Къилбаседа Кавказан Имарат
Историн пачхьалкх | |||||
Къилбаседа Кавказан Имарат | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
|
|||||
Коьрта гӀала | Ведана | ||||
Мотт (меттанаш) | Нохчийн мотт, Суьйлийн мотт, Лезгихойн мотт, ДаьргӀойн мотт, ГӀумкийн мотт | ||||
Официалан мотт | Ӏаьрбийн мотт, нохчийн мотт, суьйлийн мотт, оьрсийн мотт | ||||
Дин | Ислам | ||||
Ахча | Къилбаседа Кавказан Имаратан туьма | ||||
Бахархой |
|
||||
Урхаллин тайпа | шариат[d] | ||||
![]() |
Къилбаседа Кавказан Имарат — 1919 шаран гезгмашан 1920 шаран зазадоккху кхаччалца Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а латтанашкахь литтан йолу исламан пачхьалкх.
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
1919 охананчоьхь Нохчийчу а, ДегӀастане а чубеанчу Къилбаседа Россин ТӀеман Нуьцкъаш йоьжнера Ламанхойн Республика. ЦултӀаьхь Ботлихехь дӀабаьхьанча гуламехь Салтера Узун-Хьаж Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а амир харжинера.
1919 аьхка Истмалера цӀавирзанера Дишнийн Иналук Ӏусманан Хилафатан султанигера тоьшалла а дахьаш, халифас Кавказехь исламан пачхьалкх кхоллар къобал даьш.
Имаратан эскараш эшинера Деникинан инарлан Колесников Иванан эскарш Чехкари йистехь хин болу тӀамехь 112 стаг йийсар веш. Ши ден даьлча Шелан йистахь эшинера гӀалгӀаскхийн нуьцкъаш, царех 138 йийсар веш. Имаратан эскаршан урхал деш вара Дийшийн Иналук.
Гезгамашан 19-чоьхь нохчийн а, суьлийн векалша болаш гуламехь дӀакхайкхинера Къилбаседа Кавказан Имарат, цуьнан амир Узун-Хьаж волаш. Коьрта министар хӀоттинера Дишнийн Иналук. Пачхьалкха кхайкхаран дина долу дӀахьедар чоьхьа бохура: «Къилбаседа Кавказан Имарат ю шелаамехь шарӀатан пачхьалкха, коьртехь Амир Узун-Хайр Хьаж а ву, Ӏусманан пачхьалкхан халифан VI Мухьаммад-Вахьиданан ша муьтӀахь а волаш.»
Пачхьалкханан урхалла дан кхоьллинера Министарийн Кабинет, коьртехь Воккха Вазиран даржехь Дийшнийн Иналук а волаш. Оцу кабинетехь 8 министапалла яра кхоьллан:
- Кертанан министар — инарл-майор Къоим-Хьаж
- Арар гӀуллакхийн министар — Дишнийн Иналкъ
- Даар-маларанан а, йохкар-эцаранан а, индустрийнан а министар — инарл-майор Ханхоев Мохьмад
- Латталелорнан а, пачхьалкхан бахаманан а министар — Шамилев Билал.
- ТӀеман министар — инарл-майор Истамулов Шита (1930 шш. комунисташан дуьхьалла гӀаттаман куьйгалхо).
- ЗӀенан а, поштанан а, телеграфанан а министар — инарл-майор Байчалеев Куси.
- Пачхьалкхан чуьра гӀуллакхашанан министар — инарл-майор Бесланеев Хабала.
- Финансийн министар — инарл-майор Ӏабдулаев Ӏабдул-Ӏазим.
Йуьстицинан а, дешаранан а, вакуфанан а министараллашанан урхалла Дийшийн Иналукас ша дора.
Имаратан министарийн кабинет интернационалан яра: шишша нохчий а, суьлий а, гӀалгӀий а, гӀебартлой министар а волаш.
Пачхьалкх наибаташанан йекъийн йара, кхел а шарӀатац йаш йара.
ТӀеманан нуьцкъаш 6 эскаранан декъина дара, оцу эскарашанан урхалла инарл-майораш дора.
Имарат Азербайджанан Демократийн Республикац а, Гуьржийн Демократийн Республикац а зӀенехь яра. Гуьржийн эскараш Имаратан эскаршна гӀо дан тоба яра Нохчийчуь дӀахьажйин, амма Чечан-эвлан йистехь Деникинан эскаршца тӀом бел, йухабаьрза безнера уьша. Кхин а, Узун-Хьажан гӀо дан Ӏусманан Пачхьалкхара шин туркойн эпсар вара ваитан: Дебрели Хьусайн — говрэскаршан урхалла дан, Чорумлу lэла-Риза а — йоккхатоьпийн эскаршанан урхалла дан.
1920 зазадоккху тӀаьххьар деношкахь коммунисташ Узун-Хьажига Имарат дӀа а йаккхан, Советан Ӏедаланан муьтӀахьвала аьллан кехат даитанера. Узун-Хьаж дуьхьалвелар оцу кхайкхаман, амма дукха хан ца йолаш валар хилар цуьнан. Зазадокку 30-чоьхь амир дӀавелара.
Узун-Хьаж дӀавьлчултӀехь, Инхора Дарвиш Мухьаммад амиран дарже велар, амма кхин дукха ца лаьтташ Къилбаседа Кавказан Имарат йоьжнера.
Ахча[нисйе бӀаьра | нисйе]
Имаратас шенан, Къилбаседа Кавказан туьма олуш, ахча арахоьцуш дара.
Амираш[нисйе бӀаьра | нисйе]
№ | ЦӀе | Сурт | Начало полномочий | Конец полномочий |
---|---|---|---|---|
1 | Салтера Узун-Хьаж † | гезгамашан 1920 | 30 зазадоккху 1920 | |
2 | Мухьаммад Дарвиш | 30 зазадоккху 1920 | 31 зазадоккху 1920 |
Кхин хьажа[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Нахибашев М. Н. Узун-Хаджи Салтинский — общественно-политический и религиозный деятель Дагестана и Чечни. — Махачкала: ИД «Эпоха», 2009. — 208 с.
- ГОРСКАЯ МОНАРХИЯ МУДЖАХИДОВ — ГОСУДАРСТВЕННАЯ СИМВОЛИКА СЕВЕРО-КАВКАЗСКОГО ЭМИРАТА В 1919—1920 гг.