуьйтан кӀоштахь, ерриг Шуьйтахь вевзаш волчу юкъараллин гІуллакххочун Несархуон доьзалехь, тайпана Варандо (Ади некъи) ву.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Исламан Іилманаш Іамо Изновр волавелла жимачу хенахь. Хьалхара хьехархо хилла цуьнан юьртахо, ХIХ гІа – ХХ гІа бІешерашкахь гІараваьлла хилла волу Іелам стаг Салам молла. Цуьнан аьтту баьлла оцу хенан гІарабевлла дукха Іелам нахера Іилма эца, царна юкъахь ву Хошкалдара веза устаз Юсуп Хьаьжа, цунна уллохь Изновр итт шо сов Іийна, шайх Турце мухажир хилла дІаваххалц.

Изновран устаз[нисъе | нисъе чухулара]

Изновран устаз Юсуп Хьаьжа политикца гІуллакх долуш вацара, амма Хьалхара дуьненан тІом чекхбаьлла, цунна тІеххье хиллачу Октябран революциино, дезийтира луьра агІо лацийта дела воцучу большевикашна, уьш шайн даккхий хабаршна тІехьа боьха йоьхь лачкъийна Іара. Нохчийн юкъаралла шина декъе екъаелира. Юсуп Хьаьжа Іовдин Іелийца а, мехкадаьтталелорхочунца Чермоев Тапийца а, кхечу динан гІуллакххошца а, дуьненан рицкъийн сийдолчу нахаца а хиттира луьрачу оппозици тІедогІучу «цІиечу уьнан». Амма цхьаболу большевикашкахьа озабезамбочу молланашна гуора дика дахар, сатуьйсура лазаме долу лаьттан гІуллакх чекхдаккхарна. 1919 гІачу шарахь, гуш, большевикашна дуьхьала латтаро халкъан пайда бахьар цахиларна, ткъа халкъ Іехаделла «цІиен» агІора таьІна, шайх Турце дІаваха хьожу. Шеца шен кІант Іалауддин а, дика мурид волу Изновр а оьций иза новкъа волу Батум гІала, цигара бурам тІехь дозанал аравала[1].

Изновран юхаверзар[нисъе | нисъе чухулара]

Батуме кхаьчначул тІаьхьа, Юсуп Хьаьжас стенна ду а ца олуш Изноврега Нохчийчу цІаверза олу. Изноврин цецваларе а ца хьоьжуш, шайхо иза цІахь оьшуш ву олу, «уггар халкъан халчу хенахь динан а, тІарикъатан а бух хир бу хьо» олий. Цуьнан тІаьххьара весет дара Йоккхачу АтагІара молла Юсупца дешар чекхдаккхар[2]. Шен кхин дІа долу дахарца Изновра гойтура шен устазан новкъа нийсса дІаэхар. Хууш ду, Изновран динан устаза Юсуп Хьаьжас, массо а агІора ларвора шен хьомен мурид дахаран чолхаллех. Шайхан чІогІа лаара цуо дин Іамочу юкъарна гӀумкийн мотт а Іамабойла. Юсуп-Хьаьжас масийттаз а дагадоуьйтура иза Изноврина. Изноврас цахоттура устазе стена оьшу шена и мотт, амма кхочуш-м дира весет. Дуьххьала иза кхийтира мотт стена оьшу, устаз бурам тІехиачи. Шайх дІавахар новкъа хетна бІаьрахиш дІадовланза дара цунан тІе «чекисташ» баьхкича, хІара мостагІийн лазутчик ву аьлла. Оьрсийн мотт цахууш, Изновр дика лаьттира цара хІун боху цакхеташ, стенна бехкен во цахууш. Оццахь дагабеира устазо Іамабайтина гІумкийн мотт, чІоггІа мохь туьйхира: «Цхьан а вуй гӀумкийн мотт хууш?!». «Со ю гІумкий!», жоп делира тІемхошна юургъечу зудчо. Цуьнан гІоьнца Изноврас кхетийра тІемхой, маьрша цІавирзира Даймахка. Тюркийн меттанаш хааро дукха аьтту бира Изноврин доьзална махках баьхна Юккъерчу Азехь болуш.

Юккъерчу Азехь[нисъе | нисъе чухулара]

Муьлххачу нохчийчун санна арадахаро чІогІа ницкъбира Изноврина. Шайн дахар Іазапе хала доллушехь, Изновр жигара лелош вара Іилман гІуллакх, массо а агІора «аьтту бора ислам даржорехь и Іалашдарехь а». И санна болу нах бахьнехь, ислам хІаллака дан цаделла советийн режим йолуш[3]. Оцу шерашкахь а наха лоруш вара иза арадаьхна къаьмнашна юкъахь хилла а цаІаш (нохчашна а, гІалгІашна а), амма кхин а Юккъерчу Азера бусалбачара а – цуьнга хеттарш дора, ткъа цуо жоьпаш лора массо динах долчу хеттаршна. БогІура бахархой Таджикистанера, Узбекистанера, Кхазакхстанера, Киргизера. Изза болх дІакхийхьира 1957 гІа шарахь Даймахка дирзинчул тІаьхьа а. Цуо жоьпаш делира советийн Іедалан куьйга кІела болуш динехь хІиттинчу хаттаршна, оцу хенахь гІарабевллачу нохчийн Іелам нехан: ГІойтІарчу Идрис моллин, Іаларара Іабдул-Рашидан, Іалхан-Юртара Дакки Жунидан, дуккха а кхин Іелам нехан а.

Изноврин белхаш[нисъе | нисъе чухулара]

Масех шо хьалха Изноврин тептарш, цхьаьна тоьхна, «Сибрехан хиламаш» цІе тиллина, боккха болх арахецна зорбане шайха Баснукаев Хьасана[4]. Хьасана кечбина зорбане кхин а шайх Изноврин белхаш, масала, «Бакъо гучуяккхар», цу чохь дуьйцу дешанчу стеган шариІатах а, тІарикъатах а, исламан динера бидІатех (мегаръерш а, мегарйоцурш а) а йолу ойланех лаьцна. Изноврийн – «Нохчий схьабовларх лаьцна кехат» – тептар тІехь юьйцу нохчий схьабовларан цхьа верси. Сибрехара цІа даьхкича Изноврин кара кхочу шира тептар, цу тІехь дуьйцу, Іусман паччахьан заманахь цхьа хІума нисделла Къилбаседа Кавказе баьхкинчу Ӏаьрбийн Къурайшех лаьцна. Изноврин интерпретацехь шира дийцар чІогІа бакъ долуш а, шеко йоцуш а хуьлу. Іилманехь бевза масех болх, Джамалуллайлин «Я Мустафа – цІанон нур» байташ маьІна доккхуш болу. Шайх Джамалуллайлас вала воьжначу хенахь йийшира шен ПайхӀамаре (АллахІера салам, маршала хуьлда цунна) хьажийна йолу байташ. ТІеххьара кхаа байтан маьІна даккхарах бу Изноврин башха таллам. Изноврас массо а шен белхаш Ӏаьрбийн мотт язбина. Цуьнан кхолларалла толлуш волчу шайха Баснукаев Хьасана башха билгалдоккху цуьнан меттан говзалла. Цуьнан белхаш Іамочу хенахь хетало Изноврин ненан мотт Іарбийнарг бу. Дукха кехаташ (яздечу хенахь шайха «гойту дикачу литераторан говзалла») хоуьйту цуьнан говза литературан Іаьрбийн маттах: атта а, кхетаме а къамел, нийсса ойлаяран логика, говза хІоттадо дош. Шайх Изновр автор ву масех поэтин кхолламан – касыдийн, царна чохь цуо «лелийна тамашийна къамелан карчамаш, карзахдоккхуш дог а, ойла а, йоьшург воккхавевеш»[5]. Шайхан и агІо хІинца а теллина яц.

Амал[нисъе | нисъе чухулара]

Изновр шайхан синмехаллин тІаьхье йовзаро ойла кхоллайолуьйту, иза хилла лакхарчу тІегІанера бакъ а, цІена а стаг, уггар хьалха, АллахІан хьалха, тІаккха ша хаъал хилчхьа церан дуьхьа къахьегначу нахана хьалха а. Цундела цецвала хІума дац, иштта кхоллараллин говзаллаш йолуш, иза вара «чІогІа майра, догцІена, бакъ шен гІуллакхашкахь а, ойланашкахь а. Иза цкъан а ца кхоьрура бакъ дерг дийца, цавезачеран емалаш тергал цайора, Іедалан таІзарх ца кхоьрура. Цуьнан хьомен дешнаш дара: «Массо хІума а АллахІера ду!», цундела дуьненан бахамаш лоьхуш вацара, я цхьанна хазахетийта шен ойла хуьйцур йолуш а вацара. Делах чІогІа кхерарна а, цІена хиларна а Изновр шайх чІогІа лоруш ву нохчийн халкъо. Шайх Изновр кхелхина къена волуш 1974 гІачу шарахь. Иза дІавоьллина цуьнан устазан Юсуп-Хьаьжин гена воццуш Нохчийн Республикан Гуьмсан кӀоштан Хошкалда юьртахь[6].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Жамалуллейл С.-Х.С.-М., Байбетиров А.-Х.С. Жизнь шейхов из Хошкельды // Зори ислама, апрель–июнь 2011 г. – С. 44
  2. Жамалуллейл С.-Х.С.-М., Байбетиров А.-Х.С. Жизнь шейхов из Хошкельды // Зори ислама, апрель–июнь 2011 г. – С. 44
  3. О духовном наследии шейха Изнаура // Ж. «Ноев завет». – Киев: ПП «Формат», 2011. – С. 64
  4. Изнаур. Сибирские события. Под редакцией шейха Х. Баснукаева. – Киев, 2009
  5. О духовном наследии шейха Изнаура // Ж. «Ноев завет». – Киев: ПП «Формат», 2011. – С. 64
  6. Джамбеков Ш.А., Шейх Изнаур, авторская работа доцента кафедры ФЕГН, 2013